bannerbannerbanner
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар

Полная версия

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар

текст

0

0
Язык: Русский
Год издания: 2023
Добавлена:
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
1 из 3

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!

Берашна хаьржина дийцарийн гулар


Вахит Хаджимурадов

© Вахит Хаджимурадов, 2023


ISBN 978-5-0059-7080-0

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

МАЛИЖА. Дийцар.

(Сайца цхьана классехь дешначу йоь1ан безамна)


Б1аьсте. Цул хаза х1ума хир дуй техьа х1окху дуьненчохь? Нагахь хилахь а, иза а хир ду-кх оцу б1аьстено кхоьллина. Х1ора б1аьста шен хазаллийца цо ц1индо дуьненчохь дахар. Массо а адмашна а до цо хьехар: «Ц1индайша шайн дог, шайн амалш, шайн са а,» – аьлча санна. Ткъа вай шега ладог1ахь а, ца дог1ахь а х1ора б1аьста ца к1адлуш, дуьне-м ц1индо цо. Баккхийнарш-м цхьацца шайн бала бадийна хьийзаш кхин шайна гуонаха хьовсучохь а ца хуьлу, амма берийн синхаамца къаьсттина уьйр хуьлу б1аьстенан. Ца хаьа, бераш а шайн дахаран юьххьехь хилар хир ду-кх и, б1аьсте а санна. Б1аьсте а ма ю шеран юьхьиг, вай керла шо 1аьнаюккъехь даздахь а.

Иза дара 30 шо сов хьалха, иза яра тхан дахаран юьхьиг, тхан б1аьсте. Бераш-м цу хенахь а дара х1инцалерачех к1езига къаьсташ. Гуонахарчу диттийн гаьннашкахь диэкачу зевне олхазарийн аьзнашца къуьйсуш дара берийн аьзнаш ишколан йоккхачу уьйт1ахь а, ишколера ц1ахецна урамшкахула даьржинчера а. К1айнчу басахь кучамаш а, таь1начу басахь хечеш а яра божаберийн ишколан духаран кеп. Ткъа зудберийн – алла коч, шура санна к1айн фартукаш. Оцу хенахь юкъарчу ишколан барам итт класс бен бацара. Тхан классан т1аьххьара ишколан б1аьсте яра т1екхаьчнарг, делахь а оцу хенахь тхо-м дацара цуьнан ойла ян кхуьуш. Дукха хаза яра жималла, цуьнца хазалла къуьйсуш б1аьстенан ялсаманен сурт. Хьанна моьттура и хаза б1аьсте, и мерза жималла цкъа а кхачалур ю! Жималла, къоналла-м х1етте а шовдана хи санна цкъа а кхачалур яц моьттура, тхайн бералла чекхъяьллий а ца кхетара тхо-м. Къоналла т1екхачаран билгалло яра к1ентийн къайлах-къулах делахь а, иэхьаца доттаг1ала доцучеран, деррехь а мехкаршка хьиэжар а, цхьацца х1инццалца ца бевзина болу синхаамаш гучубовлар а. Дуьххьара къуоначу дегнашна чохь кхоллалун безамаш аьлча нийса-м хир дара, делахь а иштта к1орга синкхетамаш а бацара ойланашкахь, «безам», «безамаш» боху дешнаш къамелехь к1енташа а мехкарша а ловзадахь а. Б1аьстенан хазалланий, къуоналлан марзонан чам туобеш т1ехула т1етоьхна моз санна-м дара и безаман дуьххьарлера туохадаларан хаамаш. Дахарехь шадерг а санна цхьатерра д1аекъна-м яцара и адмийн дахарехь уггаре а мерза лоруш йолу дуьненан синъялсамане. Ден-ненан балхахь болчу аьттоне хьаьжжина, уьш хиларе, цахиларе хьаьжжина, ц1ера г1ишлоне хьаьжжина шен къамелан мах хадораш а хуьлура массо а заманахь санна. Ишттачийн «безамаш» боху дешнаш деккъа ц1ена дешнаш а хуьлий дуьсуш а нислора. Бакъбезам бовзар а массарна ца деллачух тера ду-кх Кхолламо. Б1аьстено жима бера аганахь санна техкош, ловзош долчу тхан къоначу кортошкахь мичхьа яра иштта к1орга ойланаш. Холманчана зурма екаро санна, б1аьстено шена т1аьхьах1иттийначу тхуна, х1инца дахаран к1оргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъян лаьара. Тхо-м сихделлера даха, тхуна-м хетара хан-зама дукха тиэкхаш меллаша йоьдуш санна.

Со церан классе 9 классехь керла т1евеъна дешархо вара. Х1окху т1аьххьарчу шина шарахь, парташан шина мог1анехь дехьа-сехьа делахь а, вовшен уллохь дара тхойшиъ. Аг1онцарчу б1аьрсинца гуора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочо динчу хаттарна жоп луш велахь а гуора. Амма цуьнца б1аьргашца вовшех кхетча-м со бухбоцчу аймана чу кхоссавелча санна вовра цуьна б1аьргийн сийналлехь. Оцул хьалха а, т1ехьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцуш сирлачу стигалан басахь б1аьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоь1ан месаша-м оцу б1аьргашан холманчаллин йийсар вора, хьуна мел ч1ог1а дуьхьалло ян лаахь а. Лаахь! Ткъа хьуна-м лаан йиш яцара оцу б1аьргийн айманан йийсарера валан! Б1аьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало! Иштта даиманаллен б1аьсте яра-кх оцу б1аьргашчохь. Йара. 1аьнаюккъехь корах арахь оьгуш даккхийн к1айн лайн чимаш делахь а, оцу йоь1ан сирлачу б1аьргашна чохь йара даима а б1аьсте. Оцу б1аьргашчохь гуора б1аьстенан диттийн гаьннаш доьттина к1айн, ц1ен, можа заза, оцу зазийн, аренан зезагийн архьаш яра-кх гуонаха, маликийн, б1аьргуо ца лоцу, сибаташ санна, х1аваиэхь хьийзаш. Ма ирсен стаг хетара сунна суо, ма сайн х1инцца бен дуоладаланза долчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура суо. Дахаран лакхенга!

Амма ишколан шераш чекхдалан г1оьртича со кхетан вуьйлира сайн ирс сатосуш 1уьйренца хьунъйистте доьссина дохк санна хилар. Ц1е санна бовхачу малхо сиха д1акхоллу и дохк. Бакъбезам чохь кхоллалуш мел ц1ена дог делахь а, ирс безамца цхьана некъахь лелаш ца хиллера дукха хьолахь.

– Малижица «доттаг1ала» х1унда ца леладо ахьа? Хазахетий хьуна и? Ас захло хьахаде цуьнга? И-м дуьхьала хир йолуш яц, сунна хаьа иза-м, – хьахийра соь переменехь хазачу куьцехь лекхуочу дег1ехь йолчу классера Губани ц1е йолчу йо1а.

– Ас-айса… со суо вист хир ву со, – иэхь хетар къайладаккха г1оьртира со, амма г1улкх-м ца хилира.

Сан к1еззигчу дахарехь дуьххьара гучудаьлла дара сунна «захло» боху дош. Дагахь доцуш ц1аьххьана хиларна, со-м иэхъ хетта а ца 1аш, воьхнера. Суна-м тарделлера массо а адмашна сайн къайле гучуяьлла. Аса сайх а лечкъош дериг, х1инца массарна а хууш ду моьттура сунна, сайн багара даьлла дош а доцуш. Х1инца классе чу муха вахан деза, муха хьажан деза деррехь, х1инццалца со къайлаха хьоьжуш хиллачу б1аьргийн сийналле, сайн къайлахчу б1аьстене? Х1унда ду божбераш шайн кхиарехь зудаберел т1аьхьадуьсуш. Кхиндолу дахаран цамгарш санна безаман цамгар а зударша атта ловчух тера ду-кх.

Со классана чоьхьаваьлча, Малижа кхин дешархой санна урокана кечам беш шен партана т1ехь 1аш йара. Классе чукхаьчначу хьехархочо урокана сихбина дешархошца цхьана нисвалар бахьна долуш, со а меттавеира жимма. Со а сихха сайн меттиге охьахиира, амма Малижин аг1ора урок чекхъяллалца ца хьаьжира со. Урокехь х1ун дуьйцу, х1ун хьоьху а ца хаьара сунна, ц1ахь 1амон делларг д1аяздан а кхетам ца хилира сан. Т1аьххьара урок хилар бахьана долуш аьтто хилира сан. Со сихха сайн т1оьрмигна чу книгаш, тетрадаш а гулдина аратилира классера. Х1инццалца санна сайн накъосташка ца хьоьжуш, со сиха велира ишколан уьйт1ара ара. «И-м дуьхьала хир йолуш яц… Ас захлу хьахаде цуьнга?» – коьртара д1а ца долура суна Губанин дешнаш. Малижин б1аьргийн сийналла йара гуонаха массо а х1уманца: диттийн зазаца, зезагашца… Ткъа стигал! Оцу стиглара малик хилла йоьссина-кх сан Малижа! Муха? Сан Малижа! Мел мерза ойланаш, мел мерза дуьне дар-кха со хьоьстург. «Ткъа со стенга воьду? Со-м тхайн ц1а воьдуш ма вац? Тхан ц1а-м кхечу аг1ора ма ду! Малижа 1аш йолчу аг1ора воьдуш ма ву со-м! Ахьа х1ун до, 1овдал, хьера-м ца ваьлла хьо? Классера берашна хьо туосалахь-м цара беламе воккхур ма ву хьо! Ц1а вахан деза, нахала валале! Кхана гур ю хьуна Малижа. Муха кхана? Тахана Малижех кхин цкъа б1аьрг ца тухуш-м вахалура вац со ц1а!» – ойланаша хьовзийра со. Ишколан уьйт1ара, схьахетарехь, со уггар а хьалха араваьллера. «Сан ши накъост Турпалханний, 1арбий а хир ву-кх со вайна хьийзаш», – дагадеира суна. Тхо-м дацара ишколехь, хьов, ц1ахь а вовшех къасталуш. Фотоаппаратца дийнахь даьхна суьрташ фотокехата т1едохуш 1ара тхо буьйсана, наггахь сахиллалца а. Ткъа шолг1ачу дийнахь классехь наб оьхуш 1аш хуьлура. Х1инца-м кхоьссина витинера аса сайн ши накъост а. Со-м вацара тахана кхин цкъа, къайла-къулах делахь а, сайн Малижа ца гича 1енлура волуш. Генна сайна т1ехьайог1уш хааелира суна дешархойн тобанаш. Дуткъачу, х1инца а божарийн аг1оне дерзанза долчу, лахарклассахойн аьзнаша олхазарша хьун санна екайора урамийн яккъаш. Амма царнна т1аьхьа схьаг1ертачу лакхарчу классера дешархой баккхийнчийн кеп х1иттош бог1ура. Мехкаршца цхьана бог1ура тхан классеранаш а. К1айн фартукаш мел хаза товш яр-кха мехкаршкахь. Цхьатерра бос болуш хетара шаболу мехкарий оцу фартукашца. Хетара амма со воцчунна. Оцу малхехь лепачу к1айн фартукашна юккъехь сан б1аьрго сихонца къастийра Малижийн фартук, цуьнан нийса семса тайниган санна бос сирла месаш. Иза-м массо а шайн тобанера мехкарий санна самукъане, екхна елаелла яра. Суна-м дера моьттура иза, со уллохь ца хилча, ойлане хир ю. И елалуш хилар-м суна дикка новкъа а деънера. Ткъа сан дагна кхин а ч1ог1а вас енъерг-м х1инца а гучудалан дезаш хиллера.

– Малижа, хьо дага йоьхна са хьаладолуш доллу-кх сан. Хьо мел ч1ог1а хазахета суна. Сан бен кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул ч1ог1а суна езаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа д1ататтахь. Хьан и ши б1аьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича г1енах а и хьан стигалбасахь б1аьргаш хуьлу со хьоьстуш. Д1а ма тетта сан захло. Делора ю аса хьо ядийна юьгур, хьо хьуо реза а йолуш ца яг1ахь! – ч1ег1ардиган декар-м берийн ловзар дара тхан классера 1умр ц1е йолчу к1анта Малике ден къамелаца дуьстича.

Хала кхиира со цхьана нехан кет1ахь доллучу стоммачу комар диттана т1ехьаиккхина хьулвалан. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йо1аца къамел деш. Иштта аьлча а нийса хира дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захло дуьйцуш, бегашенна а. И муха дуьйцу а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захло иштта деррехь, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцийла. «Шинне юккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна ц1е яьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура, оцунна т1ехьа, кхетара новкъа юккъе х1оьттина жа санна ц1ехьахахкабелла бог1у дешархошна юккъе а х1оьттина кхиана йог1учу сарг1ано санна мохьтоьхна муха дуьйцу шинне къайле хилан деза и мерза дешнаш. Йо1ана-м ч1ог1а новкъа хилан деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккхан беза оцу иэхь дайначу к1антстагах», – ойла хьаьвзира сан ц1ий коьрте хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цец валан дийзира сан кестта.

– Ишкола чекхяккха дагахь вац хьо? – шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».

– Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.

– Тракторт1е балха ваг1ан-м ца воллу хьо? – к1елд1ашкахула малхадуьхьала санна к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха – шен накъосташка Зараига, Губанига.

– Ой, вац дера со-м тракторан т1е а, вордана т1е а балха х1уттур волуш. Заочно-о! – йо1 шен къайленах кхетийра 1умарс.

– Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? – дегбаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.

– Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хилан дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валален шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, – шен лулахо-йо1 д1атиэйира 1умарс.

– 1ума, тракторш юккъера д1аевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? – хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш дуьйна ма яккхар 1умаран ц1е а йоккхуш.

– Бусашка, х1инцлерчу тракторийн метта робот-тракторш хира ю, программашца шаьш болх а беш. Со захло дуьйцуш воллуш новкъарло ма ехьа суна, – йо1 хьостуш дехар дира 1умарас шен лулхочунга.

– Хьох-м прокурор хуьлу, ткъа сан ойла йин ахьа? – ша 1умаран х1усамнана хиллаяьлча санна хоьттура Малижас.

Со муха воьду а ца кхеташ, дешархошна юккъахь хьулвелла жимма т1ехьуо вуьсуш т1ехьавоьдура со а. Х1умма а нахах къевле йина доцу 1умаран къамел-м берриге а урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш кест-кестта шен коча сирла-сийна б1аьрг а та1абора улло схьаг1ертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а т1етадора 1умаран дешнаш:

– Дера, Малижа, х1ара-м цхьа бож ю хьуна. 1уьргара лаьхьа а боккхурболуш ву. Х1окхуо бохург ахьа ца дахь елла д1аяллалца дохко яьлла лелар ю хьо!

– Эшшай! Ахьа т1етадича-м ца теашара со, – къежира Малижа.

– Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йо1! – ша хастон ца дицдира Майрбекас.

1умаран ц1енна т1екхечира дешархойн тобанаш оцу юкъана. Амма 1умар шайн дика товш ц1ен кибарчигах динчу ц1ено аг1ора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца 1ийра иза шайн ц1енох а.

– Хьажал, Малижа, и д1о сехьара йоккха ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх. Малхана аг1о, сирла аг1о ю-кх вайна дадас схьалура йолуш, лекха т1улгех бухбоьттинчу ц1енойх дозалла дира цо.

Уьш мелла а гена бевлича со а кхечира 1умар чохь 1ен ц1енна т1е. Тхайн миска бахам, сайн кегийра вежарий, т1ехь да воцуш, тхо когаирах1иттон г1ерташ къахьоьгуш йоллу тхайн миска нана дуьхьалтесира суна… Со сецира т1аккха… вухавирзира. Суна кхин ца хезира 1умаран ч1ег1ардиган къамел а, Малижин елалуш дека аз а. Генадовлуш хезира, амма сан кхин бала бацара оцу къамелаца. Делкъана т1ехбаьлла малх нийсса дуьхьала бирзина бара суна со ц1ехьавирзича. Цо со кхин ца хьожийтура стиглан басе: йоь1ан б1аьргашца и бос бустуш, оцу стиглахь йоь1ан сибат гуш. Малхо со ца кхетийча а, со-м х1инца суо а кхеттера стиглара лаьтта воьссина сайн вахан дезарх. Некъан 1индаг1 долчу йисттехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма хиллара мерза хаза хьожа етталора кемсийн хорханаш санна зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу гаьннех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семаг1ан хеталора сайна гуонаха мел гушдерг а. Ч1ог1а беза болх бичасанна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.

– Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! – чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна массо а дуьненна везавеш.

– Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, – т1етуьйхира Турпалханас а.

Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца мехкаршца араяьлла схьайолаеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза ч1агаршхиллачу сирлачу месашна к1елд1ашкахула шен эсала сира ши б1аьрг белабеш тхан аг1ора хьажош кхин цкъа а т1етадира шен дешнаш:

– Гира, гира… Лаха аг1ора хьаьдда воьуш гира…, – цхьанна а ца хуург шена гучудалар тешалла дира догц1енчу тхан хеннара йолчу йо1а Розкас.

Ткъа сан ши накъост-м ц1а ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гуонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера оцу шина. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъалца эшна.

– Дера ву со вайн накъост цхьана меъана т1аьхьахахкавелла вахана хилла моьттуш, – къежаш шен дика цергаш уьйхьира тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла ц1е д1аяхана волчу ша маликана санна ц1ена юьхь-сибат долчу сан доттаг1чо Турпалхана а.

– Хьуо лаха аг1ора воьдуш тхоьга а ца олуш х1унда вахна хьо? Вайн лакхахьарчаьрца дика боцуш ма бу уьш. Дера ву хьо цара «г1иба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! – т1етуьйхира, даима а т1емлочун дог-ойла йолуш волчу 1арбис.

Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь х1инцца кхиъна вог1учу жимчу стагана дукха хетар-кха шена т1ех1оьттинарг. Йоь1ан дагар хаар къовдор… малик тарделлачу йо1ах догдалар… мехкаршна т1аьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Яккхиэнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1а иэхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.

– Д1адовлийша, аша х1ун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, – к1елхьара валан г1оьртира со доттаг1ийн керара.

Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра уьш. Мел самукъадолура тхан вовшен хийцалуш дог1уш лаьтташехь суьрташ дохуш.

– Тховса схьадохий вай суьрташ? – хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш – генахьуо.

– Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, – элира аса.

– Кхинарг тоьуш юй?

– Ю моьтту суна, – жоп делира аса.

– Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, – олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.

– Барх1 кепек бу моьтту суна, – цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.

Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.

– Сайд1али, хьо стенга ваханера? – хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.

– Эцца волалуш вара со-м, – дог ца дог1уш жоп делира аса.

– Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? – шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.

– Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… – д1ахадийра аса.

Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин д1а баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло а.

– Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, – олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.

Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со ч1ога лиэнвина моьттура, хьан-стиэ ца къаьсташ делахь а. Кхечун б1аьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх х1инца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.

Со чукхаьчча, даима санна нене юург ца йоьхуш дехьа чу вахана буйна лоцу киншкаш чуьра т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар ца хуьйцуш маьнги т1е аркъала д1атевжира. Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоь1ан стигал беса б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана 1инах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу г1ан санна йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох.

Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:

– Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта! – сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.

– Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? – суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.

– Мичхьа ю и? – хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.

– Х1ара ю-кх, – суна мерк1ела еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.

– И х1ун ю? – хаьттира аса, суна-м самаха а, г1енаха а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.

– Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна, – сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.

– Фиксаж, фиксаж…, – со маьнги т1ехь охьахиира.

– Хьажал ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна, – ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттаг1.

Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан х1инца а генуо вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.

– Мегаш ю. 1арби мичхьа ву? – хаьттира аса.

– Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, – шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.

– Мегар ду. Цо-м новкъаг1ертар бен кхин г1о а ца дора, – элира аса.

– Хьан ца до г1о? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх! – шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби самукъне радиотулг1е санна.

Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1иэнваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.

– Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1ийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш х1ун деш ду? – чухахкавелира юха а шен ч1ог1ачу озаца 1арби.

– Х1ан, д1айолий хьуна х1окхуо шен масатоп! – мах хадийра Турпалханас 1арбийн чукхоссаваларан.

– Арахь 1арж ца елича, вайн кораш дикка д1акъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай, – кхетийра аса доттаг1ий.

Тхан нанас Казахстанера ц1а ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискаг1ишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш яцара. Со вуьжучу чохь 1аржъелча, коре х1умнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.

– Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна, – элира цхьана меттехь 1ен са ца туьйчу 1арбис.

– Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а? – дийхира аса.

Тхо кет1адевлла цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1аьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана т1ехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Малх анайисте г1оьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца.

– Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун г1ирс кечбан воллу, – аьлла бахьана а х1оттийна со чувахара.

Сонехь якъаялийта пенах тоьхначу хьостамна т1еоьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх латош цунна дуьхьала ерзийна, цу т1ехь лехира аса Малижийн сурт долу кадр. К1айн-1аьржа томмаг1 бен гуш дацахь а, сан б1аьргашна хьалхахь-м дара йоь1ан юьхьсибат. Стигалан басахь б1аьргаш а хетара лепаш, оцу пленкийна т1ера сурт 1аьржа-к1айн бен даккха йиш йоццушехь. Пленке хьоьжуш соцунг1а хилла ойланийн йийсарехь лаьттара со. Мел хьомен дара оцу пленкийна т1ехь Малижин сибат гуш долу кадр. «Хьажал, Малижа, и д1о сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!» – 1умаран аз дийкира ц1аьххьана стигланаш къевкъаш санна ч1ог1а сан лергахь. Сайн керара пленка аса кхоьссина яхийтира соне.

– Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин т1е суьрташ дахан г1ерташ вай дийнна де ма дайъина! – чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан оьг1азен юьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.

– Сайд1али! – олуш цецдеина сецира Турпалхан а.

Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.

– Дика ца яьлла и пленка, – 1ехийра аса ши накъост.

– Х1умма а дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна т1едаьхча! – суьрташ дахар таханенна аса д1акхоссарна кхеравелла суна т1е1аткъам бира 1арбис.

– Х1ун хилла? Суьрташ фотокехатна т1е ца доху вай тховса? – догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.

– Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара! – чиркхе уьйхьира пленка 1арбис.

К1ентийн аса догдохорна сайна резавацара со х1инца.

– Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьтт1ера сан, – сапарг1ат-ваьккхира аса ши доттаг1.

Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу проявителна чукхийссан долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехатана т1ехь цхьа бозбуончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашена х1ума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къуоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу яххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан т1ехь гучуелира елакъежина Малижин юьхь а. Йо1 тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, т1екхачан йиш йоцу седа санна яра суртат1ехь суна къежаш йолу йо1. Суртат1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга алан 1умарас санна: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1ено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»

Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.

Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.

Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.

Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.

На страницу:
1 из 3