bannerbanner
Мимбаран нур. Хьалхара жайна
Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Полная версия

Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Язык: Русский
Год издания: 2025
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
4 из 4

Хьажа, ма беза некъ бу маьждиге боьду некъ. Ма йоккха ял хуьлу х1ума ду иза. Ма сема хила дезара вай цу т1ехь, лараме бусалба нах. Ма к1езиг нах бу тахана маьждиге оьхуш. Маьждигехь Делан 1илма 1амош. Лул-кулахь маьждиг доллушехь цига ца боьлхуш 1аш дукха нах бу. Воккханиг а, жиманиг а маьждигца уьйр йолуш хила веза. Маьждигехь Делан дин 1амош хила веза. Т1аккха цунна хир йолу ял ма йоккха йу-кх, кху хьадийсашкахь вайна гуш ма хиллар.

Делан 1илма 1амийнарг лаккхахь хир ву Далла гергахь а, дуьненахь нахана йуккъахь а. Аллах1а аьлла къуръан чохь: «Лакха боху Аллах1а ийман диллинарш а, шайна 1илма делларш а даржкахь»41.


Дала дуьненна т1ера адамашна юккъахь ийман диллинарш хьалаайбина, базбина, лакхахь хилийтина. Ийман диллинчарна йуккъера 1илма дерш кхин а хьалаойбу. Ма доккха дазалла ду иза 1илма девзачарна. 1илма дерш ийман диллинчарел масс дарж лакхабаьхна хаьий хьуна? Далла дика хаьа уьш масс даржехь лакха баьхна, амма к1езиг даржаш дац уьш, х1унда аьлча Аллах1а «даржашкахь» аьлла дела, ткъа цо гойту церан даржаш дукха хилар. Ибн 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Шина даржана йуккъехь пхи б1е шо барамал меттиг йу».


Ойла йе т1аккха, мел лакхахь ву 1илма девзаш волу стаг. 1илма 1амош верг, ма даккхий даржаш ду Дала цунна луш! Цундела, баккъалла дарж, иза эхартан дарж ду, Далла гергахь долу хьан дарж, – иза ду баккъалла дарж. Амма дуьненан даржаш х1умма а доцург ду, д1адер долуш ду, шех жоп дала дезаш а ду. Цундела, даима дуьсур долчу даржан т1е г1ерта вай, лараме бусалба нах? Вайна эхартехь пайдехь хиндерг д1атесина ма дита вай, дуьненан х1уманна дуьхьа? Ма ойла йан йезара вай цу т1ехь.


Дала Адам пайхамар, 1алайх1и салам, кхоьллича малийкашга омра дина Адаман сужуд де аьлла. Малийкаша сужуд дина Адаман, х1унда аьлча Адамехь Малийкашкахь доцу 1илма хилла дела. Шегахь 1илма хиларца царел тоьлла иза. Цундела, цигара дуьйна ду, шегахь бусалба динах 1илма дерг лекхара хилар 1илма доцучарел. Дала лакха ваьккхина иза. Иза доккха дарж ду, кхин хила йиш йоцуш. Ц1енна шайн 1илманца 1амал йеш волу 1елам стаг Далла гергахь дукха лекха ву. Веза ву. Абу аль-Асвада, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Цхьа́ а х1ума ма дац 1елам стагал сийлахь, паччахьаш, хьаькмаш бу нахана т1ехь, амма 1елам нах хьаькмаш бу паччахьашна т1ехь».


Шарий1ат 1илма 1амош верг Аллах1а лакха воккхур ву кхин цхьа а цавоккхучул. Иза 1елам нахаца гуш а ду. Масала д1айаханчу заманахь хилла 1ат1о́ъ бин Роба́хь ц1е йолуш 1елам стаг. Иза 1аьржа волуш, лай хилла волуш, цхьа б1аьрг сакхте болуш, т1ебаьлла мара болуш, астаг1а волуш вара. Ирча хилла иза. Амма цуьнгахь 1илма дара, цундела иза массарел лекха вара. 1илма дара цуьнан хазалла. Массо адам цуьнга хьаште дара, амма иза цаьрга хьаште вацара. Массо адамна иза хьашт хиларал совнаха, цу заманчохь бусалбачу нехан хилла халиф Сулайман бин 1абдул-Малик, Дала къинхетам бойла цунах, а хиллера 1ат1о́ъ бин Роба́хье хьашт.

ДИЙЦАР

Хьадж до хан йара. Дукха бусалба нах бара хьадж да баьхкина Макка. Цигахь вара 1ат1о́ъ бин Роба́хь, наха шега хаттарш деш, царна жоьпаш луш. Т1аккха бусалбачу нехан паччахь Сулайман бин 1абдил Малик, Дала къинхетам бойла цунах, шен шина к1антаца 1ат1о́ъ бин Роба́хьан т1е веара, цуьнга хьаджах х1ума хатта. 1ат1о́ъ бин Роба́хь ламаз деш вара. Бусалбачу нехан паччахь шен шина к1антаца цунна улле охьа хиира, иза ламаз дина валлалц. 1ат1о́ъ бин Роба́хь пархат ламаз деш вара. Паччахь тийна собар деш 1аш вара цунна уллехь. Иза ламаз дина ваьлча, паччахьо хаттарш дира 1ат1о́ъ бин Роба́хьига. Цо жоьпаш делира цунна. Цул т1аьхьа паччахьо шен шина к1анте элира: «Хьалаг1атта. Ашшимма к1адо ма йелаш 1илма 1амадарехь. Баккъаллаъ, суна йиц ца ло вайн сийсазло эца 1аржачу лайна хьалха».


Гой хьуна, мел лакха ваьккхина Веза-Сийлахьчу Дала 1ат1о́ъ бин Роба́хь нахана т1ехь а, паччахьан т1ехь а. Иштта ду 1илма, ша 1амийнарг лакха воккху цо дуьненахь а, эхартахь а.

ДИЙЦАР

Хьаджа́ж Ирак шахьарехь куьйгалхо хилла. Цу шахьарехь йу «Басра» ц1е йолу г1ала. Хьаджа́жо нахе хаьттина: «Басрехь эла мила ву»? Наха аьлла: «Хьасан аль-Басрий ву». Хьаджа́жо хаьттина: «Муха хилла иза Басрин эла»? Наха аьлла: «Нахана цуьнан 1илма хьашт хилла, ткъа цунна церан дуьне хьашт ца хилла».


Масала ду х1ара 1илмано ша 1амийначух эла веш хилар. Хьасан аль-Басрий, Дала къинхетам бойла цунах, воккха 1елам стаг хилла. Цуьнгахь долчу 1илмано лакхаваьккхина иза, нахана и хьашт хилла, амма иза церан дуьненах гена ваьлла хилла.


Лараме бусалба нах! 1илма Аллах1ан дуьхьа 1амадан дезаш ду. Дуьненан дуьхьа 1илма 1амор хьарам ду. Делера йоле сатуьйсуш 1амадан деза 1илма. Делахь а, Дала цу 1илманца дуьненахь лакха воккху 1елам стаг. Дала цо лелош дерг ца дойу. Наха шайн доьзале дуьненан 1илманаш 1амадойту, шарий1атан 1илманна т1е ца берзабо цара шайн доьзал, цу шарий1ат 1илмо царна х1умма а лур дац моьттуш, доьзал къен бисаран кхоьруш. Иза доккха г1алат ду. Дуьненан 1илмано дуьне хуьлуьйту, амма эхарт ца хуьлуьйту. Дуьненан 1илма довзар коьрта ду, оьшуш ду, амма дац шарий1ат 1илма д1а а тесна оьшуш-м. Ший а цхьана 1амадан деза. Амма деккъа шарий1ат 1илма 1амош верг Дала д1атосур вац. Дала вуьтур вац иза Шен диканах. Имам Ибн Жавзийс, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ша шарий1ат 1илма 1амадан волавелира, шен накъостий дуьне даккха буьйлабелира. Цул т1аьхьа тхо къанделча, хьаьжира со айса гулдинчуьнга а, цара гулдинчуьнга а. Т1аккха суна гира цаьргахь долу дуьне сайгахь а дуй, амма соьгахь долу 1илма цаьргахь дацара».


Хьажа, ма доккха маь1на долуш къамел ду иза. Цаьргахь долу ахча, т1ейуху х1ума, х1усам, кхиндерг а цуьнгахьа а хилла, амма цо 1амадина 1илма цаьргахь ца хилла. Цо йаздина жайнеш, бина хьехамаш, делла жоьпаш, цо йаьккхина 1аламат йоккха ял ца хилла цаьргахь. Т1аккха хиъна цунна, шена цхьа́ а эшам ца хиллийла, амма царна эшам хиллийла. Цундела, д1ало хьайн доьзал 1илма 1амо. Хилахь 1илманча хир цунах, ца хилахь шен дин девзаш дика бусалба стаг хир ву, дуьненахь а, эхартехь а хьуна пайде а волуш, Дала мукъ лахь.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Примечания

1

– Маь1на: Хастам бу Аллах1ан 1аламаш кхиош-кхобуш волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчан а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан беригге а накъосташна а, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а къемат де даллаца.

2

– Ламазашца.

3

– Цу стагана луург, ша латийначу къина шена та1зар дай, ша латийначу къинах ша ц1анве бохург ду.

4

– И бохург: къуръано ма бохху та1зар де суна, айса латийначу къинах ц1анвала.

5

– 50

6

– 50.

7

– Маьждиге вахнарг.

8

– Бакъарат, аят: 238.

9

– Шен хенахь, кхоччуш ламазаш деш берш.

10

– Муъминун, аят: 9,11,12.

11

– Ал-1имрон, аят: 195.

12

– Марям, аят:59.

13

– Ма́1ун, аят:4,5.

14

– Бусалба нахан.

15

– Кериста нахан.

16

– Къастам; башхалла.

17

– Поезд.

18

– Маь1на: Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан беригге накъосташна, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а къемат де даллац.

19

– Сура Аль-бакъарат, аят:216.

20

– Делах тешаш делахь.

21

– Сурат Аль-ма́идат, аят:32.

22

– Маь1на: Хастам бу Аллах1ан 1аламаш кхиош-кхобуш волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна а, цунан гергарчарна а, цуьнан беригге накъосташна, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а къемат де даллац.

23

– Сурат Зумар, аят: 9.

24

– Сурат Мухьаммад, аят: 19.

25

– Маь1на: Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчан а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан беригге накъосташна, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а къемат де даллац.

26

– Майсир – атта даьккхина х1ума ду, къа ца хьоьгуш, кехатех ловзуш санна. Цо йукъадала до массо а ахча юкъадиллина лавзош долу ловзарш.

27

– Ц1у (ц1уш) – сурт ду, дечках, т1улгах, муьлхха а х1уманах йина йолу, керста наха деланаш бу бохуш лелош хилла йолу х1уманаш, шайна 1ибадат деш.

28

– Пхерчий (цхьаъ: пха) – хьалха 1аьрбаша лелош пхерчий шайн цхьаьнна т1ехь: «Г1уллакх де …", вукхунна т1ехь «Ма де» яздина а долуш. Шаьш цхьа г1уллакх деш, йа кхиэл йеш, цаьрца кхаж тосуш хилла цара. «Г1уллакх де» т1е йаздинарг схьабалахь – и деш хилла цара, «Ма де» йаздинарг схьабалахь – ца деш хилла. И г1уллакх Делан кхелах ца тешар ду, цундела Дала хьарам дина иза.

29

– Сурат Аль-ма́идат, аят: 90.

30

– Чаг1ар.

31

– Идол.

32

– Майсир – атта даьккхина х1ума ду, къа ца хьоьгуш, кехатех ловзуш санна. Цо йукъадало массо а ахча йукъадиллина лавзош долу ловзарш.

33

– Ц1у (ц1уш) – сурт ду, дечках, т1улгах, муьлхха а х1уманах йина йолу, керистачу наха деланаш бу бохуш лелош хилла йолу х1уманаш, шайна 1ибадат деш.

34

– Пхерчий (цхьаъ: пха) – хьалхла 1аьрбаша лелош пхерчий шайн цхьаьнна т1аьхь: «Г1уллакх де …", вукхунна т1аьхь «Ма де» йаздина а долуш. Шаьш цхьа г1уллакх деш, йа кхиэл йеш, цаьрца кхаж тосуш хилла цара. «Г1уллакх де» аьлла т1ейаздинарг схьабалахь – и деш хилла цара, «Ма де» йаздинарг схьабалахь – ца деш хилла. И г1уллакх Делан кхелах ца тешар ду, цундела Дала хьарам дина иза.

35

– Сурат Аль-ма́идат, аят: 90.

36

– Слуга.

37

– Маь1на: Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан беригге накъосташна а, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а къемат де даллац.

38

– Суффат, – Мадийнатера маьждиг чохь т1ехьара меттиг ю, чу баха меттиг йоцу миска нах 1аш хилла цигахь.

39

– Мадийнатан уллера меттиг.

40

– Мадийнатан арахь меттиг.

41

– Сурат Аль-Муджа́дилат.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу
На страницу:
4 из 4