bannerbanner
Мимбаран нур. Хьалхара жайна
Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Полная версия

Мимбаран нур. Хьалхара жайна

Язык: Русский
Год издания: 2025
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
2 из 4

Ялсамани чу бахна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре дикачу меттехь хир бу уьш. Цундела, лараме бусалба ваша, йиша! Жима х1ума дац хьуна ахьа деш долу ламаз, йа к1езиг х1ума а дац. Мелла а гуттара дика дан хьажалахь иза, х1унда аьлча Дала хьуна хьан ламазан дуьхьал луш дерг кхин а доккха х1ума долу дела. Ахьа ламаз дика мел до, Дала хьо Шен диканехь кхин а сов воккхур ву хьуна. Дала боху къуръан чохь: «Баккъаллаъ, Аса ца йойу 1амал йечун 1амал, и стаг велахь а, йа зуда йелахь а»11.


Цундела, ахьа мел дина ламазаш хьан кашчохь а, къемат дийнахь а хьуна карор ду, царех ни1мат а хир ду хьуна хьан кашчохь а, къемат дийнахь а, цундела, ма-хуьллу дукха ламазаш дан хьажалахь, фарзаш а, суннаташ а.

Хаалахь, веллачу стага ч1ог1а сатосу ламаз дан. Ладог1а кху дийцаре.

ДИЙЦАР

Абу Х1урайра, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:

«Баккъалла а, Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, (цхьан) кашана т1ехвелира. Цо элира: «Мила ву х1окху каша чохь верг?»

Наха элира: «Хьенех ву».

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: « (Ламазан) ши рака1ат т1ех ч1ог1а деза кхунна шуна дисина долчу дуьненал а».


Лараме ваша, йиша! Тахана ма дукха ламазаш дан аьтто бу хьан, ма дукха мела баккха аьтто бу хьан, беллачеран боцуш болу. Хьо дийна мел ву ламазаш деш хилалахь, цкъа цхьана дийнахь д1ахедар ду хьуна х1ара дуьне. Ойла йелахь цунна. Тахана Дала ма дукха парг1атонаш йелла вайна. Вайн х1усамашкахь ма парг1ата ламазаш дан йиш йу вай. Чохь йовха йалахь шел йан аьтто бу, шийла йалахь йох йан аьтто бу, буха таса к1еда куз бу, кхин дуккха а аьттонаш бу, вайгахь лаам хилчхьани. Цундела деш хилла хьуна вайл хьалха хилчара дукха ламазаш. Шайн фарзаш дина ца 1аш, цаьрца суннаташ дина ца 1аш, кхин а меле ламазаш деш хилла цара. Масала, Имам Ахьмад бин Хьанбалас, Аллах1 реза хуьлда цунна, х1ора дийнахь 150 мелан ламаз деш хилла. Бусалба нехан паччахь хилла волу Х1арун Рашийдас, Дала къинхетам бойла цунах, х1ора дийнахь 100 мелан ламаз деш хилла. Кхин а мел дукха ду и масалш. Цара санна дукха ца дахь а, фарзаш а, цаьрца хьалхара, т1аьхьара суннаташ а мукъна диэ. Йуха кхин а суннат ламазаш де. Царех ца хедаш даима уьш деш а хила, хена йохалла дуккха а ламазаш гуллур ду хьуна.

ЛАМАЗ ДИТАРАН КЪА

Фарз ламаз дитар доккха къа ду. Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду фарз ламаз ца дечунна.

Дала боху къуръан чохь: «Царел т1аьхьа (дикачу нахан) цхьа т1аьхье йеара, ламаз дитира цара, шах1ваташна т1аьхьах1иттира уьш. Т1аьхьа дуьхьалкхетар бу уьш г1айян»12.


Ламаз дуьтуш нах хир бу аьлла Веза-Сийлахьчу Дала, шах1ваташна т1аьхьах1иттина хьарам белхаш лелор ду цара. Веза-Сийлахь Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду цу нахана. Цундела Цо боху, цу нахана къемат дийнахь г1ойя дуьхьалакхетар йу. Г1ойя – жоьжахати чохь болу боьра бу. И боьра дукха ч1ог1а боьха хьожа йохуш, к1орге хира бу. Ламаз дуьтуш хилларш цу чохь хир бу. Ма ирча меттиг йу иза. Ма боккха эшам бу иза, ламазаш а дина ялсамане ца воьдуш, ламазаш дитина жоьжахати чу вахар. Жоьжахати чу вахча а ца вуьту иза Веза-Сийлахьчу Дала, кхин а к1оргачу боьра чу кхуссу цунна 1азапана. Аллах1а лар дойла вай цу баланах.


Тахана дуккха а нах бу ламаз ца деш. Ма доккха къа ду цара латош дерг. Амма кхин цхьа нах а бу ламаз деш а болуш, амма ламаз шен хена чуьра ара долуьйтуш. Уьш а доккха къа латош бу. Ламаз шен хена чохь дан дезаш ду. Ламаз шен хеначуьра ара далийтар доккха къа ду, цу ламазах мел а хир бац цунна, шен хеннахь ца дина дела. Амма ша ламаз шен хеначуьра ара далийтича х1умма а ца хета тарло стагана, коьртаниг ша иза дичхьана. Иза доккха г1алат ду. Ламаз хена чуьра ара далийтар хьарам ду.

Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь: «Бала бу ламаз дечарна. Шаьш дечу ламазах терго йеш боцчу»13.


Ламаз деш хир бу уьш, делахь а, шен хеначуьра ара долуьйтуш хир бу шайн ламаз. Йа наггахь ламаз дуьтуш хир бу уьш. И деригге йукъдог1у Веза-Сийлахьчу Дала царна бала хир бу бохучунна. Ламаз шен хенахь ца динчунна йа наггахь ламаз дуьтуш хиллачунна бала хир бу эхартахь, 1азап хир ду цунна.

Ламаз дитар доккха х1ума ду, цунах доьзна ду стаг декъал хилар а, дакъаз валар а. Хьажахьа Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, бохучуьнга: «Вайний14 царний15 йуккъахь йолу ч1аг1о16 ламаз ду, иза дитиначо керстаналла дина».


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, къаставо бусалба стаг а, кериста стаг а ламазца. Ламаз деш велахь бусалба нахах ву. Ламаз деш вацахь кериста нахах ву. Цундела, бусалба а, кериста а нахана йуккъара ч1аг1о, иза бусалба волчунна х1умма да мегаш ца хилар ч1аг1о ю Ислам дино цунна луш йолу. Кериста стагана и ч1аг1о йац Ислам дино луш, цо ламаз ца до дела, цундела цунна та1зар до Ислам дино.


Ахьа ойла йе, мел доккха х1ума ду иза. Мел кхераме х1ума ду ламаз цадар. 1елам наха кху хьадийсан маь1на доккхуш аьлла, нагахь санна стага ламаз дуьтуш делахь «иза дан оьшуш дац, фарз дац иза» аьлла, т1аккха иза ц1ена кериста ву, бусалба вац иза. Амма стага ламаз дуьтуш делахь иза ша дан дезий хууш, фарз дуй хууш, ламазна инкарло йеш воцуш, т1аккха иза ч1ог1а г1ийла бусалба ву, кериста вац, воккха 1еса стаг а ву иза, доккха къа латадеш а ву, жоьжахати воьду некъа т1ехь а ву, амма бусалба ву иза. Цхьаболчу 1еламнаха аьлла, нагахь санна стага ламаз дитахь иза кериста хуьлу, цо ламазна инкарло ца йахь а. Иштта шина кепара дош ду 1еламнеха ламаз фарз дуй хууш иза дуьтучу стеган хьокъехь. Делахь а, хаттар ду хьоьга.1еламнаха хьо бусалба ву йа кериста ву бохуш хьан дин къуьйсуш хилча дезар дарий хьуна? Реза хир варий хьо хьан бусалбалла 1еламнаха къийсарна? Хьо бусалба хиларан хьокъех 1елам нах шекьбуьйлуш хилча реза хир варий хьо? Хьуна хаа ца деза 1еламнаха ламаз дуьтушверг бусалба ву йа вац бохуш хилча, хьо ламаз дуьтуш велахь хьо бусалба хила мега, йа ца хила а мега? Ткъа хьан бусалбалла уггаре а доккха х1ума ма ду хьоьгахь дерг, иза хьоьца къуьйсуш хилча муха хетара дара хьуна? Ткъа иштта кхераме ду хьуна хьан хьал, нагахь санна хьо ламаз дуьтуш велахь, ламаз т1ехь к1адо йеш велахь.

1умар бин Хатта́ба, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Ислам динах цхьа а дакъа дац ламаз дитиначунна».


Мел доккха х1ума ду иза т1аккха, лараме ваша, йиша. Ислам динах ара валар. Ткъа тахана ма дукха бу ламаз ца деш болу бусалба нах. Ламаз деш верг а ша цхьана халоне кхаьчча ца до-кх цо иза дукхахьолахь. Хийлаза больницехь цомгуш болчара, ц1ерпошта17 т1ехь а, кеман т1ехь а, машена т1ехь а, кхечу хьелашкахь а наха ламазаш дуьтуш го вайна. Ма доккха къа ду иза. Хьарам ду иза. Шена шен хьолехь ламаз муха дан деза ца хаахь, 1амо деза цо. Йа хатта деза. Тахана санна цахуург хатта аьттонаш хилла а ма бац вайн. Ткъа деригге а х1ун ду? Дера ду ламаз т1ехь к1адо йар, дитича бен цахетар, Веза-Сийлахьчу Делах кхера ма веза цакхерар.


Аллах1а Шен дине йухадерзадойла вай хаза дерзадарца. Аллах1а вайн ламазаш къобал дойла. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.

ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду18:

Лараме бусалба нах! Вешан дахарехь дуккха а г1уллакхаш хуьлу вайн. Уьш вешан хьекъале, кхетаме хьаьжжина кхочушдан хьовсу вай. Цхьадолчу г1уллакхах аьтто хуьлу, цхьадолчух аьтто ца хуьлу, тайп-тайпана йу церан т1аьхьало. Амма вайн Ислам дино вайн г1уллакхаш дика чекхдовлийтархьама, дика г1уллакх бен вайга ца дайтархьама, вайна истихарат ламаз дар билгалдина. Истихарат ламаз суннат ламаз ду. Фарз дац иза, амма фарз дац аьлла дай хета ца деза вайна иза. Истихарат ламаз цхьа г1уллакх дан дагадеъча деш ду. Ч1ог1а вайна оьшуш долу ламаз ду иза. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шен асхьабашна, Аллах1 реза хуьлда царна, ч1ог1а терго йеш хьоьхуш хилла истихарат ламаз. Цундела, тахана вай иза дуьйцу, вайна иза довзийтархьама, вай иза деш хилийтархьама, т1аккха вайн г1уллакхаш беркате хир дара, Дала дикачунна т1енисдийр дара вай, вочух гена дохур дара.


Жа́бир бин 1абдилла́х1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Аллах1ан Элча, Аллах1 реза хуьлда цунна, вара тхуна истихарат (ламаз) 1амадеш массо г1уллакх т1ехь, цо тхуна къуръан чуьра сурат 1амадар терра. Цо олура: «Шух цхьаннан цхьа х1ума дан дагадеъча, шиъ рака1ат (ламаз) дойла цо фарз (ламаз) доцуш, цул т1аьхьа цо олийла: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахь цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хирг хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».


Лараме бусалба нах! Гой шуна, мел доккха х1ума ду истихарат ламаз. Истихарат фарз дац, суннат ду. Жа́бира, Аллах1 реза хуьлда цунна, ма аллара, шайн массо г1уллакхехь Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цаьрга де олуш хилла иза. Х1унда аьлча истихарат ламаз динчул т1аьхьа хуьлуш долу деригге х1ума дикан бен доцу дела, х1унда аьлча иза Дала хьуна хаьржина долу дела. Х1унда аьлча ахьа истихарат ламаз дича хьайн до1анехь Деле хьайна дика дерг харжар доьху дела. Амма истихарат ламаз дина а доцуш, айхьа долийна г1уллакх хьайн т1етевжина деш ду ахьа, хьайн харжаман т1етевжина, цундела иза галдала герга ду хьан, цундела цу бохамах вай лардалийтархьама Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, истихарат ламаз хьехна вайна. Вайна пайдехь ду иза, вайна ч1ог1а оьшуш ду иза, вешан дуьне а, эхарт а дика хилийтархьама.


Истихарат ламаз маца деш ду? Иза деш ду хьуна цхьа х1ума дан лиъча, иза айхьа дале, хьо цу г1уллакхан чу валале деш ду иза. Хьаналчу г1уллакх т1ехь деш ду иза. Амма Дала т1едиллина фарз т1ехь, йа Дала хьарам динчу х1умана т1ехь, йа Ислам динехь суннат лоручу х1умана т1ехь деш дац истихарат ламаз, х1унд аьлча Дала фарз а, суннат а де аьлла вайга, ткъа иза дика ду йа вон ду аьлла истихарат ламаз дан оьшуш дац, х1унд аьлча Аллах1а де аьлла вайна т1едиллина долу х1ума диканна бен хила йиш йоцу дела. Иштта, хьарам х1ума де йа ма де аьлла истихарат дийр, дац, х1унд алча Дала ма де аьлла билгалдина долу дела иза. Амма кхидолчуу белхашкахь истихарат ламаз дар суннат ду.

Хьайн дахарехь муьлхха а х1ума хьуна дагадеъча, цкъа хьалха истихарат ламаз дай бен ма делахь иза. Хьуна иза дика делахь Дала цу г1уллакх т1ехь аьтто бийр бу хьан, амма и г1уллакх хьуна вон делахь, Дала цунах гена а воккхур ву хьо, цундела, варийлахь, само йеш хилалахь истихарат ламаз т1ехь.

ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ МУХА ДАН ДЕЗА?

Истихарат ламаз даран маь1на ду, ша дан лерина г1уллакхах Деле дикахдерг харжар дехар. Цундела, истихарат ламаз деш волчо уггар хьалха шена луург 1ад а дитина, цу г1уллакхан т1аьхье ц1енна Делан кара д1айала йеза.

Цул т1аьхьа истихарат ламаз дан ният дагалаьцна ши рака1ат ламаз дийр ду. Ламаз дина ваьлча, ша 1ачехь х1ара до1а дийр ду:


«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахьа суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахьа цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».


Х1ара до1а дича истихарат ламаз чекх долу.

ДЕЛЕРА ЖОП МУХА ХИР ДУ?

Истихарат динчунна Делера жоп хила деза, х1унд аьлча лайно шен Деле шена дикахдерг харжахьара аьлла до1а дина дела. Ткъа Аллах1а Шен лай тесна вуьтур вац. Истихарат диначунна цхьаволчунна моьтту шена г1ан ган деза, шен г1уллакхах лаьцна. Иза нийса дац. Г1ан ган а тарло цунна, ца ган а тарло, г1ене сатийса ца деза цо, г1ан гарца Делера жоп хиларе сатийса ца деза цо.


Истихарат диначо шен даг чохь кхолладеллачу х1умане ладог1а деза. Истихарат динчул т1аьхьа цу г1уллакхана ойла т1ейахар алссам хила тарло, шен даго гуттар и г1уллакх дар къобал деш карадо цунна, т1аккха иза цунна хилла Делера жоп ду. Т1аккха и г1уллакх дийр ду цо. Амма истихарат динчул т1аьхьа цуьнан даго и г1уллакх кхин къобал ца дахь, цу г1уллакхан т1е ойла ца йоьдахь, цу г1уллакхах цуьнан чам баьллехь, т1аккха а иза цунна Делера жоп ду, т1аккха и г1уллакх дуьтур ду цо.


Амма, нагахь санна даг чохь х1умма а хаа ца лахь, т1аккха ша истихарат динчул т1аьхьа шен хьекъало шена хьоьхучу х1уманца д1аг1ур ву иза. Шена и г1уллакх дан мегар ду аьлла хетахь дийр ду. И г1уллакх дан мегар дац аьлла шена хетахь дийр дац. Цул т1аьхьа цунна цу г1уллакхах хилла муьлхха а пайда, йа зен – иза Делера ду.


Лараме бусалба ваша, йиша! Хьуна цхьа х1ума хаийла, истихарат ламаз диначул т1аьхьа хьуна хуьлу муьлхха а х1ума, Аллах1а хьуна хаьржина х1ума ду хьуна. Цундела, Дала хьайна хилийтинчу х1уманца ийманца чекхвалалахь оьг1аз а ца оьхуш, г1айг1ане а ца хуьлуш, деригг а х1ума Аллах1ан карахь ду хьуна. Хьуна ца хаьа хьайна х1ун дика ду, йа вон ду, амма Аллах1ана хаьа иза, цундела Цо хьуна уггаре а диканиг ло, хьуна иза дика ца хетахь а. Дала боху къуръан чохь:

«Шуна ца деза тарло цхьа х1ума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа х1ума, и шуна вон а долуш. И Аллах1 хууш ву, шу хууш дац»19.


Лараме ваша, йиша! Гой хьуна, мел деза а, доккха а х1ума ду истихарат ламаз. Мел ч1ог1а оьшуш ду иза вайна, вешан дахарехь г1алаташ ца даха, гал ца довла, вешан г1уллакхаш дика а, беркате а хилийта. Цундела, варийлахь, сема хиллахь кху ламаз дарна т1ехь, Деле хьайна дикахдерг харжар доьхуш хилалахь, хьайна хетачунна т1е тевжина ма лелалахь, цхьана Аллах1ана т1етевжина лелалахь. «Цхьана Аллах1ана т1етовжа, шаьш муъминаш20 делахь»21 – аьлла Дала къуръан чохь.


Аллах1а Шен дине йуха дерзадойла вай хаза дерзадарца. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.

1ИЛМА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду22:


Лараме бусалба нах! Ислам дин – нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма – Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.

Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.

Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара»23.


Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.

Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?

1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!

Хьажал, Дала 1илма мел деза лерина къуръан чохь! Къуръан чохь 70 000 сов дош ду. Царех Дала вайга уггар хьалха аьлларг « Икъроъ» ду. « Икъроъ» бохург «йеша» бохург ду. Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг 1илма 1амор ду. 70 000 сов дашан йуккъера «йеша» дош х1унда аьлла вайга Дала кхи дош а ца олуш? Ламаз де, йа марха кхаба, йа саг1а ло, йа дика хила, йа кхидерг х1унда ца аьлла Дала вайга? Дера ца аьлла цу деригге х1уманан дог1а 1илма долу дела. Уьш муха дийр ду царех лаьцна 1илма ца хилча, цундела 1илма хьалхадаьккхина Дала. Х1унда аьлча 1амалш йарх кхачам бац, уьш нийса йеш ца хилча. Ткъа уьш нийса муха йийр йу? Дер йийр йу царех лаьцна 1илма 1амийча. Масала,«астаг1фируллох1» олукх наха. Цхьа жима дош дукх иза. Цхьа дош бен дац-кх иза. Делахь а, и цхьа дош олуш а, иза алале а цкъа хьалха цунах лаьцна 1илма 1амаде аьлла вайга Дала. Хьажал, Дала къуръан чохь боху: «Хьуна хаалахь, кхин Дела вац, Ша Аллах1 бен, гечдар деха хьайн къина а, муъмин божаршна а, муъмин зударшна а»24.


Дала цкъа хьалха Ша бен дела воцийла хаийла бах хьоьга, айхьа «астаг1фируллох1» алале хьалха, цул т1аьхьа «астаг1фируллох1» ала. И бохург х1ун ду? Дала хьалха Ша бен Дела воций хаий бен «астаг1фируллох1» ма ала х1унда аьлла? Цуьнан жоп: «Астаг1фируллох1» бохург «аса геч дар доьху Аллах1е» бохург ду. Ткъа ахьа хьайна геч дар доьхуш, айхьа хьаьнга деха деза хаа дезий хьуна? Деза. Цуьнга муха деха деза хаа дезий хуна? Деза. Иза мила ву хаа дезий хьуна? Деза. Цундела аьлла-кх Дала, цкъа хьалха Ша вовза, Ша цхьаъ вуй хаа, Шега муха деха деза хаа, т1аккха Шега деха.


Гой хьуна, лараме ваша, йиша? Мел ч1ог1а коьрта ду 1илма вай йечу 1амалехь! Мух-муха а йича нийса ца хуьлу 1амал, Дала ма бохху нийса ца йинехь. Ткъа Дала ма бохху 1амал нийса йан хуур дац вайна, вай Делан 1илма девзаш ца хилахь. Цундела ду 1илма уггар коьрта х1ума. Уггар сийлахь х1ума. Цундела Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг « Икъроъ» ду, йешар ду. 1илма 1амор ду. Х1унда аьлча Ислам дин 1илманца бен нислур дац адаме. Цкъа хьалха Ислам дино и 1амал муха йе боху хаа деза, т1аккха и 1амал йан йеза.


Лараме ваша, йиша! Ма доккха х1ума ду 1илма Аллах1ан гергахь. 1илма боху дош къуръан чохь дукха хьахийна ду! Ойла йайша, дукха хьахийна хилча ма йоккха терго йина Дала 1илманна. Ткъа вай йой цунна йоккха терго. Ахьа мел терго йо 1илманна? Масс кинижка йу хьан чохь Ислам динах лаьцна? Хьайн чуьрчаьрга Ислам динах кинижкаш йоьшитий ахь? Берашка Ислам динах лаьцна кинижкаш йоьшитий ахьа? Баккъалла сема хилалахь цу т1ехь, х1ай сан лараме ваша, йиша!

1илма доцург хьайбех тера ву. 1илма адамийн массо а хьелашкахь оьшуш ду. Массо а хьелашкахь ша х1ун дан деза, муха дан деза, маца дан деза, мел дан деза, кхин д1а а хьелашкахь оьшуш ду.

Шайт1ан болх – адам галдаккхар бу. Адам тилдар. Амма 1илма долу стаг гал ца ваккхало цуьнга, цундела 1илма долу стаг шайт1ан луьра мостаг1 ву. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цха факъийх1 (1елам стаг) хала ву шайт1ана эзар 1а́бидел». 1а́бид Далла 1амал йеш верг ву, амма 1илма дац цуьнгахь. 1амал йеш волчу эзар стагана дуьхьал латта атта ду шайт1ана, цхьана 1елам стагана дуьхьал лаьттачул. Бакъволу 1елам стаг веза ву, сийлахь ву, х1унда аьлча 1илма ду цуьнгахь.

Ибан 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла Иблисан уггаре дукха цавезарг ша ву, х1унда аьлча Иблисо цхьа х1ума йукъа доккху, 1илма доцу нах цу х1уманна т1аьхьа бозу, ткъа Ибн 1аббаса иза дохадой д1адоккху, нахана иза нийса ца хилар билгал а доккху. Цундела ца везаш хилла иблисана Ибн 1абба́с. Ибан 1абба́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, воккха 1елам стаг хилла. 1илма хилла цуьнгахь, цундела чекхдолуьйтуш ца хилла цо иблиса лела до х1уманаш, цундела иблисана ч1ог1а новкъа хилла иза. Иштта х1ора а 1илма девзаш волу стаг иблисан мостаг1 ву. Амма шегахь 1илма а доцуш, Далла муьт1ахь хила г1ерташ волчу стагана иблиса цхьа х1ума хаза до, ткъа шегахь 1илма ца хиларе терра и х1ума иблисера дуй хаа, и стаг цу балхана т1аьхьавозу ша дика до моьттуш, ткъа иблиса иза гал воккху. Цундела, 1илма уггар хьалха хила дезаш ду. Цундела, 1илма 1амо деза вай. 1илма довза деза вайна. Бакъболчу 1елам нахе ладоха деза.

1илманца ца делла жоп галдаьлла жоп ду. 1илманца ца дуьстина х1ума нийса дуьстина дац. 1илманца ца хадийна мах нийса хадийна мах бац. Иза билгал долу вайна, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дийцинчу хьадийсаца. Цо аьлла: «Боккъалла а, Аллах1а нахера 1илма схьа ца доккху (оззийна) схьадаккхарца, делахьаъ 1елам нах д1еэцарца 1илма д1аоьцу Цо. Эххара цхьа а 1елам стаг ца витича, цара лоцур бу (шайн т1е) жех1ал коьрташ (1илм доцу нах), цара (наха) цаьрга хоттур ду (динехь х1ума), цара жоп лура ду (шайгахь) 1илма доцуш, тилбелла уьш (жех1ал кортош), (нах а) тилбина цара».


Лараме бусалба нах! 1илманах тасадала деза вай. Бусалба динах а, дуьненан пайденчу х1уманах а лаьцна кинижкаш йеша йеза вай. Т1аккха вайн дахар даима хаза а, дика а хир ду. Дала Шен дине хаза йуха дахкадойла вай.

ЧАГ1АР

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду25:


Лараме бусалба нах! Вайна массарна а хууш ду корта бахош долу малар хьарам хилар. Веза-Сийлахьчу Дала хьарам дина ду и малар. Дала ч1ог1а та1зар дийр ду аьлла и молуш волчунна. Бусалба стагца дог1уш а дац корта бахош долу х1уманаш лелор. Цунах ларвала веза бусалба стаг. Вайна хаа бусалба стага чаг1ар мала ца дезий, амма вайна хаа бусалба наха и чаг1ар молий а. Иза 1аламат доккха ирча х1ума ду. Бусалба нахана ч1ог1а эшаме х1ума ду иза. Цундела Дала нахана йуккъахь бохамаш ца хилийта, царна эшам ца хилийта хьарам дина ду иза. Цу т1ехь нисбала беза бусалба нах.


Чаг1ар х1ун ду? Чаг1ар- муьлхха а корта бахош йолу х1ума йу, иза муьлххачу а х1уманах даьккхина далахь а. Хьекъал д1ахьуш йолчу х1уманах олу чаг1ар. Иза хьарам йу. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллла: «Йеригг вахош йолу х1ума чаг1ар ду».


Кхечу хьадисехь Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «йеригге молуш йолу вахош йолу х1ума хьарам йу».


Лараме бусалба ваша, йиша! Дег1ана марзделла муьлхха а х1ума дита хала ду. Цунах къаста хаза ийман а, боккха лаам а, доккха доьналла а оьшу. Бакъдолуш атта дац иза. Йехачу хенахь дег1ана марзаделла, хазаделла, цунна дика хетта х1ума дита ца лаьа дег1ана. Амма хьуна хаийла, хьо цу х1уманах вихкина ца хилар. Иза Дала хьуна чу диллина ца хилар. Цхьана бахьница марзаделла хьуна иза, амма хьан даг чохь йолу ийманан марзоно д1айоккхур йу цу хьарамчу х1уманан марзо. Хьан даг чуьра ийман ду хьуна Дала чу диллинарг. Иза бу хьан коьрта бахам. Цу хьан ийманан марзоно г1о дийр ду хьуна, ахьа деш долу хьарам х1ума дита. Мичахь йу и марзо сан даг чохь, аьлла хатта там бу ахьа. Аса олу хьоьга иза мичахь йу. Аллах1 везий хьуна? Аллах1ана хаза хета х1ума дезий хуна? Аллах1ан Элча везий хьуна? Цхьа а шеко йац хьуна Аллах1 а, Цуьнан Элча а везаш хилар. Иза йу хьуна хьан даг чуьра ийманан марзо. Цу марзонца арадаккха ахьа хьайн дагчуьра чаг1ар. И боьхалла ара а йаккхий, ийманах хьаладуза ахьа хьайн дог.

На страницу:
2 из 4