bannerbanner
Йеха буьйсанаш
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Йеха буьйсанаш

Язык: Русский
Год издания: 2023
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
10 из 13

– Делкъе йича, хIун дара-те вайша, Iела? Айсса xIapa Iийша дог ца догIуш Iара со.

– Со хIума кхаьллина ву, Ахьмад.

– ХIетте а, цхьаьний кхоллур вайша.

Кхин меца воццушехь, кIолде безам бахана, тIехилира Iела.

– Йалташ дIадуьйш-м дара вай, Iела. Амма, стохка санна, йокъа хиларна кхоьру-кх, – элира Ахьмада, хьала а хьаьжна. – Иттех де ду-кх вайна стигалахь догIанан марха ца гун.

– Далла лиънарг хир ду. Ирх-пурх а, йалта иэца деза. Ас-м цуьний бен ойла ца йо. Кертахь бежанаш, уьстагIий долчара-м оьцур дара иза, тхо цхьадолчара хIун дер хаац-кх.

– IocaгIap санна, кIа дийнехь тоьллера вайна а. Цара гурахь дийна кIа хаза тIедаьлла.

– Хаац, хIун хир. Цара дуьххьара дийна и вайн махкахь. Шортта латта долчара дийча тарло иза, амма, со санна, цхьа ирзон коржам бен йоцург, цу тIе кIа а дийна, охьахаа ваьхьар вац. Цул сов, эвсаре доцуш йалта а ду, хьаьжкIел иттазза-пхийттазза кIезиг долу а, боху, иза.

– Хуур ду-кх Iосин кхаш тIера хIун йолу.

– Цунна хир ду хьуна, тIулгаш тIе дийча а. Дала дуьне делла стаг ву уьш кхоъ.

– Амма эхарте даха дог-м дуй хьовха.

– Цигахь хиндерг хьанна хаьа. Устазаша шайна улло а уьш хийшабо, Iедало а уьш лоьру. Вай пекъаршна дуьне а доьхна, эхартахь хиндерг а хаац. Ши-кхо де хьалха Iоса веанера Васал волчу. Кха дохка бохуш, хьийзаво цо иза.

Сискал Iуьйшучуьра а сецна, Iелега хьаьжира Ахьмад.

– Баккъаллий? Резахуьлий ткъа важа?

– ХIан-хIа.

– Хьай, жIаьла-йаI! – карара сискалан йуьхк охьа а йиллина, дIатевжира Ахьмад. – Ша санна, вохкалуш, иэцалуш ву моьтту-кхий цунна массо а. Цхьанне а цуьнан боьха цIий шена тIелаца ца лууш, кху хене йаьлла и хьакха.

– Амма кхечу цхьана гIуллакхо таро йохийна Васалан. ДIадаханчу Iай йухалург Iосера цхьа гали хьаьжкIаш йаьхьна цо. Йа и хьаьжкIаш схьало, йа кха шена дита, боху хIинца Iосас.

– ОстопируллахI! Делах ца кхоьру, нахах хеташ иэхь а дац. Эххар а цхьана декъазчун карах лийр ву хьуна и!

Кхуран бухе хIоттийна кхийра чIуьжалг схьа а эцна, цуьнан бертера IаьIийн хьокхаргийн горгам дIайаьккхира Iелас.

– Хи малахьа, Ахьмад, – дIакховдийра цо чIуьжалг.

– Баркалла, ас ца молу, – ша Iачуьра хьала а айъавелла, охьахиира Ахьмад.

Ша вогIуш стерчий дехарал сов, кхин а дара цуьнан дагалаьцна. Амма Ахьмаде и хьахо дарехь ца хIуттура Iела.

– ХIинца ша хIун дер ца хууш, бIарзвелла Васал. Iосина дIадала йалта дац. Iедало а, шарIо а, вайна ма-хаъара, Iоса толор ву.

Iела, шен къамел а сацийна, Ахьмаде хьаьжира. Ахьмадан йеха йуьхь макхйелла гора, дукъ сеттинчу бехачу меран Iуьргаш оьгIазе сийсара.

– Хьуна хIун дан лаьара? – хаьттира цо Iелега.

– Васалан доьзал кIелхьара ца баккхахь, мацалла лийр бу, Ахьмад, – элира Iелас. – Ши-кхо де хьалха со Мархете хьажа вахча, буйна ахьарш лаьцна, цу тIе мотт Iуьттуш Iара уьш. Вайна ма-хаъара, Васал цхьа пхьарс чолакх, шен тайпа-тукхам доцуш стаг ву. Iосин бераша шайна тIе-м лаьцнера иза, амма царах а кхоъ бен дийна вац. И гали хьаьжкIаш Iосина йухайерзоран ойла йора асий, Чорассий. Тхойшиннан цIахь дац гирда кхочуш а йалта. Нахера жим-жимма вовшахтоьхча, цхьа гали гулйала мегара. Аьрзуй, Маккхаллий цIахь хилча-м, царна цхьа некъ карор бара, и шиъ кестта цIа кхочий хаац. Ткъа Iосас Васална делла кхо де селхана чекхдаьлла.

Ахьмад хьалагIеттира.

– ДIагIо, Iела. Суьйранна со аравер ву оцу гIуллакхна. Наха лахь – дика ду, ца лахь а – дIатокхур ду и хьаьжкIийн гали. Амма Iосина моьттург чекх-м дер дац!

Iела дIавахча, дикка хIоьттина лаьттира Ахьмад. Цкъа ойла хуьлура цуьнан, мекха баккхар дитина, ши сту хьалха а лаьллина цIа ваха, Васална орцахвала. ТIаккха, ши сту бала Iелина делла дош дага а догIий, соцура. Iосас лелочу хIуьмалгаша доллучух догдаьккхира цуьнан.

«Йа АллахI, боккха болх бу-кх кху адамийн сутаралла. ГондIарчу къаьмнашлахь элий бу, цара нах бацабо бохуш, тхо кхаьрдинарг хIинца тхуна тIедогIуш лаьтта-кх. И цIубдарш довларна кхоьруш ма лецира оха Шемал тхайна тIе, маршонан дуьхьа ма Iенийра тхан халкъо кху дезткъа шарахь шен цIий! Амма уьш йукъадаржа доьлла. Буйна Къуръан а лаьцна – цхьаберш, хьалха жIараш оьхкина – важаберш, аьрша а буйнахь – кхозлагIниш. Дела, Хьуна хастам бу-кх…»

3

Ахьмадах дIакъаьстина Iела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа дIавахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-кIеда, тIе колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.

Шайн ардаш тIехь белхаш бечу нахаца тIекереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана тIе догIанан тIадам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина кIеззиг йокъа а кхераме йара. Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо кIеззиг йокъа а тоьура.

Амма иза йуххешха тIехваьлла ХортIин кха кхечарех къаьстара. Аьчган нахарца кIоргга бIал боккхуш, тIехула аьчган мекха хьийзош шардина иза, кIалд санна, гора. ХьаьжкIаш йийначу цунна уллохула дIа кхин цхьа урд дара цуьнан тIедаьллачу кIено сендина лаьтташ. Кхечахьа цхьанхьа-м бийна мукх а бара ХортIин. Цул сов, йуьртарчу пхеа-йалхамма вовшахтоьхна, аьхкенна лам тIе дигна даьхний а дара.

И бахам тIеман заманахь IаIийнера ХортIас. Йуьхьанца цхьа кег-мерса хIуманаш йухкуш баккхал лело волавеллачу цунах иттех шо далале, шен долахь туька а йолуш, цIейаххана совдегар хилира. Цунна дуьхьало йацара паччахьан Iедалера. Бакъду, Шемала чIогIа дихкинера, эчиг оьцуш бен оьрсашца махлелор, амма ХортIа даим а ахчанца кIелхьарволура. ХIинца Шемал а вацара цунна новкъарло йан. Соьлжа-ГIалахь а, ГIизларехь а ХортIин сий дара. Цига воьдий, дорах товар а дохьий, кхузахь нахера иттазза сов мах а боккхуш, дIадухкура цо, ткъа тIедиллина духкуш хилча, мах кхин а сов боккхура.

Геннара гира Iелина Васалан кхан йуьхьиг. И охуш, йалх сту а боьжна, хIинцале ткъех гуо баьхьна, ши стаг воллура.

«Мила ву-те оцу мисканех сайчул дог лезна араваьлларг? – бохура шега хазахеттачу Iелас. – Дала дог дика де шун делаI, ма доккха гIуллакх ду-кх аш дийриг!» Амма дерриг кха гучудаьлча, цунна гира вукху йуьххьехь говрахь лаьтта Iоса.

Iела кхийтира дерригенах а.

Сиха вахана Iела уггар хьалха ахархошна тIехIоьттира. Охуш волу шиъ цхьанхьара-м йолах веана ши къехо вара.

– Нехан кха хIунда оху аш? – хаьттира Iелас ша тIекхачарца, дуьхьалваьлла стерчий а совцийна.

Ши стаг Iоса волчухьа дIахьаьжира.

– Делхьа, хаац тхуна-м, къонах, xIapa хьенан ду a, Iocac хIиттийна-кх тхо кху тIе.

– Кха тIера гота дIайаккхал чехка. XIapa шуьша санначу цхьана мисканан ду.

Ахархой боьхна хьаьвзира.

– Къонах, тхан бехк болуш хIума дац хьуна кхузахь. Iосега хаттахьа иза. Тхо-м цо аьлларг дан даьхкина мехах, – элира воккхахволчо, схьахетарехь, вукхуьнан дас.

– Гота стенна сацийна аш? – тIечевхира говр хаьхкина тIевеана Iоса.

– Гота ас сацийна, ас! XIapa Васалан кха хIунда оху ахь?

– ДIайахийта шайн гота! – Iела тергал а ца вира Iocac. – Ас, гали хьаьжкIаш йелла, долчу дегара иэцна xIapa.

Iелас, стерчашна хьалха а хIоьттина, дукъа тIе куьг диллира.

– Ша, дог резахилла, доьхкина цо хьуна xIapa? Йа ахь нуьцкъала дохкийтина?

– Хьо хIун ву цуьнан? Ваша ву, шича ву, тайпанан ву? Цо мухха доьхкича а, ас мухха эцча а, хьан хIун гIуллакх ду?

– Ваша ву-кх, кхетий хьо? Цунна эшначохь цуьнан ваша!

Кхузахь гIовгIанаш хезча, лулара кхаш тIера нах, цхьацца-шишша вогIуш, тIегулбелира. Царах цхьаберш, гIуллакх мичахьа долу хьуьйсуш, ладоьгIуш, оьгIазе хIиттина лаьттара, ткъа гIеххьачул тароне цхьа-шиъ маслаIатна йукъавуьйлира.

– ДIавала хьо, Iела, наха доьхкинчу кхаца хьан хIун гIуллакх ду? – бохура Къосум-Хьаьжас. – Долчу дас ша къастор…

Цхьанне вогIий ца хууш, йайдакха говрахь, буйна лаьцна тур а, доьхкарх йоьллина тапча а йолуш, веана схьаиккхина Ловда, урх тIетосуш говр дIа а хецна, Iелина тIевеара.

– Шу стенна гулделла кхуза? ХIара хIун ду? – хаьттира цо виэхьаш.

– Хьайн дега хаттахьа! – кIоршаме жоп делира Iелас.

Шен да хьахош Iелас цIе йаьккхича, йуьхь тIера бос хийцабелира Ловдин.

– Ас хьоьга хоьтту, Iела, хьоьгара сайна адамашха жоп хаза лууш! – бехкбаьккхира цо.

– Хьан да ву-кх, миска, латта къийделла, доьзал хене баккха аьтто ца хилла, ша хIун дийр ду ца хууш, бIарзвелла, xIapa Васалан урд шена а дерзийна воллуш!

ОьгIазе шен дега хьаьжира Ловда. Амма Iоса, цхьана луьйтанна тIевазлуш, ах сонара а вирзина, шеквоцуш хьоьжуш лаьттара шена гуонаха хуьлучуьнга.

– ХIунда оху ахь нехан кха? – дена тIевирзира Ловда. – Хьайн дех, вежарех бисина, айхьа долаберзийна мохк ца тоьу хьуна?

Iосин йаккхий мерIуьргаш севсира, шад хIоьттира хебначу хьажа йуккъе. Къоьжачу, дуькъачу цIоцкъамаш кIелхьара цIен ши бIаьрг кIанте а хьажийна, вист ца хуьлуш сецира иза.

– Ас-м хьоьга хоьттий, хIунда оху ахь Васалан кха? – цхьа-ши гIулч Iосина тIевахара Ловда.

– КIант, ахь йуьйцург хIун хабар йу? – хецавелира Iоса. – Нехан нахана йуккъехь соьга барт хатта-м ца веана хьо, xIapa Iаспар хаьхкина?

– Ас-м, нехан кха хIунда оху, хоьттий хьоьга?

– Айса гали хьаьжкIаш йелла эцна дела, оху. Генавала суна. ХIун до ахь, Мулкалмот санна, тIевекаш!

Амма Ловда ша лаьттачуьра меттах ца велира.

– Цул, бакъдерг дийцал ахь, Iоса, – йукъавуьйлира Iела. – Ловда, кху хьан дас дIадаханчу Iай Васале гали хьаьжкIаш йелла йухалург. Тахана чохь топ йуза йалта доцуш, хIусамнана меттахь йисина, чоь йуьззина меца, дерзина бераш долуш Iачу Васалан аьтто боьхний а хиъна, цуьнга xIapa кха дохка аьлла, вахана Ioca. Васална лаац цхьа урд бен доцу шен латта дохка. Айхьа ойла йехьа, Ловда, кху уьрдах ваьлча, цо хIун дан деза? Ахь а, ас-м а хьун хьаькхна а доккхур дара. Ткъа заьIапчу Васала? Иза реза вац кха дохка. Ткъа кхуо и хьийзаво, хьаьжкIаш йа царна дуьхьал xIapa кха луо бохуш. ХьастагIа Васал волчу а веана, ойла йан цунна кхо де хан йелла, ваханера xIapa. И кхо де селхана чекхдаьлла, ткъа тахана xIapa, вайна ма-гарра, оцу мисканийн кха охуш воллу. Иштта дуй иза, Iоса?

Ioca, цавешаш, велавелира.

– Делахь, Iела, Васале сан гали хьаьжкIаш схьайалийтахьа ахь.

– Чохь цкъа кхалла а рицкъа доцчу цо мичара ло хьуна уьш? Гурахь йухалург йеллий ахь? Собарде хIетталц.

– Со гурралц Iийча, мичара лур йу цо уьш? Кху тIейевллачу татеша хьаьжкIаш латорга дог-м ца доху ахь? – шедакхаж кха тIе хьажийра Iocac.

– Ас лур ду хьуна хьаьжкIийн гали! ДIайаккха кхузара гота! Ма хIиттаде тхо йуьхьIаьржа! – карзахвелира бакъдерг хиъна Ловда.

– Суна гучуьра дIавала, кIант. Хьан гIуллакх дац ас лелочунна йукъагIерта, – цергаш хьакхийра Iocac. – Со хьайга йеха веача, лур ахь суна хьаьжкIаш. БIоча, дIайахийта гота!

Iocac, шен говр тIе а човхийна, йуккъерчу шина старах арахьарчунна шед туьйхира. Iела меттах ца велира шa лаьттачуьра. ТIехьаьддачу Ловдас Iосин говран урх лецира.

– ДIавала, дада, кхузара. Ма хIиттаве со нахана йуккъехь йуьхьIаьржа. Ма кхачаде сан собар! – логе шад хIоьттина, хьалахьаьжира Ловда.

– ДIахеца урх!

– ДIавала кхузара! – говр кIегартеттира Ловдас.

– ДIахеца урх.

Iосас кIантана шед айъира. Амма йукъабоьллачу наха, озийна, Ловда йуьстахваьккхира.

– ДIахеца, со стенна сецаво аш? Тохахь, сан дас туху суна, – аьлла, ша сецочаьрга хаза вист а хилла, йуха а Iосина тIевахара Ловда. – Ас хаза боху хьоьга, дада, дIавала кхузара. Ма хIиттаде вай йуьхьIаьржа. Хьо бахьана долуш, нахана йуккъехь дош ала, церан йуьхь-дуьхьал хьовса йиш йоцуш, хеназа къанделла тхо. ХIинца мукъана тоийта. Хьох тхо къаьстина дукха хан йу, нахах мукъана ма даха тхо. Цхьа ваша вейти ахь тхан, важа, Сибрех хьажийна, тIепаза вайна. Тхо висина кхоъ уьш дицделла Iаш вац хьуна. Ма иэгаде тхо къила. Хьо-м цхьа ког кошахь лелий. Ма байъа вуьшта а хьайга кIезиг болу нехан безам вай массарех. ЦIа гIyo, и гота дIа а йаккхий, ас доьху хьоьга…

Амма Iосина ца хезира кIанта доху бехкаш, туьйсу кхерамаш, диэн дехарш. Доьхкарх йоллу тапча схьа а йаьккхина, зIок йуха а оьзна, буьххьерчу мокхазарей, лергарчу молханей хьаьжна, сутара ши бIаьрг кIантана тIебуьйгIира цо.

– ДIадовла готанна гуонахара, – элира Iocac мохь тоьхнна. – Со кхеро стаг хIинццалц схьа нанас дена ца винийла хаьа шуна. Оцу готанна аьттехьа ваханарг ас тоьхна вожор ву.

Iосин важа ши кIант гучу ца волу-те аьлла дIахьажавеллачу Iелина гира, гоьлех йеттало йоккха шаьлта шен чолакх куьйга сеца а йеш, каралаьцна жIоммагIа а долуш, охана тIехула схьахьаьдда вогIу Васал. Махо ловзайора цуьнан эттIачу чоин бехчалгаш, йуьхьа тIехь къегара хьацар. Моханечу цо цхьа доьхнарг дарна кхеравелла, Iела цунна дуьхьалвелира.

– Собаре хилалахь, Васал. Машаре дерзор ду вай xIapa.

Амма девне вала ойла Васалан шен а ца хиллера. Ведда веанчу шен хаьдда са дирзича, чоин пхьуьйшашца йуьхьа тIера хьацар дIа а хьаькхна, логе хIуьттучу шаддех къурдаш деш, Iосина тIевирзира иза.

– Iоса, хьо хIун дан воллу? Сан доьзал мацалла хIаллакбан гIерта хьо? XIapa урд ахь дIадаьккхича, ас йалх берана хIун дан деза?

– Бераш кхаба хьайн ницкъ бацахь, зудчунна йуххе ма гIерта. Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш?

Iела цецволуш собаре хиллачу Васална хIинца моха йеара.

– Хьоь хьайниш санна, массаьрга а дайъалац шайн бераш!

– Сацайе хьайн муцIара, пис! – мохь белира Iосин.

– Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жIаьла! Делах а, нехан неIалтах а ца кхоьру иэхь дайна гIизби! ДIайаккха кхузара хьайн гота!

Стерчашна тIехьаьдда Васал царна бIостанехьа жIоммагIа детта вуьйлира. Iосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тIера ца вала, Iocac, тIе говр а тесна, Васална шед айъира.

– Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!

Амма йуьхьа тIехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тIе цIен арс хIоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа Iocac, шен говр, йухаоьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тIе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цIеххьана аркъалсеттина, тIаккха меллаша цхьана aгIop вазвелла Ioca, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гIулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.

ХIинца а кIур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тIехула дIа хьуьнха воьлла, къайлавелира…

VIII корта. ДоттагIий

…Хастам лекхачу лаьмнашна,

Шийлачу шаша хьулдинчу!

Хастам хуьлда турпалхошна,

Дала ца бицбинчу!

Аш къийса – шу тоьлур ду!

Дала шуна гIo деш ду.

Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам,

Сийлахь маршо а шуьца йу!

Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

1

Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, садаIар хIун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина гIаттам корта боцуш бисира. ХIор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн тIеман тхьамданаш. Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн бIаьхой тIаьхьа а хIиттийна, йиллинчу метте дIагулбала. Амма Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо доккха ков даьккхинера церан тIеман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара гIаттамна тIехь куьйгалла дан деза масех стаг. Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех Iеламстаг а дIаваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. ТIехула тIе, Нохчийчу далийна керла эскарш…

«Нагахь оьрсийн паччахьан кхечу пачхьалкхаца кестта тIом болалахь? – хоьттура шега Маккхала. – Хьан дийр ду гIаттамна куьйгалла? Ма доьхна гIуллакх ду-кх xIapa дан-м ткъа».

Оцу ойланашца Шелара ара а ваьлла, Басс-хица хьала ЭгIашта боьдучу новкъа велира Маккхаллий, Аьрзуй. Де, стигалахь марха йоцуш, къегина малх хьаьжна дара. Некъана шина a aгIop кхаш тIехь оханаш деш, охкуш, йалташ дерна кечам беш бохкура шелахой. Хезара ахархойн гIийла иллеш, йукъ-йукъа стерчий чехош детта маьхьарий. Берешца цхьаьна ойлане йаьлча санна, гIийла кортош а охкийна йогIура цаьршиннан говраш. Хьалхаваьлла вогIучу ДанчIин кIанта Болата, цхьана минотана а сацам боцуш, шена дага деъ-деънарг дуьйцура.

Сту Бийначу Ара бевлча, берешна хьалха схьахIоьттира Шелара редут. Кху арахь цIий Iанийра церан накъостийн. Шиннен а бIаьргашна хьалхахIуьттура оцу дийнан ирча сурт.

– Кхузахь тIом болуш, шуьшиъ варий, Аьрзу? – хаьттира Болата, хьалха воьдучура йуха а хьаьвзина.

– Вацара, Болат. Нах а ма хилла белара кхузахь, – гIийла жоп делира Аьрзус.

– Со-м вара. Суна сайн шина бIаьрга гира и дерриг а! – дозалла дира Болата. – Соьца Соип а вара, вевзий хьуна Далхин кIант?

– Ца вевза, – жоп делира кIанта дуьйцург тергал ца деш дита там ца хеттачу Аьрзус.

– Иза сан доттагI ву. Хьуна муха ца вевза иза? Тахана а ма вара иза-м тхоьгахь! Хьалхарчу дийнахь дуьйна вара тхойша наха лелочуьнга хьоьжуш. Дуккха а адам гулделлера Шела. МаьI-маьIIера баьхкинера уьш. Зударий бара дуккха а. Шина дийнахь дехарш дира цара инарле, Киши-Хьаьжа схьавоьхуш. Ткъа инарлас шина а дийнахь Iехийра уьш, схьалур ву бохуш, амма эххар а элира, паччахьера пурба ца хилча шен иза йухалойла дац. Киши-Хьаьжа генна Сибрех дIавигна, иштта сиха схьакхачалур вац аьлла. Наха дуьйцура, инарла харцлуьй, Киши-Хьаьжа Соьлжа-ГIалин набахтехь ву бохуш. И набахте хIун йу, Маккхал? – хаьттира цо, Маккхална йуххе а иккхина, цуьнан луьйтанах а тасавелла.

– Нах чубухкуш меттиг йу-кх, Болат.

– ХIунда бухку уьш цу чу?

– Iедална новкъара дIабаха.

– Киши-Хьаьжа новкъа вара ткъа?

– Хилла-кх.

– ХIунда?

– Хаац, Болат. Жима ву хьо, ас дийцича а, хIинца кхетар вац.

Шен хаттарна дуьхьал кхачамболлуш жоп ца хезча чам байна Болат, доккха са а даьккхина, сецира, амма, шена гинарг дийцаза ца Iавелла иза, йуха а къамеле велира.

– ТIаккха, кхоалгIачу дийнахь Киши-Хьаьжа схьа ца велча, дIа ца бовла сацамбина, дIо гIопе бахара нах. Кхечу йарташкара баьхкинарш нахе пхиппа, йалх-йалх дIатарбелира. Нагахь дала дезаш меттиг хIоттахь а аьлла, наха хьалххе шайн догIмаш цIандира. Цхьаберш Басса чохь лийчира. ОххIай, ма шийла де дара иза! ХIетте а лийчира уьш шийлачу хи чохь! Цхьаболчаьргахь шайна кечдина марчонаш дара. Дукханнийн – каралаьцна Къуръанаш. Зуькарца, Iасанашна тIе а тийжаш, кху арахула гIопе буьйлабелира уьш. Цаьрца вара со а, Соип а. Моьттура, хьалха санна, хIумма а ца хуьлуш, тхаьш цIа доьрзур ду. Бакъдерг аьлча, гIопал арахьа хIиттина гIашлойн, дошлойн эскарш а, йаккхий тоьпаш а гича, Соип кхеравелира, со шек а вацара! Цхьамзанаш хьалха а лаьцна, салтий дуьхьалбуьйлабелча, со йухаийзавора Соипа, амма суна ца лиира, хIун хуьлу хьажаза, йухавала. Салтий гергагIоьртича, нахах цхьаммо мохь а туьйхира: «Ма кхералолаш керстанех, церан тоьпан молханах латта хилла, уьш Дала иэшор бу тахана! ГIазот даккха, кIентий!» Ткъа дошлой, тарраш даьхна, хаьн тIехула гуо лаца богIура. ТIаккха йукъ-йукъа нехан маьхьарий девлира: «Йа АллахI! Йа устаз! Киши-Хьаьжи!» Йаккхийчу тоьпашна уллорчу салтийн карахь кIур туьйсура милташа. Салтий гуттар а гергагIоьртича, шаьлтанаш а йаьхна, нах царна чухьаьлхира. ТIаккха сой, Соиппий йухаведира. ТIейетта йолийра кегий а, йаккхий а тоьпаш. Адам йухадаьлча, xIapa аре йуьззина Iохкуш декъий, чевнаш хилларш а бара.

Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цIе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.

Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гIаттам дIаболо беза бохуш, оцу тIехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тIамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цIий Iено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тIедаха деза.

Хинболчу гIаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гIаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тIом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хIетталц гIаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гIаттаме хьажош боло беза тIом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан Iедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цIий Iаноза доьрзур дац.

– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хIаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гIуллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо гIерта? ГIаттамехь дакъалоцучу нехан Iалашо бусалба дин чIагIдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цIеххьана гIаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цIий Iенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. ХIинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан Iедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.

ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тIеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.

ХIинца дерриг а йухадоло дезара.

Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгIуш.

Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тIе хьала а девлла, ЭгIашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.

– ХIан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чIогIa дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгIуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгIначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца Iамийна хьо къеначу Залмас.

Шен гIалатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а таIийна, вист ца хуьлуш сецира.

– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.

Болата, саца а сецна, охьа чу пIелг хьажийра.

– И дIо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кIел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тIевогIийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогIу.

Коьртара схьабаьккхина бIегIаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дIаиккхина Болат, берзинчу когашца ченан кIур гIаттош, цхьа бIе гIулч дIа а вахана, тIаккха некъах дIакъаьстачу цхьана гIашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.

Лакха гу тIе хьалаваьлча цхьана зоьрталчу попа тIеваьлла иза, гIa дуькъачу шалгонна тIе а хиъна, дIатийра. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий тIехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабогIу гIашлойн некъ а. Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш хIумма а дацара. ГондIа бIаьрг бетта кIордийначу Болата шен эттIачу гIовталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а цIеначу цунна леррина бIегIаган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца хIуманна нийсалла хьежо велира иза. Амма цо сих-сиха бIаьрг тухура гIашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане.

Дукха хан йалале гIашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йогIура. Коьртах хьарчийначу башлакхца, тIекхоьллинчу вертанца цунна тIера бере, цхьа а хIума тергал ца деш, кIорггерчу ойланаша лаьцна хеталора.

Болатна бIаьрг ма-кхийтти бевзира кIайн сет а, кIайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гIайгIане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кIожам бага а лаьцна, гIодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тIехь сецира Болат.

Попа кIелхула волучу Берсина букъах цхьа хIума кхийтира. Болат бIаьрнегIар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тIе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.

– ЭхIе-хIе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – ХIоппIахь! XIapa-м со вай!

Ша тIехь Iачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.

– Болат! Хьий, йилбаз, йаI! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хIоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хIун хир дара? ДанчIин кIант хир вацара, сан доттагI а, жима тIемало а вовр вара! Низам талхорна таIзар дан деза хьуна.

Кхеравеллачу Болата шен кIесаркIога мIараш хьаькхира.

– Олла ма ло! Ма тIемало а ву, цIулла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший?

– Шала-Iинехь.

– ДIавало. Амма таханлера гIалат йуха далийтахь…

– Ас кхин йийр йац забарш…

– Дукха хан йуй хьо соьга хьоьжуш Iен?

– ХIан-хIа. Ах сахьт гергга, – кхерам тIехбаьллий хиъна, Болат йуха а векхавелира. – Хьо, паччахьан эпсар хиллехь а, ледара обарг ву, ваши.

Берса, вела а велла, кIанте хьаьжира.

– Со-м ма вац обарг.

– Обарг вацахь а, амма лечкъаш-м лела хьо. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостагIаша дерзинчу куьйгашца а дIалоцур вара.

– И хIун ду?

– ХIун ду! Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, бIаьрг сирла хила беза. Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гуонаха тийна хиларан. СхьадогIу олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, дIадоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вогIурий. Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна цIен-кIайн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, бIаьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а. Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со.

На страницу:
10 из 13