
Полная версия
Дехалергаш длинноухий. Сказка

Вахит Хаджимурадов
Дехалергаш длинноухий. Сказка
Дехалергаш. (Туьйра)
Цхьана хазчу б1аьстенан дийнахь, юькъачу хьуьнхахь цхьана сирачу нана-пхьагала пхиъ дехалергаш долу к1орни йира. Нанас, шен т1ера тилла схьадаьллачу вуно к1едачу пух1ах бинчу бовхачу бенчохь 1оьхкура кегийра пхьагалан к1орнеш. Цара-м х1инца а схьа ца биллинера шайн кегийн, горгийн б1аьргаш. Хууш ду, х1инцца дуьненчуевллачу пхьагалан к1орнеша шайн б1аьргаш масех к1иранах а схьабоьллуш ца хилар. Уьш дийнахь сарралц, буса сахиллалц шайн бовхачу бенчохь набъеш 1охкура, кегийрачу мерийн мер1уьргашкахула сих-сиха са а доь1уш. Амма оцу кегийрачу пхьагалан к1орнешна юккъехь цхьа яра массарех а къаьсташ: цо-м массарел а хьалха б1аьргаш а биллира схьа, шен вежарийн, йижарийнчул а, схьахетарехь, лергаш а дара цуьнан мелла а даккхийн а, деха а. Цундела дарий а ца хаьа, нанас ц1е а тиллира цунна Дехалергаш аьлла. Б1аьргаш схьабеллар-м ша ду, цуннам сиха дагадуьйг1ира кхаьрсташ йолаяла, ткъа цул т1аьхьа лиира д1аса йодуш шен дег1 меттахдаккха а. Нанас безамца хаза кечбинчу бенчохь-м йовха а яра, дика а яра, амма цхьа х1ума дар-кх Дехалергашна ца товш х1окху бен чохь. Лергаш а та1ош д1аса йодуш, шен самукъадаккха аьтто бацар-кх кху чохь кхуьна – меттиг дукха готта яра. Цундела, шен нана хьуьнаюккъера ирзу т1е сийна буц кхалла а яхийтина, бенчуьра парг1атоне таттаелла араелира Дехалергаш. Цунна мел ч1ог1а д1асаяда лаахь а, цуьнан когаш-м х1инца а чохь ницкъа к1езига болуш бара. Цундела, мохо лестош санна, техка а техкаш, шайн бенна хьалхахула йолаелира жима пхьагалан к1орни. Жим-жима болар а тодалан дуьйлира, когашкахь ницкъа а гучубала тохабелира. Д1асаядаран кеп х1оттийра Дехалергаша. И-м х1инца кийчаяра х1ара ерриг а йоккха хь1на талла. «Х1ун ду техьа оцу д1огарчу гунна т1ехьа, ткъа оцу доккхачу диттана дехьа?» – ойланаш хьаьдира Дехалергашан жимчу коьрта. Амма, стенна делахь а, х1окхуьнан нана тахана хьалхехьа ц1ехьайирзира. Ненан семачу даго хьехначух тера дара, шен жимчу к1орнина коьртана т1ехула кхерам хьаьвзина хилар. Цец а яьлла йисира нана, ц1еххьана шен к1орни а гина. Ткъа важа-м яра шен доцачу ц1оганах байракх а йина, деха лергаш букъабохала дижийна, д1айодуш, схьайодуш ша-шеца ловзуш йоллуш.
Оьг1азяхара нана-пхьагал, цо дов дира к1орнина, дийхира:
– Дехалергаш, сан к1орни, хьо х1инца а жима ю! Хьуна хаа деза, х1окху хьуьнхахь хьо санна жимчу к1орнешна шаьш цхьа лелар ч1ог1а кхераме ду! Ахьа дош дала деза суна, кхин, соьга хатта а ца хоттуш, вайн бенчуьра хьо араера яц аьлла!
Нана-пхьагал ч1ог1а саготта яра, шен к1орнина цхьаъ хиларна кхоьруш. Амма дагчохь шен майрачу жимчу к1антах Дехалергашах дозалла ца деш 1ен а хала дара цунна. Т1аккха а ненан лазамен дагчу кхин ойла а хьийзара: «Т1аккхахула, х1окхо бохучуьнга ла а ца дуг1уш, х1окхуьнан к1антана Дехалергашна хьуьнаюккъехула волавала дагадаг1ахь? Оцу хенахь х1ара цунна т1е а ца кхачахь? Ткъа цунна т1е цхьа кхерамен акхаро 1отталахь, т1аккха х1ун дан деза ас!» Пхьагалийн-м к1езга ма бац иштта кхерамен мостаг1ий. Жима пхьагалан к1орни-м буьрсачу барзан цергашна т1е1оттаялан, я х1илла долчу цхьогалан м1арашна буханисъялан кхерамболуш ю.
Ткъа Дехалергашам нанна атта а луш делира дош:
– Нана, со кхин ара вер вац… аравалахь а, вайн кет1ара гена вер вац… гена валахь а д1о гунна дехьахь х1ун ду а хьаьжина вухавог1ур ву… сихха…
Мел хаза, б1аьрг т1ехь ца соцуш баьццарчу г1ах дуьззина, бохьлекха дитташ, юькъа коьллаш, буц, зезагаш, г1ашна юккъехула схьахоьжу бовха малх, х1ара хаза дуьне! Дехалергишна-м аьттехьа а дага ца дог1ура оццула хазчу х1окху дуьненчохь 1аьржа дог, ойла йолуш, шена новкъарло я зе дийр долуш, цхьа а акхаро хир ю аьлла.
Нана-пхьагал шен пхиъ к1орни кхаба, якхон езаш яра, цунна-м дуккхо а баьццара хаза буц яан езаш хуьлура, шегахь шура хилийта. И хьенлора буц юуш, я цхьана кхераменчу акхарох тебий, лечкъий 1ара ехха.
Сиха дицделира Дехалергишна ша нанна делла дош. Нана къевлаяьлла дукха хан ялале, собар кхачадора цуьнан. Цуьнан кегийрачу вежарша, йижарша кхерамца эгаеш хьехар дора цунна, ц1ахь 1ахьара бохуш. Ткъа майрачу Дехалергаша беламе бохура уьш. И сихонца эккхара бенчуьра ара. Д1айодура, схьайодура лергаш а та1адой, д1ахьаьвзира, схьахьаьвзира ц1аьххьана! Ма каде жима к1ант вар-кх и Дехалергиш! Цкъа хьалха цо теллира уллора доза, гун дехьа хаза сесийн, хьаьмцийн, кхорийн дитташ дуй а хиира цунна кестта, доккхачу диттана т1ехьа бес-бесара зезагех юьззина жима аре юй а хиира сиха. Ткъа кхин д1а х1у ду техьа? И хаа дезаш дара Дехалергашна сихонца!
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.