Полная версия
Лаьмнаша ца дицдо
– Ткъа кхеран Iодика йан ца лаьа хьуна? – йелайелира нохчийн гIиллакхех кхета Анна Львовна. ТIаккха Нурседас майрра куьг дIакховдийра Увайсе. Цул тIаьхьа Увайса а куьг делира, ша муха, хIун дича нийса хир дара-теша бохуш, йоьхна лаьттачу Селите: куьйгаш лецна а долуш, и шиъ вовшийн бIаьра хьаьжира – оцуьнца, дашза, кхин цкъа а, чIагIбира цара шайн хьуьн чохь хилла барт. Увайс тIаьххьарчу машена велира. Къона эскархой къайлабевлира, машенаш тIера схьа куьйгаш а лестош… Ойлане тIаьхьа хьуьйсура бухабиснарш. Уьш новкъа баха хIинцца схьакхиъна Расул, цIийвелла, ша-шех вогуш лаьттара, ша тIаьхьависарна. Нурседа шех кхаьрдий-техьа аьлла, дагахь эхь хийтира цунна, шел кегийнаш кхин цкъа а, ша цIахь а вуьсуш, тIаме дIабоьлхуш а байна: Нурседа баккъал а кхоьлина хьаьжира цуьнга.
Анна Львовнина дагатесира: «Сийлахь-доккха декхар тIелаьцна цара… амма… буха ца боьрзу берш а бу-кх цаьрца»…
ХIинца, Увайс а дIавахна, ша йуьсучу Кесирица цхьаьна цIехьа дIайолайелира Анна Львовна.
Школера божарий тIаккха а бехха лаьттира, дIабаханчарна тIаьхьа хьуьйсуш…
Шайн йуьрта йухакхаьчча а, кегийрхойн бIаьргаш чохь, хIинца а даза дисина, суйнаш догура, зударийн бIаьргаш чохь, охьаэгаза дисина, хин тIадамаш лепара…
БУЬЙСАНАН ДЕСАНТ
Гуьйрено басешна тIера баьццара хут оззийна охьа а даьккхина, царна можа кортали тIетесира. Амма иза а, де-дийне мел дели, сихха макхлуш догIура. ДогIанаш дуьйладелира. Денош сихха шеллуш, мохо раз деттара дерз. Дерзаца наггахь хаалора лайн жоржан буьртигаш а – тIетеIачу Iаьнан геннара геланчаш. Мох, цкъацца кхин а карзахболий, Iаннашкара барзах схьахьодий, буьйсанна сахиллалц такхорех каетташ, тхевнаш дегош, yгlypa. Кхин а сингаттаме хетара, вуьшта а сакъерадала кIезиг бахьанаш долчу йуьртахь.
Фронте баханчу Даудера а, Увайсера а кехаташ доцуш, тIе Терентьевгарий, Керимерий догIурш а севцца, хIинца къаьсттина сахьийзара цIерачийн. Газеташий, радиоссий схьакхоьхьура фронтера буьрса хаамаш. Адамаша, лергашца ладоьгIна ца Iаш, шайн дегнашца а ладоьгIура радион дикторе, цуьнан озах а хаан гIерташ фронтехь хилла болу хийцамаш.
Йурт, гlap йайна, таьIнера, амма дорцана гулйелла марха санна, йулайелла хетара.
* * *
ТIаьхьо чувеъна Тавсолта дIавижа кечвеллачохь цхьамма-м кор туьйхира: боданехь халла къаьстира райкомерчу Юсупов Далхьадан амат. Цкъа шен бете пIелг а баьхьна, меллаша куьг ластийра цо, арахьа кхойкхуш. Лаан доцийла кхетта Тавсолта, сихха барзакъ йуха тIе а дуьйхина, чуьранаш сама ца бохуш, меллаша аравелира. Далхьада, шаьшшиъ сельсоветехьа дIавоьдуш, шабарца дийцира:
– Немцойн кема, ЧIап-ломан тIоьхула а хьаьвзина, цига боьра чу хIинцца десантхой а кхиссина, дIадахна… Уьш схьалеца кечйина группа лаьтта вайшинга хьоьжуш. Цигахьара гIашнекъаш дика девза аьлла, хьо дагавеанера тхуна…
XIapa шиъ дIакхаьчча, группах ах, коьртехь кхузарчу гарнизонера лейтенант Еланцев а волуш, дIайахана хиллера, десантхой тIебогIу некъ дIалаца. Ткъа йисинчу группин ах, коьртехь хIинца Далхьад а, милицера капитан а волуш, десантхой бухабовла тарлу некъ царна тIехьашха бехка новкъа йелира, массеран а карахь кийчча герзаш а долуш.
Боьрахула, йукъ-кара соьцуш, богIура xIopш: бодашкахь Тавсолтина а халла къаьстара гIашнекъаш. Эххар, мархаш дIаса а хилла, схьакъедира беттан марс.
– Хьажал! – сецира Тавсолта. Схьаийцира, дукха хан йоцуш, дойна диттан га. И саннарш кхин а гора Iохкуш. – Кхузахь чукхийсина и йовсарш: дукха ду маждаланза кIеда гIаш а…
Беттан марс мархийн йарашлахь йуха а байра. Капитана, дуьхьал йовлакх а лаьцна, лаьттахула лохха электрофонарь хьовзийра: эткийн лараш йара!
– Кху лорах гlyp ду вай, – сацийра Далхьада.
Кестта ЧIап-ломан когашкара схьа герз долу хезира.
– Вайчех дац, – билгалдира Тавсолтас.
Дуьхьала а тоьпаш йийкира.
– Вайчара йетта, – соцунгIа хилира Тавсолта.
Тапча а карахь Расул хьалхаиккхира Далхьадна:
– ТIеххьашха тIегIо вай царна?
– И кхераме ду: кхиссарш хилахь, царна хьажийнарг вайчарна а кхета тарло, – ца магийра и капитана, – мелхо а кхузахь дIатеббина собардан деза: десантхой эххар а бухабевр бу. ТIаккха, кхуза уьш схьакхоччуш, гойтур вай царна. Дийна карабахка а мега, гуо лаьцнийла хиъча.
Далхьад резахилира. Йуха а герзийн татанаш схьахезира. ДалхьадгIар тапъаьлла дIатийра…
Цу хенахь ЧIап-ломан когашкарчу боьрахь, боккхачу шина кхерана йуккъехь, хьуламна бегIийла меттиг а карийна, севцнера десантхой, шаьш гучубевллийла а хиъна, кхеташо йан. Уьш кхоъ вара: немцо, нохчо, оьрси. Царалахь коьрта волчу немцойн лейтенанта элира, ладугIу аппарат цкъа шен лере а йаьхьна:
– Вайна тIаьххьашха богIуш бу. Духадовлийла йац. Хьалхара некъ а дIалаьцна. ХIун де вай?
– ТIамца чекхдовла деза вай! Хьуьн чохь некъаш дукха ду, – элира нохчийчо.
– Нийса боху! – тIетайра оьрси.
– ХIан-хIа! – корта ластийра немцойн лейтенанта. – Вай гучудевлла. Кхузара вай цара довлуьйтур дац. Ирх-пурх а схьалоьцур ду. Йа къовсаделччохь дойур ду дерриш а. Цул тоьлу – карадахча. Шен лаамехь йийсаре ваханарг вуьйш Iедал дац, тIе йийсарехь вай деха а Iийр дац: вайчара хуьйцур ду. ТIом а кестта вайн толамца чекхбер бу. Вай барт бинчу легендица, хьо немец ву! – тIе пIелг хьажийра цо оьрсичунна. – Хьо – румын ву! – нохчочуьнга элира… – Вешан эскар лоьхучохь, гIалат а девлла, чукхиссина вай… Вай карадоьлху! И сан омра ду! – аьлла цо, ладугIу аппарат а, компас а тIулга кIел хьулйира, карта кхуззахь, чим беш, дагийра. ТIаккха, хьалхахьа дIабуьйлабелира уьш, гIожа буьххьехь кIайн йовлакх а айъина.
* * *
ДалхьадгIарна тийналла йахйелча санна хийтира. Хьоьжуш Iен кIорда а дина, цу агIорхьа дIабуьйлабелира хIорш, десантхойн лорах ца туьлуш, лар а луш. Боьрах чекхбевлча гира, дIо йуьрта боьдучу новкъа дIайоьду бодане пхьоьха. Кхийтира: вайнаш бу, десантхой а лецна боьлхуш. Царех, кхаьрга хаам бан тIевеана жимха а схьакхетта, хIорш а царна тIаьххье сельсовете дIакхаьчча, эскаран хьаькамаш чубаханера, йийсархой а эцна, арахьахула неIаре гIарол а хIоттийна. Биснарш, тоба а йина, арахь лаьттара. Милицин капитан а, Далхьад а чувахара хецца. Тавсолта а, Расул а арахьарчаьрца висира. Кестта милицин капитан йуха аравелира цхьана накъостаца: хIоранна тIе а воьдуш активисташкара дIагулдира цо шаьш цаьрга делла герзаш. Тавсолта чордо вистхилира цуьнга:
– ХIай, дукхавахарг! Шуна некъ а гойтуш, шуьцанна къахьегна вара-кха со а! Со чувитийтахьа!
– ХIун до ахь цу чу вахана? Уьш гIали тIе дIабуьгур болуш ма бу хIинца.
– Хьожур вара-кх, цкъа мукъна, и немцой муха бу: адамийн сибатехь, мукъане а буй-те уьш.
– Дера, бу-кх… Цаьрца-м, хьаха, цхьаъ нохчо а, цхьаъ оьрси а ма ву!
– Тпуй! НеIалт кхарна! – лаьтта туйнаш а тоьхна, дIавахара Тавсолта.
* * *
Далхьадна, чу ма-велли, вевзинера соне а хаийна Iан «румын»: иза ЧIебарлахь туьканахь болх бина, маццах и туька а йаьхьна, цкъа чохь а ваьллина волу Хожа вара, Далхьадна, цигахула командировкехь лелаш, дуккхазза а гина. Хожас тIаккха охьадийцира ма-дарра дерг: кхузарчийн дог-ойла Iедална дуьхьал ира-кара xIoттo дахкийтина шаьш аьлла.
Власовцо а къайла ца даьхьира шена хуург:
– Кхин а тIебахка безаш десантхой бу… Цундела кхузарчу бахархошлахь уьш тIеэца кийча берш хьалххехь билгалбаха дезаш а дара тхо…
Вукху соне а хаийна, Iавеш волу немцо цабезамца хьаьжира цу шинга.
– ХIинца ахьа хIун олу! Хьан легенда-х йуьйхи! – хаьттира чекисто.
– Ас шуьга хIумма а эр дац! Со гIалитIе дIавига! – куро сеттира немцо шен гIанта тIехь.
– Цигахь-м эр ду, хьуна, ахь! – велавелира чекист.
Цу буссехь уьш гIалитIе дIабигира…
* * *
Тавсолта чукхаьчча, чуьранаш, массо а тIе хIума а йуьйхина, лампа а латийна, чухула дIасалелаш бара.
– Хьо ма хьиэвели… ЧIап-ломахьара тоьпаш йуьйлу а ма хезира… ХIун дара? – хаьттира Нурбикас.
– ХIума дацара… ДIадийша! Iуьйранна дуьйцур ду!.. Сахила а дукха зама ца йисна…
Iуьйранна доьзале ша буса лелийнарг а дийцина, Тавсолта балха дIавахара.
ТАВСОЛТИН ДАГАЛЕЦАМАШ
Сихха дIакхача дагахь ког айббина вогIура Тавсолта.
«ХIунда кхойкху-те Далхьада соьга йуха а сел хьалхе?» – ойла йеш.
Йуьртах а ваьлла, Яьссин тIай тIе xIapa кхоччуш, гIалахьара схьайогIу цхьа грузовик некъ схьахьаьвззачохь, хIокхунна а гуш, жимма соцунгIа а хилла, цу тIера сиха охьаиккхира цхьа стаг: кирзан эткашца, йуьхь йаьлла, мокха тиша плащ а йуьйхина, сира месала куй а коьртахь. Ша цхьанна а гой-те бохучу куьцехь, къушха дIаса а хьаьжна, цIеххьана Тавсолтех бIаьрг кхетта, кхунна тIевеара иза, кхоьручу кепехь шена гонаха а хьоьжуш.
– Ассалам Iалайкум, Тавсолта! – элира меллаша.
– Iалайкум ва салам, – аьлла, салам схьа а эцна, Тавсолта дIахьаьжира цуьнга и мила ву ца хууш, цхьаннах-м теро хеташ.
– Со-м Тойсум вай! Ца вевза хьуна? – велакъежира тIевеънарг.
– Ха-а!.. Ганза мел дукха хан йара!.. Марша вогIийла… Ахь хIун леладо? – хаьттира Тавсолтас, шен цуьнга боцу безам ца гойтуш, кIедочу озахь.
– Делан дуьхьа, Тавсолта, хьо Делах тешаш стаг а вара, ас доьху хьоь, цхьаьнгга а ма хьахадахьара ахь со хьайна кхузахь гар: лаьцначуьра ведда вогIу со, со лоьхуш тIаьхьабевлла а бу. ХIинца дIалачкъа меттиг оьшура… Ца хаьа хьуна бегIийло меттиг?
– Хаац, дера-кх! Карор йара иза-м! – аьлла, Тавсолтас кхин тIе ца лецира Тойсум. Сихха йоьду и машен, Тойсуман охьаэккхан аьтто беш, жимма соцунгIа хилар шеконе лецира Тавсолтас.
– ХIа, со ваха! – аьлла, Тойсум йуьрта йистехула хьуьн чу дIатаьIира.
Тавсолтас, цунна тIаьхьа а хьоьжуш, ойла йора: «Баккъал и лаьцна а ма вара, итт шо хан а тоьхна, амма хIинца цуьнан леларан кеп, и веддачух тера йоцуш, цхьана куьцанна цо хIитточух тера а ма йу… Райкоме дIа ма кхаьчча, Далхьаде-м дуьйцур дара ас иза», – бохуш, Тойсумах шена мел хуурш хIинца дерриш духа дагалоьцуш вогIура Тавсолта.
* * *
Тавсолтас цунах дуьххьара тамаш бинарг дара, I929-чу шарахь, дукха хан йоццуш да велла, ша висинчу Тойсума хIетахь, йуьртахойн гуламехь, шен ден вешех Албастах кулак веш куьг айар. Албаст, болх бан хууш, латта а девзаш, дика ахархо вара, Тойсуман къеначу дена дуккхаза a гlo дина а волуш. Цул тIаьхьа Тойсума, комсомоле а ваьлла, кхин а чIогIа дакъалецира колхозаш йохкуш а, кулакаш йуккъера дIабохуш а.
Тавсолтина дагадогIу: цкъа хьалха, баккъал а кулакех тера волу, иттех гомаш а, ворхI йетт а болуш, эвла йисттехь шенна веха Хьаьрмий, йуьрта йуккъехь, хIинца сельсовет йолчохь, шен туька а йолуш, хилла Бахаттий кулакаш биначул тIаьхьа, йуьртахь кхин кулак ван тамехь цхьа а вацара. Амма Тойсума а, и санначара а хIетахь, Сталинан кхайкхам кхочушбеш, «кулакаш» бу бохуш, шайн сискалх бехира «середнякаш» а. Колхозе бовла резабоцчу къехойх а бира кулакаш, «кулакийн цIонганхой» аьлла, цIерш а техкина. Дукха хан йалале, цу йуьртахь латта дикаха девзачех ах гергга ахархой, кулакаш бу аьлла, бахамах а, йуьртах а бехира. Йурт хьалхачул къийелира, ахархойн дог ийшира: итт шо а ца даьллера цара, латтане сатуьйсуш, иза къуьйсуш, деникинхошна дуьхьал цIечу байракха кIел, Советан Iедал доккхуш, тIом бина, эххар толам а баьккхина, Ленинан партис халкъана и латта делла а. Амма Сталинна хиира иза кестта халкъера йуха дIадаккха, дерриге халкъах шен йалхо а веш. Иза Сталина кхочушдира Тойсум санна болчарна тIе а тевжина.
Ткъа муьлш бара хIетахь йуьртахь Тойсум санна берш? Къехошна йуккъехь а дукха бара, цхьацца бахьанашца де эшарна, къахьега тIера а болуш, амма, аьтто ца нислуш, кIелбиснарш. Делахь а царалахь кхин тайпа а дара: болх бан цахаарна йа и доггах бан мало йарна къийбелла, оцу хьолах а боьлла, и хийца а ца гIерташ, иштта дIа бехарш.
КхоалгIа тайпа а дара – ТойсумгIар: керлачу замано шайна лучу аьттонех кхетта, цунна тIе а тевжина, амма цунна шаьш хьанал а боцуш, ма-хуьллу цунах шайна пайда оьцуш, цуьрриг а кхечарна шайх зулам даларх эхь а ца хеташ. Ишттачара, шаьш башха къа а ца хьоьгуш, Iедалан некъ дIакхоьхьу а бохуш, катоьхнна шайн гIуллакх дора хIетахь.
Тавсолтина дагадогIу: билггал ишттачийн аьтто беш мур бара и, хIетахь Ленинан некъ а хийцина, Сталина йукъабаьккхинарг. Ша йайтинчу коллективизацех а кхачам ца хуьлуш, Сталина кестта хIетахь «сплошной коллективизаци» кхайкхийра. ТIаккха Тойсума, йа къехой а, йа шен тайпанхой а ца кхоош, шена мел цавезарг, кулак а веш, ондда дIайаьхьира йуьртахь «сплошной коллективизаци» а. Тойсум «принципиальни» белхахо ву аьлла, кестта парте ийцира, йуьртда а вира. ХIинца иза кест-кеста НКВД-чу оьхуш а хаалора нахана. Цунна дуьхьал ваьлларг чувуллура йа балхах вохавора. Цунна хIума аларх а ларлора нах. «Сексот» боху цIе, цхьанна а гуш йоцуш, Тойсуман букъа тIелетира кестта. Тавсолтина дагадогIу, ша тIаьхьо Далхьаде хаьттичахь хIун ду и «сексот» бохург? – «къайлаха гlo дийриг» – ву цо аьлла.
– Хьанна до-те цо гlo? Нахана-м зуламаш ма до цо, – элира Тавсолтас.
– Iедална… Хьавха… НКВД-на, – къорра дIахадийра и къамел хIетахь Далхьада, ша а оцу гIуллакхна резавацар гIеххьа схьакъажош.
И тайпа «къайлаха гlo дийраш», миччахь а тосабелча, уьш кхахьпанел а боьха хеташ, ма-хуьллу царех ларлора нах.
Хьаькамаллехь берш а къаьхкара царех: уьш царна а кхераме бара. «Мотт беттарш» аьлла, и кхардаме цIе а тиллира ишттачарна халкъо, шена царех гlo ганне а ца го дела. Амма цу тайпана «къайлаха гIодийраш» – «мотт беттарш» – шен халкъана йуккъехь Сталина шуьйрра баржор дара иза халкъах цатешар гойтуш: Ленин веллачул тIаьхьа ша йукъадаьккхинарг халкъана деза хIума доцийла шена а хаьара цунна. Ленина кхоьллина йолу халкъан пачхьалкх, халкъах а йаьккхина, цунна дуьхьал йерзийра Сталина, цундела и тайпа «къайлаха гIодийраш» Сталина халкъана йуккъехь а, пачхьалкхан маьхькамашлахь а тIех шуьйра баржор, халкъан дуьхьа а доцуш, мелхо а, халкъана дуьхьал дара, и халкъ Сталинан буйнахь латто аьтто беш. Амма халкъана и моттбеттарш ца оьшура.
Баккъал аьлча, халкъан йолчу пачхьалкхехь халкъана дуьхьал цхьамма дийриг, цунна гучу а ца долуш генна дIагIойла а дац, халкъан гIорто ша халкъ хиларна, Ленина и ма-аллара.
Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», – олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.
Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.
Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.
Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.
– Хьуна хIун хета, Тавсолта? – аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.
Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», – аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе а вийна Iуьллура. Амма цаьргахь шиъ бен топ йацара. Толлуш, церан дегIех хьаьвсича, массо а «бандит» цхьабосса ког-куьг дилина, маIарш дIахедийна, чухула цIена дуьйхина, схьагарехь, шайн дагахь хьалххехь гIазот тIеэца кечбелла нах хиллера. Вала охьавоьж-воьжнарг къилбаседехьа йуьхь йерзийна а Iуьллура…
Цу дийннахь меттигерчу НКВД-н хьаькамо рапорт хьаладахьийтира: «Кулакийн гIаттам бохийна. Исс бандит вийна. Герз схьадаьккхина, биснарш бевдда, уьш схьалеца тIаьхьабевлла бу»… Тойсумна грамота а, меттигерчу НКВД-н хьаькамна орден а йелира. Амма царех цхьамма а хIетахь ойла-м ца йира: и гIаттам «кулакийн» муха хуьлу, кулакаш тоххара бохийна махках баьхна хилча? Дагадеънехь а, и санна дерг хIетахь хьахо цхьа а вер вацара: ТойсумгIар тоьлла мур бара. Тойсумах, дукха хан йалале, райкомпартин пленумехь райкоман а декъашхо вира. Цу муьрехь аьттонаш совбуьйлуш вогIура Тойсум.
Амма цунна а ца хуьлура даим а аьттонаш. Тавсолтина дагадогIу, эвла йисттехь вехачу Бетарца хIетахь Тойсуман иккхина дов. Бетара, шеца цхьаьна кертахь вехачу, шел жимахчу шина вешица а барт бина, шун а, малар а хIоттийна, сарахьо чукхайкхинера Тойсуме, тIаккха, мукъна, IадIийр вацара-те иза аьлла, шайгара ца йогIу, совнаха хIуманаш ца йохуш. ГIеххьа маларх а кхетта, дикка самукъадаьлла Тойсум Iаччохь, кIеззиг гIуллакх хилла, Бетар араваьллера. Керла йуург Тойсумна тIейахьаш чуеана Бетаран къона хаза йиша Совпату, пхьарс а лаьцна, Тойсума шена тIеозийнера. Совпатус мохь хьаькхна, чуиккхинера Бетар а, важа ши ваша а. Тойсумна лога тIе шаьлта а хIоттийна, Бетара хаьттинера:
– Ас цхьа лерг доккху хьан! Харжа: муьлхарг?
– Собар!.. Собар!.. Цхьа дош алийталахь соьга! – леткъира Тойсум. – Аш и дахь, нахала а дер ду и, Iедале а дер ду. Оцунах шуна а доккха зулам хир ду тIаккха! Со къера ву сайгара даьллачунна, – Тойсум цу сохьтта ша меллачу маларх меттавеънера. TIe, иза атта къарлун волучарех а вацара. – Вайнехан Iедалехь аша лелориг нийсо йац. Соьгара шуна хилла эхь цхьанна а хууш а доцуш къайлаха ду. TIe хилаза а ду. Ткъа аша сан лерг даьккхича, и дуьненна а гуш хир ду. TIe, оцуьнан бахьанех нах ца кхуьуш а Iийр бац, тIаккха оцунах шун Совпатуна а сий тIекхетар дац. Цундела ас доьху шуьга, со къера ву сайгара даьллачунна! Сох къинхетам а бай, кхин тайпа, къайлаха дуьсу долу таIзар а дай, витахьара аша со!..
Вежаршна Тойсум нийса луьйш санна хийтира. «Дика ду делахь!» – аьлла, тIе шаьлтанаш а лаьцна, Тойсум нара тIе бертал а вижийтина, цуьнга шен шарбал шега охьа а йаккхийтина, цуьнан охьахуучу кIедачу метте, цIергахь цIиййина, ши кепек йиллира Бетара, кхагаран хьожа а йоккхуш. ЧIикъ ца боккхуш, лайра и Тойсума: «Цига хьоьжуш-м мила воллур вара?» – бохург шена дагахь долуш санна. Амма и гIуллакх чекхдаьлча а, Бетара, цу тIехь а ца соцуш, Тойсуме оьгIазе элира:
– Ахь хIун дей хIинца: дIо уьйтIахь, рагIуна тIехьа, тхуна хьаштагIна ор а доккхур ду ахьа, вукху aгlop а хьайна изза хьал дойла ца лаахь!
Йуххехь лаьтташ, шаьлтанаш а йаьхна, важа ши ваша а вара.
– Гур ма ву со.
– Гур вац. Садовш лаьтта. Гонах керт а йу. Сахилале вер ву хьо… Хабар ма дийца!..
Сатассале, и гIуллакх дина а ваьлла, ша дIавоьдуш, Тойсума дийхира Бетаре церан кетIахь:
– Гой хьуна, Бетар, хьо соьгара богIу мах буьззина дIаэцна а ваьлла, со дIабелла а ваьлла. Вайна йукъахь хIинца йуьззина расчет йу. Вийна стаг витинчул тIаьхьа машар беш Iедал ма ду вайнехан. Цундела ас хьоьга доьху, xlapa гIуллакх цхьаьнгге а цкъа а цахьахадар а, хIинца дуьйна вайна йукъахь машар хилийтар а. Сайн aгlop аса дош ло хьуна: шуьца хIинца дуьйна сайн ма-хуьллу дика хила!
– Дика ду! – резахилира Бетар а.
Вовшашка дегазо куьйгаш а делла, дIасакъаьстира ший а. И дерриге а хIеттехь къайлаха хезнера Тавсолтина: Нурбикин гергара хуьлуш йара Совпату. Амма Тавсолтас, кхин цхьаьнгге а ца хьахош, шеггахь дитира и.
Тойсумна цул тIаьхьа кхин цхьа вас а хилира. Шо чекхдолуш, райисполкомо динчу жамIаца Тойсума куьйгалла ден сельсовет дикка тIаьхьайиснера, тIе, кхуьнан йуьртарчу колхозникийн гайтамаш а ледара бара. Цу хьокъехь, кхуьнга а, кхечу йуьртадайшка а дIа а кхойкхуш, – Тавсолтина дика дагадогIу и – райисполкомо хIетахь райцентрехь гулам бира.
Райкомпартина хьалххехь йолчу майданахь дIахIоттийра аннех йина, тIебоьду некъ а аннийн болуш, айаелла гIопаста. Цу тIе а бохуш, церан цIерш а кхайкхош, тоьллачарна, массарна а гойтуш, «толаман байракхаш» а, кхин тайпа совгIаташ а лора хIетахь. Тойсуме а цига тIекхайкхира. Шена кечдинарг хIун ду а ца хууш, курра дIахIоьттира Тойсум. Тавсолтина дагадогIу иза цигахь, цхьа ког хьалхахьа дIа а тесна, кура дIахIоттар. Шина стага, оззийна тIе а йаьккхина, Тойсумна йуххе дIахIоттийра жима сира вир.
– Xlapa вир… цо цабаьхначу кхиамашна Тойсумна ло вай! – аьлла, схьакхайкхийра. Цу заманахь белхан йохьаллин къовсамехь эшначарна и тайпа совгIаташ деш а Iедал дара оцу районехь. «ГIоггI!» – аьлла, нехан белар иккхира. ТIаккха вир а Iаьхира. Нах кхин а чIогIа бийлабелира, хIаваъ декош. Воьхна, дIасахьаьжира Тойсум, ша хIун дер ца хууш.
ЦIеххьашха, оьгIазвахана, шен куралла дагайеъна, мийра тоьхна, цо и вир Iункарнехьа чуйаийтира, цуьнан цхьа ког а бош. Вир ша йолчохь а йитна, шуьйрра куьйгаш а лестош, курра дIавахара Тойсум, «суна-м аш хIун дер дара?!» – бохучу дагахь…
Цул тIаьхьа кхин цхьа боккха цатам а белира Тойсумна: берриге Советан махкахула, массо радиочухула а, газеташ тIехь а кхайкхош арахийцира Сталинан керла статья: «Кхиамех кортахьовзар». Сталина кхиамаш лорура, йарташкара ах гергга нах, кулакийн цIерш а техкина, шайн бахамах а бохуш, дакъаза бахар а, тIе бисинчу ахархошна тоъал кхачо йеш хиллачу церан бахамийн метта, массанхьа а ша хIетахь – къушний, хьаькамашний бен, аьтто луш а йоцу, колхозаш йаржор а. Ткъа кортахьовзар лорура цо, и гIуллакх кхочушдеш, барамал тIехбуьйлуш меттигерчу хьаькамаша шена хьалха базбала гlepташ, нахана совнаха бина ницкъаш. Сталинна дика хаьара, «сплошной коллективизаци» ечохь, меттигерчу хьаькамаша Iедалан цIарах а, шен цIарах а, нахана совнах ницкъаш бинийла а, шайн дагахь наха хIинца шена а, шен Iедална а бехк буьллийла а. ХIинца нехан оцу бехках шен цIе халкъана гергахь цIанйан лаьара Сталинна, и бехк берриге меттигерчу хьаькамашна тIе а бахийтина. Оцуьнан дуьхьа дара цо и статья арайаккхар а. Сталинан и статья ара ма-елли, цо бохург, гуттар а санна, шуьйрра тIечIагIдеш, массанхьа а Советан махкахь дийнна цхьа мур дIабаьхьира, колхозаш йохкуш, нахана законехь ца богIу ницкъ бина цхьаболу хьаькамаш балхара дIабохуш. И мур кхеран районе а кхечира. Сталинан статья бакъйархьама, дуьххьалдIа оцуьнан дуьхьа, халкъан дуьхьа а доцуш, кху районехь а цхьацца хьаькамаш балхара дIабехира. Мел хазахийтира эскинхойшна, цхьана Iуьйранна районан газето, Тойсум оцу бахьаница йуьртда волчуьра дIаваьккхина аьлла, хаийтича.
Делахь а, Тойсум веха-м ца лийлира балхахь а воцуш: меттигерчу НКВД-н хьаькамо кIелхьарваьккхира иза, партера ца хьавойтуш, тIе, кестта районан хьуьнан верас а –лесничий – вайтира цунах, и меттиг паргIат ма-йелли, «цу меттахь тешаме накъост хила веза», аьлла. Ша хьуьнхо ма-хилли, Тойсума цу сохьта дIахадийра, йуьртахоша хьуьн чуьра дечигаш «лечкъор». Йуьртахойн цIеношкахь шело алсамйелира. Хьуьнах веанчу йуьртахочуьнгара говр а, ворда а дIайоккхура Тойсума, и дан шен бакъо йоццушехь: шена ахча делча, йуха дIа а лора. Хьуьнхара дечиг а, шена мах белча, дохьуьйтура. Bopxle а дех дуьйна а йуьртахоша пайда оьцуш, цара шаьш Iалаш а йеш, церан долахь хилла хьун хIинца Тойсуман дола йирзинера: гонаха ха чIагI а дина («бандиташ ца бахкийта!»), шена ма-луъу хьун йохка йолийра Тойсума ахчанах, харц квитанцеш а луш, нахана и цхьаъ ду а моьттуш. ХIетте а кхуьнан терахьа тIехь гайтамаш лакхарнаш хуьлура, йеанчу ревизино хIоразза а кхуьнан белхан мах дикачех а хIоттабора, районан газето а тоьшалла дора тIаьххьарчу заманахь районан хьуьнхахь нийса низам дIахIоттийна бохуш: хьуьнан боданерчу кIоргехь, цхьанна а ца гучохь, йина безамехь бун йара, кор-неI а, чохь xIиттийна ши маьнга а, стол, гIенташ а долуш. Цу чохь шен-шен хенахь гуллора Тойсуман доттагIий: дукха хьолахь, меттигерчу НКВД-ера а, наггахь райфинотделера а, йукъ-кара редакцера а накъостий.