
Полная версия
Минбаран хьехамаш

Минбаран хьехамаш
Кiант Хьусайн Сайд-Селиман
© Кiант Хьусайн Сайд-Селиман, 2025
ISBN 978-5-0067-6177-3
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
ислам дини баххаш
1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а – цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.
2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг – хууш ду, цамагийнарг а – хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг – шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг – хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь – дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь – дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза – дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].
4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь – тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь – цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь – дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза» [(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].
5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла: « (ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI – ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира – новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза – иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?» [(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].
6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю – цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.» [(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].
7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац – шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].
8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].
9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].
10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин – догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].
11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: « (Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо – АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо – нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].
МИНБАРАН ХЬЕХАМАШ
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана, 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.
Лараме бусалба нах, х1ара шоллаг1а жайна ду шен чулацам хьехамаш болу. Хьалхара жайна «МИНБАРАН НУР» ц1е йолуш дара. Дагна хьехам беш ца хилча дог ч1аг1ло, буьрса долу, шен Делах гена долу. Цундела, Веза-Сийлахь Дала т1едиллина вайн хьехаме ладохар, вовше хьехам бар. Хьехаман уггаре сийлахь-декха меттиг мимбар ю. Мимбар т1ера хеза вайн хьехамаш, мимбар т1ера даьржа ийманан нур, мимбар т1ера яьржа эхартан некъ гойту серло. Цундела, тайп-тайпанчу мимбрш т1ехь бина хьехамаш бу х1орш, берише бац, делахь царех хаьржинаш бу. Веза-Сийлахь Дала беркате бойла х1ара жайна, х1ара йаздинчунна а, доьшучунна а, хьехначунна а, массо бусалба нахана а. Т1къа х1инца ладоха вай мимбаран хьехамашка.
Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.ДЕЛАН ДУЬХЬА ЛЕЛАР
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1ейихкина 1амалш шина кепара йу:
1-Деган 1амалш
2-Меженан 1амалш
Царех уггаре коьрта 1амал, иза – деган 1амал йу. Деган 1амална т1ейоьг1на йу меженан 1амал. Цундела, ч1ог1а терго йан йеза вай вешан деган 1амална.
Бакъду, деган 1амал цхаъ йац, дуккха а йу уьш. Уьш йерриш хьахор йац вай, амма царех уггаре коьртаниг хьахьор йу, Веза-Сийлахьчу Делан пурбанца. Иза меженашца йеш йолу 1амалан ният ц1енна Делан дуьхьа хилар ду. Иза ч1ог1а коьрта х1ума ду. Уггаре коьртаниг а ду. Х1унда аьлча, 1амал Делан дуьхьа йацахь иза эрна йу. Иза йоьхна йу. Иза Веза-Сийлахьачу Дала къобал йийр йац. Меженашца йеш йолу 1амал дег1ах тера йу, ткъа уьш Делан дуьхьа хилар синах тера ду. Шена чохь са доцучу дег1ах дан х1ума дац. Цундела, дег1ан са эшаре терра, вайн 1амалшна оьшу уьш Делан дуьхьа йеш хилар.
Ткъа х1ун ду те Делан дуьхьа хилар бохург?
Цунах жоп делла Ислам динан воккхачу Имамо 1из бин 1абди-Сала́мас, Аллах1а къинхетам бойла цунах. Цо аьлла:
«Делан дуьхьа хилар, – иза кхииначу бусалба стага ша Далла муьт1ахь хилар ц1енна цхьана Аллах1ан дуьхьа хилийтар, Далла ша муьт1ахь хиларах наха ша вазваре а, шена лерам баре а сацатийсар, йа динан пайда хиларе а, йа дуьненан зенах ша хьалхаваларе а сацатийсар».
Хьажа, х1ай лараме бусалба ваша, йиша, ма хала х1ума ду иза. Цхьа а тайпа цхьанна пайдане са ца туьйсуш, ц1енна Делан дуьхьа йан йезаш йу 1амал. Иза ч1ог1а хала х1ума ду. Цундела, иза хала х1ума долу дела, делахь а иза хала дара аьлла цу т1ехь къахьоьгуш волчунна а ял 1аламат йоккха йу.
Вай-м х1унда дуьйцура вай, вай-м миска нах ду, дийнахь – буса къинош летош ду. Вайн ийман а г1ийла ду. Амма гуттара ч1ог1а къинах ларлуш хилла болу дикачу нахана а хала хилла-кх шаьш лелошдерг ц1енна Делан дуьхьа хилийтархьама.
Имам Суфъя́ну Саврийс, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ниятел халачу х1уманан т1ехь къацахьегна аса, даима галдолу сан иза».
Шен ният Делан дуьхьа хилийтарал хала х1ума дацара шена боху цо, халла ша шен ният Делан дуьхьа хилийтича, цхьа хан йаьлча галдолура иза шен. Х1унда? Х1унда аьлча стага йеш йолучу 1амалах шена хуьлу пайданаш гуш хилча, церан дуьхьа шен ният д1а ца хьовзийта ч1ог1а хала ду, даима сема хила веза цу т1ехь. Амма мел сема хилахь а цхьа хан йаьлча галдолуш карадо цунна шен ният.
Хаттар кхолладала там бу хьан: Т1аккха сан цхьа а х1ума Делан дуьхьа ма дац, оццул хала х1ума хилча ният Делан дуьхьа хилийтар!
Цхьа кхаъ бу сан хьоьга, иза – хьо хьайн ният Делан дуьхьа дац бохуш сагаттадеш мел ву хьан ният Делан дуьхьа ду хьуна. Хьо хьайга даима бехк боккхуш мел ву Делан дуьхьа лелаш вац со бохуш, хьо Делан дуьхьа лелаш ву хьуна. Х1унда аьлча, хьо сема ву хьайн 1амал Делан дуьхьа хилийтарна т1ехь. Хьо сагаттадеш ву. Амма хьо цхьана а тайпа сагаттадеш воцуш хьайн ниятана, бе башха доцуш лелаш велахь, т1аккха кхерам бу хьуна.
Лараме бусалба нах! Делан дуьхьа лелаш верг шен 1амалш нахал йохуш хир вац. Нахана йовзуьйтуш лелаш хир вац. Амма шен 1амал нахе хьахийча пайда хира белахь, т1аккха хьахаярх х1умма а дац. Вайн 1елам наха, Аллах1а къинхетам бойла царех, аьлла: «Делан дуьхьа лелаш волчо шен диканаш хьулдо, шен вуонаш хьулдар терра».
Хьан вуонаш ахьа хьул мадарра, хьайн диканаш а хьулдан деза ахьа.
Лараме вежарий, йижарий! Вай деш долу х1ума Делан дуьхьа далахь цунах берката хуьлу. Цунах пайда а хуьлу.
Имам Хьамду́н бин Ахьмаде, Аллах1а къинхетам бойла цунах, хаьттина:
– «Салафин1 къамел пайдехь х1унда ду вайн къамелал»? – Цо аьлла: «Х1унда аьлча цара къамел дина Ислам сийлахь хилийтархьама а, шаьш жоьжахатах къелхьара довлархьама а, Къинхетаме Дела реза вархьама а. Амма вай къамел до вай сийлахьа хилийтархьама, дуьне лахархьама, халкъ (адам) реза дархьама а».
Лараме вежарий, йижарий! Шена чохь доккха ма1на долуш къамел ду х1ара. Ахь ойла йахь ч1ог1а пайде хира ду хьуна х1ара хаза къамел.
Вай деш долу к1езиг х1ума Делан дуьхьа делахь, иза деза ду хьуна. Вай деш долу доккха х1ума Делан дуьхьа дацахь, иза эрна ду хьуна. Вай мел деш долчу х1уманан къайле, иза Делан дуьхьа дар йу.
Веза-Сийлахьчу Аллах1а къинхетам бойла вайха. Дала Шен дуьхьа дойла вай лелош дерг. Дала Ша везар лойла вайна. Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Дала маьрша доккхийла Акъсо маьждиг. Дала толаман денош дохкийтийла вайн умматна. Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.
СУННАТ ЛАМАЗАШ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна суннат дина фарз – ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат ламазаш дар. Суннат ламаз мелан ламаз ду, иза ца дича къа ца хуьлу. Делахь а, уьш дара ч1ог1а деза ду, мелехь а ду, йоккха ял хуьлуш 1амал йу. Уьш суннат дара аьлла мало йан мегар дац царна т1ехь.
Фарз – ламазашца деш долу суннат ламазаш шина декъе декъалуш ду:
1-Ч1аг1дина суннаташ;
2-Ч1аг1дина доцу суннаташ;
Ч1аг1дина суннаташ йалх ду, х1ора а ши рака1ат ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш т1аккха.
Ч1аг1дина доцу суннаташ пхиъ ду, х1ора а ши рака1ат долуш, итт рака1ат хуьлу уьш т1аккха.
Ч1аг1дина йалх суннат ламаз, уьш:
1—1уьйра – ламазан халхара ши рака1ат цхьа ламаз.
2-Делкъа – ламазан хьалхара ши ламаз, х1ора ламаз ши рака1ат долуш.
3-Делкъа – ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.
4-Маьркъажа – ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.
5-Пхьуьйра – ламаз т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.
Х1орш ч1аг1дина йалх суннат ламаз ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш.
Хаттар кхолдала тарло хьан: «Х1ун башхалла йу ч1аг1дина суннаташний, ч1аг1дина доцу суннатшний йуккъахь?»
Царна йуккъахь йолу башхалла, ч1аг1дина суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, даима деш хилла, цхьана бахьанийца диснехь доькхуш т1едеш хилла цо уьш. Ша ц1ера ваьлчий бен дуьтуш ца хилла цо уьш.
Амма ч1аг1дина доцу суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, наггахь деш а, наггахь ца деш а хилла ша ц1ахь волушшехь. И башхалла йу ч1аг1динчу а, ч1аг1 ца динчу а суннаташна йуккъахь. Делахь а, дезах дерг ц1ахь волуш ч1аг1динарш а, ч1аг1дина доцурш а дериш дар ду, амма ц1ера ваьлча 1уьйра – ламазан хьалхара цхьа суннат деш.
Ч1аг1дина доцу суннат – ламазаш, уьш:
1-Делкъа – ламазан т1аьхьара шоллаг1а суннат ламаз ши рака1ат.
2-Малхабуза – ламазан хьалхара ши суннат ламаз, х1ораъ ши рака1ат.
3-Маьрк1аж – ламазан хьалхара цхьа ламаз ши рпка1ат.
4-Пхьуьйр – ламазан хьалхар цхьа ламаз ши рака1ат.
Х1ара суннаташ дар ч1ог1а мелехь ду.
СУННАТА-ламазаш ДАРАН ЯЛ
Ч1аг1дина шийтта рака1ат (йалх ламаз) даран ял билгал йина йу вайна. Ма йоккха ял йу иза. Ма вай ч1ог1а сатуьйсу х1ума ду Веза-Сийлахьчу Дала вайна лундерг вай и шийтта рака1ат деш хиларна. Ладог1а кху хьадийсе:
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Цхьа а бусалба лай хир ма вац Лекхачу Аллах1ан дуьха х1ора дийнахь мелан шийтта рака1ат деш фарзаш доцуш, Аллах1а цунна ц1а диний бен ялсамани чохь».
Лекха – Сийлахьчу Аллах1ан муьлххачу а лайна шийтта рака1ат деш хилахь, Дала цунна ялсамани чохь х1усам йийра йу. Йа Аллах1! Ма боккха бекхам бу Веза-Сийлахьчу Дала вайна беш берг. Ма доккха дарж ду иза вайна. Лараме бусалба ваша, йиша, цхьанна а кепара дита ца деза вай и шийтта рака1ат. Цхьана бахьанан диснехь доькхуш дина а т1е дан деза. Оццул к1езиг х1ума дарна Дала вайна ялсамани луш хилча, ялсамани чохь исбаьхьа хаза х1усам луш хилча, сиха дала деза вай иза вайна йаккха. Сутара хила деза вай иза вайна хилийта. Х1умма а хала доцург ма ду шийтта рака1ат дан, амма цунах хуьлучу йоле хьажахьа! Лараме ваша, йиша, варийлахь, даима и суннат ламазаш лардеш хилалахь, дохко вер вац (йера йац) хьо.
Ч1аг1дина доцу суннаташ а лардар ч1ог1а деза ду, уш ч1аг1дина дац аьлла 1ен ца деза вай, х1унда аьлча, Аллах1ан Элчано а, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма ца дитина уьш ч1аг1дина дац аьлла. Цундела, цунах масала эца деза вай, цунах тардала деза вай.
Х1инца ч1аг1дина суннатех а, ч1аг1дина доцу суннатех а цхьадолчу суннат – ламазийн дазалла хьахор ду вай.
1—1уьйра – ламазан хьалхара суннат ши рака1ат ламаз
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«1уьйра – ламазан ши рака1ат (ламаз) диках ду дуьненал а, цу чохь долчу х1уманал а».
1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз ду Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дуьйцург.
Хьажа, мел деза ду 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат. Ткъа 1уьйра – ламазан суннат оццул деза хилча, 1уьйра – ламаз мел деза хир ду аьлла хета хьуна?!
Шеко йоцуш иза дуккха а деза ду. Валлах1и вай йан ма йезза цуьнан ойла йахь, вайна хуур ду 1уьйра – ламаз а, цуьнан суннат ламаз а Веза-Сийлахьчу Делера доккха совг1ат хилар вайна.
Вайна хала ду иза шен хена чохь дан, цундела дукхах долчу уммато шена хена чохь деш дац иза, деш делахь а. Амма цу 1уьйра – ламазан хенахь царна дуьне луш хилча дийра дарий уммато 1уьйра – ламаз шен хенахь?! Дуьтура дарий бусалба стага цхьа а 1уьйра – ламаз?! Дера дуьтура дацара, йа аьттехьа а ца деш 1ийр а вацара.
Гой хьуна, дуьне диках хета умматна эхартал. Дуьненан дуьхьа къахьега кийча бу бусалба нах, динан дуьхьа къахьоьгунберш к1езиг бу. К1езиг х1унда бу? Дера бу 1уьйра – ламазан г1овттуш берш къезиг болу дела. Гой хьуна, нисса б1останехьа хийцабелла бусалбачу нехан кхетам! Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, заманахь бусалба нехан кхетам нисса б1останехьа хилла тахана болчу бусалба нехан кхетамах. Цара дин хьалха доккхуш хилла дуьненал а. Эхарт хьалха доккхуш хилла дуьненан х1уманал а. Цундела дуьнен т1ехь уьш элий хилла. Церан дош хилла дуьнен т1ехь лелаш дерг. Кериста нах озалуш хилла царех. Кериста нахана т1ехь толамаш бохуш хилла цара, х1унда аьлча, Веза-Сийлахьчу Дала толам Шен эхарт дезачунна ло дела. Шен дин дезачунна ло Цо толам.
Цундела ду умматан хьал тахна иштта ирча. Шен динах гена даьлла уммат. Иза цу т1е йухадерзахь, т1аккха Веза-Сийлахьчу Дала толам схьалур бу цунна.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ч1ог1а лардеш хилла 1уьйра —ламазан хьалхара ши рака1ат суннат – ламаз.
Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1усамнанас 1а́ишатас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вацара суннат ламазашах 1уьйра – ламазан ши рака1ат санна ч1ог1а цхьа а х1ума лардеш».
Хьажа, мел ч1ог1а лардеш хилла Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ц1ахь а, некъахь а дуьтуш ца хилла и суннат ламаз. Ткъа 1уьйра фарз ламаз мел деза хира ду аьлла хета хьуна?!
2- Делкъа – ламазан суннаташ
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Миллаъ хиллехь делкъа – ламазан хьалхара диъ рака1ат а, т1аьхьара диъ рака1ат а лардеш2, Аллах1а иза ц1арна (жоьжахатна) хьарам вина».
Иштта деза ду делкъа – ламазан хьалхара а, т1аьхьара а суннаташ. Уьш деш хилларг Веза-Сийлахьчу Дала жоьжахатан ц1арна хьарам вийра ву. Ма доккха х1ума ду иза! Лараме бусалба нах, ма ч1ог1а лардан дезара вай уьш. Ма ч1ог1а тасадала дезара вай царех. Оццул атта жоьжахатан ц1арах къелхьара девлча доккха х1ума ма ду иза. Йоккха декъалалла ма йу иза.
Амма тахна вай дукха дуьту и суннат ламазаш. Сихаллехь а, ларацадарехь а, г1уллакхаш хьалхадовларца а, йа дог ца даг1арца а. Иза вайна боккха эшам бу. Доккха зен ду иза вайна. Г1уллакхаш чакхдевр дац хьуна, хьо валлалца хира ду уьш. Цундела, хьо пархата валаре са ца туьйсуш, мукъа валаре ца хьоьжуш, х1ара суннаташ лардан хьажа веза хьо. Х1орш даима деш хила хьажа. Нагахь санна цхьана г1уллакхна суннаташ дан лара ца вахь, доькхуш дай а деш хила уьш. Хьажа, Веза-Сийлахьчу Далла ма ч1ог1а деза вай уьш деш хилар. Ма доккха совг1ат ду Цо вайна лушдерг. Жоьжахатан ц1арх хьалхавитарал кхин х1ун доккха совг1ат хира ду.
3-Малхбуз – ламазан суннаташ
Малхбуз – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз ду. Х1ораъ ширака1ат деш. Уьш ч1ог1а деза суннаташ ду. Церан дазалла билгалдеш Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллачуьнга ладог1а ахьа.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Аллах1а къинхетам бойла къонахчух, малхбуза – ламазан хьалхара диъ рака1ат дина волчу».
Лараме ваша, йиша! Вайха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам хилар доккха х1ума ду. Вай декъал хира ду т1аккха. Вайн деригге г1уллакхаш то а делла нислур ду. Т1аккха хьажа ма хала дац Веза – Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам вайна хилийта. Ма герга ву Иза вайна. Вай цхьажимма 1амал йичхьана Цуьнан къинхетам хуьлу вайх.
Хала ма дац малхбуза – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз дан. Амма вайна цунах хуьлу пайда ма боккха бу-кх. Ма йоккха декъалалла йу-кх вайна цунах хуьлуш. Цундела, цу т1ехь само йеш хила деза вай. Малхбуза – ламазан хьалхара суннаташ деш хила деза вай.
Цхьаволчо хотту «Малхбуза – ламазана т1аьхьа суннат – ламаз дуй»?
Малхабуза – ламазана т1аьхьа суннат ламаз дац. Цунна хьалха ду ши суннат – ламаз.
СУННАТ – ЛАМАЗАШ ДАРАН
ПАЙДАНАШ
1-Суннат – ламазаш даран пайданаш дукха бу. Царех уггаре боккха пайда суннат – ламазаш деш верг Веза-Сийлахьчу Далла везаран пайда бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу Аллах1ан везавелачунна 1аламат баккхий пайданаш хуьлу.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Сан лай Суна герга вохуш мел ву мелан 1амалш йарца, Суна иза везалур ву. Ткъа Суна иза везавелча Со цуьнан хазар хира Ву, цунна шеца хезаш долу. Цуьнан б1аьрса а хира ву Со, иза шеца хьожуш волу. Цуьнан куьг а Хира ву, цо д1адохуьйтуш долу. Цуьнан ког а хира ву, цо боккхуш болу. Цо Соьга дехча Аса цунна иза (цо дехнарг) даллане а лур ма ду. Цо Соьгара ларвар лахахь, иза ларване а ларвийр ма ву Аса».
Мелан 1амал йарца Веза-Сийлахьчу Далла герга вахар Далла дукха дезаш х1ума ду. Вайна ч1ог1а пайдехь ду иза. Х1ара цхьа хьадис тоьар дара вай мелан суннат ламазаш лардан. Уьш лардеш хьо хилахь, Веза-Сийлахьчу Делана хьо везало, т1аккха Иза хьан б1аьрса а, хазар а, куьг а, ког а хуьлу. И бохург, Цо хьан б1аьрсах а, хазарх а, куьйгах а, когах а беркат до бохург ду. Хьан до1ана жоп ца луш 1ийр вац Иза. Хьо лара ца веш а 1ийр вац хьуна оьшучу хенахь. Дуьненахь цул доккха х1ума х1ун ду хьуна?! Цул деза х1ун ду хьуна?! Х1умма а дац эр ду ахьа. Т1аккха вуй хьо суннат ламазаш лардеш? Вуй хьо дериг суннат ламазаш деш?
2-Лараме бусалба нах! Фарз – ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат – ламазаш Веза-Сийлахьчу Дала цхьана доккхачу хьикматна дина ду. Хьалхарчу суннат ламазаша шайн т1аьхьа дийр долчу фарз – ламазна ойла т1ейохуьйту алссам. Фарз – ламазна кеч во цо иза. Набарх самаваьлла волуш, йа г1уллакхашна йуккъера ваьлла волуш фарз – ламаз дан волавелча ойла дикка ламазна т1ейирзина хир йац цуьнан, набаран марзо хира йу цуьнца, йа г1уллакх дагахь хир ду. Цундела, хьалхара суннат дина волуш фарз – ламаз дан волавелча цунна т1е ойла дика йоьду.
Фарз – ламазна т1аьхара суннат – ламазаша метта х1итта до фарз – ламазехь хилла эшамаш. Фарз – ламазехь г1алаташ дийларца хилла эшам т1аьхьарачу суннат – ламазо метта х1отта до.
Цундела, дан деза вай суннат – ламазаш. Церан пайданаш дукха бу, вай хьахийнарш боцурш а. Х1ар жайн дахцадархьам бериг пайданаш хьахцабо вай.
3-Суннат – ламазаш лардеш верг ялсамани чохь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, уллехь шена меттиг боккхуш ву.
Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу: