
Полная версия
ЧIир. Роман
– Рыжий, сенлуш ма ву иза! ДIахеца иза! Лийр ма ву и. Русланна моттаделера шена тIе лаьтташ даккхийчу тIемашца доккха малик ду. Цу мIаьргонехь кхетамчу веара иза. Де доьхна экха санна шийлачу цIенкъахь Iуьллуш вара иза, шена хиллачух ца кхеташ, ткъа йуха меллаша дагаэха доладелира хилларг. БIаьргаш схьабиллича, цунна гира толамхочун велакъажарца шега хьоьжуш лаьтта цхьа хьаьрса ургIал.
Рыжийн букъа тIехьа лаьтта Кравцов а, кхин берш а гича, дагадеара Русланна мел хилларг. Рыжий хIумма а шекваьлла йа ша диначунна дохковаьлла вацара. Русланан кийрахь кхерстира цабезаман алу. Адаман кепара вухуш, цу мIаьргонехь цIий Iано хьаьгна, къиза экха хилира цунах. Саьлтий болчу агIор дIатассавелира иза. Самукъадаьлла терсара уьш, амма церан белар цIеххьана сецира, Руслана гоьзанчана тIехьаьдда, цуьнгара урс даьккхича.
ЦIийх дуьзначу бIаьргашца, урс даьккхина тIеволавелира Руслан Рыжийна.
– КIентий, атас!!! – мохь белира цхьаьнга. Массо а уллора дIасхьаведда, ша виссира Рыжий. Кхеравелла, мохь оьхуш шолгIачу яруса тIе хьалакхоссавелира иза, амма Руслан саца дагахь вацара. Бекхамо вахийна, хьере винера иза. Рыжий дIасхьауьдура, ша мича эккхар ву ца хууш, эххар а казармера араведира иза, ткъа цунна тIаьхьа, урсаца ведда воьдура Руслан. Массо а Iадийна хьоьжура цаьрга, амма цIеххьана, Русланан некъ хадийра цхьаммо, цуьнан карара урс охьа а дожош. Иза хиллера капитан Власов – йерриге а тIеман частан дозалла.
– Саьлти, хьо хьерваьлла? – хаьттира цо Руслане.
ХIетахь бен ца кхийтира Руслан ша боккъалла а доккхачу зуламна бисте кхаьчна хиларах.
– КъинтIера вала суна, товарищ капитан – элира Руслана, ткъа йуха лаьттара урс схьаэцна, иза меллаша шен казарме дIавахара.
Дукха ойла йира Руслана. Минот йаьллехь, стаг вийна, цIий Iанош вара иза. Русланна ца хаьара цуьнан цIе муха йу а, иза мила ву а, иза шен боккъалла воккха а, луьра а мостагIа хилар доцург. Роте схьавеъча, гоьзанче урс дIаделира Руслана.
– Руслан, суна хьан гIуллакх телхина даьлла моьттура. – Ведда дуьхьал веара цунна Витек. – ма боьха хIума хиллера иза. Хьо сенвелла аьлла мохь ца тоьхнехь, хьо вуьйш вара-кх цо. Хьо мел чIогIа сенвеллера ца хаьа хьуна.
– Витек, со хIетахь сацийна ца хиллехь, ас ма вара иза вуьйш. Ма хала ду суна цунах теша.
– Цунах-м эхь дацара вийча а! Хьо наб кхетта хилар шена гуш доллушшехь, хьо сама а ца ваьккхира-кх цо. Боьха хIума йу иза, шеко йоцуш.
– Собар дехьа, Витек. Адаман са даккхар инзаре доккха къа ма ду. Соьга паргIат дуьне даалур ма дацара, иза вен а вийна… Витек, соьга цкъа а цхьа а адам делур ма дац.
Ткъа Рыжий-м шен дагахь хIинцале бекхаман Iалашо хIоттийна Iаш вара. Дуьтур дац ша аьлла, сацам бинера цо, мел беза мах дIабелла а.
Цхьа сахьт далале, роте ведда чуиккхира капитан Гончаров. Цо сихонца тIедожийра Русланна канцеляри ша волчу чувола аьлла.
– Суна ша дерриге а хууш ду. ХIинца командирана тIеваха везаш ву со, цу хьокъехь жоп дала. Ас дIадуьйцур ду цуьнга хьо мила ву а, Рыжий мила ву а. Йуха цо ша волчу кхойкхур ву хьо. Вист ца хуьлуш, командире ладогIа. Рыжий вайн ротера дIаваккха хьожур ву со. Зулам бен кхин пайда бац цунах. Да велла аьлла, къахетта отпуске вахийтинера ас иза, амма массарна а бале ваьлла ву иза къоначарна а, къеначарна а.
Гончаров командир волчура схьавеъча, гуш дара командира цунна дов дина хилар.
– Дадиев, ас цуьнга ша дерриге а дIадийцина хьуна – хьо мила ву а, Рыжий муха стаг ву а. Вало, хIинца иза хьоьга хьоьжуш ву хьуна. Эскаран гIиллакхца догIуш маршалла а хаттий, чоьхьа вала. Делах тешна ву-кх хьо!
Руслан шен эткаш а цIанйина, духар а нисдина, штаб йолчу агIор дIавахара. Доккха са а даьккхина, командиран неI туьйхира цо.
– Чоьхьа вала! – дийкира командиран къора аз.
– Товарищ подполковник, саьлти Дадиев хьан омранца схьакхаьчна!
Гундаревс Руслане дIа а ца хьожуш масех кехатана куьйг йаздира, ткъа цул тIаьхьа бен ца элира:
– ПаргIат!
– Хьан кехаташка хьаьжнера со, цундела сан къамел доцца хир ду. – элира Гундаревс. Со суо а ву берийн цIийнахь кхиъна. Хьо берийн цIийнахь кхиъна вацахь а, амма да-нана доцу буобер ду. Со эскаре вахара, ткъа цул тIаьхьа тIеман училище деша хIоьттира, эпсар а хилира соьх, ткъа хIинца хьуна ма-гарра командиран дарже а кхечи со. Муьлхха а саьлти, сайн сих даьлла сайн бер санна хета суна. Ткъе пхеа шарахь эпсар волуш, ас цхьа а саьлти йа набахте а, йа дисбате а ца вахийтина. ГIалат массаьргара а долуш хуьлу, со кхета. Йалх шо хьалха со майор волчу хенахь цхьа саьлти набахте дIахьажо везаш вара ас. Хьо санна нохчо вара иза а. Цо-м доккха зулам ца динера. Ахь тахана минот йаьллехь стаг вара вуьйш, ткъа иза цкъа а цхьаненна а зен-зулам дина вацара. И нохчо сержант ха деш волчу хенахь, вижина а виссина, цуьнан саьлтийша столови чохь горгамаш ца хьаькхнера.
Iуьйранна боьха чоь гиначу ас, массарна а хьалха цуьнга элира:
– Хьан саьлтий бахьана долуш йу хIара чоь боьха, цундела ахь хIинца горгам хьокхур йу кхуза чохь.
Цхьа бутт бен бацара цунна эскарехь баккха биссинарг. Цо ша цкъа а горгам караоьцур йац элира, тIаккха ас иза кхерийра омра кхочуш ца дарна, набахте вохуьйтур ву аьлла, амма сержанта хIумма а ца вухуш, жоп делира:
– Тоьпаш тоха а мегар ду хьуна, амма ас горгам хьокхур йац. Со чIогIа воьхнера, и гIуллакх нийса муха къастор ду ца хууш, хIунда аьлча сан иза набахте вахийта дезаш хьал кхолладеллера боккъалла а. Ас саьлтийшка элира сайна хи чохь ведар а, горгам а схьайа. Меллаша пхьуйшаш хьалакарчийна, со цIенкъа горгам хьакха волавелира. Сержант макхвелла лаьттара, ткъа йуха шена а саьлтишкара горгам а йехна, соьца нийсса горгам хьакха волавелира иза. Оцу кепара сержанта а майора а цхьаьна горгамаш хьокхуш, чоь дIацIанйира. Сан а, цуьнан а дахарехь дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара иза. Иза эскарера ваьлча, со суо вахара иза новкъаваккха, цул совнаха институте деша хIуттуш, дика рекомендаци а йазйира аса цунна. Ас и хьоьга стенна дуьйцуш ду? Хьо институтехь дика доьшуш хиларе терра, хьайна лиъча дахарехь шортта кхиамаш бохур бу ахь. Дахаро башха ловзош лелийна вац хьо, хьо цунах кхеташ ву а моьтту суна. Доцца аьлча, дисбате йа, набахте кхача атта ду хьуна, амма суна ца лаьа хьо цига кхачийта. Нагахь санна сержанташа йа, эпсараша дина омра ахь кхочуш ца дахь, хьо чуволла тарло. Иза ца хилийта, ас хьуна хIинцале лахарчу сержантан цIе лур йу. Капитан Гончаровна а иза хазахетар ду аьлла хета суна. Реза вуй хьо сержант хила?
– Реза ву, товарищ подполковник! – хазахетарца жоп делира Руслана.
– Даздаран хьелашкахь кхайкхош хуьлура и санна дерг, амма тахана ишта нисделла хIара гIуллакх – велакъежира Гундарев.
Русланан дахарехь хийцалуш дIаэхнера сирла а, ирча а мIаьргонаш. Карарчу хенахь бер санна воккхавеш вара иза. ХIинцале бевзинера Русланна эскаран чам, цхьацца хIуманан маьIна дан а ларийнера иза. Цкъа а ца моьттура цунна ишта сиха сержантан цIе шена лур йу, цундела Руслана хIоттийна коьрта Iалашо йара – ротера дедовщина орамца дIайаккхар.
Гундаревгара погонаш схьаэцна, кхин дIа хIун дан деза ца хууш, лаьттара Руслан.
– ТIаккха, Дадиев? Итт минот тоьур йуй хьуна погонаш тIетега? Йа ас тега йеза хьуна уьш? – велавелира командир.
– Дика ду, товарищ подполковник!
– Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? – забар йора командира.
– Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.
ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.
Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.
– Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.
– Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…
– Кхетта йа, ца кхетта?
– Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?
– Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?
Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.
– Дадиев, хIун хилла хьуна?
– Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а – корта оллийна, вистхилира Руслан.
– Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан – Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. – амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?
– Ларор ву, товарищ капитан! – жоьпаллица дIахьедира Руслана.
– Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?
– ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.
– Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.
Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.
– Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина – шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? – ши сержант вистхуьлуш вацара.
– Кхеттий шуьшиъ? – мохь туьйхира Гончаровс.
Сержанташа цхьаьнаэшшара жоп делира:
– Кхетта, товарищ капитан!
– Дика ду! Кравцов, хьо эскарехь тIеман декхара дIакхехьна валлалц замкомвзвода вуьссуш ву хьуна.
Кравцов хазахеташ вара, хIунда аьлча иза кхоьрура Руслана шегара дарж схьадаккхарна. Шена иза хууш долу дела Гончаровс хьалхе барт бинера цу хьокъехь Русланаца.
Цу дийнахь дуьйна ротера дахар маьрша а, самукъне а хорше дирзира. Цхьаммо а цхьанне а ницкъ ца беш, вовшийн ларам болуш къахьоьгура саьлтийша. Сарахь массара а цхьаьна пхьор диначул тIаьхьа, гитара лакха охьаховшура саьлтий. Амма массо а сингаттаме вара Рыжийх лаьцна цхьацца хабарш хезаш хиларна. Цо дуккхозза а аьлла бохуш дуьйцура ша Руслан вуьйр ву. Гончаровна хазахеташ къамелаш дацара уьш, хIунда аьлча цунна хаьара маларах кхетча, мел чIогIа хьерволуш ву Рыжий.
Амма Рыжийца дерг а кестта муха къаьста а ца хууш къаьстира. Кочегарки чохь виъ саьлтий велла карийнера. Бахьана – маларах даьлла дIовш. Беллачарна йукъара цхьаъ Рыжий вара.
ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Руслан а Гончаров волчу вахара.
– Товарищ капитан, оха йерриге а ротин барт хилла Рыжийн нанна ахча гулдина. Тхуна иза мичахь Iаш йу ца хаьа, цундела ахь хIара ахча дIатесча дика хир дара.
Гончаров хьалагIаьттира:
– Хьанна дагадеанера иза, Дадиев?
Руслан вистхуьлуш вацара.
ТIаккха Гончаровс Кравцове хаьттира:
– Кравцов, дийца хьанна дагадеана иза?
– Дика ду иза, йа вуо ду тхуна дагадеанарг?
Гончаров вист ца хуьлуш лаьттара. Кравцовс шен дагахь сацам бира, ма-дарра ша дерриге а дIадийца, хIунда аьлча кхара динарг вуо хIума а дацара.
– Русланна дагадеанера иза.
– Цу тIехь сан шеко йацара, хIете а хаьттира ас. – элира Гончаровс. Дадиев, хьо ма тамашийна стаг ву. И хьан махкахо а вацара, хьан къомах а вацара, йа накъост а вацара, мелхо а хьан мостагIа вара иза, шен аьтто баьллачу мIаьргонехь хьо вен дош делла волу. Стенна деш ду ахь хIара гIуллакх?
– Товарищ капитан, цуьнан къена нана ша цхьалха йиссина аьлла хезнера суна.
– Ткъа хьан нана йанне а ма йац, йа къона а, йа къена а. Хьоьх дог лозуш вуй цхьа а кху дуьнен чохь?
– Товарищ капитан! Соьца цуьнан хилла йукъаметтигаш йийца ца оьшу. Цуьнан нанна вуо деана, и ахча цунна карор ду. Бакъ долуш иза вуо вара массаьрца а, зуламе а вара, амма вай хила ма ца деза ишта. Со къинтIера ваьлла цунна…
Кестта, биргIанийн ротах тIеман декъан дозалла хилира. Массо а гайтамашкахула уггаре а тоьлла йара иза, ткъа тIаьхьарчу йалха баттахь цхьа а бохам а ца хиллера. Гундаревс воккхавеш масалийна йалайора Гончаровн рота.
Кравцов а, кхин болу дембелаш а цхьаьнаэшшара дIабахара эскарера. Цабезам а, гамо а хуьлуш меттигаш нислора хьалха, амма Руслан кхуза веанчу дийнахь дуьйна, йерриге а рота цхьа доьзал санна бертахь йара. Эскарера дIабоьлху дембелаш марзонца, дегайовхонца новкъабехира бухахь биссинчу саьлтийша. Массара а баркалла олура Русланна кхузара хьал низаме далорна. Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:
– ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?
Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.
– Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна. Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.
– Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?
– Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.
– ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш. Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.
– ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. – Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.
IV
Цхьа де санна дIаиккхира нийсса цхьа шо. Керла саьлтий кхечира эскаре. Уьш кийча бара шайна баккхийчара тIехь Iазап латтор хиларна, цундела церан цецдовларан доза дан а дацара, биргIанийн ротехь долу доттагIаллин а, вежараллин а хьал гича. Наггахь цхьацца дар-дацар хуьлуш меттиг нислора, амма Русланан а, Гончаровн а сиха аьтто болура и диканца дIадерзо, амма цхьаьна хиламо хоршара деккхира ротин маьрша дахар.
Руслан старшина вара хIетахь. Эскарехь йаккха йиссинарг ахшо бен хан йацара цуьнан. Цу дийнахь ротехула ха деш вара иза. Ахбуьйса йаьллачу хенахь цунна хезира хинкIаш йеш воьлхуш цхьаъ. Йуьхьаьнцара шена хетаделла моьттира Русланна, амма корахула цунна гира трансформаторни йолчу агIор дIавоьдучу стеган гIаларт. Руслан ара а ваьлла цунна тIаьхьа вахара.
НеIан херонехула Русланна гира тховх муш тоссуш волу къона саьлти. Цо лол беш гича, Руслан кхийтира иза ирхоллавала дагахь кечам беш хиларах. Воьлхучура ца соцуш, горвоьжна дегIатIехь моссийтозза жаIаран кеп гайтира цо. Ткъа цул тIаьхьа, соне а вахана, брезента бухара доккха диг схьаийцира цо. Цу мIаьргонехь трансформаторни чоьхьа велира Руслан. Русланна цкъа а гина вацара и кIант. Цунна ца хаьара иза бутт хьалха эскаре веана керла бIаьхо вуй. Абрамов Сергей шен ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цуьнан да а, нана а Москван пачхьалкхан университетан лаккхарчу математикин профессораш дара. Сергей а цу университетехь доьшуш вара, амма ша берхIиттара ваьлча, цо да-нана дуьхьал доллушшехь сацам бира эскаре ваха.
Шен докъазалла Сергей йоьалгIачу роте кхечира, ткъа цуьнан куьйгаллехь вара лаккхара лейтенант Круглов. Цуьнан ротехь цкъа а низам бацара, амма дедовщина кхууьш йара. Гундаревна везаш вацара, цундела цо сихо ца йора цунна капитанан цIе йала. Круглов де дийне мел долу дарлуш вара. Цу буса а вехна каптерки чохь Iуьллуш вара иза, ткъа цуьнан ротера «дедыш» къоначу саьлтишна тIехь Iазап латтош бара. Ша сийсаза варна кхин тоха са доцучу Абрамовс сацам бира шен дахар чекхдаккха. Мел чIогIа дохковаьллера иза ше дега а, нене а ла ца догIарна. Руслан неIарна хьалха дIахIоьттира, саьлти ара ца валийта.
Руслан гина воьхнера Сергей, ткъа йуха цо элира:
– Ма йе суна новкъарло, товарищ старшина. – саьлтичун аз а дерриге а дегI санна дегош дара. – ДIавала неIарера, товарищ старшина, йа ас цIий Iанор ду хьан, кхин болчеран санна!
– Хьан бакъо йац цхьаьннан а цIий Iано. Муха йу хьан цIе?
– Сергей йу сан цIе. Ас чIогIа доьху хьоьга, дIавала цу неIарера… – саьлтий велха ийзалуш вара.
– Сергей, Дела доьхьа собаре хила, ма леладе Iовдал дерг. – Руслана меллаша Сергей маравуллуш, цуьнан карара диг дIадеккхира.
Меллаша горхIоьттина йуха а велхаран къурдаш дан волавелира саьлти. Иза дагахь хиллера вижина Iуьллучу Кругловна диг детта, иштта масех сержант а диг диттина вен, ткъа цул тIаьхьа ша ирхоллавала. Иштта йара цуьнан Iалашо. Иттех минотехь цуьнца къамел диначул тIаьхьа Русланан аьтто белира Сергей кхето. И шиъ цхьаьна йоьалгIачу роте вахара.
– Муьлха ву? – хаьттира Руслана и шиъ чоьхьаваьлча.
– ДIогара, пенна уллора шолгIа маьнга, сержант Денисов. – элира Сергейс.
Руслан меллаша маьнги улло вахара. Цу тIехь вижина волу саьлти дукхозза а гинера Русланна, амма вевзаш вацара:
– ХьалагIатта, къамел ду дан дезаш!
Реза воцучу Денисовс ша самаваьккхинарг кхин хиллехь, иза вуо човхор вара, амма Русланах ца хIоьттира иза.
– ХIун хилла?
– Масех минот хьалха кху дагарца вуьйш вара хьо, со тIе ца кхаьчнехь. – элира Руслана, Сергейн карара диг дIагойтуш. – Суна баркаллаш баха ца оьуш, амма таханлерачу дийнахь дуьйна, кху кIантах пIелг Iуттур бац цхьаьна а дас. Массо а кхеттий соьх? – леррина Денисовн бIаьра хьаьжира Руслан.
– Руслан, ладогIахьа, тхуна «дедыша» тIехь ца латтош къизалла ца йуьтура – дерзинчу когашца цIийиначу биргIанашна тIехула дIасхьалелара, дегIан чкъор цу биргIанашна тIелеташ, ткъа кхаьрга-м вистхила а йиш ма йац…
Докъазалла, цу мIаьргонехь самавелира ротин командир Круглов. Вехна иза, когаш Iуьйра, леста а лесташ каптеркера аравелира, хIун гIовгIа йу хьажа.
Иза гича Руслана а, Денисовс а сацийра къамел, амма иза тIаьхьа хиллера. Кругловна сиха вевзира Руслан. Къаьсттина чIогIа везаш вацара цунна иза, хIунда аьлча Руслан Гончаровн ротера волу дела, ткъа и рота массо а гайтамашкахула даима тоьлла йара тIеман декъехь, ткъа хIинца Кругловн дика аьтто бара Гончаровна бохам бан.
– Хьо мила ву ван? – цабезамах дуьзна дара цуьнан цIийделла бIаьргаш.
– Со биргIанийн ротера старшина Дадиев ву, товарищ лаккхара лейтенант! – гIиллакхехь вистхилира Руслан.
– Валахь, дIадала тIаккха суна хьалхара, къутIа, ас хIинца датIор ду хьо! – элира Кругловс, Руслан кач тIера а лаьцна ара такхош.
Амма Руслана каде цуьнан карара мукъаволуш, командиран куьйг букъа тIехьа саттийра. Кругловс боьха мел дерг дийца долийра, ткъа цу боьхачу маттаца цо ненан цIе йоккхуш шена хезча, Руслан хьервелира. Минот йалале, Круглов ша волчу агIор схьаверзош, цо ластийна йуьхь тIе буй туьйхира цунна. Кругловн марара охьаоьхучу цIийх дIайуьзнера йерриге а казарма, ткъа ша командир кхетамчуьра ваьлла охьавуьйжира. Йерриге а рота самайаьллера. Минотана тийналла йоьссира казарми чохь, ткъа цу тийналлехь Русланна хезира цхьаммо олуш:
– Дадиев, хIинца-м набахте кхочур ву хьуна хьо! И дешнаш хезча боккъалла а кхийтира Руслан ша диначух. Иза Iадийна дIасхьахьоьжура кхин дIа хIун дан деза ца хууш, амма цIеххьана Абрамовн аз хезира цунна:
– Руслан, бIаьргаш дIахьаббе.
– ХIунда?
– Ас хьайга аьлларг дехьа, доьху хьоьга, Руслан.
Руслана ши бIаьрг дIакъовлушшехь, цуьнан йуьхьтIе инзаре чIогIа лазош хIума кхийтира. Корта а лаьцна лаьтта охьавуьйжира иза. Марах, багах, бесништIехула охьаоьхуш цIий дара, ткъа хьалха лаьттара карахь гIант а долуш Сергей, цхьа сахьт хьалха Руслана дахар лардина волу.
– Ишта баркалла хуьлу-кх стагана дика болх бича – дагатессира Русланна. Иза чIогIа оьгIазваханера Сергейна, ткъа Абрамов гIант охьакхуссуш, дIаведира. Руслан цунна боьха мел дерг дуьйцуш тIаьхьаведира, ткъа хьуьхьвоьлла Сергей сихонца бехказавала гIертара:
– Руслан! ХIинца ша дерриге а дика хир ду. Тхан ротас тоьшалла дийр ду Круглов хьуна йетташ вара, ткъа ахь дуьхьал леташ, ца хууш тоьхна цунна. Эххар а кхийтира Руслан Сергейс диначух. Иза цецваьллера муха дагадеана сел сиха и санна дерг саьлтичунна. Куьзгана хьаьжча, ша ца вевзира Русланна – оццул чIогIа йистина йара цуьнан йуьхь. Букъа тIехьа лаьттачу Сергейга мохь белира:
– Ва Дела!
– ХIумма а дацара иза-м, Серега. Цхьа кIира далале меттавогIур вара со-м. Цулле а кхин дIа хIун дан деза дийцахьа.
– Руслан, цкъа делахь къинтIера вала суна, ас хьо лазорна. ШолгIа делахь, хIинца тхан йерриге а ротас кехатана куьйг йаздийр ду Круглов ша хьуна коча веанера аьлла, ткъа хьо цунах дуьхьал леташ бен вацара. Иза ишта а мелла ву, цунна дагадогIур дац ша хIун дина а, хIун лелийна а. Ткъа хIинца цкъа сихонца хьан ротин командире хаам бан беза.
Дукха хан йара Гончаровга буьйсанна цхьаммо а телефон ца тухуш. Набарха валанза волчу цунна моьттура цIера, Соьлжа-ГIалара цхьаъ хир ву кхузахь буьйса хилар дицделла зIене ваьлла. Ши бIаьрг ца боьллуш, телефон схьаийцира Гончаровс:
– Алло?
– Товарищ капитан, Дадиев ву со! Тхуна бохам баьлла.
Ахсахьт далале схьакхечира Гончаров.
– Ва Дела, Русик! ХIун хилла хьуна? Пхи бутт бен ца биссина хьуна, сатоха цхьажимма сан диканиг!
Кхин ахсахьт далале командир Гундарев схьакхечира. Иза гучуволлушшехь, гоьзанчас омра дира: «Тийна латта».
«ПаргIат» аьлла мохь тухуш, Гундарев Гончаровна тIевахара, тIаккха Дадиев вевзича, цецваьллера иза:
– Дадиев, хьо вац иза? Хьуна хIун хилла?
Русланна цкъа а йезна йацара харцо. Иза кху хьолехь воьхнера, ткъа цунах кхеттачу Гончаровс шена тIелецира къамел:
– ХIаъ, товарищ подполковник! Дадиев ву иза! Суна сайна а ца вевзира иза йуьхьанцара. Оцу кепара эрчаваьккхина иза Кругловс, саьлтишка маршалла хоттуш, казарме чоьхьаваьлла аьлла кхин бахьана доцуш. Гундарев саьлтишка хьаьжира, ткъа цара массара а кортош теIош тоьшалла дира, Гончаровс аьллачунна.
– Мичахь ву Круглов?
– Вехна, тIуртIаз ваьлла каптерки чохь Iуьллуш ву, ша хIун лелийна дагадогIуш а вац… – жоп делира Гончаровс.
Командира омра дира:
– Набарха ваьллачул тIаьхьа, гауптвахте телефон а тохий, ворхI денна дIавига ала иза.
Итт де даьлча, Гончаров командирс тIекхайкхинера, ткъа цигара схьавеъча, Гончаровс Руслане омра дира рота цхьа хаам дIакхайкхо могIаре дIахIоттайе аьлла:
– Накъостий! Россин эскарана Афганистанехь гIо оьшу. Вайн ротин аьтто бу интернациональни декхара кхочуш дан а, Афганистанан къомана гIо дан а саьлтий дIахьажо. Иза доккха сий ду вайн ротина. Сахалин гIайрехь вайн цхьаъ бен рота йац, и бахьана долуш массо а цига вахийта йиш йац. Билгалвина ткъе итт стаг ву. Ченцов Викторан отделени лериначу рейсаца кхаа дийнах Ташкенте дIагIур йу, ткъа цигара Афганистане. Кхузахь Дадиевн а, Гороховн а отделениш йуьссур йу.
И хаам хезна Виктор макхвелла корта а оллийна лаьттара. Цу сарахь Руслане къамел дира цо:
– Русик, тахана массо а дIавижначул тIаьхьа, пурба доцуш, кху тIеман декъан хьаьрмара аравер ву со. Масех де даьлча со карор ву, ткъа хIетахь йа набахте йа, дисбате вохуьйтур ву со… ишта ду-кх гIуллакхаш.
– Витек, хьо галваьлла? Хьо хIун дуьйцуш ву?
– Афганистане со гIур вац хьуна! БархI бутт хьалха нана йелла сан, цундела отпуске ваханера со. Карарчу хенахь хIусамнана Лена йоцург кхин дуьнен чохь гергара а, уллора а стаг вац сан. Бераллехь дуьйна даима цхьаьна хилла ду тхойшиъ Леница. ХIинца иза доьзалхочух йу. Цхьа бутт баьлча бер дан дезаш йу Лена. Эскарехь ас баккха биссинарг пхи бутт бен бац. Афгане со дIаводахь, дийна вуьссий ца хаьа, тIаккха Лена ша йуьссур йу бераца. Лена ишта а ду буобер. Лени ши шо долуш веллера цуьнан да, ткъа нана со эскаре дIавахале, цундела…
– Собар дехьа, Витек, кхетта со… – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана. – Ца оьшу кхин дийца а. – масех минотана ойланашка вахара Руслан.
– Делан лаамца нисделла хир ду хIара хьал ишта. – ойла йира Руслана. Кху масех баттахь ша чIогIа бехке хетара Русланна Воронине ладоьгIна, Афгане ца вахарна. Нагахь санна цигахь дийна виссахь, Даймахкана а, накъосташна а хьалхара декхара ша текхна ваьлла хетар ду цунна, хIунда аьлча цигахь леш болу къона, доьналла долу нохчийн а, оьрсийн а кIентий Русланал эшна ма бацара.
Русланна дагадеара шен классехь дешна хиллачу Горелова Юлера ахшо хьалха шега кхаьчна хилла кехат. ЙоьIа дуьйцура Афганистанехь шен тIехьийза кIант Ковтун Игорь вийна бохуш. Игорь Русланан доттагIа вара. ВорхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна боксехула цхьаьна тренерана тIе лелаш вара и шиъ. Бакъ дерг аьлча Русланна-м хазахийтира Ченцов Афгане ваха лууш ца хиларна. Кхунна дика аьтто бара иза шен лаам кхочушбан.