Синмог1а
Синмог1а

Полная версия

Синмог1а

Язык: Русский
Год издания: 2026
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Синмог1а

Таймасха. 1832 шо

Боьдуш бу тIом-саьрмак боларца шен.

Кадели мостагIан Бийболат вен.


Йуха а баьччанаш – ша шена хIора.

Мехкан да дIавели, гIелдели гIора.


МостагI шен тохараш чагIдан а вуьйли.

Йуха а тем боцуш цIий Iена дуьйли.


Ткъа мохк ма буьсур бац да воцуш вала.

Теша нах, ларбийр бу Везачу Дала.


Йуха а тIекхечи бохамийн мур.

Чуьйр-Эвла тIедеъна мостагIийн сур.


Йагийна, йохийна йуха а йурт.

Йуха а Орган тIехь – эрчаллин сурт.


Гермчига, мостагIех турпала летта,

Чов хилла ма йуьйжи, чаччамаш кхетта.


Iалхан-юрт йохийна, Гих-ара бевли.

Котар-Юрт, кIотараш йагийна йевли.


Сатосуш ГихтIана тIекхечи сур.

Делира хIуо дегош курпалийн дур.


– ХIун хилла? Мичахь бу? – маьхьарий дуьйлу.

Божарийн куьйгаша герзан мукъ къуьйлу.


Ткъа мостагI, шаьлтанах шен ларйеш ворта,

Дагахь вац йуьртана гергахьа гIорта.


Инарла лууш вац салтийн цIий Iанадан.

Iалашо йу цуьнан йуьртана таIзар дан.


Лууш вац латарехь доьналла зен.

Атта ду, омра деш, четарахь Iен.


Латарехь толарх ша тешна а вац.

Йаккхийчу тоьпашна дан хIума дац.


Генара чуйетташ, йурт цара оту.

Йуьртахойн дегнаш чохь оьгIазло гIотту.


Собаре кхайкхарах кхехка дог Iац.

Ткъа дуьхьал дIатоха йоккха топ йац.


Къаноша сацам би: «Йурт йита йеза.

Девр дац вай цкъачунна къурд бина Iеза.


Сонталла йу эрна хIаллакбар нах.

ШарIо а, шаьш цIерга ма кхийса, бах.


ГIийланиг веза вай кIелхьараваккха.

Вешан чIир оьцур йу гаурех тIаккха.


Дуьтур дац бекхамза зулам вай цкъа а.

Валаза виснариг ца вуьтуш цхьа а


Гихаца аьрцнашка довлалаш, нах».

Йуьртарчу цIеношха дийна дац ах.


Тарбели цкъачунна тоьланаш йаьхна.

Духур дац хиларах хало лан хьаьхна.


Таллархой ижуна аьрцнашка бевли.

Ха хIоттош, туьпан го сарале къевли.


Дерриге хетало цхьа ирча гIан.

Цу дийннахь, хилале маьркIажан хан,


Кхеташо гулйели, дан дезарг дийца.

Кхеташ ду, муьлхха а некъ хир бу цIийца.


– Йихкина массо а дархочун чов.

ХIинца вай дуьйцур ду дан деза дов.


Йиш йац уьш бахийта, ца оьцуш чIир.

Йерзор вай белхаре гаурийн йир.


Кечлойла кегийраш пхьуьйрале кхана.

Уллалца хIорангахь хуьлийла чIана.


Буьйсанна ара шу дезар ду довла,

МостагIий кхиале Соьлжеха бовла.


Бахамаш талийна, дагийна кхаш,

Шайн ницкъах бIобулуш, малдина хаш


БогIура мостагIий самукъне, майра.

Йуьртахь шаьш хIоттийнарг дегнашна тайра.


Розенан эскарехь – итт эзар цхьамза.

Эзаршца къийсар ду бIеннашна чаьмза.


Ткъа дукха-м ца хьийги толаман зовкх.

ЧIирхой тIекхачарца дIайели шовкъ.


Хууш, цу эскарца шаьш ларор доций,

Буьйсанна кайетташ, кIелонаш лоций,


ЧIир йийкхи гиххоша байъинчийн шайн,

ДогIуш ма-хиллара ламастехь дайн.


Цхьа къона йуьртахо массарна тайра.

МостагIех летара оьгIазе, майра.


ЙоI санна, хаза ву, чалдера цуьнца,

Каде ву, говза ву шаьлтанца-туьрца.


Ткъа латар дирзича волура гена.

Вовшашка хоьттура, мила ву, хьенан.


Иэхье и леларах тамаша бора.

Ткъа кестта йелира и къайле Iора.


Кхеташо гулйира, динариг лийса.

Жигара бевлира дан дезарг къийса.


ХIораммо шен хьежам, лаам а кхайкхий.

Тхьамдано йуьстахара къоначе кхайкхи:


– Дийцал-ткъа, жима къонах, хетариг хьайна.

Массеран ойла йу ладаме вайна.


Масазза тIом би вай? И жамIе дилла.

Къоначо жоп дели: – Кхо латар хилла.


– Ткъа дукха дуй иза? Хьо муха кхета?

– Пайдане диллича, сов дукха хета.


– Дукха и хIунда ду? Кхетабе нах.

Стенца ахь хадабо гIуллакхан мах?


– Талламца, кечамца цхьа тохар деш

Далун дерг дира вай тIом кхуза беш.


БIо кхолла безара, гуттар а кийча.

Стом хилац, шен хеннахь синтар ца дийча.


Йуьртана гуттара ха латто деза.

ГIуркх боьхкуш ца хилахь, хаьрцар йу леза.


МостагIна хаддаза терго йан йеза.

И гIуллакх кхочушдан иччархой беза.


– Кхетаме къамел ду кху кIанта дийриг, –

– Вистхили тхьамдалла тIелаьцна Iийриг.


– Майралла, доьналла эшац вай дийца.

Иза а гайтина цо тIамехь цIийца.


Къамелан чаккхене вай хIинца кхаьчча.

БIегIийла дарий-те и харжар баьчча?


– Реза ду, – дIадерзий куьг куьйгах тоьхна.

«КIентан» йуьхь цIиййели, хьаьвзина воьхна:


– Йиш йац-те, йуьртахой, кхин сацам бан?

Амал дац тIеэца баьччалла сан.


– Йуьртан кхел тIеэцар декхар ду хьан.

Эшац кхин и гIуллакх дийцаре дан.


– Кхин дан сан дац хIума... – Къевлина буй,

Коьртара баьккхира кхакханан куй.


Белшаш тIе йуьйжира ши кIажар Iаьржа.

Цу сохьта лохха «гIугI» майданахь даьржа.


– Таймасха йу сан цIе. Бехке ма дилла.

Баьччалла хьакъ долуш хир ву шух милла.


Да-нана дийна сан, везар а вийна.

Гергара цхьа а вац кхин висна дийна.


Дисна дац кхин хIума самукъадала.

ЧIир эца кадаьккхи Сийлахьчу Дала.


Со бIахойн могIарехь йитар ас доьху.

ХIумма а дахарехь кхин сов ца лоьху.


– ТIаккха, нах, хIун эр аш кху хьокъехь хIин-

ца?

ХIун дича бакъхьа ду Iадатца, динца?


– Мах цуьнан хадий вай йовзале хьалха.

Ткъа хIинца хIетте а йуьтур йац цхьалха.


Жоьпашкахь массо а къонахел тоьлла.

ТIамах а, цIарах а и цаьрца йоьлла.


Хьакъ йу и бIахошна куьйгалла дан.

Оьшуш дац сацам кхин бийцаре бан.


Цу дийнахь къегина Таймасхин седа

Итт шарна хьаьхнера махкана сега.

Суьйр-Корт. Чиллан-бутт. 1807 шо

ТкъоьсналгIчу бIешеран йуьхь йара тийна.

Моьттура, даьлла къам дахаро зийна.


Ткъа лаьцнарг хиллера саьрмакан дуьхь.

Уггаре къизачех бIешеран йуьхь.


Кост кхечи, инарла Булгак ву бохуш

Итт эзар цхьамзанца Нохчийчу вогIуш.


Кхайкхам би, къонахий дIакхойкхуш гIоьнна.

Хан-Кхаьллахь гуллуш бу нохчийн бIо денна.


ЧIагIйина ханнашца Шин-Суьйран йукъ.

Иччархой хевшина, дIалаьцна дукъ.


БогIуш бу мостагIий, бIобулуш шайх.

Чам кхетта, шайн дагахь, хиндолчу цIайх.


Баьччано хьалхахьа дIауьйхьи тур.

Iадийна хьун дели мажарийн дур.


Таьллашна йуккъера ткъесан цIе сега.

ДогIанах даш Iенаш, мостагIий оьгу.


– Ма бита гIовтта уьш! ТIетоха шолгIа!

Ца оьшу йовсаршна кхоадан молха!


Узарш а, маьхьарий... Сакхдаьлла хIуо.

ЦIийделла хIинцале гондIахьа луо.


Цхьаъ воьжча, цу метте кхин шиъ дIахIутту.

Тоьпаша йохийна зIе цара хутту.


– ХIан-хIани, же, даха баттара тарраш!

Кегдер вай шайн ницкъах тешначийн карраш!


– Гора-йаI! Тохалаш!.. – ТIом кхехкабели.

Шаьлтанийн хелхарехь тоьпийн дур хели.


Дарзала, тIапа а куйнаш ду ийна.

Луо а ду Iаржделла, когаша хьийна.


Борз-нанас жех санна, шен кIезий Iамош,

Катоьхна йухабевли, дера дог Iабош.


Стигланаш къевкъина, латтанаш дийги.

Нахана кегдина дитташ тIеийги.


Уьш йаккхий тоьпаш йу, цIе Iетто йоьлла.

ЧIагIонаш латтайар халонга даьлла.


Дошлой а гIаш бехи, дан дагахь хIилла,

Карийна гIашсалтий, гIорасиз хилла.


ГIашбевлла гусараш нохчашна ги.

ХIиллана дуьхьала хIилла а ди.


ТIехьашха тIелетта лаьттаче ковраш

ЦIаьххьанчу тохарца дIайиги говраш.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу