
Полная версия
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, йахана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша йашийна шен къона, хаза йуьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан йаьлла йелахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана йуйла. Цуьнан кхоьлина йуьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах йала, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна йуккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:
– Со кху йоьIан нана йу… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла йерг, суна а де…
Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.
– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза йаккхахь!
Хедас йелакъажарца марйоьллира шен йоI:
– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган! Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.
Божаршна йукъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а йалийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна йукъахь харжам а хIоттийна бара нана, йа йоI хьанна кхочур йу. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.
Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина йуххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:
– Ас Делах дуй ма буу, кху керта йеана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна йа, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…
Арайаьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена нехан йоI.
– Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана… – йоьлхура йоI.
– Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр йац хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша йу, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь йу хьуна.
Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу йеа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.
ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза йан шайн йоI йалош баьхкинарш, корта хьалаайа йуьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла йан бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Йукъараллехь шен цIе ларъйархьама, шен сих йаьлла, шен хьоме йоI сийзайан нехан кара дIайеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла йара – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?
Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.
Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира:
– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.
Минот а ца йелира «хьеший» шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, йуьртара къайла бовла. Йуха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестара. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу йаьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла йара цара йелхош йерг. Кхузахь, таханна хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта дьоьналлица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан йаьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.
ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:
– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!
Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:
– Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.
Буьйсано йуха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…
Эскар
I
ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.
ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана йукъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.
Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а йацара.
Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, йеара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена йара гуьйренан стигла, ма цеIна йара ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, йуьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а йара ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.
– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – Йало, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрахIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…
Абрек-м дIаэккха кийча йара, ИбрахIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрахIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуйалийра ИбрахIима говр…
Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа йаа хIума йалар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.
– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар йац – забар йора ИбрахIима.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха йеара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана йукъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна йукъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.
ИбраIхим чоьхьаваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.
– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира. – Со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат йазда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.
– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.
ИбрахIим йуьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Йуьхьанцара хеталора ма шийла йара кIентан а, ден а Iодика йар, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.
Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…
Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.
Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIейаххана илли.
Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Аргун-ГIала дIабахара – ЧИАССРан йукъарралийн гуларийн пункте.
Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца йуьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна йукъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна йукъахь долу доза.
Шатайпа йара хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла йацахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш йара нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-йаI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссайала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.
ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу йухатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза йала хьаьхначу Афганистанехь йаьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.
Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, йуха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла йеш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.
ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна йевзира шайн йуьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна йаьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI йара Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана йало. Хьава тахана кхуза йеанера эскаре шен ваша новкъаваккха.
Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал йеш лаьттачу Хедас, йела а къежаш, ИбрахIиме элира:
– Гирий хьуна мел хаза йоI йара хьайга хьоьжуш?
Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м йуха а шенаг дуьйцура:
– Дер йу Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.
КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера йу. Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.
ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна йукъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.
Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан Соьлжа-ГIалара вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане йаьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецайелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.
Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, йарташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра. Йуьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а йеш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш йеш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар. Дуьхьал летачарна йукъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна йукъахь Советски Сойузан регионашкара саьлтий бара.
И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго йан ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецайелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор йац, йа йоха а лур йац. Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.
ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш йайна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор йац цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина йагийнарш а нохчий ма бацара…
II
ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал йаьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.
ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.
Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Йа командирашца а йа тIеман накъосташца а йолу йукъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца йевллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.
Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.
Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу йукъаметтиг.
ТIеман уставаш дагахь шаръйар, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу йаьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.
Йуьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.
Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъйан дуьхьало йар. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш йара, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна йуьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана йукъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш йукъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот йаьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.
Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.
Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан йаьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа йаьржина йара. Цхьа шо а сов эскарехь хан йаьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.
Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, йа иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш йара, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.
Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг йуьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал йара. Латар массо а бакъенаш ларъйаш дIадахьа дезаш дара – дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.
Нийсса пхи-йалх секонд йалале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.
ШолгIачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.
Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин агIонехула гIовса ца хууш санна Iоттар йира:
– Нагахь санна массара а къаьмнийн йукъаметтигаш Тасуев ИбрахIима санна къастош йалхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара.
ИбрахIима ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг йа ИбрахIимана а, йа кхи болчарна а тIаьхьало йоцуш ца диссира. Самвела йуха а шен махкахой Арсенна дуьхьал гIовттийра. Цара казарман уче а ваьккхина кIело йира цунна. Оцу кепара йуха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера. И дов цхьаьна баттахь къастош дара тIеман дознавательс.
Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, ИбрахIим а. Дешаран декъан командира и гIуллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха таIзар ца дира – кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.
ИбрахIим цхьанца а башха доттагIалла а йа гамо а ца лелош, тийна-таьIна воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца йуьссура эпсаршна а, командирашна а.
Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша йа инзаре хьал долуш верг хир ву, йа карахь Iедал дерг хир ву. Заманан йохалла дахаро Iамийра ИбрахIим цу дешнийн ма-дарра маьIна дан.
Советан эскарехь тIеман декхара дIакхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а хьалха хIиттийна Iалашо йу жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.
ИбрахIим «кхетор» шена тIелаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а гIоьртина вара цуьнца. ИбрахIимана Iоттар йан даима цхьацца бахьана карадора цунна. Собарах воха кийчча вара ИбрахIим. Амма накъосташа хаийтира цунна тIейогIуш хала киртиг хиларах лаьцна…
Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалгIачу курсера дIаваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, йа цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна йукъахь иза даима а къаьсташ вара. ИбрахIимал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи дIа а тIеман декхара дIакхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош. Юрий тамехь кIант вара. ХIоранца а дан къамел карадора цунна, цул совнаха гулбеллачеран самукъа даккха а – Юрийна гитара лакха а хаьара.
ЦIеххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, ИбрахIиман а дика доттагIалла тассаделира. Юрийс дукха хIуманна тIехь бIаьргаш биллира ИбрахIиман. Шегахьара оьшу гIо дан тешо а йира. ИбрахIима хазахетарца тIелецира шега кховдийна доттагIалла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта хIума а хуьлура.
Ах шо хан йелира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь дIадоьду. ТIаьххьара кIира сержантийн школин курсанташ арахецарна лериначу даздарна тIеман декъехь кечамаш беш дIаделира.
Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маьIне хиламна кечам беш. Iуьйранна дуьйна сарралц дIасауьдура уьш тIеман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш дIайохуш. ЦIаналла лепаш йара йерриге а хьаьрма. Нагахь санна цIеххьана тIеман инспекци кхачахь а, йуьхьIаьржа хир бацара уьш. ТIеман жима гIала кечйинера тайп-тайпаначу транспоранташца, байракхашца. Геннара бIаьрг тоьхча а гуш дара кхузахь боккъалла а даккхий даздарш дуй хила дезаш. Школин арахецархой а, куьйгалла кийча бара даздаршна. Дешарехь а, балха тIехь а кхиамаш гайтинчу эпсаршна а, сержанташна а тайп-тайпана совгIаташ далар а, керла цIерш йалар а, цхьаболчарна цхьаьна ханна Даймахка цIа баха бакъо йалар а кханенна лерина дара. Кхана тIекхочу Хьалхара Май – массо а къинхьегамхойн дезде.
Iуьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан цIарах йолчу гIалин коьрта майданехь тIеман парад дIайахьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а.
III
Iуьйранна Хьалхарчу Майхь арахь серсаш догIа долушшехь, парад хилира.
Сарахь тIеман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран ЦIийнахь тIеман гIуллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.