Полная версия
Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар
– Вайн дирехторас Зураъас аьлларг хаьий шуна? – т1аьхьа а йисина чоьхьа елира цхьа хьехархо.
Х1инцалца ша олуш дериг элирий цо:
– Кхин т1аьхьа а висина цхьа хьехархо ишколехь гучу валахь, ша и балхара, шен лаамца, ц1ахь вуьтура ву! – хаьттира дирехторан г1оьнчас Раисас.
– Делахьа и хьехархо балхара д1а а ца воккхуш, оцу 8«Б» классе цхьа ши урок йалан вахийтахьара оцу вайн дирехторас! – ойланен элира дирехторан кхин цхьана г1оьнчас.
13.10.2022 шо.
Ибрагимов Хьасанан бераллин доттаг1чунах дош.
– Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! – омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.
Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!
Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.
– Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? – хаьттира дас к1анте.
– Тахана-м, дада, диъ даьккхира аса, – воьхна вацара к1ант.
Иза-м дукха боккха аьшпаш ца хила там бара, шиннена шиъ т1е тоха хууш волучунна.
13.10.2022 шо.
Хала болх.
Иттех шарахь хьаькиман болх, а бина, т1аккха даржан лаха ваьккхина, ишколехь дирехторан г1оьнча болх, а бина, дуьненахь хилан тарлучу бюрократех чекх а ваьлла, «пенсионерийн хьаькимийн болх бан йиш йац», – аьлла балхара мукъа витина вара цхьа воккха стаг. Х1ора дийнахь: цхьа б1е сов, ишколашна болх бан 1амон, т1ейилинчу хьаькимийн конторашкара схьа мел оьхуш долу хьекъален кехаташна жоьпаш луш болх, а бина волу пенсионер ша шена висира уггаре а балхана т1ера кот ваьллачу хенахь. Шаверг а хьаьким хила лууш хиларна, учитал болх бан ца хаьахь а, учиталаш 1амон хууш хиларна, учиталаш ишколехь тоьуш бацара. Цхьа дика, хьаькимийн болх бан йиш йацахь а, пенсионерийн бакъо йара учиталийн болх бан.
Учитал балха вахара пенсионер. Ишколера техничка а т1ехь, шаверг а ладуг1уш вара – пенсионер дохко маца волу. Оцу хенахь цхьа учитал йеъира учиталски чу, пенсионера урок лучу классан уллохь ладоьг1уш а лаьттина:
– Хьовсийша, вайн пенсионерас лелош дериг!
– Х1ун леладо цо? Заявлени яздеш ву, балхара д1авала!
– Вац! Бегаш беш ву-кх дешархошца! Воьлуш!
22.09.22шо.
Ши учитал автобусана т1ехь.
Ши учитал йара, урокех мукъа а йаьккхина, дешархой а дирехторас мукъа а битина, г1ала йоьдуш. Хьаькимаша Интернет чуьра х1окхарна схьайаьхна, кечйина тесташ д1айала йоьдуш йара х1ара шиъ.
Цхьана учиталас сихха схьадаьккхина ахча д1аделира ГАЗель чохь, шолг1ачо шега далийта бохушехь:
– Саг1ийна! Делан доьхьа!
Г1алахь базаран кертара кхин а автобусца д1айахан езаш яра х1ара шиъ. Хьалхара учитал тохаелира къин цкъа а «саг1а даккха».
– Собар дехьа, соьга а далийтахьа и саг1а! Хьуна-м хьо к1елхьара яьлча бе бен д1а а ма ца хета! – бохура шолг1ачу учиталас.
22.09.22шо.
Жоврат.
Г1ала баха арабевллера учиталаш: мартанхой а, валаргхой а. Г1алахь вовшаха а кхитира уьш.
– Эхх1ай! Ма хала даьхкира тхо: оцу автобуса чохь д1а, схьа а детташ! – аьрзнаш дора мартанхоша.
– Деллахьа ца йеъира со-м хала! Эцца новкъахь кхин цхьа, ши зуда а кхетта, 250 рублей а делла такси техь хаза: 1аьржачу машенахь, локхуш музыка а йолуш, хаза к1ант а ма вара т1ехь! – дуьйцура Жоврат ц1е йолчу учиталас.
22.09.22шо.
Пхьор.
Суьйрана пхьор даъа охьахиира воккха стаг. Зуда а йара гонаха хьийзаш: Ша дийнан дохалехь хьаьнца дов даьккхира, масанца толамца чекхдаьккхира, масанца, аьтто а ца баьлла, тешанбехкаца д1адирзира а, дийцира зудчо. Масана дара уьш, майрачо х1ума юучу масех минотехь зуда дийца кхиънарг!
Ша муха олу а ца хууш, зудчо т1аьххьара а хаьттира:
– Мерза йарий юург?
– Цхьана куьйга хьо сеца а еш, йиъина х1ума, суна мичара хаьа, и мерза йарий!
22.09.22шо.
Телвизора бегаш бо.
Телевизора чохь шина, кхаъа т1ег1ане охьахевшина зударий а болуш, д1ахьош дара Зударшна лерина дезаде.
Зударша вовшашка а, телепередача д1акхоьхьуш волчу Ислам Хатуевга а, микрофон а, дош а ца кхочийтуш хаза а, деза а, маза а, заза а хабарш дийцира. Телепередача суьйрана бажа ц1абаллалца лаьттинехьара, кхин а дуьйцург хира дара белхено хабарш. Ислам жимма каде а хилла, телепередача д1аерзочу даьлча массо а зудашна декъа доладира зезагаш, цхьана жимачу стага мор боьттина эсешна буц санна д1адоькъура зезагаш! Хьалха шина т1ег1ана-м хьалакхечира жима стаг, амма лакхарчу т1ег1ана дег1ана шоралла-м тоьура, дохалла ца тоьура.
– Эх1, гора жима стаг я1! Уьш пиряжкаш елхьара-м, хьала кхийсича даьллера и зезагаш! – бохура лакхахь 1ачу зударша.
19.09.2022
Бекханан доттаг1.
Мелла а ахчанах х1ума елла хиллера Бекханас шен доттаг1чуьнга цхьана баттана. Пхи, ялх бутт хан яьллера доттаг1чун и ахча д1а далар ца хуьлуш. Реза воцучу Бекханас и шен зудчуьнга а дийцина хиллера. Зудчунна-м и ахча кхин а ч1ог1а дагах кхеттера.
Лечкъаш лелачу доттаг1чунна новкъахь т1енийсаеллира Бекханан зуда:
– И тхан чуьрниг вара-кх, ша вицвелла 1аш-м вац техьа хьо, – бохуш, къадийра зудчо.
– Дера ца вицвелла! Вицлура а ма вац! Вицвалан йиш а ма йац, ша и Владимир Ильич Ленин санна! – жоп делира доттаг1чо.
16.09.2022
Бекхан ц1е йолу борз!
– Со-м, хьуна ма хаъъара, цхьа борз ма ю. Вай цхьа к1ентий ма ду! Х1умма а ледара а доцуш! – къамеле ваьллера Бекхан, ишколан истолови истолана т1ехь чайна стака молуш тхо 1аш.
Чайна истака мелла ваьлча, шен истака схьа а эцна истоловин пхьег1аш йуьлучу д1аволавелира Бекхан.
– Ой, Бекхан, хьо стенга воьду? – хаьтира Русланбек ц1е йолчу Бекханин коллега волчу жимчу стага.
– И бохург х1ун ду? Сайн истака дилан воьду-кх!
– Хьо борз ю ца бахара ахьа? Истака ахьа муха дуьлу? Зударшка х1унда ца дуьлийту ахьа, церан болх бац и? – цец ваьллера Русланбек.
– Муха дуьлу! Иштта дуьлу-кх, истолови чохь болх беш ерг тхан зуда ма ю, цуьнга дилийта-м ца дезара аса и! – д1атилира борз шен истака дилан.
14.09.2022 шо.
Мелкие хулиганы!
Россен цхьана г1алахь мечикан зударий бара т1ом болчу хенахь нохчийн зудчуьнга дуьйцуш:
– У вас там такие ужасы рассказывают! Что только у вас не творится! Ваших людей укутывают в тряпье! Бандиты кругом!
Нохчийн зудчунна дика хуучух тера дацара оьсийн мотт:
– Не-ет! У нас все хорошо, – жоп делира х1окхо, – это мелкие хулиганы, которые служат в милиции виноваты!
14.09.2022 шо.
Моллина мерза кхор.
Г1уркх а бетташ ишколан луларчу кертана дехьара кхораш дохуш воллура ишкольни учитал-молла. Оцу хенахь кертана дехьа гучувелира кертан да.
– Делахьа ма мерза ду хьан х1ара кхораш! – воьхна хьаьвзира молла.
– Ду, – т1етайра лулахо, – лачкъийна дохуш долу кхораш даима а хуьлу мерза.
Лачкъийна котам.
Иттех шо х1окху ишколехь болх беш, дуьххьара саг1ийна юьртадас котамаш йоькъучу хенахь, котам кхаьчнера Воккхачу стагана-учитална.
– И тхан майрачунна-м ма ца елира оцу юьртадас и котам! – реза яцара истолови чохь болх беш йолу зуда.
– Иттех шарахь болх беш елла х1ара котам а шун майрачуьнаниг хилла-кх! – д1акховдийра учиталас котам.
Молла кхайкхарий!?
– Молла кхайкхарий! Хезарий шуна цхьаннена а! Ламаз дан дезаш вара со! – ша бен ламаз а ца до, аьлла гойтуш, «орца» дохуш, ц1ог1а бохуш чуьра ваьллера цхьа бусалба.
– Ца хезира, – жоп делира цхьана воккхачу стага, эцца уллохула т1ех волуш т1енийсавеллера и.
– Муха ца хезира? Суна-м ма хезира и… х1инцца, – гучудаьккхира шен х1илла бусалбано.
– Суна-м ца хезира, – ца къарлора воккха стаг.
– Муха ца хезира! Ца хазан йиш ма яц! – къовсаме велира бусалба.
– Ца хезира, – шена гонд1аха хьаьжира воккха стаг.
– Вай, со хьера ваьлла ма вац! Х1инцца цхьа минот хьалха молла кхайкха ма кхайкхира!
– Оцу хьан моллас х1ун дира-м ца хаъа суна, амма, эцца чохь 1аш волу тхан ишколан молла-м ца кхайкхира цхьаннега!
Саг1ийна котамаш.
Ишколехь саг1ийна котамаш йоькъуш йара дирекхтор. Шена а котам нийслура яц техьа дагадеъна, учитал Воккха стаг вара шен ма-хуьллу сиха уьйчахула д1аиккхина воьдуш.
– Хьо котам еха воьдуш велахь, исторожегара пакет йехалахь. Цхьа безамехьа хаза пакет ю и волчу чохь. Мел хаза ю, хаьий хьуна! Суна-м ца елира цо и, мел ч1ог1а аса йехарах, – хьехар дира техничкас Розас.
– Х1ун до аса оцу пакетах, суна оьшург котам ма ю? – ца кхийтира Воккха стаг.
– Х1ун до? Х1ун до! Нагахь санна, хьуна котам ца кхачахь а, пакет мукъна хир ю-кх!
Букъарш.
Ишколе чоьхьа волуш вара учитал Воккха стаг. Турникетана халла юккъе а нийсаелла х1оьттина лаьттара: ишколехь шен терзига боцучу безамца а, сихачу меттаца а дика евзаш йолу цхьа жеро-техничка.
– «Букъарш», со ишколе чу вохийтура варий ахьа? – бегаш бира Воккхачу стага.
– Ой! И бохург х1ун ду? Со-м яц «Букъарш»! – реза ца хилира жеро-техничка.
– Хала ма хеталахь, йо1! Воккхачу стага жимачуьнга олуш хуьла и иштта бегашена, – кхетийра Воккхачу стага, бехкала вахана.
Ша и малх санна елаелла, екхна, халла турникетана юккъера араяьлла, дехьа валийтара жерочо учитал:
– Ой! Со жима ю бохург ду хьан и, «ваша»?
– Дац! Со воккха ву, бохург ду-кх! – элира Воккхачу стага учиталас.
Дирехтар доп-п1уп1-образовани!
Цхьа вайна евзаш йоцу доп-п1уп1-организацехь, шайн организацин езалла гучудоккхуш, гайтаран хьама «конференци» яра еш, ишколехь шайн болх беш болучуьра учаталаш юкъаха а баьхна, схьа а гулбина. Дирехтаро лаккхара омрица деш куьйгалла дара, х1окху доп-п1уп1-организацехь иштта а пхи-ялх бен воцучу белхалошна, т1е хьоькхуш мохь бара: «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац» – шуна массарна а хаийта.
Х1окху доп-п1уп1-организацехь а хаьара, ишколашна х1инцалерачу заманчохь х1уъу а коча долла мегара дуй. Х1окхара 1амон бисина бара, дешархой 1амон институташкахь кечбина болу учиталаш. Шайна хуъуш цхьа доккха х1ума долуш санна, шина сохьтехь хьехараш-м дира х1окху доп-п1уп1-организацин дирехтаран цхьана: бухгалтерас, кхо-виъ заместителаша, шиъ-ах допобразованин педагогаша а. Дирехтаран-м шен шиъ-ах бен воцучу белхалошна дов дан бен ца хаьара, х1унда аьлча – «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац».
«Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.
Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:
– Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!
– Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу! – цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде… аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!
Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!
Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.
Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а – шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!
Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.
Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:
– Эх! бехк ма биллалахь, – оьккхийтуш.
– Х1умма а дац, Роза, аса-м ловр ю хьуна и ахьа тоьхна швабра! – шен ойланийн йийсарера велира Воккха стаг.
– Деллахьа, т1етухура йолуш Роза а ма ю хьуна, лахь а, ца лахь а! – эккхийтира, йистехьо лаьтташ волчу ишколана икатешника Рамзанас.
Казбекас ахча д1адалар
– Со хьайн дирехтор, лара х1унда ца лору ахьа? Т1аьхьа а висина ма веъна хьо балха тахана а! – дов дира ишколан керла х1оттийначу директора Арбетас, завхоз болх беш волчу Казбекана.
– Ой, со Ачхой-Мартане светах, газах, хинах ахча д1адала ма ваханера! – бехказа велира Казбек.
– Вай, аса светах, газах хьоьга ахча д1ало бутт хьалха ма элира, – цецйелира ишколан дирехтор.
Шабашкера ц1абог1у «молланаш». 1умарин дийцар.
Сибрехара шабашка чекхяьлча «нохчийн поездаш» бара ц1ехьа г1ерташ. Дехьа, сехьара купейшна чуьра, вагонаш чуьра а схьагулбелла зударий бара цхьана купейна улло гулбелла ладуг1уш. 1аламат ч1ог1а хаза назма яра оцу купейначуьра схьахезаш. Зударша б1аьргана йисте хьокхура йовлакхан маь1иг, дукха назмо дог дашадина.
Эххар а назма д1атийра, «занкъ!» аьлла схьаеллаелира купейна не1. Зударий чухьаьжича гучуелира стол. Т1ехь лаьттиш «Жигулевское» пиво а дара, дика т1екхалла х1ума а яра.
Техничкин Розин сардамаш
– Сардам болла а ца хаъа суна, ШЕН ДАГТ1Е МЕЛ БОЬДУ ПХА БАКЪАБОЙЛА ЦУЬНА, – бохура Розас.
– — – — – — – — – — – — – — – — – —
– Оцу мечакана т1е х1уьттуш бу х1орш шаберш, ЦУЬНАН КАШ ЧУ БИЙШАР ЛОЙЛА Х1ОКХАРНА МАССАРНА А! – бохура Розас даггара.
1усаман бегаш.
– Х1ан, х1инца со д1авоьдуш ву-кх! – кхаъ баьккхира 1умарас.
– Стенга воьду хьо? – хаьттира 1усамас.
– И дуьйцуш дац, – дийца реза ца хилира 1умар.
– Т1аккха делахь, г1ундалг1аш т1е йовлалца собар де, – хьехам бира 1усамас.
– Аса х1унда до собар, г1ундалг1аш т1е йовлалца? – хаьттира 1умарас.
– Г1ундалг1ашна юккъехула хьо д1а мича вахана хуура ду-кх! – хьоьхура 1усамас.
Йоккха стаг – пенсионер.
Тхан ишколехь болх беш йара цхьа йоккха стаг пенсионер. Шаболу пенсионераш, гирз даьлла маймалаш санна, ишколера балхара д1абохуш бара. Амма йоккха стаг балхара д1а ца йаьккхинера, х1окхо шен хеннахь директорна ивзятка а елла – «Хьакъйолу хьехархо», аьлла ц1е йаьккхинера шена. К1ентаций, кхоалг1а-йоьалг1а йалийна йолучу к1ентан зудчуьнций 1аш йара йоккха стаг. К1анта-м вон вацара х1окхуьна – мала а мелла, айбина ша чу вохьуш, х1окхунна б1аьргаш къарзадора-кх цо.
Х1инцалерачу ишколехь баккхийра хийцамаш хилла, компьютерца гергало лелон дезаш хуьлу, цундела йоккхачу стеган, и компьютер гича кхин самукъа а ца долу.
Иштта цхьана дийнахь, компьютерца тасаделла къамел девне даьлла йоллуш йара и. Хиллане а компьютерца машар ца хилча, йоккхачу стага элира:
– Валлай, х1окху ишколера д1а а яьлла д1аг1ура яра со, и ц1ераниш ган ца безахьара!
Воккхачу стеган зудчуьна паспорт хийцар.
Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.
– Хийцан хьан паспорт? – хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.
– Хийцина дера… паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан, – реза яцара зуда.
– Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт, – хьехар дора Воккхачу стага.
15.01.2019 шо.
ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.
Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.
Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.
– Хьо йог1ий туькана? – хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.
– Ца йог1у, со иштта а хаза ю, – жоп делира набарх яланза йолучо.
Керла телпо-з1е.
Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.
– Ваццап юй хьан? – хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.
– Ю дера са-м… ваццап а ю, «Приора» а ю сан-м, – жоп делира хьекъален корт.
Г1алара еъна хьаша.
«Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.
– Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна, – къежара мечик. – И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш, – хоьттура цо.
– Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан, – мечик кхетон г1ертара воккха стаг.
– Ткъа х1ун ду и, акхалла бен, – къар ца лора мечик.
– Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо, – кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.
21 январь 2019 г.
Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад
Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош… т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.
Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг» – аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.
«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а…, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!
– Х1ара кехат гой хьуна?..
– Ткъа х1ара кехат!
– Ткъа х1ара!!!
Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:
– Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.
– Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.
– И бала-м ахьа суна айхьа бийци, – олуш д1авахара воккха стаг.
20.02.2019шо.
Истарши испециалист 1алавди.
ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.
Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:
– Шун да хьакхийца… аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!
– Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! – хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.
Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:
– Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!
– Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна… аьлча а, 1уьйрана… аьлча а, суьйрана…
Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:
– Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! – дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! – олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.
– Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, – жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.
Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.
Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)
Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.
Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.
Тахана а хаьттира Воккхачу стага:
– Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а? – аьлла.
– Дера ца кхетайо тахана-м… Эстамиров едет! – кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.
– Суна-м хаара, шена д1аяхьа х1ума хилча, и шун Эстамиров хьо д1айига машенахь вог1ур вуй! – элира Воккхачу стага.
21 февраль 2019 шо.
К1едачийн де (День ленивых)
Цхьана воккхачу стеган хилла ч1ог1а к1еда, карх ца долуш зуда. Ша деш долу г1уллакх (нагахь дагадеъча) дина ца йолуш, д1айолалуш, схьайолалуш, соцуш «Ванах, со х1ун деш ю-ю! Со мила яра-а! Аса х1ун леладо-о!» – бохуш санна лаьтташ, ц1енкъа юккъе д1а а хуттий.
26 чиллан беттан де «К1едачийн де!» – аьлла д1акхайкхиний хиира зудчунна телевизорна чухула.
– Хьажал, стаг, ахьа бохура со к1еда стаг ю, сан г1уллакх дан карах ца долу! Тахана шадерг дуьне а ду К1едачийн де даздеш! Гой хьуна! – т1ехтуьйхира зудчо.
– Неха-м шарахь цхьа де хир дара и «К1едачийн де», хьуна-м х1ора де а ду и, – элира воккхачу стага.
2019 шеран чиллан беттан 26 де.
Маккин алапа
ДУ (дешаран урхаллехь) лакхара классан испециалист йолучуьра хьалхарчу классан испециалист, аьлла зарплата т1е ца тоха керла ц1е а елла, лелаш йолчу Макка шен миска зарплата схьа ца луш гуттар а карточкана т1е даьлла смс лара еш хуьлура.
– Эх1, зарплата т1е даьлла-кх вайна! Хьоьгара кхаъана 50% хьан зарплата дог1у суна, – аьлла хаза хитира цунна шен телпо т1е хаьжича, уллохь 1аш волчу ша санна миска испециалистана кхаъ а баьккхира цо.
– Ой, соьга а ца боккхуш, хьаькиман г1оьнча волчу Ахьмаде баккха безаш ма хиллера ахьа и кхаъ! – жоп делира вукхо.
– Х1унда? – цец яьллера Макка, шена 50% хир яц аьлла тарделла.
– Цуьнан зарплата 40 эзар ду, сайниг-м 17 бен дац. Цунна бу-кх и боккъал а кхаъ!
Макка электроэнергин коьртаниг.
ДУ (дешаран урхаллин) хьалхарчу классан испециалист Макка электроэнергин урхаллин белхалочуьнга маре яхар нисделира. Цхьаъ испециалист марехь яра хин урхаллин белхалочуьнгахь. Ши йо1 хьовзайора белхалоша хи д1адаьлча а, электричество д1а яьлча а: вайн невце телпо тоха еза, олий.
Цхьана дийнахь свет д1айоккхуш, схьайоийтуш, д1айоккхуш, схьайоийтуш, компьютераш болх бан ца юьтуш лаьттира.
– Макка, и вайн нуц тахана-м кеп йина ву моьтту суна, – элира цхьана белхалочо.
Ахьмадас телефон тохар.
Со улло т1е вахача а лаьтташ хилар телпо етташ.
– Алло!
– Хьо хьаьнга етташ ву телпо?
– Хьоьга етташ ву-кх.
– Делахь, алло! – лерга лецира телпо.
1уьйрана балха т1аьхьадуьсуш
– Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа? – реза вацара майра.
– Мачаш ц1анйича, хьо д1а г1ура ву машенахь, соьга а ца хьоьжуш!
Учиталийн чоь.
– Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? – ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.
– Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! – кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.
Воккха стеган кхаж.
Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:
– Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, – элира воккхачу стаге жимчу зудчо.
– Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, – ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.
Вон зуда.
Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! – дов дора воккхачу стага шен зудчунна.
– Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! – бехказа юьйлура зуда.
Разита.
Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:
– «Иштта» а олуш, майрра ала дош!
– Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!
2021 шо.
1ашхой-мартанхочун забар.
– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.