bannerbanner
Лаьмнаша ца дицдо
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

Лаьмнаша ца дицдо

Язык: Русский
Год издания: 2023
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
9 из 9

Цуьнан цIен тIехь и шозлагIа тезет а дIадирзира…

Цо кхин Iен а ца магийтина, иттех де а даьккхина, дIадахара Нурседий, Расуллий, Нурбикин коша гонаха дика керт а йаьхьна, чурт а доьгIна…


* * *

ХIинца Тавсолтин цIа деса дара. Селита ша йисира деца. Цо дагахь йух-йуха а багарбора шех белларш: нана а тIекхийтира царна хIинца.

Халкъалахь а и ма-аллара, ваша велча мархалдоьлла Селитин даг тIера зезаг, хIинца нана йелча, охьадуьйжира. Селитин бIаьргаш, шайна чохь хIинццалц гIийлла баьгна чиркх а хIинца берриг а дIабайна, хIинца, буьйса санна, гуттар Iаьржа гора. Денна йоьдура иза кешнашка.

Анна Львовнас кхин а алсамбаьккхира Селитина ша тIебиллина болх, шен ма-хуьллу цуьнан хан паргIат ца йита гIерташ. Амма Анна Львовна ша а, Иван Саввичера дукха хенахь дуьйна кехат доцуш, гIайгIане йара. Цунна а сингаттаме дIаоьхура денош… Балхахь а шайн мукъачу хенахь дукха хьолахь цхьаьна хуьлура Селитий, Анна Львовний, ца йаьлла бен шайн чу а ца йоьдуш.

Тахана а, занятеш дIаевлча а, цIа ца йоьдуш, цхьаьний Iapa и шиъ хьехархойн цIа чохь, корах ара а хьоьжуш, радиохула лоькхучу Огинскийн полонезе ла а доьгIуш. Кху шеран дуьххьарлера ло дара догIуш: мох боцчу арахь, чекх генна са а гуш цIена долчу хIаваэхь, цхьамма-м комаьршачу канашкара чухецча санна, саццаза охьаоьхура месала, даккхийра кIайн чимаш. Селита лаьттара корехь, букъ тIехула ши чIаба охьа а йахийтина, коьртах шарф а хьарчийна, меттах ца хьовш. ЦIеххьана цуьнан белшаш кеггийра йегош, ши чIаба а йай техкаш, тидам хилира Анна Львовнин.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Примечания

1

«ТIиэ-йуьххье» – хIетахь НГIАССР-н НКВД-н гIишло хилла Грозный-гIалахь Соьлжа йистехь долчу тIайна йуьххьехь. Цундела НКВД-х вайнаха xleтахь дуьйна иштта олуш хилла, цуьнан шен йолу це а ца йоккхуш.

2

«Прогнозис пессима» – латински (лоьрийн) маттахь – «сатуьйсийла йац» – бохург ду.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу
На страницу:
9 из 9