bannerbanner
Мимбаран нур. Хьалхара жайна
Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Полная версия

Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Язык: Русский
Год издания: 2025
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
3 из 4

Дала къуъръан чохь чаг1ар хьарам деш аьлла:

«Х1аийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир26 а, ц1уш27 а, пхерчий28 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»29.


Дала кху Шен дашехь хьарам дина чаг1ар малар. Доккха къа ду чаг1ар малар, иза молуш волчо тоба дина дита деза чаг1ар малар.


Лараме бусалба ваша, йиша! Дала шайга чаг1ар ма мала аьлча, цу хенахь хиллачу бусалба наха х1ун дина хир ду аьлла хета хьуна? Цара муха т1елецира Дала чаг1ар шайна хьарам дар? Бусалба дин дале хьалха а, деъначул т1аьхьа а чаг1ар молуш хилла уьш. Дала бусалба дин доссо долийча а чаг1ар хьарам ца динера царна, церан ийман ч1агдаллац, йеха зама йаьхьна хилла и молуш, чаг1ар дит лур доцу дела цаьрга, церан ийман ч1аг1даллац 1ийна Веза-сийлахь Дела. Бусалба дин деъна йалхитталг1ачу шарахь хьарам дина Дала чаг1ар малар. Амма цу хена хилла бусалба наха, асхьа́баша, Аллах1 реза хуьлда царна, Дала иза шайна хьарам дича дитина чаг1ар малар. Шайна чаг1ар Дала хьарам диний ма хиънехь, эццахь шайн чуьра чаг1ар ара даьккхина урамашка д1адоьттина цара. Чаг1ар молуш 1аш болу асхьабаш, Аллах1 реза хуьлда царна, иза хьарам диний хиъча чаг1ар ца молуш севцца, шайн карар чаг1ар д1адоьттина цара. Царех масал эцна хьоьга а диталур ду иза. Кийрахь бусалба дог долуш, ийман долуш бусалба стаг ма ву хьо! Аллах1а Ша реза волчу х1уманан т1ехь са воккхийла хьо.

Валлах1и, ма ч1ог1а Далла муьт1ахь хуьлуш хилла асхьа́баш, Аллах1 реза хуьлда царна. Хьажа кху масале.

ДИЙЦАР

Анас бин Ма́лика, Аллах1 реза хуьлда цунна, дуьйцу:

«Со Абу-т1олхьатна а, хьенехан а, хьенехан а чаг1ар дуттуш лаьтташ вара царна уллохь. Цхьа стаг веара тхуна т1е, цо элира: Хабар кхаьчний шуьга?

Цара элира: Х1ун хабар?

Цо элира: Чаг1ар хьарам дина!

Цара элира: Д1а1анайе х1ара пхьег1аш, х1ай Анас.

Цара ца хаьттира чаг1арах лаьцна х1умма а, хабар бакъ ду йа дац, х1ун ду мила ду, шайга и хабар кхаьчча».


Иштта хилла церан Аллах1ан муьт1ахь хилар. Даламукълахь, царех масал оьцур ду вай а. Уьш санна хила деза вай, эрна къамелаш а ца деш, г1арч1 аьлла, Делан дуьхьа дита деза чаг1ар. Ойла йе, мел хала хилла царна иза дита, х1унда аьлча деха шерашкахь чаг1ар цара мийлина дела. Чаг1ар ца дезаш бацар уьш, делахь а, Аллах1 алсам везара царна, шайна дезачу массо х1уманел а, цундела Аллах1а хьарам дича эццахь дитира цара чаг1ар. Хьуна а атта дац иза дита, делахь а, Аллах1ан дуьхьа ахьа муьлхха а х1ума дуьтур дуй хаа суна, цундела, ахьа а дуьтур ду иза, шеко йоцуш, Аллах1ан дуьхьа.

ЧАГ1АР МОЛУЧУННА ТА1ЗАР

Ма кхераме х1ума ду чаг1ар малар. Ма йоккха дакъазалла йу иза. Дала не1алт аьлла чаг1ар молучунна. Дала не1алт аьллехь цхьа а кепара ирсе хир вац и стаг, х1унда аьлча дакъаз ваьлла дела иза. Дала лар дойла вай цу балхах.

Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Не1алт аьлла Аллах1а чаг1аран, иза молучунна, иза дуттучунна, иза духкучунна, иза оьцучунна, иза доккхучунна, иза доккхийтачунна, иза д1ахьочунна, иза хьадоуьйтучунна».


Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Цу чаг1арх хьакхмелвеллачунна Аллах1а не1алт аьлла-кх. Ма ч1ог1а ца дезна и Аллах1ана! Ма ч1ог1а оьг1аз вахийтина Аллах1 чаг1арах хьакхлучара! Тоьар дацара царна оццулл Аллах1 оьг1аз вахча?!1ад дита мегар дацар цара иза, оццул Аллах1а не1алт аьлла хилча?!Шена т1аьхь не1алт долу адам ма кхераме ду-кх. Ма декъаза некъа т1ехь ду и адам. Варийлаш, лараме бусалба нах, герга ма хилалаш цу чаг1аран цхьанна а кепара, баккъаллаъ кхераме х1ума ду шуна иза. Хьуна ма-гарра чаг1ар молуш воцучунна а хуьлу Аллах1ан не1алт, чаг1арах иза хьакхавелла дела. Цхьаннан мотта тарло, чаг1ар молуш ца хилча иза леладан мегар ду. Аьттехьа а дац иза. Цунах муьлххачу а кепара хьакхавелларг Аллах1ан не1алт буха воьдуш ву.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, Аллах1а а, Цуьнан Элчано а хьарам дина чаг1ар дохкар!»

Чаг1ар дохкар а хьарам ду, цунах хилла ахча а хьарам ду.

Чаг1ар малар ч1ог1а кхераме х1ума ду. Иза молучуьн бусалбаналлан ч1ог1а кхераме х1ума ду иза.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мер ма дац, иза молучу хенахь иза муъмин а волуш».


Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза. Чаг1ар молучу хенахь ша муъмин волуш мер дац цо иза. Муъмин Аллах1аца ийман диллина стаг ву. Ткъа чаг1ар молучу хенахь цуьнан ийман д1аайало цунна т1ера, т1аккха ма кхерамечу хьолехь ву иза. Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза, ма боккха болх бу иза! Ма цу т1ехь сема хила дезара вай. Ма дита дезара чаг1ар молучо и боьха малар. Хьарам малар. Иза молучу хенахь шен ийман д1адоьдуш хилча, цу хьолехь ша лахь х1ун дан воллу иза?! Ша ийман долуш лийр вуй хаий цунна? Х1ай лараме бусалба нах, ларлахьара шу цу боьхачу маларах.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьана х1уманна т1ехь ваьхнарг, цу т1ехь лийр а ву, цхьана х1уманна т1ехь велларг, цу т1ехь г1аттор а ву (къемат дийнахь)».


Лараме ваша, йиша! Хьажа деза вай, муха дехаш ду вай кху дуьненахь. Муьлхачу 1амал т1ехь ду вайн дахар. Вай дехаш долучу х1уманан т1ехь далар а хир ду вайн, ткъа деллачу х1уманан т1ехь Веза-Сийлахьчу Аллах1ана дуьхьал х1иттар а хир ду. Цундела, дикачу 1амал т1ехь даха деза, цу т1ехь вешан чаккхе хиларан са а туьйсуш.

Х1ай чаг1аран марзвелларг! Баккъаллаъ, дитахьара ахьа иза! Чаг1ар молуш а волуш хьан д1авалар хилахь, чаг1ар молуш а волуш Далла дуьхьал г1атта а вийр ма ву хьо, ткъа цулла а йоккха дакъазалла йан а йуй? Йуха валахьара х1ора чаг1ар молуш волу стаг. Диканна т1ехь нислахьара.

Лараме бусалба нах! Эхартехь ма къаьхьа бекхам хир бу чаг1ар молучунна.

ДИЙЦАР

Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Ваха вой цо»?

Стага аьлла: «Х1аъ».

Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Йеригге а вахош йерг хьарам йу, баккъаллаъ, Вези-Сийлахьчу Аллах1ана т1ехь ч1аг1о йу чаг1ар молучунна, цуьнга т1ийнатул хоба́л чуьра малийтар». Наха хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан Элча! Х1ун йу т1ийнатул хоба́л»? Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Жоьжахат ох1лан хьацар ду».


Йа Аллах1! Ма ч1ог1а ларавала везар чаг1арх. Атта дац хьуна ялсамани чохь хьайн ни1матехь ваха, жоьжахатан чохь цуьнан ох1лан хьацар муьйлучулла а? Дер дуй, дукха атта-м. Цундела, Аллах1а беш бекхам бу иза чаг1ар молуш хиллачунна, цо ша валале тоба а дина, иза дохко ца валахь, цунна хир ду и 1азап эхартехь. Цундела, варийлахь сиха дохко валалахь, тоба делахь, чаг1ар диталахь, ма хилалахь жоьжахатан ох1лан хьацар мер долчарех, хьо хилалахь ялсаманан малар мер долчарех!

Ткъа дуьненахь чаг1ар молуш хилларг, ша ялсаманан чаг1арах воккху цо. Ялсаман чохь а хир ду чаг1ар, амма вахош хир дац иза. Дуьненахь чаг1арх ларбеллачара мер ду иза, амма дуьненахь чаг1ар молуш хиллачара мер дац ялсаманчуьра чаг1ар.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаъа а чаг1ар малахь дуьненахь, цул т1аьхьа цо цунах тоба ца динехь, цунна хир дац иза30 эхартехь».


Лараме бусалба ваша, йиша! Бакъдерг алахь, эхартера чаг1ар дика хир ду, йа дуьненан чаг1ар дика хир ду? Шеко йац ахьа эхартараниг г1олехь хир ду олург хиларан т1ехь. Цундела, эхартан х1уманан т1ег1ерта ца деза вай, дуьненан хьарам х1ума 1ад а дитина? Дера дезий эр ду ахьа. Цундела, варийлахь, ма ваккхийталахь хьо дуьненан чаг1аре эхартан чаг1арах. Собаре хилалахь дуьненан чаг1ар маларх, эхартахь мера ду ахьа иза, Дала мукълахь.

Валлах1и, ма кхераме ду-кх чаг1ар молучуьн хьал. Хьажа, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар муьйлуш верг ц1ун31 1ибадат деш верг санна ву».


Йа Аллах1! Ма кхераме х1ума ду чаг1ар мийлар. Ц1ун 1ибадат дар ширк ду, Аллах1аца дела лацар ду иза. Ц1ун 1ибадат деш верг уггаре доккха къа латадеш ву. Цу къа т1ехь веллачунна Аллах1а геч дийр дац, даима жоьжахати чохь хир ву иза. Ткъа чаг1ар молуш верг Аллах1аца накъост лоцуш верг санна хилча кхераме ца хуьлу цуьнан хьал!? Сагаттадан дезаш х1ума ду иза вай.

Ц1унна 1ибадат деш верг керста ву, амма и бохург дац чаг1ар молуш верг и санна кериста ву. Делахьа а, чаг1ар молуш верг цу керистах тера ву, х1унда аьлча керистачу стеган ламаз Дала къобал ца до, иштта чаг1ар молучуьнан ламаз а къобал ца до Дала. Кхин т1е а ц1унна 1ибадат дарий, чаг1ар маларий цхьана хьахийна Дала къуръан чохь, цундела а ву и шиъ вовшех тера. Дала аьлла къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир32 а, ц1уш33 а, пхерчий34 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»35.


Кхин а и шиъ вовшех тера хуьлу, ц1унна 1ибадат деш волчо шена ц1унна 1ибадат дар хьанал дина, т1аккха иза кериста хилла, х1унда аьлча Аллах1а хьарам динарг хьанал дина цо. Иштта чаг1ар молучо а чаг1ар хьанал ду аьлла малахь, иза а кериста хуьлу, х1унда аьлча, Аллах1о хьарам динарг хьанал дина цо. Амма цунна чаг1ар малар хьарам дуй хууш, т1аккха а цо иза малахь, кериста ца хуьлу иза, амма г1ийла бусалба хуьлу, Далла гергахь шен хьал кхераме долуш, ц1унна 1ибадат деш волчу кериста стагах тера волуш.


Х1ай, лараме ваша, йиша! Дезий хьуна хьо керистах тера ву бахар? Дезий хьуна Дала хьо кериста нахаца къуръан чохь хьехавар? Хьуна ца деза Дала хьо ламаз, марха, йеза 1амал йуьйцучу меттехь хьехавар? Тахана цхьана бахьанца марзаделла хьуна и чаг1ар, амма хьо бусалба хилар бахьна а долуш, ц1енна Аллах1ан дуьхьа дуьтур долуш вуй хьаа суна хьо и чаг1ар. Хьан Дела везар хьалха дер ду, хьан чаг1ар дезарл а. Далла дезарг хьалха доккхур ду ахьа, хьайна дезачул а, х1унда аьлча хьуна Веза-Сийлахь Аллах1 веза дела. Цундела, дитахьа и чаг1ар Аллах1ан дуьхьа, ц1анлохьа цунах, ц1андехьа хьайн ламаз, хаза хетар дехьа хьо везачарна! Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма аьлла: «Аллах1ана уггаре дукха йеза 1амал бусалба стагана хазахетар дар ду».


Хьо чаг1ар молуш хилча хьан дас а, нанас а, йишас а, вашас а, х1усамнанас а, доьзало а, хьо везачара а са ма гатта до хьуна, хьан декъазчу хьолан, уьш холчахь ма латта бо ахьа. Хьалха Делан дуьхьа, шоллаг1а церан дуьхьа дитахьара ахьа и хьарам чаг1ар, Делера йоккха йал хир йу хьуна, Дала мукълахь.

Вай ялсамане даха дезаш ма ду, Дала мукълахь. Цуьнга сатуьйсу вай. Амма, цхьаболу нах цу чу г1ур бац аьлла билгалбина ма бу, царех ву чаг1ар молушверг а. Гой хьуна, мел боккха эшам бу иза хьуна, ахьа и чаг1ар ца дитахь. Дита иза, т1аккха ялсаман чохь чаг1ар молуш 1ийр ву хьо.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Кхаъ стагана баккъалла а хьарам йина Аллах1а ялсамани: чаг1ар муьйлуш волчунна, дена, нанна муьт1ахь воцучунна, даййусан – иза шен х1усамехь хьарам дерг могуьйтуш верг ву».


Ма кхераме хьадис ду х1ара! Чаг1ар молуш хилларг ялсамане г1ур вац бохург жима х1ума дац. Ялсамани йаккха вайн 1алашо хилча, ма атта во́лу цунах чаг1ар молуш верг. Ма атта 1ехаво иза шайт1ано. Баккъаллаъ, ларлахьара вай цу боьхачу чаг1арх.

Чаг1ар молучуьн ламаз къобал ца до Дала. Оццул деза долу ламаз Дала къобалдеш ца хилча, ма ч1ог1а ца дезна-кх Далла и чаг1ар. Ма доккха къа ду-кх иза Аллах1ана гергахь.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мелла вехнарг, цуьнан ламаз къобал дийр дац шовзткъа 1уьйрана (дийнахь), ткъа иза лахь жоьжахати чу вахна иза (г1ур ву)».


Валлах1и Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1ара хьадийсаш тоьар ма дара и чаг1ар вай дита. Цунах вай гена довла. Х1ай лараме бусалба ваша, йиша, чаг1аро жоьжахати чу вуьга бохург ма жима х1ума дац. Цхьа сирник хьалалатайай иза йаьгна йаллалц п1елг т1е а лаций хьайн собар тоьий хьажахьа, и ц1е ла́н собар дуй хьоьгахь?! Ткъа жоьжахати чуьра ц1е кхин а 69-за ч1ог1а хир ма йу. Вай бусалба нах ду, ткъа бусалбачу нахана йуккъехь хила ца деза чаг1ар. Иза вайна йуккъера д1адаккха деза вай.


Чаг1арах деригге а зен схьадолу. Беригг а бохам хуьлу цунах. Дала адамашна делла уггаре доккха ни1мат – хьекъал ду, цу хьекъалах воккху чаг1аро, ша мелларг. Хайбанех тара ца ло чаг1ар мелларг, х1унда аьлча хьайбано шен дег1ана дола до, ша х1ун лела до хаьа цунна, амма чаг1ар а мелла вехна стаг хьайбанел эшна ву, х1унда аьлча шен маттан а, йа дег1ана а да ца хуьлу иза, вехна волуш, ч1ог1а ирча хуьлу цуьнан хьал. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча йеригге а боьхалла цуьнца йолу дела, цунах схьайолу дела.

ДИЙЦАР

«Цхьана зудчунна цхьа стаг хазвелла хилла. Цуьнца зина дан лууш хилла зудчунна, амма стаг дуьхьала хилла, цу зудчух ларлуш хилла. Т1аккха зудчо 1еха а вина, цхьана г1уллакхана аьлла ша йолчу чу валийна и стаг, х1усаман дог1анаш д1а а тохийтина, иза ара ца валийта. Т1аккха стаг кхетта ша 1ехийнийла, зудчо харжам байтина цуьнга диъ х1уманан т1ехь. Зудчо аьлла цуьнга: „Йа чаг1ар мала, йа шеца зина де, йа шен хьадалч36 виэ, йа хьакха йаа“. Стага ойла йина „Делахь, зина дечул а, йа хьакха йуучул а, йа стаг воьчул а чаг1ар малар г1олехь хир ду“, – т1аккха чаг1ар мелла цо. Чаг1ар мелла вехча зудчуьнца зина дина цо, цул т1аьхьа хьакха йиина, цул т1аьхьа к1ант вийна».


Гой хьуна чаг1арах схьа мел даьлла зе. Чаг1арах стаг вехча дуккха а зене х1уманаш дуьйлу цуьнгара, шен хьекъалехь волуш цуьнгара дуьйлур доцуш долу. Хийлаза стаг йуьхь1аьржа х1оьттина чаг1ар бахьана долуш. Хийлаза нахала ваьлла чаг1ар молуш верг. Хийлаза шех нах бела бина цо. Хийлаза дукха бохамаш бевлла цуьнгара чаг1ар малар бахьана долуш. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча цуьнан зе доза доцуш ду. Х1ун дер ду ца хаьа молучуьнгара, х1унда аьлча х1ораза а кхин а доьхнарг, кхин а бохаме дерг, кхин а ирча дерг, кхин а нахана беламе дерг бен цуьнгара ца долу дела. Цундела, ларлахьара вай чаг1арах, Аллах1ан дуьхьа дитахьара вай иза.


Чаг1арах гена хилар дикачу нехан куц ду. Абу-Бакр Сиддийкъ, Аллах1 реза хуьлда цунна, цкъа а чаг1ар мелла вац ша, ша бусалба волуш а, бусалба хилале а.

ДИЙЦАР

1абба́с бин Марда́сига хаьттина хилла «Х1унда дитина ахьа чаг1ар?» Цо жоп делла: «Суна ца дийзира 1уьйранна сайн къомана эла хуьлуш, суьйранна царех уггаре 1овдал верг хилар».


И бохург, 1уьйранна хьекъал чохь волуш сайн къомана йуккъахь эла ву со, амма суьйранна аса чаг1ар мелча сайн къоманна йуккъахь 1овдал верг хуьлу со.

Цундела, лараме бусалба ваша, йиша, и боьха чаг1ар хила ца деза вайна йуккъахь, хилахь а д1адаккха деза. Чаг1ар молушверг цунах гена вала веза. Тоба а дина дита деза чаг1ар. Даггара тоба дойла вай, х1ай сан бусалба вежарий, йижарий! Веза-Сийлахьчу Аллах1а боху къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Шу дерза Деле ц1ена тоба дарца – хила тарло шун Дала шу къинойх ц1анда, шу бошмашна чу дига а, шайн бухахула хиш оьхуш йолу».


Тобанан не1 йиллина ма йу дийнахь а, буса а. Даима тоба деш хила везаш ма ву бусалба стаг. Цхьана бахьанца нисделла ахьа чаг1ар малар, амма Аллах1ан дуьхьа дита иза. Къаьсттина Дала Шен дуьхьа дитинчу х1уманан дуьхьа цулла а диканиг лур ду хьуна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаммо цхьа х1ума дитахь Аллах1ан дуьхьа, Цо цунна цуьнан метта цул а диканиг лур ду».


Хьажал хьо, Аллах1ан хазачу бекхаме! Шен дуьхьа хьарам дерг дитинчунна Аллах1а цул а доккханиг, диканиг лург хилча, хьуна а лур ма ду Цо иза. Хьуна ца моьттург лур ду Дала. Хьо ирсе хинверг. Хьуна гонахьара нах а хьоьца ирсе хир болу х1ума. Дуьненахь а, эхартахь а хьуна пайдехь хир дерг. Цундела, варйилахь, нислолахь Делан нийсонна т1ехь.


Дала Ша реза Волчу х1уманан т1ехь нисдойла вай. Дала къинхетам бойла вайх. Дала даггара Шех кхоьручех дойла вай.

БУСАЛБА ДИН 1АМОРАН ЯЛ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду37:


Лараме бусалба нах! Вайн деригге а дахар бусалба дин хила деза. Бусалба дин вайна массо а хьелашкахь гучу дала деза вайн дахарехь. Бусалба дин вайн дахарехь коьртаниг хила деза. Иза довза деза вайна, т1аккха цуьнца 1амал йан а йеза вай. Бусалба дин 1амор йоккха ял хуьлуш х1ума ду. Доккха дарж ду бусалба дин 1амор. Тахана бусалба дин довзарал а доккха х1ума ца оьшу вайна. Хьо бусалба динах лаьцна кинижка йоьшуш велахь, йа хьехаме ладуг1уш велахь, йа 1илма долчуьнга хоттуш велахь, йа 1арбий мотт 1амош велахь, йа къуръан деша 1амош велахь, йа к1оргге шарий1ат 1амош велахь, – иза деригге а бусалба дин 1амадар ду, шарий1ат 1илма 1амадар ду. Х1ораммо хьоьгучу къине хаьжина йал хир йу цунна. Цундела, вай бусалба дин 1амадар т1ехь сутара дархьама, жигара хилийтархьама, цу т1е г1ертийтархьама, х1ара хьехам бу вай бусалба дин 1амийча хуьлучу йолах лаьцна.


1илма Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс ду. Цара т1аьхьадитинарг 1илма ду, дуьне дац. Ткъа Пайхамарийн, Аллах1ера салам хийла царна, ирс схьаэцнарг сийлахь к1ант а, йо1 а ду. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда царна, аьлла: «Баккъаллаъ, Пайхамарш ирс ца дитина динар а, дирх1ам а, делахь а, цара ирс дитина 1илма дитарца. Ткъа иза (1илма) схьаэцначо, доккха да́къа схьаэцна».

Кху хьадийсо гойту, Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс схьаэцар доккха дика да́къа схьаэцар ду. Ма доккха ирс ду цо схьаэцнарг. Ма боккха пайда хир бу цунна цу ирсах дуьненахь а, эхартахь а.

Лараме бусалба нах! Вайна 1илма довза деза. 1илма 1амо деза вай. Цуьнца нисдала деза вай. Т1аккха вайна хиънарг кхечарна д1ахьеха а деза вай. Кхечарна д1акхача дан деза вай иза. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Д1акхачаде соьгара цхьа аят кхачадай а».


Цхьа яат бен дацахь а шена хуург д1акхачо дезаш ву бусалба стаг. Шена девза к1еззиг 1илма д1акхачо декхарийлахь ву.

1илма довзар Делера доккха совг1ат ду адаман. Делера доккха дика ду иза цунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: « Аллах1ан цхьаннийца дика хила лаахь, Цо цунна фикъх1 1амадо».


Фикъх1, – иза шарий1ат 1илма ду. Хьарам, хьанал довзар ду. Стагна 1илма довзар 1аламат ду, Далла цуьнна дика лиъна хилар. 1илманна герга вахар, Далла герга вахар ду. 1илманехь са́валар, Делан диканехь савалар ду. Боккъаллаъ, дика ойла йан йезара вай 1илман хьокъехь. Массо а 1илманна т1ехь са́довлуш хила дезара вай. 1илма 1амор ду хьуна бусалба динах кинижка йешар, хьехаме ладохар, хуучуьнга хаттар. Иза деригг а йоккха ял хуьлуш х1ума ду хьуна, х1унда аьлча 1илма 1амадар долу дела иза, ткъа Дала 1илма 1амаде боху вайга, цундела, цу т1ехь садовла хьовса деза вай.

Дала Шен Элчанна т1едиллина хилла Шега цхьа х1ума деха. Х1ун деха аьлла хаьий хьуна Дала Шега?

Дала къуръан чохь аьлла: «Ахьа ала, х1ай сан Дела! Са́ваккха со 1илманехь».


Къаьсттина и цхьа х1ума деха аьлла Дала Шен Элчане. Кхин долу х1ума деха ца аьлла. Х1унда ца аьлла? Х1унда аьлча 1илмано кхидолу деригге х1ума чулоцу дела. Хьажахьа, ма доккха ду Аллах1ан хьикмат! Ма нийса бу Делан некъ! Вайгахь 1илма хилчхьана, кхидерг деригге вайгахь долуш ду-кх Делан пурбанца, долуш ду бохург, 1илманца и деригге схьадог1ур ду-кха вайна, цкъа хьалха 1илма 1амадахь.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дуьненна не1алт аьлла ду, не1алт аьлла цу чохь долчунна а, Лекха Аллах1 хьахвар доцург а, цуьнца доцург а, 1елам стаг а, мут1елам воцург а».


Стаг галвоккхучу дуьненна не1алт аьлла. Амма Аллах1ан динца тасайелла муьлхха а 1амал уггаре а диках йерг йу. Дуьне лаха дезаш ду, амма Дела оьг1аз а вохуьйтуш лохуш долу дуьне шена не1алт аьлла ду.

1илма 1амор ялсамане боьду некъ бу. Ялсамане ваха ара ваьлла ву 1илма 1амош верг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ 1илма 1аморан некъа т1е валахь, Аллах1а атта бийр бу цунна цуьнца ялсамане боьду некъ».


Х1унда аьлча 1илмано дика дерг бен ца довзуьйту. Дикачунна бен т1е ца вуьгу 1илмано. Ткъа дикано ялсамане вуьгу. 1елас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Бахам ахь ларабо, ткъа 1илмано хьо лараво».


Гой вайна, 1илмано вай лардеш ялсамане дуьгу, амма бахам вай ларбабезаш бу, цунах пайда эцахь вайна ялсамани хир йу, ца эцахь ялсаманах девр а ду, Дала лардойла вай вочух, галадовларх.


Дуьненахь наха вовшенца дуккха а х1уманца хьаг1 лела йо. Хьаг1 хьарам йу, делахь а, хьарамца бала берш к1езиг бу кху заманахь. Хьаг1 лелочо са туьйсу, кхечуьнгара х1ума д1а а даьлла, шена иза дисаре. Иза доккха къа ду. Хьаг1 лело мегаш хилча, ши х1ума бен хьакъ дацара хьаг1 лело. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаг1 йац шина х1уманций бен. Аллах1а бахам белла стаг, иза нийсачу новкъа д1ахьажош волу. Аллах1о шена хьикмат (1илма) делла стаг, иза цуьнца кхел йеш а, д1ахьоьхуш а волуш».


Кху сийлахьчу хьадийсехь Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, луушдерг нахехь долчу х1уманах шега сатийса хьакъ долу х1ума шиъ ду, Делан некъа т1ехь дойуш долу рицкъий, 1елам стаго хьоьху 1илмий. Кхин цхьа а х1ума хьакъ дац нах шех хьега, сатийса. И нийса кхетам тахана нахехь белхьара вайн хьал гуттара кхечу кепара хир дара. Амма адмана тахана оьшуш бац и нийса кхетам, вайна гуш ма дай иза-м, цунделла умматан хьал а иштта ду-кх, вайна гуш ма-хиллара.


1илма 1амор, иза кхечунна д1акхачор йоккха йал хуьлуш х1ума ду. Цу т1ехь сутара хила веза бусалба стаг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хазахетар дойла Аллах1а къонахчунна сан къамел хезина, иза 1амадина, иза д1акхачийнарг шена ма хаззар».


Ма доккха до1а ду иза бусалба дин хьоьхучунна. Кхечуьнга иза д1акхачочунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьоьху вайна бусалба дин д1акхачор, даржадар. Вай иза дарна вайна до1а дина цо, ткъа цхьа а шеко йац Аллах1а цуьнан до1анна жоп лург хилар, бусалба дин даржочунна и до1а хирг хилар. Дала царех дойла вай.


Лараме бусалба нах! Маьждигехь къуръан 1амадо олуш хезний шуна? Шеко йац, хезна шуна иза дуккха а. Делахь а, дуккха а нах маьждиге ца оьху, къуръан 1амада. Царна хаахьарий шайна хуьлуш болу эшам, шеко йоцуш лелар бара уьш маьждиге къуръан 1амо. Ма йоккха ял йу хаьий хьуна маьждиге лелар, къуръан йа кхин долу 1илма 1амадан. Ладог1ийша кху хазачу хьадийсе а, дийцаре а.

ДИЙЦАР

Му́са бин 1алис аьлла: «Суна хезнера сан дас дуьйцуш 1укъбат бин 1а́мирера».

Цо элира: «Ара велира Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, тхо суффатехь38 (маждиг чохь) долуш».

Цо элира: «Шух хьанна дезара х1ора дийнахь Бут1хьа́не39 вахна йа 1акъийкъе40 (вахна) цигара ц1а ван боккха букъ болу ши эмкал йалош, къа ца латош йа гергарло ца хадош?»

Оха элира: «Х1ай Аллах1ан Элча! Тхуна деза-кх иза!?» Т1аккха Цо элира: «Шух цхьаъ маьждиге а вахана цо 1амадича, йа дешча ши аят Веза-Сийлахьчу Аллах1ан жайни (къуръан) чуьра, дика ду цунна шина эмкалел, кхоъ (аят) дика ду кхааннал (эмкалел), диъ (аят) дика ду йеаннал (эмкалел), аятийн бараме хьаьжина дика ду цу эмкаллийн барам».


Лараме бусалба нах! Гой шуна ма йоккха ял йу маьждиге вахна 1илма 1амор, къуръан 1амор. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эмкал хьахайина, цу хенахь 1аьрбойн уггаре тоьлла бахам эмкал лоруш хилла дела. Тахана а йац эмкал г1ийла лоруш. Тахана а йу эмкал боккха бахам. Ткъа ахьа ойла йе, дуккха а эмкалш йаха хьо реза хирг хилча, царел диках ма ду хьуна къуръан 1амадар. Цунах хуьлу ял массо х1уманал йоккха ма йу. Цунах хир болу бекхам а массо х1уманал боккха ма бу. Дуненан дуьхьа къахьоьгур вай хилча, эхартан дуьха кхиъ ч1ог1а къахьега ма деза вай. Цундела ма деза дукха Аллах1ана гергахь 1илма 1амор, къуръан 1амор.


Лараме бусалба ваша, йиша! Ма йоккха ял йу маьждиге вахна Делан 1илма 1амадар. Делан дин 1амадар. Ма доккха х1ума ду иза. Хьажахьа кху хьадийсе. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаъ маждиге вахча лууш воцуш (маьждиге воьдуш) дика дерг 1амада бен йа иза (дика дерг) хьеха бен, цунна хир йу хьадж дечунна йолу ял, кхоччуш хьадж дечуьнан».

На страницу:
3 из 4