
Полная версия
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.
Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.
Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.
Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.
Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.
Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.
Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.
Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.
Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.
Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.
Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.
Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.
ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.
Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.
Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.
Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.
Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.
Кегирхой буьззинчу барамехь цара бохучунна тIаьхьа хIиттина бара, уьш шайн ма-хуьллу юьстах бовла гIертара нохчийн къоман мехалашна хийра долчунна. Цу хьокъехь къаноша йоккха меттиг дIалоцура нохчийн къоман дахарехь.
Бусулба дино а, махках дахарах болчу дагалецамаша а, нохчийн этнически кхетамо а халкъан ламасташ йухаметтахIотторехь керла гIулч йаккха аьтто бира. 1980-чу шерашкахь нохчий шайн культуре бирзира.
Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара. 1944-чу шарахь сан доьзалехь цхьайтта стаг вара. Со уьш массо а цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа дIа а воьллина, суо цхьалха цIа вахара.
къийла а ца луш, цунах лаьцна дийца а лаьара. [21] 1962-чу шарахь со дуьххьара лаьцначу хенахь, ас кхелахочуьнга элира, аш суна йеш йолчу кхело со декхарийлахь во со велла дIаваллалц Советан Iедалца къиссам латто.
Перестройка
Система хийцалур йу бохучун хьокъехь Москван геронтократически куьйгаллера цхьа а вист хуьлуш вацара.
Хрущев даржехь хийцина волчу КПСС-ан къена баьчча Брежнев Леонид башха кхеташ волчух тера дацара кхолладеллачу хьал чолхе хиларах. Оцу кепара, стагнацис а, пачхьалкхан декхаро а кIелбитина болу мохк массо а тIегIанехь кIоршаме хилира, ткъа куьйгаллехь болчарна хIинца дукха хьолахь шаьш бен дагахь хIумма а дацара.
Къаьсттина, Москван правительствон аьтто ца белира капитализмаца къовсалур йолчу кепехь мехкан экономика латто.
Аьргалла йолчу товарашна, къаьсттина углеводородошна долчу мехийн керчаро а, дика а, вуо а йуртабахаман шерийн хийцадаларо а экономика кхиссайала йолайалийтира.
Правительствос луш долу жоп цхьаъ дара: мехаш охьадаха декхара хьарчо деза.
Иштта а замано зийна йолчу пачхьалкхан финансийн система гIелъеллера СССР Iамаьркан кхиамашна тIаьхьакхачо гIерташ.
1979-чу шарахь Советски Союз Афганистане тIамца чуйахара. ЦIечу Эскаран цIе а, Советски Союзан сийлалла а зуьйш боккъалла а боккха тIом хилира цунах.
Къаьсттина Афганистанехь карор ву вайна «Ардахар» олучу исторически агIонан кIант. Нохчийн къам махкаха даккхале масех де хьалха вина волу Дудаев Жовхар 1957-чу шарахь шен ненаца а, вежаршца Даймахка цIа веара.
Сарахь деша а доьшуш, дийнахь электрикан болх бора цо, жимма а шен доьзална гIо хилийта. 1962-чу шарахь цуьнан аьтто болу Тамбов гIалара тIеман хIаваан училище деша хIотта. Дешарна тIера а, ша хьекъал долуш а хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира Калужски областера Сяковка олучу тIеман-хIаваан базера 54-чу йезачу бомбардировочни полкана йукъаваха.
1968-чу шарахь иза Коммунистически парти йукъа вахара. И харжам цо тIеман гIуллакхан лаккхарчу тIегIане вала Iалашонца а ца дира, Дудаев боккъалла а тешара «реформировать» йиначу социализма къаьмнашна йукъара дов дIадоккхур хиларах.
1970-чу шарахь иза Белая олучу базера 1225-чу йезачу бомбардировочни полке дехьаваьккхира.
Цхьа шо далале, цуьнан аьтто белира Гагарин Юрийн цIарах йолчу ТIеман-хIаваан академин эпсараллин кадетствон академи деша хIотта.
Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.
Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.
[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.
Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь. И хаттар кIоргера довза лууш волчу ешархочун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь «Дудаев Афганистанехь: бакъ а, харц а хаамаш» цIе йолу таллам беша.
Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.
Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.
Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера. Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен – цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.
Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт – 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил. Цуьнан цIе сиха лепа йолайелира газеташкахь.
И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.
Цуьнан коьрта герз дара – шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.
Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а. Горбачевс бохучух кхета хала дацара: Советски Союз шен кхиарехь Малхбузел тIаьхьа йиссинера, цунна тIаьхьа кхочур йолуш а йацара ша хьал долуш а, дуьненан йукъараллехь цIе йоккхуш а ца хилахь.
Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза. Нагахь санна СССР тIеман аренашкахь шен ВВП йойуш ца хилахь, керла гIулч йаккха аьтто хир бара. Ткъа цу кхиаме кхача, уггаре а хьалха Малхбузеца барт бан беза. Амма цу барт баран къамел йуха а дIадоло Малхбузен лаам хилийта СССР цунах жимма а тера хила йеза. Оцу кепара, Горбачевс сатуьйсучу ирсечу хиламийн зIе тасса, уггаре а хьалха оьшуш дара керла политичеки дахарна ницкъ лур болу «адаман йуьхь йолу социализм» кхочуш йар.
Герзана дойуш долу ахча, жимма кхоош хилча, цуьнах рыночни социализман бух тIехь экономика кхолла мегар дара: долахь бахам йухаметтахIотторан а, либерализацин а йоккхачу Iалашано гIо дийр дара сурсаташ арахецар алсам даккха а, йохкар-эцархойн тоба кхолла а. Цу хийцамийн ирхе хир йара СССР-ах суверенни а, маьрша а республикех лаьтташ йолу керла политически кхоллар йича.
Проект доккха маьIна долуш йара. Шен дахар нийсачу хорше дерзийта советски халкъо хийцамаш хьашт хиларах кхеташ, центральни правительствона хан йала йезара Перестройкан хIора а тIегIанах тIедогIучун меженах санна пайда эцийта.
Уггаре а хьалха кхочуш дан дезаш долчу цу гIуллакхан социальни-экономически амал йара: Горбачевс Iаламат доккха дакъа диллина Малхбузера кху заманан промышленни технологех пайда эца, амма инновацех пайда бацара конкуренцина ницкъ ца хилча.
Ала деза сурсаташ цIиндар дан а дара эвсаралла йоцуш. И инвестициш бахьана долуш, советски правительствон дуьнен йукъара декхарийла йаха дийзира. Хиллачу харжа бюджетан дозанера ара а йаьлла и Iаламат даккхий декхарш дIатакха аьтто боцу пачхьалкхан казна йохийнера.
Чоьхьарчу экономикера арадевлла миллиардаш соьмаш бахархошна хьалхарчу хьаштийн хIуманаш а, йалта а эцарна дIахьажийнера.
Цу гIуллакхо ахчанан рынкехь де дийне мел долу сом гIелдеш йолчу лаккхара инфляцига далийра дерриге а.
Экономически бохамах кIелхьарайала гIертачу СССР-а кхин а алсам ахча дойура. Цхьаьна а инвестицийн гIуллакх хир дацара Iаламат доккха эскар а, оьгIазе партийни бюрократи а лело Союзан экономикина аьтто бан.
Амма керлачу баьччан ницкъ ца тоьира Iедалан структура йохо, цул совнаха, иза хIинца а кийча вацара советски раж хийца: планови экономика а, цхьаьна партиян система а.
Цу дерригенан а жамI хилира цуьнан экономически Iалашона капиталистически системан кхачамбацарш, хуьлуш пайда а боцуш, кхин а чIогIа кIаргдинера: пхеа шарна йукъахь ликвидни сурсатех йаьллачу правительствон аьтто бацара хIинца керла некъаш леха.
Москва хIетахь шена хуьлуш болу тIеIаткъам бахьана долуш, сурсаташ арахецарехь йаккхийчу кризисашна тIенислора,
[23] СССР йоьхча 1991-чу шеран г1уранан баттахь ВВП 1980-г1а шарахьчул 17% лахара дара, ткъа инфляци 14% лаккхара.
амма тIебогIучу хиламашна уггаре а чIогIа юкъагIортар дукха хьолахь тIехьажийна дара историкаша Дешан Маршо (Гласность) цIе йеллачу йукъараллин демократизацина.
И гIуллакхаш дукха хьолахь тIехьажийна дара политически бахьана долуш набахти чохь хан токхурш мокъа бахарна а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь майрра хьайн ойла йовзийта маьрша хиларна а, Малхбузе даха адамна бакъо йаларна а, коммунистически йоцу вовшакхетарш къобалйарна а.
Зорбанна тIехь латтош хилла болу тергам лагIбеллера: хьалха ала а йазда а мегаш ца хилларг хIинца дIакхайкхош дара.
И хийцамаш хилла масех шо далале Россехь а, иштта Советски блокан кхин болчу мехкашкахь а политически дебаташ йуьйлайелира.
Къаьмнийн йухаметтахIоттар
Йозуш йоцу хаамийн агентствош кхиор а, пачхьалкхан архиваш йеллар а, зорбанна тIехь латтош болу тергам лагIбар а чоьхьарчу политикехь йоккхачу гIовгIанца тIеийцира.
СССР-ан историн йеса хилла агIонанш йазъйан историкаш буьйлабелча, ма дарра аьлча хIинцалц социализман цIе ца йожо къайладаьккхина мел хилларг Iора даккха буьйлабелча, халкълахь гучубевлира дуьххьара къаьмнийн лехамаш.
Цу тIаьхьалонех уггаре а чIогIа зен хилларш Прибалтийски республикаш йара – СССР-ехь уггаре а хьал долуш а, уггаре а «малхбузера» а йолу.
[24] Эстони а, Латви а, Литва а 1940-чу шарахь СССР-ах д1атоьхнера Германина а, СССР-ана а юкъахь хиллачу «Молотовн-Риббентропан» олучу т1е ца латаран пакте хьаьжжина.
Нохчийчоьхь санна, цу кегийчу мехкашкахь хиллачу пропагандас СССР-ана шайн лаамехь йукъара арадовла мегар хилар даржийра.
1986-чу шеран гIуранан баттахь Ригехь боккха къоман гулам хилира, иза полицис къиза саца а бира.
1988-чу шарера 1989 шаре кхаччалц оцу кхаа республикехь граждански боламашах Халкъан фронт кхоьллира, ткъа цо республикаш йозуш ца хилар кхайкхира.
Итт шо хьалха ишта йолу ойланаш цIий Iанош сацийна хир йара, амма Горбачевна лаьара политика цIинъйан а, и тайпа гIаттамаш магор бахьана долуш, бIе эзарнаш адамаш шегахьа дерзо а.
Кестта и тайпа хиламаш Прибалтикан дозанера арабевлира. Халкъан фронташ массанхьа а кхоллалуш йара.
Къоман синхаам йухаметтахIотта болабелчхьана, латтанашца доьзна, шираллера дуьйна къастонза диссина хаттарш а самадевлира къаьмнийн кхетамехь.
СССР бIе сов субъектах лаьтташ йара, царех цхьайерш шайн башхалла ларъечу кегийчу къаьмнех йуьзна йара. ЦIеххьана самабаьллачу къоман кхетама цIе латийра Нохчийчоьнна ши ког тассал хир йолчу Ламанан Карабахехь. Цу лаьттахь Iаш дукха хьолахь эрмалой бара, амма Карабах Азербайджанна йукъа йогIуш йара. Эрмалойшна а, азербайджанцашна а йукъахь дуьххьара дар-дацар хилира Сталин веллачул тIаьхьа. Горбачев Iедале хIоьттича, эрмалой шаьш керстанаш хиларе терра, кхерабелира, бусулба лулахойн культурни геноцидах.
Меттигера интеллигенцис а, политикаша а доьхура школашкахь эрмалойн мотт Iаморе а, шайн мотт азербайджански маттаца нийсса пачхьалкхан мотт лараре а.
Ткъа азербайджанцаша шайн рогIехь и латта шайн хилар тIечIагIдора, и бахьана долуш Ламанан Карабахана автономни статус йала уьш реза а ца хилира.
1987-чу шарера I989-гIа шо кхаччалц и ши агIо шайн къовссамаш дIахьош йара, ткъа Горбачев уьш барте бало гIертара. Къаьмнаша шаьш реза ца хиларг гайтар гена даьллера, и бахьана долуш дуьххьара маьрша бахархойн кхалха дийзира.
1988-чу шеран чилланан беттан 20-чохь доккхачу девнан суй летира: эрмалойн тобано хьийзинера Азербайджанера ши йоI. Ши де даьлча, азербайджанаш а, эрмалой а Аскеранна уллохь дуьхьалIиттабелира. Цигахь хилла латарш бахьана долуш, Азербайджанера жима ши кIант вийнера.
Ткъа кхин а масех де даьлча, азербайджанийн тобанаш тIелетира шайн коьртачу шахьарна Баку гIалина масех чаккхарма геналлехь хир йолчу Сумгаит гIалина. Нийсса кхаа дийнахь цара дукха зенаш дира – цIий Iанош, ницкъ беш. Цара лелийначун жамI хилира вийна ткъе йалх эрмало. Бекарг беттан I-чохь гIала чудеанчу Советски эскаро сацийра цигахь хилла гIаттамаш, амма зенаш хилар бахьана долуш, йуха кIирнахь дуьйна цу махкара эрмалой дIаэха буьйлабелира. 1988-1989-гIа шерашна йукъахь бIеннаш адамаш дайинера, ткъа эзарнаш махкаха бевлира.
Нохчийн дешан маршо
Бакъ дерг дийца маршо йаларо аьтто белира Советан Iедало къаьмнаш махках дахарах а, кхин йолчу латтийначу къизаллех а лаьцна долу исторически белхаш даржо, ткъа цара цIеххьана самадаьккхира халкъан иэс, шайн лаамехь Советски Союзах къаьмнаш кхетта бохуш йолчу теори харц хилар а гойтуш.
1987-чу шарахь кхоллайелира «Кавказ» цIе йолу дуьххьара кульутурин цхьаьнакхетаралла. Цуьнан коьрта Iалашо йара Кавказан къаьмнийн башхалла а, халкъан иэс а лардар. Коьртачу декъехь иза вовшахтоьхнарг вара исторически факультетан къона арахецархо Межидов Бектимар. Цунах лаьцна ма-дарра вай рогIера кортошкахь дуьйцур ду.
«Кавказа» майрра дуьхьало йира Виноградов профессоран ойланашна, хIинцалц политикас ца магийна хилла долу тоьшаллаш тидаме а дахкош.
Къаьсттина цо тIелецира политикас къобалйиначу историографина реза ца хилла а, и бахьана долуш университета ца магийна а хилла болу историкаш: уггаре а хьалха иза вара профессор Ахмадов Хьусейн – Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтан белхало. Виноградовна дуьхьал хиллозза къамел дар бахьана долуш иза 1985-чу шарахь институтера дIа а ваьккхина Джалка олучу жимачу йуьрта дIахьажийнера хьехархочун болх бан.
Межидовн а, Ахмадовн а доттагIаллин йукъаметтигаш кхоллайелира. Вайна гур ду церан уьйра тIаьхьа мел йоккха меттиг дIалоцур йу йозуш йоцучу Нохчийчоьнан керлачу исторехь.
Исторически а, культурни а къовсама куьйгалла дIалаьцначу муьрехь, экономикас хIаллак беш бара миска нах.
Перестройкин тIаьхьалонаш къаьсттина чIогIа хаалуш йара Нохчийчоьхь. Оьрсийшна а, нохчашна а йукъара хьал хIинца йуха а телхаш дара, къаьсттина иза доьзна дара белхан меттигашца а, дешарца, хьашташца а.
Оьрсийн терахь Нохчийчоьхь лахлуш дара, дукха хьолахь уьш Соьлжа-ГIалахь бехаш бара, ткъа йарташкахь бехаш коьртачу декъехь нохчий а, гIалгIай а бара.
90-чу шерашкахь и ши къам бийца кхиам болуш дацара: церан дешаран тIегIа уггаре а лахара дара, ткъа мокъазалла а, бераш далар а йерриге а Советски Союзехула уггаре а лаккхара дара.
[25] 1989-чу шарахь 15, 56% нохчий дишколан дешаран кечам хилла а бацара, 13,32% юьхьанцара школа чекхяьккхина бен бацара, 25% бен аьтто бацара дипломах дозалла дан. Историка Гакаев Джабра1ила дийцарехь, 70% нохчий бехачу ярташкахь дешар уггаре а лахарчу т1ег1анехь ду. Цаьрга дешийта оьшу г1ирс бац, я хьехархой а бац тоьуш. Ярташкара ишколийн арахецархойн аьтто бац шайн хааршца Россин г1аланашкара арахецархошца къисса, цундеоа нохчийн дешаран юкъара т1ег1а оьрсийнчул дуккха а лахара ду.
60-70-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайчоьнан хилла кхиам хIинца цкъа а ца хилча санна дIабаьллера.
И тайпа хьал дара мокъазаллин декъехь а. Уггаре а пайдехь йолу белхан меттигаш оьрсийша дIалаьцнера, къаьсттина мехкдаьттанца йоьзна йолу.
Официальни гайтамашца Нохчийчоьхь хIинца а шарахь йиъ миллион тонн буьйда мехкдаьтта арахоьцуш доллушшехь а цуьнан заводашкахь 16—18 миллион тонн мехкдаьтта кечдеш доллушшехь а, промышленни центр хилла Соьлжа-ГIала йерриге а Россехь механически даьттанан гIирсаш арахецарехула хьалхарчу меттигехь йоллушшехь, массо а нохчо къен вара. Иза официальни гайтамаш бен бацара, амма ма-дарра кхин а совнаха дара Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан терахь.
[26] 1980-чу шерийн юьххьехь тIехулара скважинаш тишлуш йара: 1989-чу шерашкахь мехкдаьтта даккхар шарахь 21 миллион тонн терахьера 7,4 миллион тонна лахделира, ткъа кхин а пхи шо даьлча и барам 5,3 тонн тIе охьаделира. Лаьмнийн маьIда даккхаран промышленность юхаметтахIотто йаьккхий технологически инвестициш оьшу, амма цу шерашкахь къийеллачу СССР-ан сацам хилира керла скважинашна буро тоха а, тишйелларш ц1инйан а керла хьашташ билгал ца дан.
Буьйда мехкдаьтта даккхар лахдаларо доккха зен дира меттигера экономикина: 1960-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн 70% бюджет мехкдаьтта доьхкина хуьлучe пайданах лаьтташ йара, ткъа и даккхар сацийча ликвидностан халонашна тIеIоттайелира нохчийн экономика.
Москван правительство юкъагIоьртира мехкдаьтта доьхкина хуьлуш болу пайда Нохч-ГIалгIайн казначу ахчанан трансферташца хуьйцуш: оцу кепара Кремла юхатуьйхира республикина тIейогIуш хилла йоккха экономически кризис, амма республика шен гIоьнах йозуш а йира. Социальни кхачаллин цу политикас меттигера экономикина аьтто ца белира хийцайала. Оцу кепара, мехкдаьтта даккхар даима лахлуш доллушшехь (1990-чу шарахь 4,2 миллион тонна буьйда мехкдаьтта даьккхинера, 1991-чу шарахь 4,1 тонна, 1992-чу шарахь 3,6 тонна ишта кхи дIа а), кхин йолу экономикан сектораш хьалха хилла пайданаш хийцан а, къовсам латто а ницкъ болуш йацара.
Горбачевс схьайиллинчу демократис самабаьккхинера церан къоман кхетам, ткъа хIинца кху халонашца иза кхин а чIогIа марсабаьллера.
Центральни Iедална шаьш дуьхьал хилар дуьххьара нохчаша гайтира Гуьмсахь биохомически завод йан йолор ю аьлла хаам беъча. Инженер Ижбулатов Руслан коьртехь а волуш, талламхойн тобано дIайахьанчу кхеташонашкахь гучуделира цу заводехь бийр болу болх адамашна а, гонахара Iаламна а кхераме хирг хилар.
[27] Ши шо хьалха, 1986-чу шеран 26-чохь Чернобылехь хиллачу бохамо Iадийнера йерриге а юкъаралла, цуьнан баланан аз ца хезаш ца диссира СССР-ан цхьаьна а маьIIехь. ХIетахь дуьйна, Советан Iедало лагIбира гонахара Iалам лардархошна тIехь шаьш латтийна болу тергам, цу хаттаран хьокъехь шаьш къинхетам боцуш ца хетийта. Цундела, ларамза дац уггаре а хьалхара коммунизмана дуьхьал болу гIаттамаш Iалам лардаран цIарца дIахьош хилла хилар.
.
ХIутоссург беттан 22-чохь гIаттамхоша Iедало магийна боцу болам кхоьллира, иза Iедало ца магийнера, хIунда аьлча болам коммунистически партица богIуш кхоьллина бацара. Цара сацам бира шолгIачу дийнахь шуьйра гулам вовшахтоха.
Цуьнан жамI хилира гIалин эзарнаш бахархоша дакъа а лоцуш йоккха митинг.
КПСС цхьаболу декъашхой цу гIаттамна шаьш дуьхьал хилар гойтуш, сцени тIе бевлира, къамел дан дагахь, амма бахархоша шок йетташ, маьхьарий детташ, аьтто ца белира царна, цундела церан дIабаха дийзира.
Цу дийнахь дуьйна, нийсса беа баттахь, хIора а кIиранан дийнахь эзарнаш адамаш вовшахкхетар Соьлжа-ГIалара Ленинан цIарах йолчу майданехь, биохомически завод йар сацаде бохучу кхайкхамца.
Оцу ханна йукъахь боламо шен тIеIаткъам бира йерриге а Нохчийчоьнна. Гуламаш хилира Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, Шелахь. Адамийн тобанашна йукъара схьакъестара хьалхара баьччанаш. Дуьххьара гучувелира хIинцале «Кавказ» цхьаьнакхетаралле юкъавахийтина волу, шозткъа шо кхаьчна волу Бисултанов Хож-Ахьмад. Цуьнан куьйгаллехь и болам политически хатIе бирзинера. Прибалтийски республикашкахь кхолладеллачу хьоло дог ира-кара хIоттийна волчу цо Нохч-ГIалгIайн Халкъан фронт кхоьллира.
Экологически гIаттам политически амал оьцуш бара: Бисултановс республикин куьйгалла бехке дира эвсаралла йоцуш хиларна а, бахархойн хьашташ тергал ца дарна а. Цуьнан коьрта лехам бара политически векалаллехь оьрсийшна а, нохчашна а йукъахь болу къастам гуттаренна а дIабаккхар.
Йуьхьанцара советан Iедало шен ламастехь ма-хиллара жоп делира цу гIуллакхна, Халкъан фронт кхоьллинаош толлуш, ткъа и ша фронт шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула бахархошна адамийн барт бохош болу ницкъ санна йовза а йовзуьйтуш.
Iедал реза ца хиларо-м фронтан декъашхойн цIе кхин а чIогIа айинера йукъараллехь, цундела дукха хан йалале Бисултановх Нохчийчоьнан уггаре а вевзаш волу баьчча хилира.
И кхачамбацар къасто а ца хиъна, правительствос кхин некъ лехира. Цо омра дира Бисултанов а, Халкъан фронтан кхин болу баьччанаш а лаьцна дIабига.