
Полная версия
Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Мимбаран нур
Хьалхара жайна
Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов
© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов, 2025
ISBN 978-5-0067-2146-3
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а – цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.
2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг – хууш ду, цамагийнарг а – хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг – шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг – хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь – дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь – дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза – дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].
4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь – тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь – цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь – дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза» [(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].
5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла: « (ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI – ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира – новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза – иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?» [(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].
6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю – цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.» [(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].
7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац – шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].
8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].
9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].
10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин – догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].
11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо – АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо – нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].
МИМБАРАН НУР
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, Джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.
Лараме бусалба нах! Ислам динал сийлахь х1ума дац вайна, цул деза а, мехала а х1ума дац бусалба стагана. Ислам динехь вахар уггаре доккха ни1мат ду адамана, цуьнан серлонца дуьне а, эхарт а доккху цо шена. Ислам динца нисвелларг – баккъалла а нисвелла ву, Ислам динца вехашверг – баккъалла а вехаш ву, Ислам дин лелош верг – баккъалла а дийна ву, Ислам динан пусар деш верг – баккъалла а Веза-Сийлахьчу Далла гергахь сийлахь ву.
Х1ара хьехамаш тайпа-тайпана меттигашкахь бар нисделла вайн: Рузбанехь а, таравихь ламазехь а, хааме г1ирсашкахь а. Ткъа вайн бусалба вашас хьахийнера вайга и хьехамаш йазбина жайни т1е баьхча дика хир дара аьлла. Цуьнан дешнаша ойла а йайтира вайга, баккъалла а, цхьа пайда хила а мегар цунах аьлла. Ткъа вайн Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: Д1акхачаде соьгара (нахана) цхьа аят кхачадай а.
Цундела, лиънера вайна х1ара хьехамаш жайни т1е йазбан, мимбар т1ехь бинчул т1аьхьа бусалба нахана пайда хиларе сатуьйсуш. Веза-Сийлахьчу Деле доьху вай кху балхах беркат дар, бусалба нахана пайда бар.
Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.ЛАМАЗ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьса́нин ила́ йавмиддийн. Амма ба1ду1:
ЛАМАЗ ФАРЗ ХИЛАР
Дала къуръан чохь боху: «Аш д1ах1оттаде ламаз».
Кху аятехь Дала ламаз фарз дина т1едиллина вайна. Ламаз доккха фарз ду вай х1ормаммо дан дезаш.
Иштта Дала боху къуръан чохь:
«Х1ай ийман диллинарш! Руку́1и г1о, сужуде г1о, шайн Далла 1ибадат де, дика дерг де шу декъала хила там бу».
Руку1 дар, сужуд дар ламаз дар ду, цундела Дала ламаз де боху вайга.
ЛАМАЗАН ДАЗАЛЛА
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Шуна муха хета, шух цхьаннийн не1ара хьалха татол хилча, цу чохь х1ора дийнахь пхоьазза лийчича, цуьнан (дег1а т1ера) моданах х1умма а йуьсур йарий?
Асхьабаш, Дела реза хуьлда царна, элира: Цуьнан моданах х1умма а йуьсур йацара. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна элира: Иза пхеа ламазан масала ду, Аллах1а цаьрца2 къинош д1адоху».
Субхьаналлах1! Лараме ваша, йиша! Дийнахь-буса пхиъ фарз ламаз дешверг пхоьаза хи чохь луьйчушверг санна ву, ткъа пхоьаза хи чохь луьйчушволчуьнна дег1а т1ехь цхьа а мода йуьсур йац, иштта пхи фарз ламаз деш волчунна т1ехь къа дуьсур дац. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламазан пайданах вай дика кхетийтархьама далийна масал ду иза.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Пхи ламаз а, рузбанан ламаз т1ера вукха рузбанан ламаз т1е кхаччалца а, Рамадан т1ера вукху Рамадан т1е кхаччалца а, гечдеш ду царна йуккъехь долчунна, даккхий къиношах ларлахь».
Пхеа ламазан йуккъехь дуьйлучу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши рузба динчунна цу йуккъехь цо летийначу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши Рамадан кхаьбначунна цу шинна йуккъехь летийна кегий къиношна Дала гечдеш ду. Цу кегий къиношна Дала геч до, стага царах тоба ца динехь а. Цунна уьш дицделла хила а тарло, делахьа а, Дала геч до царна. Амма даккхий къиношна геч ца до Дала, стага царна тоба дичий бен.
Мел доккха х1ума ду х1ара, ламазаш дича а, рузбанаш дича а, мархийн беттанаш кхаьбча а кегий къиношна гечдеш ду вайна Дала, ткъа даккхийчу къинойх тоба дича довлу вай. Мел боккха пайда бу иза вайна. Цундела, мел ч1ог1а лардеш хила деза вай ламазаш а, рузбанаш а, мархийн беттанаш а.
ДИЙЦАР
Анаса, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: Цхьа стаг веара Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан Элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, та1зар де суна3.
Эццахь ламазан хан хилира, цу стага Аллах1ан Элчанца, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламаз дира. И стаг ламаз дина ваьлча, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, Аллах1ан жайнаца бекхам бе суна»4.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Ахьа тхоьца ламаз дирий»?
Стага элира: «Дира».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Баккъалла а, (Аллах1а) гечдина хьуна».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хаийтина цу стагана цуьнан къина Дала гечдина хилар, х1унда аьлча, ша къа латийначул т1аьхьа фарз ламаз дина цо, ткъа фарз ламазна хьалха хилла къиношна Дала гечдеш ду.
ДИЙЦАР
Ибн Мас1удера, Аллах1 реза хуьлда цунна, деъна цхьана стага хийрачу зудчунна батт йаьккхина хилла, т1аккха Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу веана, цуьнга дийцира цо ша динарг. Т1аккха Аллах1а эццахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аят доссийра:
«Ламаз х1оттаде дийнан шина йуьххьехь (1уьйрана а, суьйрана а), буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикачу 1амалша д1айоху вон 1амалш».
Стага хаьттира: «Суна цхьаннийна дуй х1ара, х1ай Аллах1ан Элча»?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Сан деригге а умматана ду».
Х1ара масал ду хьуна, Дала ламазашца къиношна гечдеш хилар. Дала къуръан чохь аят доссийна-кх, дикачу 1амалша вон 1амалш д1айоху аьлла. Ткъа доккха х1ума дац цу стагана хилларг, цо ламаз дина аьлла цуьнан къина Дала геч дина хилча! Дала цу цхьана стагана ца делла иза, вайна массарна а делла. Делера боккха къинхетам бу иза вайна. Цундела, ламаз деш хила веза бусалба стаг. Гуттар а ц1ена, хаза, дика, нийса, шен хена чохь ламаз деш хила веза бусалба стаг.
ЛАМАЗАН ЛАКХАЛЛА
Лараме бусалба ваша, йиша! Дала ша вайна т1едуьллу х1ора х1ума Джабраил малийке а олий, Делера салам хуьлда цунна, ткъа иза Пайхамарна, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е а дуссий, цо цуьнга д1аолуш хилла Дала бохург. Иштта т1едиллина вайна деригге а шарий1ат. Шарий1атехь долу деригге а х1ума Джабраил малийко, Делера салам хуьлда цунна, Делера схьадахьаш хилла вайн Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Масала, закат а, хьадж а, Рамадан бутт кхабар а, кхин деригге бусалба динера х1ума а Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, иштта т1едехкина вайна. Амма ламаз т1едуьллуш Веза-Сийлахьчу Дала Ша т1едиллина иза Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, ца дуьллуш. Веза-Сийлахьчу Дала Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ворх1 стигал хьалаваьккхина, Шена дуьхьал х1оттийна т1едиллина цунна пхи фарз ламаз. Веза-Сийлахьчу Дала ламаз стиглара охьа ца доссийна, делахь а Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, стигал хьалаваьккхина т1едиллина цунна ламаз. Цо гойту ламаз мел деза ду Веза-Сийлахьчу Далла гергахь. Кхидолу бусалба динан белхаш санна Веза-Сийлахьчу Дала латта т1е охьа ца доссийна ламаз, х1унда аьлча ламаз 1аламат ч1ог1а деза долу дела. Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкан, Аллах1ера салам хуьлда цунна, т1е а ца диллина Пайхамарна, Аллах1ера салват а, салам а хуьлда цунна, ламаз т1едиллар, Ша т1едиллина Веза-Сийлахьчу Дала ламаз Шен пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Гой хьуна, х1ай сан бусалба ваша, йиша, мел деза ду фарз пхи ламаз. Цул совнаха, Веза-Сийлахьчу Дала хьалха шовзткъе итт5 ламаз т1едиллина хилла, т1аккха Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Деле ламазаш лахдар доьхуш пхеа ламаз т1е охьадалийна уьш Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: Цул т1аьхьа Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Пхи ламаз ду уьш, шовзткъе итт6 (ламаз) метта».
И бохург, пхи фарз ламаз дича, шовзткъе итт ламаз дича санна йал йу. Хьажахь Веза-Сийлахьчу Дала вайха биначу къинхетаме, шовзткъе итт ламаз а ца дуьллуш вайна т1е пхи ламаз диллина, амма пхи фарз ламаз дича шовзткъе итт ламаз дича санна йал йитина. Т1аккха дан ца деза вай фарз пхи ламаз? Оццул деза и хилча, оццул йоккха йал хуьлуш хилча, и пхи ламаз дан дог1ура вай, уьш фарз ца хилча а. Амма уьш фарз хилча вайн цхьа а харжам бац, лаахь а, ца лаахь а дан дезаш ду вай уьш, Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина декхар ду иза вайна х1ора дийнахь-буса. Ламаз до хан адам сема хуьлу хан йу, цундела Веза-Сийлахьчу Дала цу хенашкахь ламаз дар т1едиллина Шен лайшна, х1унда аьлча ламаз Веза-Сийлахьчу Делаца з1е йолу дела, ламаз Делаца къамел дар долу дела, ламазца лайний Веза-Сийлахьчу Деланий йуккъера йукъметтиг ч1аг1ло дела, цундела Веза-Сийлахьчу Дала пхи ламаз фарз дина т1едиллина вайна, Ша вайна даима дагахь хилийта, Ша виц ца валийта Шен лайна, Шеца йолу йукъаметтиг ч1аг1йалийтархьама цуьнан. Цундела, пхи ламаз фарз хилар Веза-Сийлахьчу Делера боккха къинхетам бу.
ЛАМАЗАН НУР
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Ламаз нур ду».
Ламаз нур ду бохург х1ун ду? И бохург ду: Фарз ламаз а, суннат ламаз а дечунна, цо деш долу ламаз нур ду, и бохург цуьнан ламазо иза 1есаллех, боьхаллех, хьарамчух ларво, нийсонна т1енисво нуьро боданехь некъа т1е нисварах терра. Цуьнан ламаз – нур ду цуьнан даг чохь, йуьхь т1ехь, каш чохь, къемат дийнахь. Ц1енна дан ма дезза ламаз дечунна шен даг чохь ирс карор ду, синпарг1ата хир ву, йуьхь сирла йаьлла хир ву, беркате стаг хир ву иза. Иштта боккха пайда бу ламазах.
ЛАМАЗ ДАН МАЬЖДИГЕ ВАХАРАН ЙАЛ
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шен чохь ламаз а эцна, цул т1аьхьа Аллах1ан х1усамех цхьана х1усаме вахнарг7, Аллах1ан фарзашах фарз ламаз дархьама, цо йоккхуш йолу шина г1улчах цхьана г1улчо къа д1адоккху, вукхо даржехь са воккху».
Хьажахьа, мел йоккха йал йу ламазе вахар. Стагна а, зудчунна а йу иза. Цул совнаха, цул а доккха дерг алий аса хьоьга?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ шен х1усамера ара валахь ламаз эцна волуш фарз ламаз дан, цуьнан йал хьадж дихкинчунна санна йу».
Субхьаналлах1, ма йоккха йал йу иза. Ма атта ду вайна и йал йаккха тахана, делахь а ма г1ийла ду вай цу т1ехь. Ма сутара дац вай маьждиге ламазе дахаран т1ехь. Ма нисдала дезара вай, х1ай лараме бусалба вежарий, йижарий.
Къаьсттина деза ду боданехь 1аьржа йолуш ламазе вахар, иза 1уьйра, пхьуьйра ламазе вахар ду.
Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Кхаъ баккхалахь г1аш боданехь маьждиге боьлхучаьрга, кхоччуш нур хирг хилар (царна) къемат дийнахь».
Йа Аллах1! Ма даккхий совг1аташ ду уьш ламаз маьждигехь деш хиллачунна. Тахана вайна х1оранна уллохь маьждиг ду, х1оранна аьтто бу цига а вахана ламаз дан, делахь а ма деса ду тахана вайн маьждигаш, ма к1езиг бу цига боьлхурш. Х1ара дуьне д1адер ду, дуьсундерг эхарт ду вайна, ткъа цунна кечам бан безара вай, уггар хьалха ламазца а беш. Вай ца доьлхуш а, ца кхочуш а меттиг бан а бац, мичча а доьлху вай, делахь а, маьждиге ца доьлху. К1езиг доьлху вай Аллах1ан х1усаме. Алсам даха хьажа деза вай цига, лараме бусалба ваша, йиша.
ЛАМАЗАН ПАЙДАНАШ
1-Ламаз деш верг хуьлу Аллах1а т1едиллина 1ибадат кхочуш деш, бусалба стеган дог шен Делаца тасало.
2-Уггаре а ирсе стаг хуьлу ламаз деш верг, х1унда аьлча, дан ма деззара ламаз деш волчунна Делах кхерар т1ех са долу дела.
3-Лайно шен баланаш Аллах1е белха бо. Ткъа цунна уггаре дика хан ламаз хан йу, ламазехь сужудехь лайно Аллах1е шен баланаш белхабар дика ду.
4-Ламазо г1о до халонах чекхвала. Цундела Дала къуръан чохь аьлла: «Аша г1о лаца собарца а, ламазца а». Ламазца г1о лацар хуьлу, ламаз шен хенахь дар, цунна эшам ца беш кхоччуш дар.
ЛАМАЗАХ ЛАЬЦНА ДЕШНАШ
1—1адий бин Хьа́тимас, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ламазан хан ма ца хилла, со цуьнга сатесна волуш бен».
2-Ибн Мусаййабас, Дала къинхетам бойла цунах аьлла: «Джама1ат ламаз ца дисина сан т1аьхьарчу шовзткъа шарахь».
3-Ма́лика, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «1убайдулла́х1а ламаз дах дора, цхьанний дуьхьа дац а ца дора».
4-Му1а́з бин Жабалас, Дела реза хуьлда цунна, шен к1анте аьлла: «Айхьа т1аьххьара ламаз деш санна диэ ламаз, хьуна ма мотта ахьа иза кхин а дийра ду. Х1ай сан к1ант, хьуна хоийла, муъмин стаг шина диканна йуккъехь ле хьуна, цо диначу диканний, цо ца деш т1аьхьатеттиначу диканний йуккъехь».
5-Фудайлан к1анта 1алис, Дала къинхетам бойла цу шиннах, аьлла: «Суфъян Саврий сужудехь гира суна хьажийн ц1ийнан уллехь, ткъа аса ворх1 гуо баьккхира цо шен корта (сужудера) хьалаайбале».
Хьажахь лараме бусалба ваша, йиша, мел ч1ог1а дезаш хилла царна ламаз. Мел марзо оьцуш хилла цара ламазах. Цуьнга сатуьйсуш, иза деха деш, цунах д1ахада ца лууш. Иштта вай а хир дацара теша. Царех тера хила ма дезара вай а. Баккъалла а, вешан ламаз т1ехь ойла йан йезара вай. Вешан ламаз нийса, хаза, дика, парг1ата дан дезара вай. Т1аккха цунах вайна хила беза пайданаш схьаоьцур бара вай. Дала вайна пайдана бен т1едиллина ма дац ламаз. Шена вай герга дахкийта, Шеца вайн з1е ч1ог1а хилийта, вайн ийман тадалийта, вай Шех кхерийта, вайна къемата де диц ца далийта, кхин а дуккха а пайданашна т1едиллина вайна ламаз. Ахь ойла йахь и пайданаш билгалла бевр бу хьуна.
ЛАМАЗЕХЬ ДО1 ДАР
Лараме бусалба ваша, йиша, хьан дуккха а нисдалаза г1уллакхаш ду, хьоьгахь баланаш бу, халонаш йу, ткъа и деригге а д1адаларан бахьана ахьа до1а дар ду. Къаьсттина ламазехь сужудехь до1 дар гуттар ч1ог1а ду, Делера жоп хилар гуттар герга ду. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Лай уггаре ч1ог1а шен Далла герга хуьлу иза сужудехь волуш».
Ойла йе, хьо уггаре ч1ог1а Аллах1ан герга воьду меттиг хьо ламазехь сужудехь волуш йу. Ткъа цу меттехь до1а де аьлла ду.
1авн бин 1абдуллах1 бин 1утбата, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Шуьгахь бала латтош долу шайн хьаштанаш фарз ламазехь деха, баккъалла а фарз ламазехь дина до1а кхечу ламазехь диначу до1анал деза ду, фарз ламаз суннат ламазан т1ехь деза хилар тера».
Цундела, ламазехь дехалахь хьайна эхарт а, дуьне а, Дала жоп лур ду хьуна, Шен пурбанца.
Вайн ламаз нисделча, вай а нислур дара.
Юнус бин 1убайда, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ши х1ума ду, и шиъ лайнехь нислахь, цуьнан кхиндерг а нислур ду: цуьнан ламаз нисделча а, цуьнан мотт нисбелча а».
Субхьаналлах1, валлах1и доккха х1ума ма ду х1ара, стага шен ши х1ума нисдича кхидолу деригге х1ума нислур дара цуьнан. Ахьа ойла йича иштта кара а до вайна иза. Цу т1ехь нисдала дезара вай, т1аккха вайн деригге а х1ума нислур дара.
ЛАМАЗ ЛАРДАР
Лараме вежарий, йижарий! Ламаз лардан дезаш ду вай. Ламаз лардар вайна т1ехь фарз ду. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна иза. Цо боху къуръан чохь «Ларде ламазаш а, йуккъера ламаз а»8.
Къаьсттина, Веза-Сийлахьчу Дала ларде боху вайга йуккъера ламаз, иза малхбуза ламаз ду. Иза къастийна цуьнан хан иза тергалдан хала йолу дела. Х1унда аьлча малхбуза хенахь нах буьйса т1ейале шайн г1уллакхаш д1адерзада сихло хан йу, ткъа цу г1уллакхашна йуккъехь дицдала тарло цунна малхбуза ламаз, йа дита тарло «х1инца ваьлча до» бохуш, цундела Дала къастийна иза ларде аларца.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, уггаре хьалха лайне къемат дийнахь цуьнан 1амалх хоттурйерг ламаз ду. Ткъа иза дика хилахь, баккъаллаъ декъала хилла иза, аьтто хилларг а хилла иза. Амма (ламаз) доьхна хилахь, баккъаллаъ дакъаз ваьлла иза, эшам а хилла цунна».
Гой хьуна, ламазах доьзна ду хьо декъал хилар а, дакъаза валар а. Хьан 1амалех уггаре хьалха хоттурйерг хьан ламаз хилча, хьан ламаз гуттар нийса, дика, кхоччуш хила деза. Цундела, ламаз т1ехь к1адо йан мегар дац. Шен хеннахь нийса, дика дан деза иза, сих а ца луш, х1ора меттехь тем беш, парг1ата дан деза бусалба стага ламаз. Ламазах вада ца г1ерташ, сихха дина т1ера даккха ца г1ерташ дан деза. Цунах самукъа долуш, синтем хуьлуш дан деза ахьа хьайн ламаз. Цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, олуш хилла Билалига, Аллах1 реза хуьлда цунна: «Х1ай Билал! Сада1ийта вайга ламазца».
Ламазехь садо1уш хилла цара, цунах церан самукъа долу дела, иза делера доккха ни1мат дуй царна хуу дела, иза Делера боккха къинхетам буй шайна хуу дела. Ламаз дан дезаш доцуш хира дара дика, йа ламаз дан дезаш долуш хира дара? Ойла йе, дийнахь-буса пхоьаза Аллах1ана хьалха х1уттуш воцуш, пхоьаза Аллах1аца къамел деш воцуш, пхоьаза Аллах1 Шен йуьхьца хьуна т1евоьрзуш а воцуш хьо хилча муха хир дара хьан дахар?! Иштта болчу нехан дахаре хьажа, т1аккха хуур ду хьуна. Дера хир дара вай т1аккха хьайбанех тера. Хьайбанел эшна а хира дара, х1унда аьлча хьайбано Дала шена т1едиллинарг кхочуш до дела. Ламаз ца хилча Аллах1 дага вог1ур вацара хьуна, Цунах гена вер вара хьо, Иза вицлур вара хьуна, Цунах вер вара хьо, Цуьнан къинхетамах. Цундела, гой хьуна мел ч1ог1а оьшу вайна ламаз.
ФИРДАВС
Ялсаман чохь уггаре лакхара меттиг Фирдавс йу. Фирдавс ялсаманан уггаре тоьлла меттиг йу ялсамани чохь. Ткъа ламаз деш хилларг Дала Фирдавс ялсамане вохуьйтур ву. Дала боху къуръан чохь: «Шайн ламазаш 1алашдеш9берш. Уьш бу верасаш. Шайна ирсана Фирдавс кхочуйерш, уьш цу чохь гуттар хир болуш»10.