bannerbanner
Муслим Орцуев – ученый-филолог (1908—1933). Материалы к истории Чеченской письменности
Муслим Орцуев – ученый-филолог (1908—1933). Материалы к истории Чеченской письменности

Полная версия

Муслим Орцуев – ученый-филолог (1908—1933). Материалы к истории Чеченской письменности

Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля
На страницу:
2 из 2


Оцу тайпана социализм хоттор т1ехь вайн махкахь беш болун белхиш сов баккхин кхиамаш хуьлуш схьа боккхуш бу. Класс хилла лаьтташ волчу кулакаца, цунна дуьхьал, къийсам сов баьккхана, дукхух болу цхьалхойн бахамаш юкъбахамашка берзинчу меттигашкахь уьш (кулакаш) хенни бохийна д1а бохуш, дукхух болу цхьалхойн бахамаш йукъу бахамашчу берзоран йолчу меттигашкахь кулак юьстух ваьккхана, цуьнан ницкъ кагбаран политика а латтош.

Вай пхиъ шерин кхозлаг1чу шере доьвла, и шо къастам болу шо ду. Хоккху шарахь социализман бух д1а хоттон деза, и декхар коммунистин партино а, советан пачхьалкхо а кхочушдан вайн махкана хьалха хоттина ду.

Социализм хоттор СССР-ехь оцу кепехь лаьттачу заманчохь серлонан-1илманан революци сихонца йина чекхъяккхар сов ч1ог1а оьшуш, шен маь1не сов доккха долуш кхуллуш ду. Серлонан революции социализман боларца чекхъяккхарна оьшу ненан мотт а, йоза а. Лакхахь дийцана декхарш кхочушдарна юха оза деза дерриг а г1уллукхан дуьззина дакъа лацийтархьама царна юккъера дешарна хаар сихонца д1а дакххан. Иза сихонца д1а даккхарна уггар тоьлаш а, аттах а долун йоза – иза революцин латинин йоза ду.

Вайн нохчийн областехь болу къинхьегамхой серлонте1ехь, 1илманехь кхин мел долчу къамнел т1аьхьа биссана. Цундели вайн декхар – некъ макхоччу сихонца хьалха доьвлачу къамнашна т1аьхьа нохчий кхиабар ду. Уьш царна т1аьхьа кхиоран хьокъехь беш болу болх сов баьккхана хила безаш бу.

Серлонан революци сихонца вайн областехь чекхъяккхарна уггур ч1ог1у оьшуш долчу хумнех цхаъ – иза йозу ду. 1арбийн йозу д1а а даьккхана, цуьнан меттана латинин йозу даккхинера, кхин йолчу къамнийн областешкахь а, республикашкахь а санна, вайн областехь а. Дуьххьир латинин йозу т1е оьцучу хенахь цу йозунца цхьацца эшамаш буьйла хуушехь лаьцнера и т1е. вайна хетахь а хаара, хинца а хаа цхьа г1уллукх – иза латинин йозу цхьана а заманчохь хийца а ма хуьйцила аьлла хоттийна йозу ца хилар, я хилан йиш ца хилар а. Цундели вай ваьшна хьалха хоттийна декхар – иза латинин йозунча болу эшамаш д1а бахар, малха цхьа абат хоттор дара.

Халкъан исторехь доккху маь1на долуш долу и декхар кхочушдина даьлла, хьавха «унификаци» йина, массо а къамнийн цхьа тайпа абат хоттийна а, сий долчу организацеша, халкъана юкъу даьккхана дукху дийцанчул т1аьхьа, Къилбседа – Кавказан крайан ламанан 1илманан нехин конференцехь а, ВЦК НА пленумехь а т1е лаьцна даьлла.

Хинци вайн декъар доккху маь1ни долу сацамаш чекхбаккхар сихонца Нохчийнчохь долчу къинхьегаман халкъана юккъера латинин йозу ца хаар д1а даккхар ду.

1арбийн йозунан эшамаш х1ун бу х1окху т1ехь гойту. Вайна хууш ду 1арбийн йозу латиничунна хьалха дуккха а оьшуш хилар, и дуккху а латинин чул т1аьхьа дисана хилар. Амма, тоххура дин-ислам дуьххьар долочу заманчохь цуьнан маь1на доккху а хилла и иштта ца хилла ала йиш йоцуш стаг а вац. Малх балехь долчу къаьмниша дуьххьира серлонан кхуллуш долачу хенахь, царна цу т1ехь дикка г1о дина цо. Иза иштта дац бахар ца кхетар ду. Амма, т1аьхьа малхбалехь болчу нехан серло а, экономика а т1аьхьа йисан йолайелчи, Европехь капитализм алсам йалан йолайелчи, малхбалехь болу нах дуккху бацош, дин-ислам а, цо даьккхана абат а д1а йолчу заманчохь цу меттерачу халкъан серло-1илма, экономика а алсам даларна дуьхьило, новкъарло ян дуьладелира. Капитализм алсам ялан йола йелчхьана 1арбийн йозу а, дин-ислам а малхбалехь долу къинхьегаман халкъ дацаран герз хилла д1а хоьттара, и халкъ кхин серлонга а ца долийтуш, я цунна юккъера ца хаар д1а а ца доккхийтуш. Цу тайпана 1арбийн йозу хуун нах сов к1езиг бара, кортошна бен иза хууш дацара (йоккхучу юртахь цхьаъ я шиъ молл). 1арбийн йозу вайн Нохчичохь динан йозу хилла, кхечу г1уллукхашна пайдехь доцуш, д1а хоьттара. И йозу ша дукху а лаьттара (1300 шо). Октябран революци а хилла, советан пачхьалкх хьакъ – елла д1а хоттичи а (1926) дара и йозу вайн Нохчичохь. Амма, бакъ ду, Октябран революци хиллачул т1аьхьа-м хоттара къаьмнишна юккъура и йозу д1а даккхаран дош, цул хьалха цуьнин хоттар йиш а яцара.

Советан 1едало къаьмнашна цхьа а шайна ца йайначу тайпана, я капитализм йолчу метташкахь цхьа а ца гун йолчу тайпана яккхин бакъонаш еллера. Церин бакъо хилара шайн автономин область хилан а, шайн мотт, йозу хилан а.

Массо а къаьмнийн областешкахь а, республикашкахь а болчу къинхьегамхойн а, партин а советан а организацин ойланаш т1е йолаелира латинин йозунна, и йозу массо а къаьмнин юккъура хиларна. Т1аьххьара а церин лаамашца даьккханера и дош къасто суьйрачу халкъана юккъе, церин ламанашца къастина унификаци йина (схьана куьце дерзийна) йозу т1е а эцна. Латинин йозунна 1925-1926-чу шерашкахь ма-ярра хинци унификацина а ю еш дуьхьилонаш – уьш классан мостаг1ин лаамаш бу. Вайн мог1унашкахь а, арахь а цу тайпана йолчу ойланашца буьрсин къийсам латтон беза, цхьа а юккъура ца волитуш. Кху йозунах лаьцна хилла болу къийсамаш шен хенахь газетан аг1онаш т1ехь хилла бу. Хинца газетан декхар ду унификаци йинчу интернационалан абатана дуьхьил болчушца къийсам латтабар.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Конец ознакомительного фрагмента
Купить и скачать всю книгу
На страницу:
2 из 2

Другие книги автора