bannerbanner
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Полная версия

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Язык: Русский
Год издания: 2021
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
3 из 7

Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIен стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца йуха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан йуьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим йу аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир йуй хууш.

– Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.

– ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Йуха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…

– ХIун адрес? Ас йустах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, – тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза йукъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь йеана оьгIазло цкъа а йуьссур йац тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».

ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIайелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш йац. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима йухь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:

– Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, йа ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна йукъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.

Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа йуьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш йара гучуйуьйлуш.

Йуха а къамелана йукъаиккхира Ахьмадан некъахо.

Киснара кехатан кийсиг схьа а йаьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а йаздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза

– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…

– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан къамелана йукъаиккхира ИбрахIим. – Нагахь санна валахь йуьстахвала, ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, йахийта кхузара массара а, со дохко валале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!

Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш йаржийра сийначу стиглахь. Шаьш йуьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIа кхетийра Зарган а, ИбрахIим а.

Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.

Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина йац аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.

ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ йацара: 90—45 ЧИС.

Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:

– ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?

90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.

– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.

ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна йукъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттарайаьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI.

– Мила ву цигахь? – хаьттира цо.

– Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.

– ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур йу!

– Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…

Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.

Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл йан йеза цо динчунна а.

ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, йа цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, йа цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина йа, йоьIана, йа кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела йукъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира:

– Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун йаьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр йу, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур йу.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.

Зарган шен нана йолчура ара йолуш а йацара. Масех де дара иза йуучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а йара. Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.

КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

II

Дукха Iуьйрре ИбрахIим самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа гIовгIано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, СаьIидаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан йаьлла масех стаг. ИбрахIим сиха аравелира, амма хIара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, СаьIидаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолгIачу цIеночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира ТасуевгIеран тайпанара масех къано а. ИбрахIиме дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.

Дикка хан йелира ИбрахIим Заурбек волчу чукхайкхале. ХьешанцIа чохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден йуьхь кхоьлина йара. СаьIид а вара оьгIазвахана вуйла гуш.

ИбрахIим кхийтира къамел шегахьа доцуш дIадирзина хиларах.

ДIахIоьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:

– Хьадийцал хIинца хIун ду ахь динарг? Муха бехказа вала воллу хьо кху масех денна йукъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а гIаттийна, цунна тIаьхьаваьлла лелла – Заурбек йемалдарца хьоьжура кIанте.

– Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира ИбрахIим.

– Ца оьшу! Ма-дарра соьга дийцина хьоьл хьекъале а, хьоьл чIогIа кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла йан а ца йинера ахь? Ца йинерий? ЧIир леха дагадеанера хьуна? Хьуна чIир хIун йу мукъне а хаьий?

– Ишта оьгIазе ма хила цуьнца Заурбек, – йукъагIоьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка йу. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшахкхетар. ХIара пайда боцу хIума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна йукъахь.

Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара ИбрахIим. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а ТасуевгIеран гергара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу ИбрахIиман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь гIо лаца а, тIаьхьа хIотта а. Дикка хан йаьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна тIаьхьа чуоьхура. Чоь-м готта йара уьш массо а тIелаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша гIанташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладугIуш лаьттара.

ИбрахIим массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне йукъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо дIахIоттийна бер санна.

КIентан алу хилла йогучу йуьхьтIе хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха гIерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара цIий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а чIогIа карзахйохуш. Лаге хIоьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла бIаьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо гIиллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, цIеххьана ИбрахIиман бIаьрг кхийтира Абу-Хьаьжих. Цо тIеIаткъам бинера Заурбек чIирхошца куьйге вахарна а, ткъа хIинца йуха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маьIне дакъалацар тIедожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи йукъараллехь муха ларам болуш, муха цIе лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн бIешерашкара схьадеана Iадат дохош, нехан зудчух, нехан йоьIах боьхачу ойланца куьйг Iоттар, пайда боцу дар-дацар а дина тIедаьхьна.

– ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.

– Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссайелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазйан гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду, – нахана йукъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора, – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна йукъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч йаьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь йу. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана йеттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.

Нахана йукъахь соцунгIа хилира. Ткъа йуха Зарганан мардас дош дийхира:

– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме йеана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна йукъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха йезаш йу. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика йевза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хIара гIуллакх къасторан урхаш соьга а йелла, ас уьш йухаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.

– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош! – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.

– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи. – Нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхин болу тешаш, ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна йеттар бен гина боцуш санна лелаш бу. – гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь. Хьунда аьлча, Абу-Хьаьжина гуш бара – бакъона-харцона богIам!

Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин йукъараллехь ишта дика цIе йаккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.

Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:

– ХIун де вай хIинца?

– Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…

– Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – ИбрахIиман дешана йукъаиккхира Абу-Хьаьжи.

– ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, – долийра шен къамел ИбрахIима. – Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабаллалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Тхунам шу цакарийнехь-м – шу догIарг ца хиллер, шайн махуьлла лачгIа гIоьртан аш хиллера, изаъ вайна хууш ду, ма-дарре аьлчам. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана йукъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш. ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.

Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш – суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.

Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха йукъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.

Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха йуьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIантIехь ишта дуй баа беза! – Нагахь санна шайн йишица, йа шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…

И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча йаьккха йеза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, йа шайн тайпанера зуда, йа йоI сийсаза йайта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна йукъахь машар хила а кхин агIо йац шуна.

Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш йа, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна йаха йуьтур ца хиларах.

ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.

И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо:

– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…

– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь йаьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.

Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш ца хетара Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца, шен хIусамехь нахана хьалхахь! Иза хIусамден доккха гIиллакх ду.

Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна, и ала шегахь доллушехь. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.

Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а йаьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:

– Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI йезайелла хилла цунна.

ЙоIа дош дела хилла кIанте йогIур йу ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза Iемина хилла даима шена йезарг йаьккха. Цо дукхозза а захало тIехьош хилла цу йоIана, амма хIоразза а йоI йехна йу, дош делла йу олий жоп догIуш хилла дуьхьал.

Цкъа талла ваханчохь йоьIан везар тархатIера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена тIаьхьа инзаре даккхий тIулгаш чу а эгош. Цу тIулгаша тIетаIийна Iуьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког тIулгаша йукъаIевшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара…

Шен йезаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен йезаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира йезар йолчу иза шен безамах ша мокъа йуьту, кхечуьнга маре йаха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца йеллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур йу аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:

– ХIинца-м соьх йаьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.

Цу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а йаьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:

– ХIинца со цIена йу! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…

– ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу йал оза терза карор доцуш йеза йу шуна. Ойла йе, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.

Йуха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.

Заурбекан доьзалехь йуха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса йукъайаьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.

Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу йуьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЙухьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистйаьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа йахьаш йогIур йуй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.

Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:

– ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъйелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь…

III

Йуха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьртана тIехула шен сийналла йаржош. Заурбекан кертахь йуха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна мIаьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а йацара.

Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, йуьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда йеса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима йуьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а йукъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун йуьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.

Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш йуха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша арайаьккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна йаьлла хаза йоI.

Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьайалош веанчух цхьаммо иза дIахIотта йеза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.

– Цара хIун леладо?! – бохуш гIовгIа хезира адамашна йукъахь.

На страницу:
3 из 7