
Полная версия
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, хIунда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла йу, хIунда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгкIелахь болчеран эскарера дахар.
Ткъа хIинца тIеман дешаран йалх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа, цхьажимма садаIа аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь дIаолу иллеш а дара дог ира-кара хIиттош.
И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар тIемалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка йеанера тIеман декъан командиран политически белхан гIовсан хIусамнана Вера Степановна а шен йоI Ольга цхьаьна а йолуш. Царна тIаьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов хIинца а зуда йалонза вара.
ТIеман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йоI чIогIа хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца йукъаметтиг нисъйан а.
Литвинов гIеметтахIоьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхйаьккхира тIеман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан цIе а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан цIе йелира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь хIуммаъ кIезиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, тIеман хаарш – цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш тIехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.
Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна йукъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.
Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу йаьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина йара. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхйаьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза йацахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца йуьссура.
Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта йацара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.
Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а йацара йоI, цундела цо гIиллакхехь йухатухура капитана шега кхийдо безам.
Капитан шен йоI йезаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхайеш а йара. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта йеанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а йацара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан йерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.
– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а йукъахь санна йара. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда йу цо дIайоккху хIора а гIулч. Концерт дIайаьлла аьлла биначу хаамо йукъах йехира йоьIан ойланаш.
Подполковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.
Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.
Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана йелла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.
Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. ИбрахIим хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран гIовс хIоттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь дIадоьдуш дара.
Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.
IV
ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, йекхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов йара. ГIалара дитташ а, зезагаш а адамаш санна гIелдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш тIера ченаш ловзош баьллачу мохо а гIо ца дора, хIунда аьлча иза бовха бара. ГIалин паркан шийлачу Iома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах кIелхьарабовлийла.
Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан йаьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза. Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-йаI ма хаза хан йу-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхйаьлла дагалецамашкахь ша ма йарра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъйелла ши йоI кафе йахара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIайаха дийзира.
Паркера цхьаьна гIанта охьалахъелира ши йоI, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, тIаьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост. Мехкарий-м боккъалла а кхерабеллера. Орца деха а ца хIуттура ши йоI, хIунда аьлча ца хаьара диканна ара ца ваьллачу шинна хIун дагадогIу а. Шаьшиммо хIун дан деза ца хууш йиссиначу шина йоьIан йоьхна ойланаш йукъахъйехира цIеххьана тIекхаьчначу шина саьлтичо.
Церан тIеман духарах а, зоьртала догIмех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха дIавахара. Дукха кхерайелла Iадийна йоI йуьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.
Мокъа хан йаьллачуьра, ИбрахIим а, Юрий а гIалахь садаIа меттиг лоьхуш вара. Концерте йа, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца догIура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, Iома йистехь лаьттачу IиндагIах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн Iалашонаш.
Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь хIинцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам чIогIа хиларах. Амма мехкарийн амалш хIинца а йовзанза волу ИбрахIим дIаваха сиха вара, шаьшинна гIуллакх цу тIехь чекхдаьлла моьттуш. Амма Юрийс шина йоьIана ца гуш муьшкаш а йина кхетийра накъост. Зудбераша хазахетарца тIелецира шайга кховдийна гергарло. Вовшашка цIерш а хаьттина, кегийчу нехан къамел тассаделира. Юрийс минот йалале тIеберзийра зудаберийн тидам. Ткъа ИбрахIима-м вист ца хуьлуш, эсала лаьттара, оцу кепара Ольгин дагчохь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайохуш. Юрий реза вацара шен накъостана:
– Кхунна оьгIаз ма гIолаш! Дукха хан йац хIара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа йуха хьалавала муш хаьдда виссина хIара, цундела жимма аккха ву. Дика кIант ву шуна хIара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.
ИбрахIим вовза луучу Ольгас ша долийра кIантаца къамел. Цкъачунна ИбрахIим цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш Iаш вара, амма жимма хан йаьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.
ИбрахIим нохчо вуй хиъча, Ольгас элира шен нохчий цкъа а гина а йа, бевзина а бац, ша Толстойн а, Пушкинан а, Лермонтовн а говзарш йоьшуш бен, ткъа уьш махках бахарах лаьцна дас дуьйцуш хезна шаьш доьзалехь цхьаьна телевизиорчухула сийлахь хелхарчах Эсамбаев Махьмудах лаьцна передаче хьовсучу хенахь.
ЙоьIа дийхира цуьнга дийцахьара ахь хьайн Даймахках лаьцна…
Йуьхьанцара цунна ца хаьара ша хIун аьлча бакъахьа хир ду те, ткъа йуха-м сацам бира ши-кхо дош аьлла тоам бан. Амма цу Даймехкан васт дуьхьал хIоьттича, дешнаш ша ламанца дистина догIу ахка санна охьахецаделира. Шийлачу гIайгIано къийзочу дагчуьра самабевлла дагалецамаш туьха тесча санна Iийжара кийрахь. Цо дуьйцура цуьнга хIоразза а ламанца сатоссучу хенахь шен кийра муха шатайпа цхьа тамашийна синхаам буссура. Ша йоккхучу хенахь и сурт хIора а Iуьйранна шена духьал хIуттуш доллушшехь, иза цец вийлина ца вуьйлура Даймехкан Iаламан исбаьхьа хазаллех.
– Ламанца Iуьйре даима а йекхна хуьлу, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Тхан йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча – доггах дуьйцура кIанта – цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а. Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамаша тIома ваьккхина ИбрахIим шен генарчу хIусаман кетIахь лаьттара, Даймехкан хазаллех бер санна воккхавеш. Цуьнан къамелехь цхьа тамашийна мукъам хезара. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хеталора и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан. Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург етташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а суртдиллархочун а, йа илланчин а. ИбрахIиман ховхачу деган къайленашкара схьаоьхура и дешнаш, амма хIете а цунна хеталора хьомечу Даймехкан хазалла йийца уьш кIезиг ду. Иза дIатийра… бIаьргаш хьалха лаьттара дай баьхна латта, ойланаш йийсаре лецира Даймейхкан исбаьхьа васта…
ИбрахIима сел хаза, сел боккхачу лазамца а, мерзачу безамца а буьйцу шен и шатайпа Даймохк йоьIан бIаьргаш хьалха дIахIоьттира. Цунна моьттура ша а лаьтта хIинца цу леккхачу лаьмнийн когашкахь, церан йист йоцучу сийлалло Iадийна. Цуьнан сина а, дегIана а хаалуш бара цу лаьмнийн лайш йукъара схьахьоькху и маршонан мох. Цунна хьалха лаьттара цигара маьрша адамийн и шатайпа васташ – церан доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. ЙоI кхийтира хIунда ву ишта чIогIа ИбрахIим массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. ЙоьIана хиира хIинца иза хьанах тера ву – иза шена дезначу ламанех тера вара…
Цу шиннан къамел деха хилира. ЙоьIана а, кIантана а лиира вовше довза. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара хIара цхьаьнакхетар тIаьхьало йолуш хир дуй.
Ольга а, Галина а цIа а кхетийна, ИбрахIима а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи дIа а зIене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рогIера мокъа вала маца йиш хир йу.
Маьлхан къегина зIаьнарш корах чухьоьжура, йоьIан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна йацара йоI. Са хуьлуш бен набарна дIа ца тевжира иза, цундела башха тховса дог догIуш йацара Ольга. ДегIах хи а кхерзина, кухни чуйахара иза. Марта диъна а йаьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш хIума.
Жимма хан йаьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре йаьллачу шина йоьIан къамелан тIаьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши кIант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца хIума, цундела мехкарийн сацам хилира йуха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а йеана йуха а гIанта охьалахйелира ши йоI. Гена доцуш лаьттара и ши йоI санна къона а ховха а долу кIайн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен IиндагIа кхийдадора.
Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин цIергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. ХIоранна а хетара ша хаьржина волу кIант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара – маца вера ву теша и шиъ зIене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллайелира – нагахь санна кху кIиранан дийнахь ши кIант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ тIеман декъе гIур йу. Бахьана каро хала дацара – сиха гIуллакх нисделла Ольги да волчу йеанера ала мегар ду, йа капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, хIунда аьлча йоьIана хаьара шен да реза хир воций.
Мехкаршна хазбеллачу кIентийн коьрте а догIур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоьIах цхьаъ подполковник Тарасовн йоI йуй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.
Безаман Къа
Зина бехкаман ницкъаца
таIзаре дуьллу
I
ДIаделира цхьа кIира. Кегий нах кхи зIене ца бевлира. ШолгIа кIира а дIадахара мехкарша гIайгIане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху кIирнахь шаьшиъ ИбрахIимца вогIур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина йедда йахара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза неIан горгали боьттура, амма неI схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан гIовгIа хезна дIахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйогIу Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина марайетталора Галина. Ольга-м сиха кхийтира шен накъост стенах йоккхайеш йу. Цу суьрте хьоьжуш, йист ца хуьлуш лаьттина нанас, эххар а собар кхачийна элира:
– Собар де-кх шиммо а! Ма бишк тухур ду ас шуьшинне а.
Ткъа дегнаш иракара хIиттинчу шина йоьIана-м и кхерам хезаш бацара.
ТIекхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу гIуллакхо кхин а чIогIа ирсе йинера ши йоI. Бакъ волчу тIемалочун хотIехь волчу шина кIанта бен доцуш ца йуьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала йелакъежара и шиъ кIенташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.
Уьш бехха Iара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна тIегIертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан йаьккхира. ХIинца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.
РогIера цхьаьнакхетар дийцаре деш, ИбрахIиман а, Юрийн а сацам хилира шишша дIасакъаьстина хан йаьккха. Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолайала йахара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.
Маржа-йаI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург йетта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а йерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:
– ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна Жоьжахатан кевнаш!
Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма йеза Iовша…
Йешна книгаш, гина фильмаш йийцаре йеш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, йуха чIогIа йоьIан куьйг шена керайукъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа йуха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана…
Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь йаздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.
ИбрахIиман а, Ольган а йукъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш йара. Муьлха а мокъа минот йаьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр йара цу шинна йукъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна йуххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла…
Царна йукъахь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Йухьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIайеккхира и шеко.
Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа йуха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора. ИбрахIиман карахь эрз санна йуьткъа йара йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз. Ткъа йоI ирсе йара. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча йара цуьнан карахь йага…
Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел йуха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:
– Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…
Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна йамарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна йамарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…
II
Ольгин да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла. ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагайелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха…
Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а йукъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.
Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй. Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш йац цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана йамарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг…
Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна йукъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика йан а.
Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца йеллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:
– Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.
ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса йуккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана йукъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.
Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.
Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах йа, шуранах хуьйцура иза, амма йуха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.
Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:
– Гой хьуна! Боккъалла а хьо йезаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!
Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат йух-йуха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха хIумнах ца кхетара, муха нисделла хIара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара кIентан безамах, тешара иза йуха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги тIехь дешнера цо Ширачу Грецехь дукха чIогIа безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. ЙоьIана ша бехке хетара сел чIогIа ИбрахIим веза а везна цунах къастарна.
Жимма хан йаьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух йуй. Цо чIагIо йира и бер дIа ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна йара ша ИбрахIимана кIант вер ву аьлла. Кхолламо хIун хьоьху ца хаьара йоьIана, амма хIинца дахар деса ца хетара, дахаран маьIна цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас хIинцале сатуьйссура ша вина кIант воккха хилча йа лор, йа хьехархо хиларе, хIунда аьлча ИбрахIима а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца дIадоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна йехха Iаш йара иза ИбрахIима совгIатна йеанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин агIонаш дIа а луьстуш.
Цу книгас дуьххьара ИбрахIим вевзинчу дийнахь санна йуха а йадийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. ХIинца и шатайпа мохк хийра бацара йоьIана, хIинца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн тIамарах схьадаьлла ма дара. ХIинца кхи тайпа хьоьжура йоI дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана йамарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш кIиллой. И цхьа гIалат ду… дахар дуьзна ма ду цу гIалатех. ИбрахIимах хIара къастар а ма ду дахаран цхьа Iаламат доккха гIалат.
Чехкачу догIанан Iовраш санна йоьIан йуьхьтIехула охьахецаделира бIаьрхиш.