bannerbanner
Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?
Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?

Полная версия

Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?

Язык: Русский
Год издания: 2025
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?


Сайд-селиман кiант Хьусайн

© Сайд-селиман кiант Хьусайн, 2025


ISBN 978-5-0068-3042-4

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ХЬАН ЧАККХЕ ДЕКЪАЛЛА ЙА ДАКЪАЗАЛЛА?

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!


Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Массо х1уманан чаккхе йу – Аллах1 воцчуьн. Дуьне д1адер ду, адамаш д1адевр ду. Массо адам дала дезаш ду. Массо д1авала везаш ву. Амма д1аваьлча д1адолуш дац вайца дерг, эхартан дахар д1адолалуш ду. Даима хир долу дахар ду иза. Иза уггаре коьрта х1ума ду. Эхарте хьо вирзича декъал хира ву хьо йа дакъаза вер ву хьо. Ткъа иза хьуна хьан дуьненан чаккхенах доьзна ду. Ткъа хьан дуьненан чаккхе дуьненахь хьан вахарах доьзна ду, х1унда аьлча ша ваьхначу х1уманан т1ехь хуьлу х1ораннан д1авалар а. Цундела, Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:

«Шу делла ма дара, т1аккха Цо шу ден ма дира (дуьненчу дахарца). Йуха Цо долуьйтур ду шу, йуха а дендийр ду (къемат дийнахь), т1аккха Цунна (Аллах1ана) т1е йухадалор ду шу».


Лараме бусалба нах. Вай массо Аллах1 волчу д1аваха везаш ву. Дала боху къуръан чохь:

«Х1ора дег1о (адамо, са мел долчу х1умано) валар 1овшур ду. Т1аккха Тхуна т1е шу йухадалор ду (къемат дийнахь барт хаьттина, д1анисдан ялсамане йа жоьжахате)».


Дуьненчу девлча дуьйна эхарте д1адоьлхуш ду вай. Дуьненчу девлча дуьйна хан д1айолуш йу вайн. Чаккхе йоцуш даима хир долу эхарте д1адоьрзуш ду вай. Дуьненахь новкъа волуш некъан кечам бой ахь? Ткъа эхарта некъ ма беха бу! Беха муха бац иза, цуьнан чаккхе хила а ца хилча?! Чаккхе йоцуш ма бу иза. Йа Аллах1! Хьайн къинхетам бе Ахьа тхьоьха! Йа Аллах1, ма д1ахьийза-кх тхо Хьан динан т1ера, х1ун дийр ду те оха эхартехь, ма г1ийла кечам бина оха!


Лараме бусалба нах! Дала эхартана кечам бе аьлла вайга, х1унда аьлча кечам бина воцуш эхарте д1авахнарг дикачу хьоле кхочур воцу дела. Дуьненахь кечам ца беш новкъа ваьлларг некъахь х1уъа а хила тарло цунна, хьовзам, бала, валар, муьлхха а х1ума. Ткъа дуненан некъ х1умма а йоцург ма йу эхартан некъаца буьстича. Эхарте д1авоьдучунна шегахь бина кечам бацахь ма боккха хьовзам хир бу цунна цигахь. Цундела, Дала дуьненахь кечам бе боху вайга эхартана. Дала боху къуръан чохь:

«Дог дохуш волчо шен Делаца дуьхьалкхетале – дика 1амал йойла /цо/, шен Далла 1ибадат дарехь цхьа а накъост ма лоцийла цо».


Вайна ма гарра Дала кечам бе боху вайга Шена дуьхьала дахкале. Ткъа уггаре коьрта кечам, иза – дика 1амал йеш, Делаца накъост ца лацар ду цхьанна х1уманан т1ехь.


Лараме бусалба нах! Ма доккха х1ума ду Далла дуьхьала ваха веза бохург. Кийча вуй хьо Далла дуьхала ваха? Дика 1амалш кечйиний ахьа? Дела реза волчу хьолехь вехаш вуй хьо?


Лараме бусалба нах! Дуьненахь ахь лелийначу х1уманан т1ехь валар хира ду хьан, ткъа хьан валар хилчу х1уманан т1ехь Далла дуьхьал х1оттар а хир ду хьан. Иза ч1ог1а ойла йан дезаш х1ума ду хьуна. Чог1а кхераме х1ума ду хьуна иза. Х1унда аьлча хьан валаран хьоло къаста до хьо декъал хилар йа дакъаза валар. Х1унда аьлча хьан валаран хьал эхартан хьалхе йу, Далла дуьхьала цу хьолехь воьдуш ву хьо, ткъа Дела реза воцу хьал хилахь дакъаза ваьлла хуьлу, Дела реза волу хьал хилахь декъала хилла хуьлу. Хьажа, мел ч1ог1а коьрта ду вай лийр долу хьал. Ткъа и хьал хьанах доьзна ду? Дуьненахь вай лелочух доьзна ду-кх. Цундела, Дела реза волчу кепара вай лелаш делахь, вайн далар а дикачу хьолехь хир ду. Амма вайн лелар Дела реза воцучу кепара делахь, т1аккха далар а вочу хьолехь хир ду. Веза-Сийлахьчу Дала лардойла вай дакъаза довларх. Декъалхиллачарех дойла вай Веза-Сийлахьчу Дала. Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух. Цундела, иза вайна билгалдеш Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу