bannerbanner
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Полная версия

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
3 из 6

Амма фашисташна дуьхьал нохчаша латточу къиссамца дустича, Исраиловс лелош дерг бух болуш хIума дацара. Шеко йоцуш, Исраиловх а, цо арабаьккхинчу некъах а кхета мегар ду – цунна а, цуьнан накъосташна а шайн дайшна санна лаьара нохчийн латта мостагIех маьрша даккха, амма хIете а билгалдаккха деза, нохчаша ца ийцира фашисташкара маршо.

Тайп-тайпана исторически хаамашца, Нохч-ГIалгIайчуьра 50 эзар стаг тIеман фронтехь хилла. ШолгIачу дуьненан тIеман исторехь цкъа а гина дац нохчийн йа, гIалгIайн бIаьхо йамарт хилла, ткъа царна луларчу республикин векалша гойтуш дерг-м кхин сурт дара. «Бергман» (немцойн маттера гочдича «ламанхо») цIе а йолуш Вермахтан Къилбаседа Кавказан легион кхоьллинера.

Цу легионехь немцойн агIонехь шайн тIеман декхара дIакхоьхьуш бара гуьржий а, гIебартой а, хIирий а, суьйлий а.

Билгалдаккха деза Дагестанан векалша башха къеггина гайтина шаьш Вермахтана муьтIахь хилар. Немцой дагахь бара Кавказехь шайн эмиссар жIайхо Сайднуров Сайд-Мохьмад хIотто. Немцойша цунна йеолха керла цIе йара – Губе Осман.

Немцойн десантаца цхьаьна иза воссийнера Нохч-ГIалгIайн лаьмнашка, меттигера бахархойн ойла хуьйцуш, уьш немцошкахьа баха, амма Вермахтан аьтто ца белира и Iалашо кхочуш йан, хIунда аьлча тобанна Нохч-ГIалгIайн лаьмнашкахь кIело йира, ткъа Осман Губенна Соьлжа-ГIалин майданехь тоьпаш туьйхира.

Советан Iедал шайца мел къиза хиллехь а, нохчаша шайн ницкъ кхочург дира Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь Советски Союзе толам баккхийта.

Вай хьалха билгал ма даккхара, Соьлжа-ГIала Гитлеран стратегически Iалашо йара. 1942-чу шеран аьхка немцойн эскар тIамца Къилбаседа Кавказе кхаьчначу хенахь, Соьлжа-ГIалах фронтана уллера гIала хилира.

МостагIа гIала чу ца ваийта меттигера бахархоша шайн ницкъ кхочург дира. 40 итт эзар стаг араваьллера гIала йистошкахь тIеман дуьхьал оьрнаш дохуш, кхин болу кечам беш.

МостагIа гIала чу ца веара, амма Гитлеран сацам хилира шега ца йаьккхайелла гIала хIаваэхула хIаллак йан.

Цу Iалашонца ара йаьккхинера «Гинденбург» цIе йолу бомбардировочни 1-ра эскадра а, «Викинг» цIе йолу 100-гIа бомбардировчни эскадра а, «Веспе» цIе йолу йозаллин кеманийн 1-ра эскадра а, 52-гIа истребительни эскадра а.

Тайп-тайпана хаамашца, 1942-чу шеран эсаран баттахь 156 немцойн кемано Соьлжа-ГIалина тIе охьакхоьссинера 400 фугасни бомба. Сийна цIе йаьлла йогура гIала. Иза йаьгна дIайалийта Iалашо а йара Вермахта йуьхьарлаьцнарг. Къаьсттина цу муьрехь шайн граждански доьналла гайтира меттигера цIейайархоша. Шайн синош ца кхоош арабевллера уьш гIала йаьгна дIа ца йалийта. Иза ларйан церан аьтто а белира. Цара гайтинчу доьналлин сийнна карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь лаьтташ хIоллам бу.

Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша фашизмаца болчу къиссамехь шайн йист йоцу майралла, доьналла, къонахалла гайтира. Дуьнена шолгIачу тIеман уггаре а къизачу къиссамашкахь йитина цара шайн дашо лар. Церан къиссам бахьана долуш къаьсттина Кавказехь йухатоьхна фашистийн бIо.

1943-чу шеран чилланан баттахь, Сталинградехь эшам хилалчул тIаьхьа, Вермахт кавказера дIайахара. Амма Сталина нохчашна а, гIалгIайшна ала кечдина баркалла кхин маьIна долуш хиллера.

1943-чу шеран чакхенехь Нохч-ГIалгIайчоьнах фронтан тыл хилла, йуха а толаме кхача цо шен ницкъ кхочург мел дечу хенахь, Сталина шен чоьхьарчу гIуллакхийн министре Берия Лаврентийга омра дира СССР-ан дахарехь уггаре а хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь мехала дакъа ца лаьцначу, цу синтем байначу къомаца дерг гуттаренна а къасто.

[11] Сталинан боьхачу ойлано шен тидаме ца оьцура ЦIечу эскаран могIарехь нохчаша гайтина доьналла. Вай хьалха билгал ма даккхара, нохчаша цу тIамехь кхин долчу кегийчу къаьмнашца дустича, уггаре а къеггина лар йитина. Цара доьналлица ларйина Брест гIап, Курск, Ленинград, Сталинград. Нохчо хилла берхIиттара бен валанза волу къона пулеметчик Нурадилов Ханпаша цо шен куьйга х1аллак вина 920 фашист. Иштта, нохчий хилла Эльба хи йистехь барт бина волу эпсар Висаитов Мовлид, Рейхстаган херцарш тIехь цIен байракх айбина волу Исмаилов Хьаким. ТIеман муьрехь эзар нохчо пачхьалкхан совгIатаца билгалвоккхур ву.


Амма мехала дакъа ца лаьцна бохург иза боьха харцо йара, ткъа иштта дика идеологически гIулч а йара Ермоловс болийна некъ чекхбаккха, ткъа дуьненна-м бала бацара цигахь хуьлучунан.

Берияс Сталинан омра йист йоцучу къизаллица кхочуш дира, Соьлжа-ГIала НКВД агентийн тоба дIа а кхачийна. Цо шен нахана омра дира нохчаша а, гIалгIайша а гайтина «йамартлонан» тоьшаллаш гулде аьлла. Халкъан комиссараша диначу жамIехь билгалдоккхуш дара ткъе берхIитта динан секта а хилла, цу йукъа вогIуш Советан Iедал дохо Iалашо йолу ткъех эзар гергга стаг а хилла аьлла.

Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.

1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.

Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.

Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.

Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.

Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.

Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.

[12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла. ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.


Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.

Даьхний санна бен доцуш, цIерпошташна чу а боьттина дIабуьгуш бара уьш кхо эзар чаккхарма некъ бан, Казахстанан ло хьаькхначу, шийлачу аренашка кхаччалц.

20% гергга адам новкъахь деллера. Ткъа дийна биссинарш дIакхаьчначул тIаьхьа, колхозан йистошка охьакиссинера. Цу шийлачу Iай царна тIедожийра шайн куьйга шайна чохь Iан лаппагIанаш йе аьлла. Советан Правительствон омранца хIора баттахь уьш декхарийлахь бара Iедална шайх лаьцна хаам бан, нагахь санна и хаам ца бахь цаьрга ткъа шарна хьоьжуш набахте йара.

Нохч-ГIалгIайчоьнах хIумма а ца йиссира. Ишта цIе йолуш дуьненан политически карти тIехь меттиг а йацара. Республика дIа а йаьккхина, цуьнан метта Грозненски область кхоьллинера, ткъа цуьнан кIошташ Кавказера кхин йолчу республикашна йукъахь дIасайекънера. Нохчийн йерриге а культурин а, историн мехала тIаьхьало хIаллак йина дIайаьккхинера: маьждигаш а, хьуьжарш дохийнера, ткъа церан тIулгех кхин йолу гIишлош йуттура. Хьакхарчийн ферманашкахь некъаш дехкинера нохчийн кешнийн кертара чартех.

Къоман истори йуьйцуш, къаноша йаздина а, лардина а хилла тептарш йа дагийнера йа, Москван архивашкахь къайладаьхнера.

Шен къомах йаьлла, буобер санна йиссина Нохч-ГIалгIайчоь сихонца дIайузош йара Кавказера республикийн векалшца. ТIом хиллачу регионашкара нах схьа а балийна, баха ховшийнера кхузахь. Цхьа бIарлагIа санна йиссинера шен къомах йасаелла Соьлжа-ГIала.

Цхьа жимма обаргаш биссинера ламанца. Iедалах лечкъаш бехара уьш цигахь, шайн ка йаьлча, Iедална кIело а йеш.

1944-чу шеран гIуранан беттан 24 -чохь Исраилов а вийнера.

Ткъа нохчийн къам цхьалха диссира Казахстанан пана аренашкахь. Сталин валлалц, нийсса кхойтта шарахь зийра уьш замано нехан махкахь, шело а, мацалла а, къизалла а ловш.

Къаьсттина хала дара вайнахана мацалла лан. Адам хи санна леш дара, шело, мацалла, тиф лазар ца ловш. 1944-чу шарера 1947 шо кхаччалц бIе шовзткъе итт эзар стаг веллера.

Дийна биссинарш цхьаьна шийлачу лаппагIанашна чохь Iаш бара, пхийтта доьзал цхьаьна. Балха уьш ца оьцура, тIедогIуш рицкъа царна дацара. Аренаш толлуш лелара уьш, къен йелла а бежана карор йацара те бохуш, акха бецаш лехьош, мацалла ца бала гIерташ.

Колхозе балха хIотта аьтто баьлларг-м сатесна хуьлура мацалла ца вала

[13] Яа хIума ца хиларал совнаха, бедарш а яцара нехан. 1945-чу шеран кхолламан баттахь халкъан комиссарийн Гуламан Куьйгалхочун гIоьнчас шен жамIан кехатехь яздинера: тIедуха а, кога духа а дац. Церан бераш дерзина ду, цомгуш хилар бахьана долуш, адам даларан гайтамаш де дийне мел долу лаккха болуш бу. Могуш болчу дуккха а кегий нехан аьтто бац юьртбахамехь къахьега тIеюха бедар ца хиларна.


Ткъа Iедало биначу лерина сацамехь аьлла дара махкаха даьккхина къам, шен Даймахка цкъа а йухадерза бакъо йолуш дац.

Нохчашна тIедожийра цхьаъ цхьанна тIаьхьа и тайпа омарнашна бухахь куьйг йаздан.

Ардахар

Шайн кхерчах а, махках а бевлла нохчий са мел ду тийссалора шайн Iадатах, шайн ламастех, шайн берриге а кхетам а, Iер-дахаран кеп а къаношна тешош, хIунда аьлча кхолладеллачу хьолехь уьш бен бацара къоман иэс ларда ницкъ кхочуш.

ТIаьхьарчу тIаьхьене нохчаша кховдош долу шайн Iадат а, уьш цу Iадатана а, бусулба динна а муьтIахь хилар бахьана долуш, аьтто белира нохчийн шайн къоман башхалла а, кхетам а ларба а.

Амма Советан Iедало шен ницкъ мел кхочург дора нохчийн йукъаралла кхин долчу къаьмнех къаьсташ ца хилийта, цуьнан къоман кхетам орамца дIабаккха. Цу Iалашонца кхуллуш йара идеологически кхетош-кхиоран ишколаш. Цул совнаха КГБ жигара йукъа гIертара бусулба динна, амма нохчийн къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.

Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц

[14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.


Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.

Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.

Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.

[15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.


Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.

Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.

Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.

Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.

ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.

Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.

1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.

Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.

Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.

Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера. ТIедогIучу шеран кхолламан беттан 9-чохь йухаметтахIоттийнера Нохч-ГIалгIайн АССР. Цунах шен хьалха хилла кIошташ дIа а тоьхнера, Къилбаседа ХIирийн Республикин дозанехь йолу Пригородни а, иштта Дагестанан дозанехь йолу Ауховски кIошташ а йиссалц. Билгалдаккха даха деза Iовхойн мохк (Ауховски кIошт) Сталина нохчий махкаха а бахале Дагестанна дIайеллера. И хаттар хIинца а къастийна а дац, дукха хьолахь цунах шина къомана йукъара барт бохаран бахьана а хуьлу.

Советски Правительствос, нохчий хи санна цIа эха буьйлалахь, хало хир дуй хууш, цхьацца бехкамаш бовзийтира. Уьш бахьана долуш, цIа оьхучеран терахь лагIдаларе сатуьйсуш, амма нохчаша а, гIалгIайша а кхин хIумма а тергал ца дора, церан дагахь Даймохк бен хIумма а дацара, цундела 1957-чу шарахь уггаре а кIезиг шовзткъе итт эзар сов стаг цIа веара.

1958-чу шарна юкъахь цIа баьхкира дукхох болу вайнах. 340 эзар махках ваьккхина хилла нохчо а, гIалгIа а цу шарахь цIахь вара, амма церан болх бацара, уьш дешна бацара, тIедогIуш цхьаьна а кепара рицкъа дацара, амма хIете а 1959-чу шеран йуьххьехь 83% нохчий а, 72% гIалгIа а шайн дай баьхначу латтанашка юхабирзинера.

БIаьстенца дистина догIу ламанан хиш санна, нохчий а, гIалгIай а чухецабаларна меттигера Iедал доьхнера. Цунна ца моьттура иза ишта хир ду, цундела цара Москва кехат йаздира шайна гIо доьхуш

[16] 1958-чу шарахь Хрущевс тIера бехкамаш дIабаьхна доллушшехь, нохчийн пхоьалгIачу декъан бен аьтто ца белира хIусам хила. Кхин берш цхьаьна ханна дIатарбинера промышленни хьукматашкахь а, йоьхначу лаппаг1анашкахь а, ширачу фермийн херцаршкахь а, ламчохь а. Мокъазаллин тIегIанехь а хьал дукха хенахь чолхе лаьттира: дешна ца хилар бахьана долуш, дукхох болчу нохчийн аьтто бацара мехкдаьттанан заводашкахь болх каро, ткъа оьрсий царех тешаш ца хиларо и хьал кхин а талхош дара.

1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.


Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а. Мацах дуьйна шаьш баьхначу махкахь, шайн долахь хиллачу хIусамашкахь хьеший хилира уьш, социальни бIевнехь, уггаре а лахара тарх дIа а лоцуш. Ткъа цуьнан лакхенехь-м оьрсий бара, и бакъо царна Сталина йеллера, нохчийн латтанашца а, нохчийн цIеношца а цхьаьна.

Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.

[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически          хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net сайта тIехь еша.


Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара. Нохчийчоьнан бакъ болу дай Сибрех дIабигча, и мохк шайн долахь хеттачу царна хала дара хIинца нохчий лан.

Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша – ма бийца и жIаьлен мотт – олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.

Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано. Ма ца моьттура царна кхойтта шарахь шаьш сатийсиначу Даймахке цIа кхачарах шайна сел къиза бала хир буй.

Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.

Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.

Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш. И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.

Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара – шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.

Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.

Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура. Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.

Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана. Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг – шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…

Советски Нохчийчоь

1960-чу а, 1970-чу а шерашкахь дахаран кхачалла хьалха ца хиллачу кепехь лаккхайаьллера. Нохчийчоьнах Россин Къилбан промышленни центр хиллера.

1969-чу шарахь кхузахь шекар а, шуранан сурсаташ а, консерваш а, цемент а, электроэнерги а йоккху 49 йоккха завод йара. Амма экономикин коьрта дакъа дIалоцуш мехкдаьтта дара. Нохчийчоьна СССР-ана хIора шарахь 21, 23 миллион тонн мехкдаьтта дара доккхуш. Ткъа иза Iедало бечу хаамашца долу терахь бен дац, ма-дарра дерг леррина лахдинера. Мекхдаьтта долчу метигашна уллохь кхоллайелира промышленность. 1910-чу шарахь кхоьллина хиллачу керосинан заводашна хIинца кхин а кхоъ тIекхеттера.

1939-чу шарахь шен болх дIаболийнера «Шерипов» цIе йолчу мехкдаьтта даккхаран промышленни дуьххьара схьайиллинчу завода, ткъа цунна тIаьхье схьайиллира «Ленин» (1958) завод а, «Анисимов» (I959) завод а.

Мехкдаьттанан и йоккха кхо завод схьайелларо аьтто белира нохчашна шайн мехкдаьтта кечдарал совнаха, СССР-ан регионашкара догIуш долчунца болх бан а.

Нохчийчуьра заводийн аьтто бара шарахь 24 миллион гергга мехкдаьтта кечдан. Кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта а Нохчийчохь кечдо бохург бакъ дацара, цу эладиттано кхиамца къайладора Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан бакъ долу терахь. Нохчийчу кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта сехьа дакхха дехкина некъашкахула ма-дарра аьлча Нохчийчуьра мехкдаьтта а, цунах дина сурсаташ а дара Центральни Росси дIакхачош.

Советски Союзан цхьа кема дацара стигла айлуш нохчийн мехкдаьттанах кечдина авиационни даьтта ца хилча, хIунда аьлча кхин йолчу регионашкара мехкдаьттанах деш долу даьттанаш ишта лаккхара кхачалла йолуш дацара.

1939-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанан заводехь дIахIоттийна хиллачу даьтта даккхаран гIирсах Сталина ворхI тонн цIена деши деллера. Цу гIирсо шен болх Советан Iедал доххалц шина сахьтана а сацийна бацара.

Нагахь санна ларамза а, цуьнан болх галбаьллехь, Советски Союзан мехкдаьттан промышленностан министр масех сахьт далале Соьлжа-ГIала кхочура, хIунда аьлча цу гIирсан болх сацар СССР-н барамехь чолхе бохам ларалуш бара.

Цу гIирсах пайда а оьцуш, нохчийн мехкдаьттанах доккхуш хилла и авиационни даьттанаш массо а союзни республикашка дIакхачош а дара, иштта Варшавски бартан а, кхин болчу а мехкашка духкуш а дара.

Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах доккхуш долу парафин уггаре а цIена сурсат лоруш дара, цундела иза килсан чIурамаш дан Ватикане дIакхачош дара. Мехкдаьттанан ниIматах Соьлжа-ГIала йуьзначу хенахь, нохчий-м геначу Сибрех, хьацарца а, цIийца бепиган цостар эца рицкъа доккхуш бара. СССР йоьхначул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн хьаьрмахь хилла Советан Эскар ша арадолуш, диц ца делира даьтта доккхуш хилла гIирс эккхийта. Къаьсттина билгалдаккха деза, и гIирс лаьтташ хиллачу мехкдаьттанан хьаьрма ког баккха йиш йацара цхьаьна а нохчочун а, гIалгIачун а. Вай хьалха билгал ма даккхара, царех цхьа а цигахь кертара нехаш дIайаха а балха оьцуш а вацара.

ХIинцалц жима хилла Соьлжа-ГIала, шо шаре мел долу шорлуш йара. 1939-чу шарахь 172 000 хилла бахархойн терахь 1979-чу шаре 340 000 эзаре хьаладаьллера, ткъа йуха а нохчий цу бахархошна йукъахь уггаре а кIезиг бара.

Корматаллин хаарш долу белхан ницкъаш тIеберзо а, нохчашна а, оьрсийшна а йукъара интеграци ларъйан а Iалашонца центральни правительствос ахчанца кхачо йира ишколийн а, колледжийн а гIишлош йан, цундела 1960-чу шарахь республикин аьтто белира дешаран тIегIа айда.

[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.

.


Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.

1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.

Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.

1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.

[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.


Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.

Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.

Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.

И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.

Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.

И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.

Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.

На страницу:
3 из 6