
Полная версия
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.
Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.
Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.
Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар. ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.
Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а. Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла. Кутина оьрсийн а, Iаьрбойн а, гуьржийн а, туркойн а, чергизойн а меттанаш хууш хилла. Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.
ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш. Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.
Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.
Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.
Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.
Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а сурт диллархочун а, йа илланчин а. И тайпа хазачу маттахь довзийтина долу Кавказан хаза гIиллакхаш дагах ца кхетийла йац.
ХIара книга шеко йоцуш мехала дакъа ду нохчийн литература кхиорехь а, Iалашйарехь а. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн меттан хазалла кху книгин агIонашкахь йовзийтиначу гочдархочун корматалла лаккхара хилар. ХIора а кийсаг шатайпа дагах кхеташ, ша зевне мукъам санна йека лерехь. ЧIир, къиссам, цIий Iанор, къизалла, амма цу дерригенна а йуккъахь, Кавказан оьздаллица, кIоргера нохчийн маттахь кху агIонашкахь бовзийтина сирла безам. Масала, кхарачойн эла Бекмирзас нохчийн обарге шен дагара дийцар:
«Кута! Суна чIогIа эхь-м хета хьоьга иза дIаала, амма сан бехк болуш хIума дац иза. Безам бахна сан. БерхIиттара ваьллачу жимхина санна йоI йезаелла суна, цу безамо дIалаьцна сан берриге а кхетам. Со мичча а вахча а, хьаьнца а къамел деш хилча а, хуьлийла со цIахь йа, ломахь, йа хьуьнхахь, йа доьзалан гуонехь, доттагIашца шуьнехь, йа мостагIашца болчу къиссамехь, сан ойланашкахь цуьнан сибат бен кхин хIумма а дац. Де а буьйса а, вижар а, гIаттар а доцуш лелаш ву со. Цуьнан и исбаьхьа хаза амат ша барзана тIаьхьа ваьлла иччархо санна суна тIаьхьа даьлла лелаш ду.
Ас даима а лоьху и амат – гIенахь а самах а, лоьху, марха даста хьаьгначо стиглахь маьркIажен седа лоьхуш санна, ижунна тебначу цIоькъ-лоьмо лоьхуш долу лу санна, диканах дог диллинчо тIаьххьара сатийсам санна, лоьху турпалхочо лоьху шен толам санна. Лехнарг карадо ма олура, ва Кута! Цуьнан и кIоргера, дахаран цIе шайна чохь кхерсташ болу и жугIар ши бIаьрг, ломара шовданан санна долу цуьнан и самукъне йелар – цу дерригено а со хьере вина…».
Ларамза дац нохчийн матта ишта шатайпа боккха тIеIаткъам беш хиларан, хIунда аьлча и мотт ширачу Шумерера схьабеана, Пайхамараша бийцина мотт бу, цундела ду цу меттан бекар ишта шатайпа, цу матто кхуллуш йу нохчийн къоман син-оьздангаллин лард. Шеко йоцуш хIара книга, йерриге а Кавказан исторехь йоккха меттиг дIалоцуш йолу говзар йу. Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, бекхаман новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.
Акаев ИсмаIал – йаздархо, журналист, Лондонера Евразин кхоллараллин Гильдин декъашхо, театран а, кинон а гIуллакххо.
Сурт диллинарг Айтек Дуг
Кавказ
Ма ала къена йу Кавказ,
Къежбаларх бохь леккха лам,
Дожарах стиглара аьрзу
ЦIеххьана кагбина тIам
Ма ала къена йу Кавказ
Мел бека пондаран мерз,
Лаьмнашкахь мел хеза шайна
Майрачу обарган герз!
Ма ала кура йу Кавказ —
Органо хьестарах и
Даймехкан сий къуьйссуш кхузахь
Хийлозза Iенийна цIий
Ду иза маршонан ага —
Сийлаллин йовр йоцу цIе
Мел чехка зама а идарх
Йехар ю Кавказан цIе.
Дикаева ЯнинаI том

I корта
Дишнара Дика
Йоккхачу АтагIара Аюбан дехарца Довта-МартантIера Кутас дакъа а лоцуш, 1900-чу шеран бIаьста инкассаторашна тIелатар дар бахьана долуш, цуьнан коьртах боккха мах а хIоттош, Кута Россин империн мостагIа ву аьлла кхайкхийнера.
Аюба и тIелатар кеч а динера, иза цуьнан куьйгаллехь а вара. ХIетахь цо даьккхинчу ахчано доккха гIо дира шортта миска доьзалшна. Амма цу тIелатаран дукхох болчу декъашхошна цуьнан тIаьхьалонаш ирча хилира. Цу тIелатарехь Кутина коьртах чевнаш йинера. Иза ша волчу сехьаваьккхира цуьнца цхьаьна цу тIелатарехь дакъа лоцуш хилла волчу, цуьнан уллера накъоста, нашхойн тайпанера волчу Котар-Йуьртара Магин кIанта Гирмаха.
Кута метта вогIуш вацара, тIаккха иза ша волчу ВаларгтIе дIавигира Кавказехь цIейаххана вевзаш волчу аьккхий тайпанера лоьра Элмарзас. Иза обарган тайпанца доккха гергарло долуш вара. Лоьра цунна гам хьаькхначул тIаьхьа (трепанация черепа) Кута метта веара, амма чов атта дIа ца йирзира. Операцин чолхечу тIаьхьалонех лаьцна хиира Кутин дика накъост волчу думин депутатана ГихтIара Эльдарханов Таьштемирана, иза ВаларгтIе обарг хIун деш ву хьажа веанчу хенахь. Ростовера тIеман госпиталера цо деанчу молханах дарба хилира обаргана.
Шарахь сов хала лазар текхначул тIаьхьа ВаларгтIера Эльмарзас кога хIоттийра обарг.
Кутин уллера гергара нах закъалтана лаьцначу хенахь, цуьнан цIийнах болчу баккхийчеран и гергара нах маьрша бахархьама оьрсийн Iедале шаьш Кутех девлла ала дийзира.
Кутин лар ша берзан лар санна толлуш йара, цуьнан хIусам а, доьзал а оьрсийшна мотт беттачеран тергонехь бара даима а. Шен гергара нехан дахарна кхераме хIумма а ца хилийта, Кутас сацам бира Теркал дехьа вехаш волу шен доттагIа Дишнара Дика волчу дехьа вала – цигахь и цкъа а лоьхур вацара.
Дика Кутел масех шо воккха вара, амма цуьнан цIена дог гуттар а къона лаьтташ дара. Дика даима а керла зуда лохуш вара, хIинцале шен кхоалгIа жима зуда База йоллушшехь. База вехаш волчу Карабулакера Шоптакхан йоI йара.
Дика ГIизларан-Гребенской полковой округан эскаран латтанашкахь ваха хиънера. Йоцачу ханна йукъахь цо дика бахам вовшахтуьйхира – даьхний, эмкалш, уьстагIий, говрийн масех рема.
Цуьнан латта Iуьллура Оьрз-ГIалина йистехь, Теркана гена доцуш, амма цо аренде эцна латтанаш кхин а гена, Дубовски станице кхаччалц дара, цигахь цуьнан генара дежийлаш дара.
Цхьаьна Iаьнан дийнахь, Кута Дика волчохь хьошалгIахь волчу хенахь, Дика волчу баьхкира цуьнан накъостий а, генара гергара нах а. ХIусамдас доккха шун хIоттош, ламанхойн ламастехь тIеийцира хьеший. Нохчийн кхача, хьаша-деца йолу марзо – цу лаьмнийн гIиллакхо шатайпа марзо а, синтем а боссабора кийра, шерашца къийлина гIайгIа ша бIаьстенца гIура санна йостуш. Кхузахь кхолладеллачу вежарралин, доттагIаллин хьелашкахь гулбеллачерийн кхетам дIалецира цIеххьана самабевллачу дагалецамаша. Шаьш теш хилларг а, шайна хезнарг а вовшашка дийца буьйлабелира ламанхой. Кута а вара царна йукъахь, амма хьешашна иза шен бакъ йолчу цIарца вовзийтина вацара.
Ломара Бенара веанчу цхьаьна хьашас дийцира гуьржийн латтанашна тIелатар диначу хенахь, Iаьржачу суьйлиша йийсаре лаьцна дIайигна йолу гуьржийн йоI маьрша йаккхарехь шен дас дакъа лацарах лаьцна.
Делан къинхетамца а, Имам Шемалан масех наибан гIоьнца а йоI шен да-нана долчу цIа кхачийра. Цу дийцаро хIоттийна тийналла йохош, вистхилира Дикин кхин цхьа хьаша – Олдара дишни:
– Ирсе чаккхе йолуш хиллачу цу гIайгIане дийцаро кхин цхьаъ дагадаийти суна. Со чIогIа тешна ву и дийцар а шен тIаьхье йолуш хир ду аьлла – вехха лаьттан бIаьра хьоьжура хьаша. Хетарехь цуьнан кийра буьзна бара гIайгIанах. Леча олучу Устархин кIант Джонха вара иза. Массарна а йукъахь цуьнан амат цхьа шатайпа къаьсташ дара.
Дуккха а хан йара Кута цуьнан терго йеш волу. Джонхас къамел а кIезиг дора, нагахь санна дича а цуьнан къамел доца хуьлура. Гуш дара иза дешан мах хууш стаг вуй. Джонха гулбеллачаьрга бIаьрг тухуш, вистхилира:
– Шуна йукъахь дукхох болчарна ма-хаьара со йохка-эцар лелош ву, цундела дукха дIасалела. Со Бакухь а хилла, Гуьржийн махка а воьду сих-сиха, массийтазза ГIажарийн махкахь а, Хонкарехь а хилла. ДIадаханчу шеран аьхкенан чаккхенехь со сайн йохка-эцаран гIуллакх эцна Гуьржеха кхечира. Цигахь сан саца дийзира сайн дика накъост сван волчохь. Маьрша Сванетехь иза волчохь хьошалгIахь вара со. Цьаьна дийнахь Эланийн Сванетехь тхо долчу хенахь, тхо сан доттагIчун Местера накъост волчу чудахара.
Со нохчо ву аьлла шена вовзийтича, цо цецваьлла хаьттира:
– Хьо а кIантана тIаьхьа веана?
Со цо дуьйцург ца кхеташ, сайн доттагIчун бIаьра хьаьжира. Сан доттагIчо къамел кхечу хорше дерзо гIерташ, куьйг ластийра:
– Сан доттагIа совдегар ву, хьо волчу а тхо йохка-эцаран гIуллакх бахьанехь даьхкина – шен накъостан белшах самукъне куьйг туьйхира цо.
Ткъа сан берриге а кхетам цу мIаьргонехь дIалецира цу стага хаьттинчу кIанта. ХIунда моьттинера сванна со къаьсттина цунна тIаьхьа веана. Мила ву и кIант? – эзар ойла йолайелира сан коьртехь маша буца.
– ДоттагIа алахьа, мила ву и кIант? ХIунда моьттира хьуна со цунна тIаьхьа веана? – хIусамдена тIера бIаьрг ца боккхура ас. Иза шен накъосте хьаьжира, ткъа важа ца кхеташ, белшаш теIош вара.
– Суна хьо къена эла Гелованис закъалтана лаьцна долчу нохчийн берана тIаьхьа веана моьттура. Цхьа шо ду цхьа а цунна тIаьхьа ца вогIуш, хьалха сих-сиха оьхура. Церан тайпано кIант маьрша ваккха дукха ахча вовшахтоьхнера, амма элас кIант бIаьрга а ца гайтира царна. Сванаша тIеоьцура нохчий, шайн кхерч ца кхоош, амма хIоразза а аьтто ца болуш дIаоьхура уьш.
Ша кешнийн кертара санна цхьа шийла тийналла хьаьрчира Дикан хIусамах. Джонхин дийцаро ойла а, кхетам а дIалаьцначу хIора а нохчочун кийра оьгIазлонах буьзнера. Шайн дахарна тIекховда цхьанна а магийна боцучу нохчашна кхета хала дара, шайн къомах бер хийрачу нехан йийсарехь ду бохучух. Массарна а кхин дIа хIун хилла хаьа лаьара. Джонхас йохийра и шийла тийналла:
– Ас хаьттира сване – долийра цо шен къамел —
ХIун хиллера? Муха кхаьчнера и кIант эла волчу? Мичара ву и кIант?
– Ээээ! Иза дер ду дукха деха дийцар – ойланашка вахара хIусамда.
– Эла Геловани Илико гуьржийн ширачу тайпанера ву. Дукха шераш хьалха церан тайпа тхан Сванетехь элалла лело даха хаийра. Цкъа мацах чIогIа ницкъ болуш хилла болу уьш, Дадешкелиани эланаша гIело йина, царех дукхох берш Кутаиси а, иштта Гуьржехара кхин йолчу а кIошташка дIасабахара. Амма къена Илико дагахь вацара Геловани элийн сийлаллех ишта атта вала. Сихо ца йеш воьдура иза ша хIоттийначу Iалашоне. Цуьнан цхьаъ бен воцучу кIанта Геловани Джокияс лаккхарчу кхиамца чекхйаьккхира Петербургера тIеман училище. Кестта Тифлисера омра кхачаре хьоьжуш бара уьш иза тIеман урхалле билгалван.
Иза хилира 1899-чу шеран аьхка Гуьржийн мехкан а, Хонкаран а дозанера, даима а ярмаркаш дIахьош йолчу Ахалцихехь. Къона эла Джокия шен пайтонца тIехваьлла воьдура ворданех а, йохка-эцархойх а, бахархойх а тIанкI-аьлла буьзначу урамехула. Пайтон йоьжна говраш лаьхкина воьдучо элана некъ мокъа боккхуш, цхьаьна ламанхочунна доггах шед туьйхира. Ткъа иза уьгазлакхана тIе хьала а кхоссавелла, говрашлоьхкург цу тIера охьа а такхийна цунна йетта волавелира, цуьнан гIо доккхуш, къоначу элас шен Iаса туьйхира ламанхочунна, ткъа и ца ладелла цунна уллохь лаьтташ хиллачу кхечу ламанхочо эланна туьйхира. Дарвеллачу элас шаьлта туьйхира ламанхочунна, амма ламанхочо хье ца луш жоп делира. Церан тассадалар сиха чекхделира чов хиллачу ламанхочо тоьхначу шаьлтанах ца гIатта вуьйжира эла. И ламанхо хиллера нохчо. Иза нохчашца а, гIалгIайшца а ярмарке веанера Хонкарера совдегарша дохка деанчу сурсаташка хьажа. Цуьнца цхьаьна йара цуьнан жима зуда а, кхо-диъ шо кхаьчна кIант а. Нохчо а, цуьнан зуда а, кIант а шайн гIудалкхаца оьрсийша дIалецира, ткъа цул тIаьхьа Геловани Илико элане дIакхачийра. Нохчийн доьзал цкъа Местия олучу меттиге кхачийра, ткъа цул тIаьхьа Ладжано дехьабаьккхира – Гелованин дай баьхначу йуьрта.
Эла шен кIант дIа ца вуллуш Iаш вара уьш схьакхаччалц. Цо шен куьйга са даьккхира когаш а, куьйгаш а дихкина шена схьакхачийначу чов хилла нохчочун, ткъа цуьнан довхачу цIийн Iовраш къеначу элан кIантан Джокиян Iуьллучу докъанна йистехула охьахьевдира. Майданехь гулделира адам. Нохчочун зуда кхин тоха са доцуш, кхетамчуьра йаьлла охьайуьйжира, ткъа церан жима кIант шен даккхийчу бIаьргашца Iадийна хьоьжура тур тоьхна вийна Iуьллучу шен дега.
Нана а, кIант а элас шен латтанийн дозанел арадолуьйтуш дацара. И шиъ атта цхьаннна а гуш дацара, ша эла волчу цхьа гIуллакх хилла баьхкинчарна йа, церан кертахь болх беш болчарна бен. Цу Iай хаам кхечира нана а, кIант эланан йийсарера дедда аьлла. Цигара дедда дIадаха цу шинна гIо динера балкхаройн къомах йолчу цхьаьна зудчо. Иза цу кертахь болх беш йара. КIентан а, ненан а къизачу кхолламах дог лозуш йолчу цо шен ницкъ кхочург дира цу шинна гIо дан. Элас шен адам арадаькхинера нана а, кIант а лаха. Цхьа кIира даьлча и шиъ карийра Бурунташ олучу дукъа тIехьа. Ло хьаькхна новкъахь диссина и шиъ жIаьлешна хааделлера. Йуьткъа цхьа коч йиссалц шена тIехь мел хиллачу бедарах хьерчош, шелонах ларвинера цо шен кIант, ткъа ша гIорийна йеллера. КIант гIийла вара, амма лечуьра виссира, къеначу элас иза ша волчу дIавигира.
Нохчийн зудчун дакъа сванаша ца магийра эланна дIадахьа, бусулба динаца догIуш иза дIайоьллира цунна гIо дина хиллачу балкхархочо шен цIенна гена доцуш.
КIентан гергара нах дуьххьара бIаьста гучубевлира. Нохчаша эланна кIантах ахча лур ду аьлча, цо царна вийначу нохчочо эцна хиллачу хIуманех йоьттина йолу гIудалкх а, говраш а дIаелира.
– Зуда а, кIант а кху кертара деддачу хенахь, Iай шело ца лайелла, новкъахь делла, царех диссинарг дIаэца, кхин кхуза эха шуна оьшуш дац – элира элас ваийтинчу геланчас нохчашка.
Корта оьллина хьоьжура сван, ша цу зуламехь бехке волуш санна, ткъа йуха тхуна хьалха чай хIоттош цо элира:
– Ас бакъ долу гуьржийн чай лур ду хьуна, ткъа кестта, хье ца луш деттина жижиг а схьадер ду – хазахетарца къамеле ваьллера иза соьца.
Ткъа сан кийра-м кхача гIур бацара. Иза волчохь жимма хан а йаьккхина, тхо цIа даха арадевлира. Тхо новкъа дохуш, вехха соьга а хьаьжна, цо сан куьйг лоцуш, элира:
– Кхин цкъа баьхкира уьш гурахь кIантана тIаьхьа. Масех дийнахь кхузахь Местехь гуо а тийссина, массийтозза Ладжано йуьрта кхача а гIоьртира уьш, ткъа цул тIаьхьа уьш кхин цкъа а кхузахь гина бац.
ШолгIачу дийнахь со сайн накъост сванаца Ладжанехь вара Геловани эланан кертахь. Цкъа мацах бехаш хиллачу доьзалан тишйеллачу хIусамо хIоттадеш долу сурт бIаьрг бузош дацара. Ша дерриге а дара кхузахь къаналлина охьахерцаш, амма керт цIена йара.
ШолгIачу гIаьттан майданехь гучувелира мокха чоа а доьхна, даточу доьхканца гIодайукъ йихкина воккха стаг. Цуьнгахь шаьлта йацара, ткъа когахь дегIана аьхна, кIеда маьхьцеш йара. Иза ламитIехула меллаша, дозаллица корта айбина охьавуссура, ша хIора а ког берриге а Гуьржийн мехкан дуьхьа боккхуш болуш санна. Йуьхь-дуьххьал хьоьжура иза хьешашка. Ткъа йуха корта таIорца массарна а охьаховша бакъо йелира. Стоьла хьалха ша а охьа а лахлуш, цо сан накъосте а хьаьжна элира:
– Соьгара хIун гIо оьшу шуна?
– Сан доттагIа нохчо валийна ас цхьа гIуллакх эцна хьуна тIе – соьга бIаьрг туьйхира сан накъоста.
– Эла, со нохчо ву! Со Гуьржеха кхаьчна йохка-эцаран гIуллакхашкахула. Суна хаьа къоначу элана хилларг а. Ахь эца ма йеззара чIир эцна хьайн кIантах, цундела схьало и нохчийн бер – ас сайгахь мел хилла ахча а, деши а охьадасийра стоьла тIе.
– Со да волу бахам хIара бу, дIаэца, ткъа кIант схьало – ас воккха стаг волчу агIор дIатеттира деши а, ахча а. Эла вистхуьлуш вацара. Цуьнан бIаьргийн кIоршаме шелоно дагчуьра сатийсаман тIаьххьара алу йойура. Цо шина а куьйга ахча а, деши со волчу агIор схьа а тоттуш, элира:
– КIант вац! Дуьнен чохь йоцу хIума ма лехийша.
Вовшашка вист ца хуьлуш, цIа воьдуш вара тхойшиъ. Сайн сатийсамаш кхочуш ца хиларна, сайгахь ницкъ ца тоьарна оьгIазлоно лаьцнера со:
– Алахь вуй и кIант боккъалла а дийна? Хьуна гиний иза? Цхьа а адам дуй дуьнен чохь иза гина теш хIуттур долуш? – оьгIазе хьоьжура со сайн доттагIчуьнга цу баланан куьйг бехкениг иза волуш санна.
– Суна иза гина вац! Амма иза дийна ву. Эла волчохь болх беш хиллачу сванашна гина иза – жоп делира сан доттагIчо.
Гуьржехь сайн хилла гIуллакхаш кхиамца чекхдехира ас, цкъа а ца баьллачу агIор аьтто а болуш, амма сан дог, сан син-паргIато, сан синтем иза ша дерриге а цу къеначу эланан кертахь диссина. Цу дийнахь дуьйна и жима нохчийн бер санна сан синтем а бу гуьржийн эланан йийсарехь – гIайгIане догучу бIаьргашца дерзийра шен къамел Джонхас.
Кутас леррина ладугIура цу къамеле, цхьа дош тIех ца долуьйтуш. Массеран а кийра йоьссина гIайгIа цунна а йуьстах ца йелира.
– Нохчийчуьра массо а маьждигашкахь ахча а гулдина схьаваккха веза и кIант – элира хьешашах цхьаммо.
– Ахчано гIо дийр дац – меллаша вистхилира шен ойланийн йийсарехь волу Джонха.
– ХIан-хIан! Доккхачу ахчане, Iаламат доккхачу ахчане ца далуш хIума ма дац – йуха а шениг дуьйцура хьашас.
– Ахь цунна дашо гIала йоттахь а, гIуллакх хир дац – оьгIазе хадийра и къамел Джонхас, ткъа йуха меллаша вистхилира – со вара цигахь, суна гира цу эланан бIаьргийн хьежар, хIорд а багор болуш йара цуьнан кийрахь летта цабезаман цIе. Соьга дийцира цо и кIант керста санна кхиор ву, оцу кепара кхин цкъаъ а ша эцначу чIирах Iаба.
– Стенна гулдеш ду аш ахча? Беркате гIуллакхна гулдеш делахь цхьаьна йуьрта гулдечул ас лур ду-кх шуна – чоьхьавелира къамелан чаккхе бен хезна воцу Дика. Иза кхеташ вацара стенна сингаттамо лаьцна хIинцалц самукъне хилла шен хьеший.
– И кIант йа лачкъо веза, йа тIамца ваккха веза, нагахь санна ахчанах иза эцалуш цуьнгара вацахь – Джонхе дIахьаьжира ломара Бенара хьаша.
Кху къамелан чулацамах кхетта Дика вист ца хуьлуш, хьешашка ладоьгIуш Iаш волчу Кутина улло охьалахвелира.
– Со а вара цуьнан ойла йеш – стоьла хьалхара хьалагIаьттира Джонха. – ТIамца иза ваккхалур ву, амма цигара араваккхалур вац-кх – цхьаъ дагадеъча санна хьоьжура Джонха шен накъосташка. ТIаккха цIеххьана Куте а хьаьжна, цо элира:
– Суна хьо мичахь гина те? Йохка-эцар лелош-м вац хьо?
– Ву! ХIара хьалха говраш йухкуш хилла ву, цигахь гина хила тарло хьуна цуьнан къамелана йукъа гIоьртира Дика, Джонхин тидам Кутина тIера дIабаккха гIерташ.
– Дер вайна далур дац моьттург, хIора а дийнахь шайн синош ца кхоош, вайн мостагIашца къиссам латточарна мел атта хетар долу хIума ду – догучу бIаьргашца вистхилира Зандакъара Адам. – Хаьий-те цунах лаьцна Йоккхачу АтагIара Аюбана? Довта-МартантIера Кутина, Зандакъара Багина, Хорачара Зеламхина, Теркйистера Саадаллина? Царех цхьаьнан мукъне а аьтто хир бу бер цIа дерзо – ша аьллачух доггах тешаш, и кIант цIа веъна ваьлча санна воккха веш дуьйцура Адама.
КIант маьрша муха ваккха веза бохуш дуьйцуш, шайн ойланаш кар-кара кхийдочарна ца хаьара массарех а йуьстах ваьлла, вист ца хуьлуш Iаш, вехха геналле хьоьжу и шайна йукъара къонаха Довта-МартантIера цIейаххана волу Кута вуй. Йуха а даарах дIайуьзнера стоьлаш, чам болуш кечдинчу Iахаран жижгана тIера айайелла Iаьнаро кийра къизабора. ХIинца-м къамел кхечу хорше дирзинера. Хьеший луларчу къаьмнийн даарийн мах хадош бара, ткъа кIант царна сиха вицвелира. Амма кхачанах а ца кхеташ, вехха уьш тергал беш Iачу Кутин даг чохь иза гуттаренна а виссира.