
Полная версия
Минбаран хьехамаш
«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчахь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг».
Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар».
Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха».
Аса элира: «Иза доьху ас».
Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де, дуккха а сужданаш деш3».
Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьайна дезарг деха соьга».
Ткъа Робий1ас х1ун дийхира? Робий1ас лоьхург х1ун хиллера?
Ялсамани йехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллохь хилар.
Ткъа пайхамар, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!
Йа Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Робий1ан хилларг!!!
Иштта лекха меттиг йехна шена Робий1ас. Аллах1 реза хуьлда цунна. Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Робий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долу дела, цуьнан мах бала беза дела, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира – иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда – Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.
Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дела, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Робий1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цо бала беза мах билгалбира цунна.
Робий1ас, Аллазх1 реза хуьлда цунна, муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, лур дара иза.
Ткъа Робий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?
Робий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, маьждиг чохь…
Делан Элчан маьждиг.

…вуьжуш-г1оттуш ма вара, наха саг1ийна маьждиге деънарг бен кхин рицкъ а доцуш даа.
Зуда йалонза жима стаг вара иза. Даима меца волуш, тишделла, хийца шена т1ераниг бен кхин духар доцуш къен жима стаг вара Робий1а.
Уьш дерриш цо пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнехьара, пайхамара уьш цунна лур дара. Шегахь уьш цунна дала дацахь а, Деле цо до1а дича, Дала и дерриге х1ума Робий1ана лур дара. Иза ч1ог1а дика хаьара Робий1ана, делахь а, шен дуьненахь боцу аьтто ца гора цунна, коьрта ойла иза йацара цуьнан.
Цуьнан ойла эхартаца йара, цигахь ша чуваха ялсамани йоцуш, цу чуьра даа мерза даар доцуш, ялсамани чуьра т1едоха хаза духар доцуш, ялсамани чуьра хаза хьурул 1ийн мехкарий, х1усамнаной боцуш, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллехь а воцуш ша висарна.
Хаьара цунна ша дуьненахь мел хала вахахь а, и хало даима хир йоций. Йа дуьненахь аьтто хилла цу халонех хьалхавер ву, йа валарца чакхйер йу иза. Ткъа эхартахь дерг цкъа́ а д1ахедар доцуш, даима хир ду, цундела шена даима хин дерг дика хилийта лиънера цунна, цигахь дерг уггаре коьрта дуй хиънера цунна. Ткъа хьекъал долчу стага йийр йолу ойла йу иза.
Лекхачу, Везачу Дала ахь ма-деххар, х1ай Робий1а, пайхамарца, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цхьаьна хуьлийтийла хьо ялсамани чохь, шун уллехь, тхо а шуьца хуьлийтийла Везачу Дала.
Иштта хилла-кх Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнарг.
Робий1а санна чуваха чоь йоцуш, хийца духар доцуш, саг1ийна йелларг бен йуург йоцуш, зуда йало аьтто а, бан болх а боцуш хьо хилча, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1е санна хьайга а деха аьллехьара, ахь х1ун доьхур дара? Робий1ас дехнарг доьхур дар ахь, йа дуьненан аьтто боьхур бара ахь?
Ахь дуьненан хьал дехча а хьуна билла бехк бац, цуьнга хьо ч1ог1а хьаште хиларна, йа ялсамани йоьхур йара ахьа?
Ялсамани йоьхур йара ала там бу ахь. Иштта алар дика ду, делахь а таханлерачу хьайн дахаре хьажжий дуста, баккъалла а йоьхур йарий те, йа йацара. Нагахь санна, Робий1а санна халчу хьолехь воллушехь ахь и йоьхург хилча, тахана Робий1ан хьоле диллича, паччахь санна вехаш волу хьо т1ех дукха къахьоьгуш хила веза суннат – ламазаш дарна т1ехь.
Дийнахь-буса массазза до1а до ахь Везачу Деле хьайна ялсамани йоьхуш?
Робий1ел дуккха а дика 1аш воллушехь, дийнахь цкъа-шозза бен ялсамани йоьхуш хьо ца хилча, Робий1а санначу хьолехь долуш вай тешне а йоьхур йацара иза. Бакъдерг ала боху вайга, иза къаьхьа делахь а.
Кху Робий1ах лаьцна дийцарца гайта г1ерта со вай тахана г1ийла хилар. Хьовсийша, мел г1ийла ду вай ялсамани лехарехь, цуьнан ойла йарехь, иза Деле йехарехь, Дала иза вайна йаларна сатийсам г1ийла бу-кх вай.
Вай лийр долуш дац те?
Вай жоьжахати даха мегаш дац те? Хьо жоьжахати ца воьдуш, ялсамани г1ур ву аьлла кхаъ баьккхина хьоьга? Иштта дацахь, вайл хьалха хилла дика нах санна ялсаманига сатуьйсуш хила деза вай.
4-Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Уггаре хьалха лайне (Дала) хоттурдерг къемат дийнахь цуьнан ламаз ду. Цо уьш (дериш) кхочуш динехь, цунна уьш кхоччуш д1айаздийр ду. Амма цо уьш (дериш) кхоччушдина дина ца хилахь, Аллах1а эра ду Малийкашка:
– «Хьажал, шуна карадой сан лайна мелан ламазаш».
Т1аккха цаьрца (суннат ламазашца) уьш (фарз – ламазаш) хьаладузура ду».
Хьажа, лараме бусалба ваша, йиша, ма боккха пайда бу вайна суннат ламазаш дар. Ма йоккха ял хуьлуш йу вайна. Вайн дисина фарз – ламазаш т1ецатоьучу дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала вай дина суннат ламазаш фарз – ламазашна метта х1иттор хилча! Т1ецатоьу фарз – ламазах жоп дала ма дезара вай, амма Веза-Сийлахьчу Дала Шен къинхетамца церан меттан суннат ламазаш х1итторна жоьжахатах хьалхадовлу вай. Йа Аллах1! Ма доккха ни1мат ду иза. Ма доккха совг1ат ду иза. Ма ч1ог1а лардан деза вай и суннат ламазаш. Ма ч1ог1а дан дезара вай уьш. Х1ара дуьне ца кхочу цхьан суннат ламазе, амма х1ара дуьне бахьана долуш дуьту вай суннат ламазаш. Ткъа суннат ламаз дитича оццул боккха эшам вайна хуьлуш хилча, фарз – ламаз дуьтучун мел боккха эшам хуьлу аьлла хета хьуна?! Ла́ ила́ иллалло́х1, Мухьаммадун росу́лулло́х1. Я Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Ма кхераме ду эхарт ламаз ца дечунна! Ма йоккха декъалалла йу фарз —ламазаш а, цаьрца суннат – ламазаш а деш хиллачунна. Веза- Сийлахьчу Дала царна т1ехь ч1аг1 дойла вай.
Веза-Сийлахьчу Дала къобал дойла вай лелориг. Вайн 1амалш а, ламазаш а къобал дойла Цо. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинерчу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала эша войла боьха жуьгтий. Веза-Сийлахьчу Дала орца лойла цигара мискачу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала парг1ато лойла царна.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.
Д1АТЕСИНА 1ИБАДАТ
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Веза-Сийлахьчу Дала Шена 1ибадат дан кхоьллина ду вай. Вайн декхар ду иза. Вайн дериг дахар цуьнан дуьхьа хила дезаш ду. Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1едиллина 1ибадат цхьана кепара дац, дуккха тайпанаш ду цуьнан вайна махаъара. Цу 1ибадатех цхьа къаьстина цхьа 1ибадат ду бусалба наха д1атесина, – иза къуръан дешар ду.
Къуръан дешар деза 1ибадат ду. Йоккха ял хуьлуш 1амал йу иза. Къуръан доьшуш хила дезаш ду вай даима.
Къурьан вайн дахар ду. Вай бусалба хилла къуръанаца. Вайна Ислам дин девзина къуръанаца. Вайна т1ехь дерг а, вай лелон дезарг а билгала доккху къуръано. Къуръан ца хилча вай а дац. Къуръанаца бен вайн мах а бац. Цунах вай тасаделллехь вайн деригге а г1уллакхаш дика хира ду. Иза вай д1атасахь вайн деригг г1уллакхаш телхар а ду.
Уггаре хьалха къуръанан маь1на девзаш хила деза вай. Цунах кхеташ хила деза вай. Цунах кхеташ вай дацахь, цо х1ун боху вайна ца хаахь, вайн дахар муха нислур ду?! Веза-Сийлахьа Дела вайна реза муха хир ву?! Бакъду, цкъа хьалха къуръан доьшуш хила деза вай. Къуръан доьшуш вай ца хилахь, цунах кхеташ а хир дац вай. Цундела ду къуръан дешар деза 1ибадат. Амма тахана вайха дукхах берш иза доьшуш бац, деша хууш а бац. Бакъду тахна санна къуръан 1амо аьтто хилла бац вайн, хьенна а 1амо аьтто бу иза, амма к1езиг бу и 1амош берш. Цундела, къуръан д1атесина лоруш ду вай, х1унда аьлча, вай иза доьшуш доцу дела.
Цундела и г1алат нисдан деза вай. Къуръанаца йолу з1е ч1аг1йан йеза вай.
КЪУРЪАН ДЕШАРАН ЯЛ
Къуръан дешаран ял йоккха йу. Цуьнан беркат доккха ду. Тахана массо а кепара йаздина охьадиллина къуръан, массаьрга а деша лур долучу кепара. Т1аккха иза кхин а боккха аьтто бу вайн къуръан доьшуш хиларан т1ехь. Къуръан доьшуш верг уггаре дикачарех диканиг ву. Уггаре тоьллачарех тоьлларг ву. Ладог1а кху сийлахьчу хьадийсе.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шух диках верг шена къуръан 1амадина, кхечунна 1амадинарг ву».
Хьажа, ма доккха тоьшалла ду иза! Кхин доккха тоьшалла хир а ма дац хьуна! Къуръан доьшуш хиларал, кхечунна иза хьоьхуш хиларал доккха х1ума дац. Ткъа х1унда ца лаьа хьуна царах хила? Хьан сеца во хьо? Муьлхачу аьттоне хьоьжуш ву хьо? Тахна санна боккха аьтто хилла а ма бац вайн, делахь а дикка ца кхета вай цунах. Амма дохко-м девр дац те вай т1аьхьа? Эхартахь дохко-м вер вац те хьо?
Къуръан дешар йеригг ял йу. Ахь дешначул а иттаза дукха а йолуш.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Хьаъа а Аллах1ан жайнийн т1ера хьарф (элпа) йешча цунна цхьа дика ду, ткъа и дика и санна итт ду».
Хьажа ма йоккха ял йу хьуна къуръан дешча. Ахьа дешначу х1ора элпах итт дика ду хьуна йаздеш. Ахьа цкъа къуръан доьшуш чакхдаьккхича 3 300 000 дика ду хьуна. И х1ора дика Веза-Сийлахьчу Дала иттане са доккху, т1аккха 33 000 000 дика хуьлу хьуна. Йа Аллах1! Цулла доккха х1ун ду?! Цул боккха болх муьлханиг бу?! Бан а бац. Вай кхетахь нагахь санна.
Ткъа цхьа х1ума ду, Веза-Сийлахьчу Дала бусалба стеган х1ора диканна дуьхьал цуьнан цхьа вон д1адоккху. Ткъа цкъа къуръан дешна 33 000 000 дика даьккхинчунна т1ера оццул къинош а д1адохуш ду Веза-Сийлахьчу Дала. Йа Аллах1! Ойла йе цу балхана! Цул а пайде х1ун ду хьуна?! Ц1енна ялсамани йоккхуш ву-кх хьо къуръан дешарца! Цул доккха х1ун ду!
Цхьана дийнахь дешна чакхдаккха дезаш ма дац къуръан. Х1ора дийнахь жима-жимма доьшуш чакхдаккха шарахь цкъа даккхий а. Мел шераш д1аихна хьан цкъа къуръан дешна чакхдаьккхина доцуш. Ткъа ахьа жима-жимма доьшуш хиллехьара мел дукха чакхдаьккхина хир дара ахьа иза. Мел дукха ял йаьккхина хира йара ахьа! Мел дукха къинош д1адевлла хир дара хьуна т1ера. Амма вай са ца гаттадо цунна. Вай дуьненна са гаттадо. 33 000 000 миллион луш болх хилча вай иза цхьаьнге кхочуьйтур бацара. Амма къуръан дешаран болх ца къуьйсу вай. Ткъа къуръанаца вай доккхуш дерг даима хир долу эхарт ма ду. Ялсамани ма йу. Дуьне-м мел дукха даьккхича а чакхдер ду, даима хир долу эхарт ду-кх кхерамениг. Дуненахь вай мел ду рицкъ доцуш дуьсур дац вай, амма эхартан декъалалла вай ваьшша йакхха йезаш йу. Ма боккха аьтто бу хьан тахана къуръан 1ама а дина эхартехь уггаре тоьлла меттиг баккха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан пурбанца.
КЪУРЪАН Д1АТАСАР
Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:
«Пайхамара элира: Х1ай сан Дела, баккъалла а сан къомо х1ара къуръан д1атесина».
Къуръан д1атасаран декъах ду къуръан 1ама ца деш 1ар. Кхана дог1учу къемата дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала хьайга бехк баккхарх ца кхоьру хьо? Хьо къуръан дошуш х1унда вацар аьлла?
Дуьненахь цкъа бен вехаш вац. Цкъа веллачул т1аьхьа кхин дуьненчу вог1ур вац хьо. Эхартехь къуръан хир дац, дуьненахь хьо иза доьшуш ца хиллехь, цкъа а къуръан цадешнарг хир ву хьо! Ткъа Веза-Сийлахьа волу Делах эхь хетар дац хьуна?! Цо вайна даийтина къамел айхьа дешна ца хилар?! Хьо иза доьшуш хилла ца хилар?! Цундела, варийлахь ма йахийталахь хан кхин д1а эрна. Сихо йелахь къуръан деша 1амо, йоккха декъалалла хира йу хьуна дуьненахь а, эхартахь а.
Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:
«Х1ай адам, муьлхачу х1умано 1еха вина хьо хьан Комаьршачу Делах?».
Хьоьца комаьрша хилла, хьуна мел оьшург делла волу хьан Дела уггаре хьалха хила ца веза хьуна? Цул хьалха х1умма хила ма ца деза хьуна. Ткъа дукхачу наха шайн Делал кхин долу х1уманаш хьалха доху, Делаца доьзна дерг т1аьхьатоттий. Цундела д1атоьтту вай къуръан 1амадар. Иза дешар. Цуьнца 1амал йар. Амма эхартехь изий бен кара-м дийра дац вайна, ткъа вай иза доьшуш ца хиллехь иза а кара дийр дац вайна. Боккха эшам бу и вайна, лараме бусалба нах! Лараме вежарий, йижарий, само йеш хила деза вай цу т1ехь. Эрна хан ца йойуш, эрна г1уллакхаш ца деш, ца оьшу х1уманаш 1ад а дитина, къуръан 1амо деза вай. Къуръан доьшуш хила деза вай.
Лараме вежарий, йижарий! Къуръан доьшуш хилар уггаре лекха болх хета вайна. Амма иза иштта дац. Деккъа къуръан доьшуш хилар уггаре лахара болх бу хьуна. Ойла йе цу балхан. Хиладезарг иштта ду: къуръан доьшуш хила деза вай, цо х1ун боху хууш а хила деза вай. Х1унда аьлча, къуръан деккъа деша аьлла даийтина ма дац вайна, деша а доьшуш, дагахь 1амадеш цо бохург де аьлла даийтина ду. Цо бохург дар уггаре коьрте х1ума ду. Уггаре доккха х1ума ду. Цо бохург дарца ялсамани а йоккху, цо бохург ца дарца жоьжахати а воьду. Веза-Сийлахьчу Дала ялсамане лойла вайна, жоьжахатах гена дохийла вай.
ДИЙЦАР
Цхьа воккха стаг хилла даима Къуръан доьшуш. Цхьана дийнахь цуьнан жимачу к1ентан къанта хаьттина цуьнга:
<<-Дада, хьуна Къуръан дагахь хууш ца хилча, ахь иза х1унда доьшу?
Цунна моьттина, Къуръан дагахь 1амош ца хилча, иза деккъа дешаро х1ун пайда бийр бу аьлла.
Чохь к1ора лелош 1аржбелла цаца хилла церан пеша уллехь. Дедас аьлла цуьнга:
– Валол, оцу цецана чохь хи да суна.
К1ант цаца эцна хи т1е вахна, цу чохь хи а эцна схьавог1уш цу чуьра хи д1адолуш хилла, цецах чакхдолий охьадоьдуш. Дедас йух-йуха вохуьйтуш хилла иза цецана чохь хи дан. Кхин цуьнга иза дан ца делча, дедас хаьттина к1ентан к1анте:
– Цу цецах чакхдийлинчу хино х1ун дина цецана?
К1ентан к1анта жоп делла:
– Къорах 1аржбелла цаца ц1анбина, к1айн а бина цо иза.
Т1аккха дедас аьлла цуьнга:
– Иштта и хи санна ду Къуръан а, суна иза дагахь хиъна сан даг чохь иза сецна дацахь а, аса иза доьшуш сан дагах чекхдолуш сан дог ц1андо цо, цецах чакхдолучу хино цаца ц1анбаре терра>>.
Ишттачу масалца кхетийна цо жима к1ант Къуръан деша дезаш хиларх.
Шеко йоцуш, Къуръан дагахь хаар доккха дозалла ду, иза дагахь 1аморца даг чохь сецна хилча, дог даима ц1ена а, хаза а хир ду цуьнан.
Амма иза дагахь ца хаьахь а, иза дешарца даг чухула долуш делахь, дог ц1андо цо, ц1ена латтадо. Х1унда аьлча, вай 1аш-дехаш даг чохь дуккха а х1ума соцу вайн, масала: Хьаг1, гамо, цабезам, куралла, эхарте сацатийсар, дуьне т1ех дукха дезар, кхин а дуккха а вон х1уманаш а.
Амма цу массо х1уманах ц1андо Къуръано дог. Даима ийман латтадо цо даг чохь.
Даима Дела латтаво цо даг чохь.
Даима эхарт дагадоуьйту цо.
Даима Делаца йолу йукъаметтиг ч1аг1йо цо.
Иштта кхин дуккха а пайда бо цо вайн г1ийлачу дегнашна.
Цундела, х1ай, бусалба ваша, йиша, хьайна Къуръан 1амаде, цунах тасало, дуьненахь а, эхартахь а пайде хир ду хьуна иза, цо ялсамани чу вуьгур ву хьо, Делан пурбанца, ахь иза даггара Делан дуьхьа доьшуш делахь.
Лараме бусалба нах! Цхьа а воккха стаг ца гина суна, ша жима волуш къуръан 1ама ца дарна дохко ваьлла воцуш. Даима дохко бевлла карийна суна баккхий нах шаьш къуръан 1ама ца дарна. Иштта хьо а къанале ваьлча дохко вер ву хьуна, цундела къуръан 1амадан сихо йан йеза ахь аьтто болччара, жима волччара. Къуръан 1амо цкъа а т1ехьа дац хьуна. Жима вара, йа воккха вара аьлла дац хьуна къуръанаца дерг. Делахьа а, жималлехь ка алсам долу, хан алсам хуьлу, къа алсам хьегало.
Веза-Сийлахьчу Дала Ша реза волчу кепара къуръан 1амадинчарех дойла вай. Цуьнан къуръан гуттара ч1ог1а дешначарех хуьлда вай. Даггара къуръан дезначарех хуьлда вай. Дуненахь а, эхартехь а къуръан вайца хуьлда. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Уьш парг1ата бохийла Веза-Сийлахьчу Дала. Веза-Сийлахьчу Дала царна т1ера бала д1аойбийла.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.
БУОБЕРАН ДИКА ДАРАН
ДАЗАЛЛА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вовше дика деш хилар т1едиллина вайна. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна воккханиг жимчуьнга хьожуш хилар, ч1ог1аниг г1ийлачуьнга хьожуш хилар, аьтто берг хала волчуьнга хьожуш хилар. Ткъа вай терго йан йезачарах ву шен да д1аваьлла висина доьзалхо. Да д1аваьлла висинарг уггаре г1ийлачарех ву-кх. Тхов д1аьбалла-кх цуьнан. Иза 1алаш вийриг, лара вийриг, цуьнан 1уналла дийриг д1аваьлла-кх. Цундела, цуьнан дог хьастар, цуьнга хьажар Делера йоккха ял хуьлуш х1ума ду.
Веза-Сийлахьачу Дала къуръан чохь боху:
«Аш 1ибадат дойла Аллах1ана, цханне х1уманехь цуьнца накъост а ма лаца, да нанаца дика хила, гергарчуьнца а, буоберашца а».
Хьажа, Веза-Сийлахьчу Дала ма даздина буоберан хьакъ. Дала буоберан хьакъ хьаха дина гергарчу нахаца. Да нана а, гергарниг а д1авалча буобер хьахийна Дала. Цо гойту буобер хьайн гергара дацара аьлла д1ататта мегарг ца хилар. Мелла а гергара стаг санна герга озо дезаш хилар. Ткъа буобере хьожучунна йоккха ял хуьлу, Веза-Сийлахьчу Дала бохург кхочуш деш хуьлу иза.
Буоберан дог доьхна ду хьуна. Кхечу берийн дас шен доьзал 1алаш беш гича, цунна дага дог1у шен да схьавелхьара цо шен а 1уналла дийриг хилар. Цундела, т1ехваьлла терго ца йеш ма хилалахь буоберана. Буоберан хьалха хьайн доьзал ма хьасталахь, цуьнан догдухур ду хьуна цо иза гучу ца даккхахь а.
Буоберана т1ех ма валалахь цунна цхьа дика ца деш. Ахь буоберана дина дика Веза-Сийлахьчу Далла гергахь деза ду хьуна, х1унда аьлча, хьо буоберан цуьнан ден меттана хуьлу дела ахьа цунна терго йечу хенахь. Шен да дагавог1у цунна. Шен ден йовхо хаало цунна. Шен дас шех бийр болу къинхетам хаало цунна. Цундела, ахьа дина к1езиг х1ума а, буоберана иза доккха х1ума ду хьуна. Цу к1езигчу х1уманна Дала хьуна йоккха ял лур йу хьуна.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Хьаъа а буоберана коьрта куьг хьаькхича, ц1енна Аллах1ан дуьха бен хьаькхина а доцуш, цуьнан куьг хьакхаделла х1ора месан барамехь цунна диканаш хира ду».
Хьажа, ма йоккха ял йу иза. Кхин х1умма ца дахь а, буоберана коьрта куьга-м хьакхалур ду хьуоьга. Ткъа хьан куьг хьакхаделлачу х1ора месан барамехь Дала хьуна ял луш а йу. Х1унда? Дера ло хьо цу буоберана ден метта х1оьттина дела. Ахьа цунна шен да дага ваийтина дела. Ойла йе, цуьнан дас мел сагаттадеш хира дара шен доьзална. Амма шен дан х1умма а доцуш шен доьзална, ахьа цуьнан терго йича мел хаза хетара дара цунна. Ткъа ахьа дина дика Веза-Сийлахьчу Дала д1акхачадан ма мега эхарте. Ткъа х1инца хьо велла а волуш хьан доьзал бисина хилча, хьуна луура дарий наха хьан доьзална диканца терго йан? Хьуна хазхетар дарий цхьаммо хьан доьзална дика дича? Хьуна хаза хетар дарий цхьаммо хьан доьзална коьртах куьг хьаькхича? Дера хетар ма дара хьуна хаза а, дика а. Цигара ойла йеш хилалахь. Цигара дусталахь, х1ай сан лараме ваша, йиша.
Лараме вежарий, йижарий! Боберана дина дика нисса хьан дагах кхеташ ду хьуна. Хьан дагчу кхочу цунна ахьа дина дика. Боберана дика даро хьан дог дика до, к1ад до, хаза до. Ч1агделла дог к1ад а до.
Абу Дарда́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:
«Цхьа стаг веара Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу, шен дог ч1аг1даларан бала белхош. Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цуьнга элира: Боберах къинхетам бе, цуьнан коьртаха куьг а хьакха, цунна йаах1ума ло хьайчух, т1аккха хьан дог къадлур ду, хьайн хьаштт а кхочуш далур ду хьоьга».
Дог ч1аг1даларан бала боккха бу. Оццул боккха бала боберана дика дарца д1абериг хилар билгал дина вайна Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Ма виц ца вина вайн Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, байлахь висинарг. Ма ч1ог1а весеташ дина цо цуьнца дика хила бохуш. Ма ч1ог1а деза лерина Веза-Сийлахьчу Дала боберана коьртах куьг хьакхар, куьг хьакхаделла х1ора месан дуьхьа цхьа дика йаздеш. Ма дикка ойла йан йеза вай цунах.
Бобераш кхобуш йолу йисина зуда ма йоккха ял йоккхуш йу шена. Ма даккхий дазаллаш ду цуьнан хьокъехь.
Къемат дийнахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ялсаманан не1арш схьайоьллуш буобераш кхаьбначу зудчо ялсамани чу йаха сихо йийра ю, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, «сол а хьалха йала йоллу х1ара» аьлла дага дог1ур долуш. Веза-Сийлахьчу Дала оццул сиха ялсамани чу йог1уьйтур йолуш йу йисина буобераш кхаьбна зуда, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1аьхьах1оьттина ялсамани чу г1ур йолуш.
Зудчунна буобер кхаба атта х1ума дац, цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, доккха тоьшалла дина буобер кхобучу зудчун.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Эмкал т1е хьевшиначу зударех диканарш къурайшийн зударий бу, ч1ог1а дика хуьлу уьш жимачу буобераца».
Къурайшийн зударий шайн буобераца гуттар ч1ог1а дика хуьлу аьлла бевзаш бу, цундела уьш хьаста бина Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Царех йу муьлхха а йисина буобер кхобуш йолу зуда, иза къурайшах йацахь а. Цундела, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаста йо йисина зуда шен буобер а кхобуш 1аш йолу.
Буобер д1а ма таса боху вайга Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Буобере хьажар ялсамане вахаран некъ бу.
Вайн Пайхамара, Аллах1 реза хуьлда цунна:
«Со а, буобер 1алаш дешверг а х1ара шиъ санна хира ву ялсамани чохь» – аьлла шен (куьйга) ши п1елг д1асабахийтира.
Д1асабахийтина ши п1елг санна уллехь хир ву бохург ду иза. Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кхин гена хира вац буобер 1алаш деш хилларг. Буоберан г1уллакхе хьаьжнарг ву изза. Муьлххачу а кепара цуьнга хьожуш хилларг. Цу буоберийн нана а йукъ йог1у кхунна. Байлахь бисина шен доьзал 1алаш беш хилла зуда а Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шина п1елгал кхин гена хира йац. Ма доккха дазалла ду иза! Ма йоккха ял йу иза!
Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эхартехь мичхьа хир ву? Ялсамани чохь уггаре лекхачу меттехь хир ву-кх. Ткъа шина п1елгал генахь воцург цуьнца хила ма веза. Йа Аллах1! Ма доккха дарж ду иза буоберана дика дарца Ахьа луш дерг.
Лараме бусалба нах, буобераца дика хилар оццул деза хилча, цуьнца вон хилар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Йисинчу зудчуьнца вон хилар, цуьнца а, цуьнан буо бисина доьзалца а харцо лелайар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Ма ч1ог1а оьг1аз г1ур ву Веза-Сийлахь Дела цаьрца харцло йечунна, царна вон дечунна. Амма тахана дуккхачу нехан хьекъалш д1адаьхьина буоберан хьокъехь. Цаьрца харцо йо, церан хьакъ т1екховду, озадой схьадоккху, царна г1ийло йо. Иза доккха зулам ду, Веза-Сийлахьачу Дала иштта дуьтур доцуш долу. Веза-Сийлахь Дела цаьргара ч1ир ца оьцуш 1ийра вац, царна та1зар ца деш уьш буьтур бац Цо.
Лараме бусалба нах, йисинчу зудчух а, буоберах а къа хеташ хила деза вай. Царех дог лозуш, царна г1о деш, цаьрца бала кхочуш.
Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: