bannerbanner
Марха Дастарн Iийда
Марха Дастарн Iийда

Полная версия

Марха Дастарн Iийда

Язык: Русский
Год издания: 2025
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Марха Дастарн Iийда


Сайд-Селиман КIант Хьусаин

© Сайд-Селиман КIант Хьусаин, 2025


ISBN 978-5-0068-3322-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

МАРХА ДАСТАРАН 1ИЙДА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!


Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн, амма ба1ду:


Ислам динехь ши 1ийда ду. Ши самукъа долу коьрта де ду. И шиъ 1ийдул-фит1ри, 1ийдул-адхьа́ ду. 1ийдул-фит1ри, – иза марха дастар ду. 1ийдул-адхьа, – г1урбан де ду.


Лараме бусалба нах! Дала самукъдалар т1едиллина вайна цу шина дийнахь. Цу шина дийнахь муьлхха а марха кхабар хьарам дина. Х1унда дина иза хьарам? Хьо х1ума йууш самукъдаьлла хилийтархьама цу дийнахь. Г1елвелла воцуш, мацвелла воцуш, хазачу, дикачу куьцехь хилийтархьама.


1ийд бохург, – самукъдалар ду. Оьрсийн маттахь «праздник» бохург ду иза. Бакъду, кериста нехан санна 1еса самукъдалар дац бусалба динан 1ийда. Бусалба динехь ши 1ийда маца ду ойла йиний ахьа? Дер ду цхьа доккха 1ибадат чакхдаьллачул т1аьхьа, и 1ибадат даздеш. Марха дастаран 1ийда Рамадан бут кхаьбча ду. Г1урбан 1ийда хьадж дича ду. И бохург х1ун ду? Дера ду, бусалба стеган самукъдалар Дала 1ибадатах доьзна хилийтина, х1унда аьлча бусалба стеган самукъа далар Делан динца тасаделла хилийтархьама. Х1унда аьлча динца доьзна долчу х1уманца долу самукъдалар т1ехь ч1ог1а ма ду, кхечу бахьнаца долучул а. Ахьа тидам бинехь, цхьа ша кепара дика хуьлу-кх бусалба стеган дог цу 1ийдан деношкахь. Самукъадалар динца доьзна хуьлу-кх цу деношкахь. Цундела, массера самукъа долу цу дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала массо бусалба стеган самукъа доккхийла цу деношкахь.


Цундела, лараме бусалба нах, вайн ши 1ийда динца доьзна долу дела, цу шина 1ийда дийнахь леладан дезаш хаза мелехь х1уманаш ду, Дала вайна билгал дина долу. Вайн марха дастар а, г1урба даздар а шена чохь Дела хьахош воцуш ца хилийтархьама. Мелхо а вайн самукъадалар даима Делаца тасаделла хилар а, вайн самукъа далар беркате хилийтархьама.


Ткъа Ислам динан шина 1ийдан бух мичара бу? Мичара ду и ши де даздар?

Дера бу цуьнан бух дукха боккха, ладог1а ахьа!

Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Мадийнате веара, ткъа церан ши 1ийда (ши деза де, праздник) дара, уьш ловзуш (самукъа доккхуш) цу шина дийнахь. Т1аккха цо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «И х1ун ши де ду»? Цара элира: «Тхо дара ловзуш (даздеш) цу шина дийнахь кериста хенахь (Мадийнате Ислам дин дале)». Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Баккъаллаъ, Аллах1а цу шиннан меттана цу шиннал диках дерг делла шуна: г1урбанан дей, марха досту дей».


Эццахь билгалдина вайна Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вай даздан деза денош. Эццахь хийцина Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кериста нехан деза денош д1а а дохуш, Ислам динан деза денош билгалдохуш. Иштта билгалдаьлла сецна и деза ши де вайн Ислам динехь. Цундела, вайн массеран а самукъадолу цу деношах. Уьш деза вайна. Цаьрца марзо йу вайн. Цундела, иштта дезачу деношан деза суннаташ а ду, цу дийнахь бусалба наха леладан дезаш долу. Т1аккха цу шина дийнахь церан самукъдалар а ша тайпа исбаьхьа хаза хир ду.

Амма кху вайн хьехамехь марха достучу дийнахь леладан деза суннаташ хьахор ду вай. Амма г1урбанан дийнахь леладан деза суннаташ т1аьхьо шен хьехамехь хьахор ду.

1ИЙД-ЛАМАЗ ДАР

Марха достучу дийнахь 1уьйранна 1ийда ламаз дар суннат ду бусалба нахана. 1ийд ламаз ч1аг1 дина суннат ламаз ду. Ч1аг1 дина суннат ду бохург, фарз дац бохург ду, делахь а, фарз дацар аьлла тесна дита мегар дац, х1унда аьлча Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, даима а дина иза, цкъа а ца дуьтуш. Бусалба нах гуллой цхьана шуьйрачу арахь йа маьждигехь до иза. Божарий а, зударий а массо цхьаьна гул а лой 1ийд ламаз до цара. Зударий божарех схьакъаьстина хуьлу. 1ийд-ламазе ца вахнехь шен чохь а дан мегаш ду иза ша цхьаммо а, йа гулбелла джама1атаца. Иштта некъахь волчо а, муьлххачу меттехь нисвеллачо а ша дан мегаш ду иза, йа джама1атца. Ша ц1ахь 1ийднехь ца нисвелла аьлла дита ца деза цо иза. Марха дастаран деш долу 1ийд-ламаз даран куц иштта ду.

1ИЙДА – ЛАМАЗАН КУЦ

1ийда – ламаз, иза марха достучу дийнахь деш долу 1ийда-ламаз ду. 1ийда – ламаз ч1аг1дина суннат ду.

1ийда – ламаз жама1атехь деш ду. Божарий а, зударий а, кегий бераш а, уьш массо вовшах а кхетий цхьана жама1атехь дар деза ду иза, суннат а ду. Зударий ламазах боьхна белахь, уьш а шина 1ийда – ламазе бига аьлла Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламаз дийр дац цара, делахь а бусалба нахаца до1анехь а, такбирехь а дакъа лоцур ду цара.


Умму 1ат1ыйят аль-ансо́рийа, Алла́х1 реза хуьлда цунна, аьлла: <<Тхоьга омра дора 1ийдан дийнахь ара довларца, маре йахаза йерг а ара йаларца, ламазах боьхна болу зударий а ара бовларца, уьш нахана т1е́хьа латтарца, нехан такбийраца цара такбир дар, церан до1анца цара до1а дар, цу дийнан беркате а, ц1аналле а нах сатуьйсуш хилар>>.


Некъахь болчарна а суннат ду 1ийд-ламаз шаьш долчахь некъахь жама1атехь дар йа жама1ат йацахь ша цхьаммо дар.

Жама1ате вахар ца нисделлехь, йа ца ваханехь ша цхьаммо а дан мегаш ду 1ийд – ламаз, амма жама1атехь дар дезах ду, х1унда аьлча, жама1ат йоккха мел хуьлу а ял йоккха хуьлуш йу.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу