
Полная версия
СТУДЕНТАШ (комеди)
Писухан. (Цкъа шозза схьауозадой, кхин ца къуьйсуш д1ахоьцу юрг1а, профессорна дуьтуш). Зулька, д1аялахь! Х1ун лекцеш юьйцу ахьа! Дикка наб а тоьхна со кафешке вахан дезаш ву, цхьажимма кемсийн мутт а молуш музоне ладог1ан.
Профессор. Ой, и х1ун ц1е яра цо суна тиллинарг… Х1ун лекцеш, х1ун кемсийн мутт! (Ц1ог1а олуш шен керара юрг1а ластадой кхуссу Писуханна)
Писухан. Зулька, суна хаьара хьо къинхетам болуш стаг юй. Ваха Дикаич – боху оцу акха стаге со могуш воцуш ву ала диц ма делахь. (Шен юрг1а т1еуозадеш, кхин д1а хур-т1ур дан вулу к1ант).
Профессор. Ас бийр ма бу хан болх! Хьо кхин-м 1уьллура ма вац вижина боьрша цициг санна! (Т1екхетий белш лоцуш д1аса туху к1ант).
Писухан. (Набарах куьйгаш хьокхуш куьг схьалоцуш профессор шена улло охьавуьллу. Къевллина маравуллуш д1а ца хоьцу). Зулька, аса ца элира хьоьга сан кочура яла! Ца 1ий-кх хьо сан коча ца еъча!
Профессор. (К1ентан марара валан г1ерташ дуьхьала тийсалуш) Ва, орца дала! Х1окху тентиго юьхь1аьржа х1оттий-кх со! (Писухана ворта 1аьвдина, халла) Орца!.. Орца дала! Са ца даккхало!
Писухан. (Набарах валанза) Ой, ахьа х1ун до, Зулька! Со ваций хьо ядийнарг-м! Хьо хьуо ю-кх сан коча ян г1ерташ чуьраяьлла. Х1инца айхьа хьайна коьртара месаш ийзорг хир ю-кх ахьа. ас ца аьллера со зуда ялор йолуш вац со вийчи а. (Профессорна коьртах к1унзал т1ехула куьйгаш хьокху, набарха велан къежа) Зулька, ма белахь соьца и бегаш… Ахьа х1ун леладо? Наха маре боьлхуш шайна керла г1абли оьцуш ма хуьлура… Ткха хьо т1уьска а яйтина ма еъна соьга маре! (Вуон г1ан гича санна кхералой самаэккха. Шен марахь воллучу профессоран, ша т1е куьг хьоькхуш, к1унзал а гуш) Ашх1аду… Къулх1у… 1а-а-а-а! Ва, орца дала! Соьга парфессар маре веъна! (Маьнги т1ера тоттий чукхуссу профессор. Ша чуэккхаш ц1енкъаюккхехь 1уьллучу профессорна т1ех1уттуш) Аса, и 1уьллу Борзик… Борз… Борзхан а (шен маьнги т1ехь 1уьллучу Борзхане аг1ора куьг а хьажош) и вайн Веза Дела теш х1оттош, хьан елахь б1е ц1е а тосуш, йити-кх хьо профессор… аьлчи а Ваха Дикаич… аьлчи а вити… йити…
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.